Why Pay for Entertainment? Access Thousands of Free Downloads Now!

ЙИЖАРИЙН ХАТТАРШ 🌷

Description
Вайн бот : @Yijariyn_bot

Зударийна тоба (аманат).
Advertising
We recommend to visit

Last updated 4 days, 8 hours ago

📲Вайца зӀе: @Khetasho_bot

📲Youtube: https://youtube.com/@khetasho

Last updated 1 month, 1 week ago

Вайга хаттар дала йиш ю кху чохь:
vk.com/yalsaman

Youtube: youtube.com/@Vragiiblisa

Last updated 1 month, 2 weeks ago

3 days, 11 hours ago

Вайн бот : @Yijariyn_bot

Зударийна тоба (аманат).

3 days, 11 hours ago
3 days, 11 hours ago

Ассаламу ӏалайкум.
👤1385-гlа Хаттар: Йиша ас аша чукхуьссуш долу хаттарш ватсап чу хӏитто мегар дарий? Аманат аьлла язйина гинера суна профилехь.

ВаӀалайкум ассалам варахьматуллахӀи вабаракатухӀ!
Жоп: Аманат бохург тобана чу йижарий бен бовла йиш цахилар ду. Тоба деккъа йижаршна йина ю. Амма цу чуьра хаттарна жоьпаш даржорх хӀумма а дац, мелхо а, диканиг даржийнарг хир ю хьо.

https://t.me/Yijariyn_hattarsh

2 months ago

Ассаламу Ӏалайкум. Марханах лаьцна цхьатерра хаттарш хуьлу, царах цхьадолчарна вай жоьпаш делла кху чу дехкина а хуьлу, шаьш марханах лаьцна цхьа хаттар далале хьалха кху чохь цунна жоп ду-дац шу хьаьвсича доккха гӀуллакх дара, хӀоранна а дӀакхехьийтина девр дац тхо...
Ткъа шуна леха хала ца хилийта хӀара хӀума кечдина оха👇

Мархин хьокъехь шун хаттаршна жоьпаш карор долуш йозана буха хӀара 👉 #мархийнбутт хештег ю вай юьллуш, и тӀетаӀийча марханах дерг шуна атта карор долуш.

2 months ago
2 months ago
2 months, 1 week ago

Ассаламу Ӏалайкум.
👤889-гlа Хаттар: Суна гӀан гинера, цхьа дезде дара, эшарш яра, тӀаккха телевизор чохь олу, хӀара хаам ца баржийна, къемат-де тӀедеъна, тӀаккха шолгӀачу суьртехь го суна малх дийна охьабоьссина, амма чоь чохь цу маьлхан серло хуьлу, цӀехо-можа а, можа а басахь, амма дуьнен тӀехь тийналла ю, и серло а цхьа цатоме хуьлу, ас хотту тӀаккха йише къемат-де далале МахӀди, Дажжал гучувала везаш ма вара олий, цо олу, хӀан, дӀо ву хьуна Дажжал, тӀаккха со корехула арахьожу, арахь цхьа дийна са ца хуьлу, тийналла хуьлу, лелаш цхьа воккха стаг хуьлу, тӀаккха и чоьхьа а волий, сан йиша схьа а лоций дӀакхоллу цо, тӀаккха а цхьа а гӀовгӀа ца хуьлу, дуьне дегаш хуьлу, оцу стага беттачу когех, тӀаккха ас юх-юха «астагӀфируллахӀ» олу, тӀаккха со самайолу. Цхьа а маьӀна дуй кху гӀенан.

ВаӀалайкум ассалам варахьматуллахӀи вабаракатухӀ!
Жоп: Диканна ду, Дала мукъ лахь.

Элчано (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) аьлла: «ГӀан кхаа кепара ду, царах цхьаъ ду, шайтӀано адамана кхерам тосуш и адам гӀайгӀане дан лууш». [Ибн МажахӀ: 3169]

Элчано (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) дийцина: «Хаза гӀан Делера ду, шайна хаза гӀан гахь шайна везачуьнга бен ма дийца. Вон гӀан шайтӀанера ду. Шен вон гӀан а гина самаваьллачо кхузза «тфу-тфу-тфу» аьлла, «аӀузубиллахӀи минашшайтӀанирражим» олийла, и гӀан цхьаьнге а дийца а ма дийца, цунна цхьа а зен хир дац».
[Бухарий: 5747]
[Бухарий: 7044]
[Муслим: 2261]

Элчано (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) аьлла: «ГӀан тӀема даьлла олхазаро когаца схьалаьцча санна ду, ахь и гӀан тидина мел доцу, ахь и дитахь охьадужу, (ахь тидинчу кепара кхочушхуьлу) хуучуьнга бен ма тидийта гӀан». [Абу Давуд: 5020]

https://t.me/Yijariyn_hattarsh

2 months, 1 week ago
2 months, 1 week ago

Ассаламу ӏалайкум.
👤888-гlа Хаттар: Пенси доккхуьйтуш ахча деллера оха, и пенси цара ца доккхуш хан елира ши шо, тхо ледеш хиллера цара бакъйоцу (фальшивый) справкаш гойтуш.
Тӏаккха и ши шо даьлча тхуна пенси ца даьккхира цу ахчанах, хӏинца болу мах схьаэцна оха цуьнгара, и тхуна хьарам хир-м дац?

ВаӀалайкум ассалам варахьматуллахӀи вабаракатухӀ!
Жоп: Дац, цу хенахь хилла цхьана хӏуманна мах а хӀоттийна схьадеха мегар ду. Ткъа, масала, ахь декхар делла хиллехь хилча схьалур ду аьлла, тӀаккха изза ахча схьаделчхьана ваьллера иза.

https://t.me/Yijariyn_hattarsh

2 months, 2 weeks ago

Вайн бот : @Yijariyn_bot

Зударийна тоба (аманат).

We recommend to visit

Last updated 4 days, 8 hours ago

📲Вайца зӀе: @Khetasho_bot

📲Youtube: https://youtube.com/@khetasho

Last updated 1 month, 1 week ago

Вайга хаттар дала йиш ю кху чохь:
vk.com/yalsaman

Youtube: youtube.com/@Vragiiblisa

Last updated 1 month, 2 weeks ago