Dive into the Ultimate Free Library: Your One-Stop Hub for Entertainment!

Мутаlеламан лар

Description
Advertising
We recommend to visit

Алкеев Шыңғыстың авторлық ютуб арнасының телеграм арнасы

Сұрақтар мен ұсыныстар бойынша:
abaibolkz@gmail.com

📹 Youtube: https://www.youtube.com/abaibol
📲Instagram: https://instagram.com/shyngys.kz

www.shyngys.kz
www.abaibol.kz

Last updated 1 Monat her

`` @pricesovmmsri

Last updated 1 Monat, 3 Wochen her

Реклама ушын 👉 @UyjayAdmin ге жазың.

Көшпес мүлк саўдасы бойынша барлық дағазаларды усы телеграм каналдан көрип барсаңыз болады.

Каналға үй-жай дағаза бериў
https://t.me/c/1174744733/2142👈 шәртлери

Last updated 4 Wochen her

1 month, 3 weeks ago

Ибнул-Жавзис (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

"Вайн Делора, каш чохь болчаьрга хаьттича: Муьлхачу хlумане сатуьйсу аша? Цара эра ма дара: Рамадан беттан цхьана дийне сатуьйсу оха (цу дийнахь марха а кхобуш, терхьа а деш, иштта кхин йолу lамалш а ярахьама).

[Ат-Табсирахl, 2/78]

1 month, 3 weeks ago

⛔️ ДЕКЪАЗА СТАГ ⛔️

Цхьа бехказло а йоцуш мархийн бутт ца кхобуш а Iийна, хIетте а нахан ша марха кхобуш хилла муттуьйтуш, югIа марха досту де тIедеача ша самукъане ву а муттуьйтуш, наха ша декъал а веш, наха шега "Дала марханаш къобал дойла хьан!" а бохуш, иштта верг нахан юккъахь воллушехь велла ву шуна.

Шайх IабдуллахI аль-Iанкъарий

2 months ago

МАССО А АДАМ ДУ НОХЬ ПАЙХАМАРАН ﷺ ТIАЬХЬЕНАХ.

Сийлахь волчу АллахIа аьлла: "Аса хилийтар Нохь пайхамаран тlаьхье буха биснарш". [Сурат ас-Со'ффа'т]

Имам Ибн Жузайс (АллахIа къинхетам бойла цунах) оцу аятан тафсир деш аьлла: Латта тlехь маьл волу вахархо ву Нохь пайхамаран тlаьхьенах. Хlунда аьлча, хи тlедаьлла нах хина бухбагlанчул тlаьхьа, кlелхьарабевлачарех вар Нохь пайхамар а, цуьнца хlорд-кеман тlехь хилларш а. Ткъа деригге адам Нохь пайхамаран кхаъ кlентах (Са'м, Хьа'м, Я'фис) схьадоьвлла ду.

[Ат-тасхIил, да'къа: 3, агIо: 1241]

2 months, 1 week ago

«Стага шен зуда йитинчул тӀаьхьа цунах лаьцна хlумма а ма дуьцийла цо, ур-атталла цунах лаьцна хоьттуш цхьаъ хилахь а.»

«Къурратуль-lуйýн бишархьи назмибни Йáмýн» агlо: 153.

2 months, 2 weeks ago

ЦХЬАДОЛУ ДАККХИЙ КЪИНОШ

1) Ламаз шен билгалъйина йолу хенал тlаьхьа теттар, цхьа бехказло а йоцуш*.

2) АллахIан къинхетамах дог дилар.

3) Риба йаар (лелор).

4) Боберан даьхний даар.

5) Рамадан баттахь бехказло йоцуш марх дохадар.

6) Деца-ненаца вон хилар.

7) Зина дар.

8) Харц тоьшалла дар.

9) Хьакъ доцуш бусулба стагана тохар.

10) Къамелаш дlаса кхехьар, юкъаметтиг галъйаккха lалашо йолуш.

11) lеламнахан гlийбат (лер) дар.

"Хьашиятуль-Къалйу‌бий lала‌ шархьибни Къо‌сим Аль-Гlаззий" (2/432).

