саляфийн гӀиллакхаш

Description
Саляфийн дахаран васт (кеп), Делах кхерар, ийманан тӀегӀа, гӀиллакх-оьздангалла, церан къамел а, иштта кхийолу амалш а.
We recommend to visit

ҚАЧОНКИ АЛЛОҲ ТАОЛОНИ КЎПЛАБ ИСМ-У СИФАТЛАРИ БИЛАН ТАНИСАК ВА У ЗОТНИНГ СИФАТЛАРИДАН ИБРАТ ОЛИБ ХУЛҚИ ГЎЗАЛ МЎМИН-МУСУЛМОНГА АЙЛАНСАК, ШУНДА ИЛМНИНГ ЭНГ АФЗАЛИНИ ЭГАЛЛАГАН ҲИСОБЛАНАМИЗ.

Last updated 2 months, 2 weeks ago

Илмий-маърифий «TARIQAT.UZ» каналига хуш келибсиз.

Admin: @ilyosjon

Last updated 5 months, 3 weeks ago

@menedjer_24
Идеяла боса йозиб койурасла

Last updated 2 months, 4 weeks ago

8 months ago

ӀЕХОШ ВУ ХЬУНА ХЬО

Ибн аль-Къаййима (Аллахlа къинхетам бойла цуьнах) боху:

«Цхьаболу салафаша аьлла: «Хьо хьайн Ӏесалла тӀехь а волуш, АллахӀа Шен ниӀматаш (рицкъ йа кхидолу дика дерг) хьайна луш делахь, ларлолахь, Ӏехош ву хьуна хьо!»».

[Ад-да‌у вад-дава‌у, агӀо: 54]

8 months, 2 weeks ago

АллахIана хастам бу-кх массо хьолехь

❏ Цхьаболчу салафаша олуш хилла, шайна тIе бала беъча:

«Хастам бу-кх АллахIана, хIара бала сан динехь (суна зен деш) ца хилийтарна.
Хастам бу-кх АллахIана, хIара бала кхин боккха ца хилийтарна.
Хастам бу-кх АллахIана, хIара бала лан суна собар делла волчу».

Шайх Мухьаммад аль-Мунажжид

8 months, 2 weeks ago

Салафех цхьана Iеламстаге сахьт лелалуш ца хилла. Ахь сахьт хIунда ца леладо аьлча, цу сахьтан цхьамза бетталучу хенахь, цуо сайн Iожалла герга йохьуш, цуьнан ойла йеш ца лелало соьга и олий, олуш хилла цуо.

8 months, 3 weeks ago

Саляфийн дахаран васт (кеп), Делах кхерар, ийманан тӀегӀа, гӀиллакх-оьздангалла, церан къамел а, иштта кхийолу амалш а.

https://t.me/adab_as_salaf

8 months, 3 weeks ago

Салафех цхьамма аьлла, шен мутаӀеламашна дарс хьоьхуш lаш волуш:

«Валлахlи, паччахьашна йовзахьара вайна хаалуш йолу марзо, деган синтем, деган паргlато, и марзо вайгара схьайаккха гlерташ вайца тlом бийр ма бара цара!», – аьлла.

8 months, 3 weeks ago

Салафех цхьамма аьлла:

«Къуръан Ӏамо лаьара суна, амма аса мало йора. Тlаккха аса сацам бира буьйсанна гӀатта ламаз дан, сайн Деле кхойкхуш:

«Йа АллахӀ, гӀо дехьа суна, Хьай дешнаш сайн кийрахь гулдан».

Цул тӀаьхьа цхьана баттахь 7 жуз Ӏамон аьтто белира сан!»

Буьйсанан йуккъехь даггара диначу доӀано тамашийна белхаш гайтира цунна!

9 months, 1 week ago

Шайх ибн База (АллахӀа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Берриг а мукъаман гӀирсаш – вуон а, дакъазалла а йу, делахь а, шайтӀано хаздо царех самукъадалар».

«аль-МаджмуӀ» 3/436

9 months, 2 weeks ago

Салафех цхьамма аьлла:

«Къуръан Ӏамо лаьара суна, амма аса мало йора. Тlаккха аса сацам бира буьйсанна гӀатта ламаз дан, сайн Деле кхойкхуш:

«Йа АллахӀ, гӀо дехьа суна Хьай дешнаш сайн кийрахь гулдан».

Цул тӀаьхьа цхьана баттахь 7 жуз Ӏамон аьтто белира сан!»

Буьйсанан йуккъехь даггара диначу доӀано тамашийна белхаш гайтира цунна!

9 months, 2 weeks ago

Дийцина, Суфьян ас-Саврийс «Суна ца хаьа» боху дешнаш, цунна дуьхьалкхеттачарна цуьнгахь Ӏилма дац аьлла хеттал, кест-кеста олура, аьлла!

Муснад ибн аль-ДжаӀд, 277

1 year ago

Ибн Ӏаббаса аьлла:

«Тахана адамийн доттагӀалла дуьненан хӀуманна дуьхьа ду, амма, цо царна цхьа а пайда бохьура бац Къемат-Дийнахь».

«Китаб аз-зухӀд» имам ибн аль-Мубарак, № 353.