Мутаlеламан лар

Description
Бусулба Нохчийчоь
We recommend to visit

Ең соңғы жаңалық ҳәм хабарлар тек ғана "НЕ ЖАҢАЛЫҚ?" каналында. Бизден узақласпаң!

👉 Байланыс: @baylanis24_bot
👉 Реклама: @ne_janaliq_reklama

Last updated 2 weeks, 3 days ago

Өз ҳуқықларыңызды билиў күшли болыўды аңлатады. Амангелди Абатов

Байланысыў: +998 90 574 44 47
Группамыз: @adillkadvokatigroup

Last updated 1 month ago

Алкеев Шыңғыстың авторлық ютуб арнасының телеграм арнасы

Сұрақтар мен ұсыныстар бойынша:
[email protected]

? Youtube: https://www.youtube.com/abaibol
?Instagram: https://instagram.com/shyngys.kz

Last updated 4 months, 1 week ago

3 weeks, 6 days ago

Денчохь вайна а, вайна дукха безаш болчарна а тlе lитта дала йиш йолу белхаш, сингаттамаш мел дукха хила йиш йолуш ду вайна хаахьара, lуьйра ламаз динчул ма сиха лура дацар вай хьала гlовта, азкараш дешний, доlа диний бен!

1 month ago

Вайгахь доцуш долчунна вай тlаьхьа доьвлла леларо вайгахь долчунна хам бар, пусар дар диц дина вайна. Вайгахь долчунна мах иза дlа даьлчий бен хаа ца дуьйлало вай.

Салафш олуш хилла: "АллахIан хастам бар цо хьуна делла долу дикнаш тlехь иза царна гура тохар а ду (дlа ца довлийтуш уьш дlа дехкар), керла диканаш кардар бахьан а ду".

1 month, 2 weeks ago

(Дlавижа хьайн метта хьо хьала ваьлча "Аятуль-курсий" доьшийла ахь), цу хьадийсан тlе тоьвжина lелманаха аьлла: башхалла яц хьо дийнахь дlа вуьжуш велахь а, я буьйсана дlа вуьжуш велахь а, хьо дlа вижа метта хьала ваьлча "Аятуль-курсий" ахь дешар суннат ду.

3 months, 2 weeks ago

КАПИЛЬНИК ЧОХЬ АХЧА ГУЛДАР

Хийланза да-нана хуьлу-кх шайн доьзалхочунна ахча вовшах тоха lалашо йолуш цунна капильник йола йой, цу чу жим-жима ахча дуьллуш, тlаккха иза гул ма делнехь цунна цунах квартира я цlено я кхин долу мехала совгlат дийра ду ша олий дог-ойла йолуш.

Коьрта само ян езаш дерг хlу ду, цхьа волчо ша цу чу кхуссуш долу ахчанна хьесап ца до, цхьа верг хьесап ца деш хуьлу шен цу чохь мел барам ахча хуьлу.

Цундела коьрта дерг цу чохь долу ахча мел ду билгала даккхар а, дlа даздар а ду, хlунда аьлча иза зактан бараме хьала кхачахь цуьнан тlера закат дала дезаш хуьлу иза шо мосуза хьовза. Амма цо иза дlа даззош ца хилча цуна хуура дац иза закатан даларна бараме хьала кхаьчна я ца кхаьчна. " - Хlан-хlа ша герга хьесапца лура ду цу тlера закат", аьлча а нийса ца нисдала мега цуьнан иза.

Цундела гlолехь дерг хlу ду цхьа а шеко йоцуш, ша цу капильник чу кхуссуш дерг билга доккхуш хилар ду, цу тlера нийса закат даларна доьхьа.

Дика хууш Верг Цхьа АллахI ву!

4 months, 3 weeks ago
4 months, 3 weeks ago

ДУБАЙСКИЙ ШОКОЛАД

Дубайский шоколадал мерзаниг йици аса шуьга?

Цlена АллахIан доьхьа аша луш долу сагlано шуна дагчохь лура йолу ийманан марзо цхьанний шоколадан марзоне ма ца кхочу, я дубайский шоколад, я шотландский шоколад, я индийский шоколад!