*Кхузахь бехказло бохучехь лууш дерг: ламаз дан виц велла, я наб кхетта висар ду. Амма цхьаболу наха болх бахьанехь ламаз шен хенал дlататтар иза аьттехьа мегаш хlума дац!

2 months, 2 weeks ago

Хьаж дан воьдуш шен аьтто а болуш машенца, я кеманца вагlа, хӀетте а гlаш вагlар ду-те деза, я кеман тleхь, я машен тlехь вагlар ду-те?

Аль-Бажурис аьлла: «гlолехь долу дош цу хьокъехь: иза цхьана хlуманна тlе хиъна вагlар дезох хилар ду, гlаш воьдучул а».

"Хьа‌шиятуль-Ба‌журий" (2/486).

3 months, 4 weeks ago

Хьо лап аьлла нахана мича вагlна ца хууш тlепаза вайча, я хьо набахте чу воьллача, я хьо дlа ваьлчул тlаьхьа, хьо сих-сиха дага вогlуш, хьуна тlехь бlаьрг белхош, хьуна доlнаш деш, хьуна тlера сагIийна хlума луш берш, уьш бу хьуна хьан го юкъахь доггух лелаш берш, хьан доттагlий, хьоьх дог лозуш берш, амма шаьш хьуна гlоьнчий болушшехь церан меттнаш тlера хьуна хезара дац хьуна: шаьш хьуна хlара дика болх биний, важа дика болх биний бохуш, къамелаш.

Хьоьга цхьа дика деъча гура бац хьуна уьш шайна цхьаъ езаш, цергах хи туьйсуш, гондахьа хьийзаш. Амма хьуна тlе цхьа бала беъча, шайга хаам кхачарцани, мичара богlу ца хууш улле дlа хиттийна карор бу хьуна и тайпа накьостий.

Доттагlалла бохург ша тайпа говзалла ю, хьан-хьаннаъ ца йойзу иза, доттагlалла бохург хьакъ ду, хьаьнг-хьаьнга дlа ца далало иза.

Шайна дика накьост кху дуьненахь карвинехь Сийлахь волчу Аллахlан хастам белаш, щуьгара цхьаъ езаш уьлле боьвларш шайна карбинехь собаре хилалаш!

4 months ago

Ахь дийра долу дика, югlа ахь тlех деттар долуш делахь, и дика ца деш lар гlолехь ду хьуна!

4 months, 1 week ago

Цхьаболчу хьекъалчийн мухар тlехь яздина хlара йоза дар: «Шен дегlан лаам шен хьекъалал тоьлларг йохь-lаьржа хуттур ву.»

"Шархь ла́миййати ибнил-Вардий" агlо: 79.

5 months, 4 weeks ago

Уггаре пайдечу lамалех ду: кегийчу берашна lуьйрана, суьйрана доьшуш долу азкараш lамор а, уьш цара муха lамийна хьожуш таллам бар а, уьш дагахь lаморехь сутара бар а*. Тlаккха царах царна дуккху дикнаш схьа доьллуш долу догlанаш хира ду.

Шайх Iабдул-Iазийз ас-Садхьа‌н.

  • Масала уьш дагахь lаморна царна совгlаташ луш.
We recommend to visit

Алкеев Шыңғыстың авторлық ютуб арнасының телеграм арнасы

Сұрақтар мен ұсыныстар бойынша:
abaibolkz@gmail.com

📹 Youtube: https://www.youtube.com/abaibol
📲Instagram: https://instagram.com/shyngys.kz

www.shyngys.kz
www.abaibol.kz

Last updated 1 Monat her

`` @pricesovmmsri

Last updated 1 Monat, 3 Wochen her

Реклама ушын 👉 @UyjayAdmin ге жазың.

Көшпес мүлк саўдасы бойынша барлық дағазаларды усы телеграм каналдан көрип барсаңыз болады.

Каналға үй-жай дағаза бериў
https://t.me/c/1174744733/2142👈 шәртлери

Last updated 4 Wochen her