Why Pay for Entertainment? Access Thousands of Free Downloads Now!

саляфийн гӀиллакхаш

Description
Саляфийн: дахаран васт (кеп), Делах кхерар, ийманан тӀегӀа, гӀиллакх-оьздангалла, церан къамел а, иштта кхийолу амалш а.
Advertising
We recommend to visit

Исломий ва Илмий канал хисобланган «TARIQAT.UZ» каналига хуш келибсиз.

Last updated 4 weeks ago

RAFTAAR-DUBAI


https://t.me/+z668bEUUnqw3NGM9

Last updated 2 weeks ago

ҚАЧОНКИ АЛЛОҲ ТАОЛОНИ КЎПЛАБ ИСМ-У СИФАТЛАРИ БИЛАН ТАНИСАК ВА У ЗОТНИНГ СИФАТЛАРИДАН ИБРАТ ОЛИБ ХУЛҚИ ГЎЗАЛ МЎМИН-МУСУЛМОНГА АЙЛАНСАК, ШУНДА ИЛМНИНГ ЭНГ АФЗАЛИНИ ЭГАЛЛАГАН ҲИСОБЛАНАМИЗ.

Last updated 1 month ago

1 month ago

Ибн Ӏаббаса аьлла:

«Тахана адамийн доттагӀалла дуьненан хӀуманна дуьхьа ду, амма, цо царна цхьа а пайда бохьура бац Къемат-Дийнахь».

«Китаб аз-зухӀд» имам ибн аль-Мубарак, № 353.

1 month, 1 week ago

Ибн Хьиббана аьлла:

«Хьекъалечу стага шен вежарех лаьцна дика ойла йо».

«Равдатуль-Ӏукъала» 126

1 month, 2 weeks ago

Хьасан аль-Басрий волче цхьа стаг веънера, цо элира:

«ХӀай Хьасан! Могуш волуш, ламаз керахь долуш буьйса денйан лууш дӀавуьжу со, хӀетте ца гӀаттало-кх со!»

Хьасан аль-Басрийс элира цуьнга:
«Хьан къиноша вихкина ву хьо. Дийнахь дика хила, буьйса дика хир йу хьан».

2 months, 3 weeks ago

Ибн аль-Мубарака аьлла:

«Шух уггар дукха Ӏилма долуш верг, массарал а чӀогӀа кхерар долуш хила везаш ву [АллахӀана хьалха]».

«ДжамиӀ байаниль-Ӏильм», 1271

3 months, 3 weeks ago

Цхьаболу нах хуьлу нехан бӀаьргех къайлабовла гӀерташ. Делахь а, царна кӀезга эхь хета адамийн Делах, адамийн Паччахьах. Бакъ а долуш, оцу жимачу къин кхерам хӀун бу аьлча, цхьаберш къайлабовла шайн къиношца. Шаьш цхьалха болчу хенахь, АллахӀана Ӏеса хуьлу уьш. Ткъа, нахана хьалха дикалла гучуйоккху цара. Ишттачу нехан Дела цхьаъварехь сакхт хила кхерам бу. АллахӀа йуьхьӀаьржа хӀиттош шайн йаххьашца, церан меттанашка шайгга тешалла дойтуш гучубохур бу, къайлаха къинош летош берш. Эхь ца хета хьуна, АллахӀана гуш ма ву хьо?!
  Меттиг а, бода а кхоьллинарг АллахӀ ма ву! Хаза ду-кх, къайлаха къа латадар Ӏад а дитина, къайлаха Ӏибадат дича. БӀаьргах хи долуш, АллахӀах кхоьруш билхинчу бӀаьргана хьарам йина Дала Жоьжахатан цӀе.
  Сайга хьалха а деш, хьоьга кхайкхар до ас, къайлаха Ӏибадат даре, къайлаха къинош ца летош. Къайлаха летош долчу къиноша, хьан дерриг Ӏибадат, чан йина, дӀадаккха мега. Умматех цхьа нах ма бевза суна, элира Элчано ﷺ: «Даккхий лаьмнаш санна диканаш дохьуш богӀура бу уьш, АллахӀа чан йина дӀадохур ду церан уьш».
«Муьлш бу уьш, бовзийта тхуна уьш, хӀай Делан Элча?»
  Цо элира: «Уьш дера бу, шаьш цхьалха бисича, АллахӀа хьарам динарг лелош берш».

«Синтеме хила» Шайх СаӀд аль-Ӏатийкъ

4 months ago

Билгалдан лаьа! Ӏалашо: динах долу, йа кхин масал эца пайда хир болуш долу хӀума бен нис а дийр дац, йа гоч а дийр дац!

5 months ago

Ибн Раджаба (АллахӀа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Салафех цхьамма аьлла: „АллахӀ вевзинчунна, И везалур ву, И везавелларг, Цунна муьтӀахь хир ву”».

«Фатхьуль-бари» 1/51📙

5 months, 1 week ago

Абу Къилáба (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла:

«Хьайн вешегара хьайна товш доцу хабар кхаьчча, цунна даггара бехказло лаха ахь. Хьайна цуьнан хьокъехь цхьа а бехказло ца карайахь, хьайн дагахь ала ахь: "Сан вешин суна ца хууш цхьа бехказло хила мега"».

📕 Хьилятуль-авлияъ, 2/285.

5 months, 1 week ago

Ибн аль-Джавзийс (АллахӀа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Ша веллачул тӀаьхьа шен диканаш дӀахедийла лууш воцучо, Ӏилма даржадойла».

5 months, 1 week ago

Имам Малика (АллахӀ реза хуьлда цунна) аьлла:

«Нагахь стагехь дика дацахь шена а, нахана а хир дац цуьнгара дика».

«Хьильятуль-авлия», 6/321📚

We recommend to visit

Исломий ва Илмий канал хисобланган «TARIQAT.UZ» каналига хуш келибсиз.

Last updated 4 weeks ago

RAFTAAR-DUBAI


https://t.me/+z668bEUUnqw3NGM9

Last updated 2 weeks ago

ҚАЧОНКИ АЛЛОҲ ТАОЛОНИ КЎПЛАБ ИСМ-У СИФАТЛАРИ БИЛАН ТАНИСАК ВА У ЗОТНИНГ СИФАТЛАРИДАН ИБРАТ ОЛИБ ХУЛҚИ ГЎЗАЛ МЎМИН-МУСУЛМОНГА АЙЛАНСАК, ШУНДА ИЛМНИНГ ЭНГ АФЗАЛИНИ ЭГАЛЛАГАН ҲИСОБЛАНАМИЗ.

Last updated 1 month ago