Оццул теттана ахча цунах дlалочул цуллаъ и ахча шайн бодане хира долу каш нуьре де и ахча АллахIан доьхьа сагlийна хьаште волчу бусулба стаган дlалой!

6 months, 3 weeks ago

"Хьенех велла", "Минех дlа ваьлла", бохуш сих-сиха хеза вайна...

Иштта цхьана дийнахь вай а дирзина бакъ-дуьнене аьлла хабар дlаса гlура ду...

Хьекъале верг ву-кх ша новкъа валле хьалха цу новкъана дикка кечам бина новкъа волуш верг!

Валаро дукха безарш къасторан де гена дац-кх вайна!

Коьрта хаттар: Хlу lамал аьцна гlура ву хьо Сийлахь волчу АллахIан дуьхьала?

7 months ago

Къа ирча хетар, иза дагца ца дезар, иза дегаза хетар хlора бусулба стеган декхар.

Цундела чlогlа зиене ду вайна бlаьрган хьалха цхьа къа дукха гарна, хан-заманца и къа вайна атта хетар, я иза вон хlумма ца хетар.

Масала далош аьлча: ах дерзан догlмаш гуш, я хечеш йоьхна зудаберш гуш, я гайнаш гуш, я шорташ йоьхна божабераш гуш, я кинош чохь цаьрга иштта хьолехь хьоьжуш хьо хилча хан-заманца хьуна и къа атта хета дала кхерам бу. Иштта дlа гlохь гена ца хуьулу тlаккха бусулба зудаберш а царах тардала гlерташ дlа дуьйла далар.

Цундела къиноши зенаш дийцар, царах бусулба нах ларлура болу бахьанш дийцар, вайна тlехь декхар ду.

Лаххара барамехь: Имам Захlабийн даккхий къинош дуьйцуш долу жайна оьрсийн матте даьккхина ду иза, и эца эцна цlкъа цхьаьнга луш, югlа вукхуьнга луш дешийта деза. Я иза эца аьлла хьехар дан деза.

Ма онда белхаш ду-кх адаман тlе догlур долуш:

- lожалла.
- Каш чохь барт хаттар.
- Барзах-дахар.
- Къемат де.
- Ялсамане, я Жоьжахате дерзар.

Хьалххе само ца яьхь ма тlаьхьа сама довла мегаш ду-кх вай!

7 months, 1 week ago
9 months ago

Вай кегийрахойшка хьехар дечу хенахь цаьрга олуш хеза вайна: "Финансовая грамотность lама е", "Бизнес хьокъехь книшкаш еша", ... иштта кхин дlа а.

Цхьа шеко йоцуш хаза хьехарш ду уьш, делахь оцу хьехарш тlе кхин цхьа уггаре коьрта хьехар тlетоха деза: "исламское права в торговых отношениях lама е" - ала деза цаьрга, хьарам-хьанал ца къестош, бен башха доцуш ахча доккхуш верг шена хаа ца хууш риба лелош хила мега, я нах lехо мега цо, цундела чlогlа коьрта ду бусулба дино йохка-эцаршкахь хӏиттийна долу бехкамаш довзар йохка-эцаран lаламе чоьхьа волучунна.

We recommend to visit

Ең соңғы жаңалық ҳәм хабарлар тек ғана "НЕ ЖАҢАЛЫҚ?" каналында. Бизден узақласпаң!

👉 Байланыс: @baylanis24_bot
👉 Реклама: @ne_janaliq_reklama

Last updated 2 weeks, 3 days ago

Өз ҳуқықларыңызды билиў күшли болыўды аңлатады. Амангелди Абатов

Байланысыў: +998 90 574 44 47
Группамыз: @adillkadvokatigroup

Last updated 1 month ago

Алкеев Шыңғыстың авторлық ютуб арнасының телеграм арнасы

Сұрақтар мен ұсыныстар бойынша:
[email protected]

? Youtube: https://www.youtube.com/abaibol
?Instagram: https://instagram.com/shyngys.kz

Last updated 4 months, 1 week ago