Акъидат, хьехамаш, ладаме хаттаршана жоьпаш.
Хаттар кху тIе даийта ⬇️ @hattarjop1445_bot
Резерв (декъа хаттарш): @HattarJop
Вайн Instagram агIо:
https://www.instagram.com/xexamash
Last updated 1 year, 11 months ago
Last updated 1 year, 6 months ago
📲Вайца зӀе: @Khetasho_bot
📲Youtube: https://youtube.com/@khetasho
Last updated 1 year, 6 months ago
1616-гӀа Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум.
Коьрта масхьа ца деш ламаз эца мегий?
Жоп: ВаӀалайкумуссаламу варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Ца мега дера, ламаз эцар кхочуш а хир дац, нагахь иштта эцна ламаз динехь, юха эцна ламаз юхадан дезар ду.
1458-гӀа Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум.
300 000 салават диллича ахь хьайн дегӀ АллахӀера оьцу бохург бух болуш дуй?
Жоп: ВаӀалайкумуссаламу варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Цхьа а бух болуш къамел дац, цхьана аятехь я хьадисехь хьахийна хӀума дац, я цкъа а Пайхамара а (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам), я цуьнан асхьабаша а лелийна, я аьлла хӀума а дац! Амма салаваташ мел луу дукха дахкар, иза долуш ду, дика ду, деза а ду, делахь а, мегаш доцург хӀоккхул аьлча хӀара хуьлу, я кхин хуьлу бохуш барамаш хӀиттор ду.
1439-гӀа Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум.
Зудчо шен чохь 40 дийнахь ламаз керахь долуш кхача кечбича цуьнан иман чӀагӀ ца дала йиш яц бохург бух болуш къамел дуй?
Жоп: ВаӀалайкумуссаламу варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Иштта хӀума дац, я цунах тера дерг а дац, делахь а, мичча хена ламаз керахь латтор суннат ду, деза а ду, иштта Далла гергахь ял йолуш ду, зудчо шен чохь деш долу муьлхха гӀуллакх дарх дерг, яахӀума ярх дерг, цо АллахӀан дуьхьа аьлла деш хилчхьана.
Акъидат, хьехамаш, ладаме хаттаршана жоьпаш.
Хаттар кху тIе даийта ⬇️ @hattarjop1445_bot
Резерв (декъа хаттарш): @HattarJop
Вайн Instagram агIо:
https://www.instagram.com/xexamash
Last updated 1 year, 11 months ago
Last updated 1 year, 6 months ago
📲Вайца зӀе: @Khetasho_bot
📲Youtube: https://youtube.com/@khetasho
Last updated 1 year, 6 months ago