Dive into the Ultimate Free Library: Your One-Stop Hub for Entertainment!

Фарз Ӏайн...

Description
ВаллахӀи, даӀватан некъ сан самукъа ма ду!
Advertising
We recommend to visit

Всем Карамба! Тут вас ждут мемы, юмор и приколы

По рекламе: @newbrandmediabot

Last updated 3 weeks, 3 days ago

хэлп от taehyung хелп

Last updated 7 months, 3 weeks ago

Last updated 1 month, 1 week ago

1 month ago
***📚*** Пайхамарийн дийцарш

📚 Пайхамарийн дийцарш

1 month ago

Пайда эца, дехь а довлий!
Керла хьоста дIайиллина Ойланчас🔥
https://t.me/sabrdechajim

Telegram

𝗼 𝘆 𝗹 𝗮 𝗻 𝗰 𝗵 𝗮.

сей канал не характеризует личность.

Пайда эца, дехь а довлий!
1 month ago

Шуна ца деза тарло х1ума, шайна дика долу. Шуна деза а тарлуш ду шайна вуодерг.

Аллах1ана хаьа (шуна г1олехь дерг) ткъа шуна ца хаьа. 2:216

1 month ago

Я АллахӀ! Тхан хьомечу Шайхана гӀоли е Ахьа.
Я АллахӀ! Цкъа цахилча санна дӀацӀанве Ахьа иза оцу цамгарха,
Я АллахӀ! Цхьа зе ма-хилийта Ахьа цунна оцу цамгарха,
Я АллахӀ! Могашалла чӀагӀ е Ахьа цунна,
Я Аллахӏ! ГӀора а ло Ахьа цунна,
Я АллахӀ! Къинхетам бе Ахьа цунах,
Я АллахӀ! Гечде Ахьа цунна,
Я АллахӀ! Массо баланех хьалха вита Ахьа иза,
Я АллахӀ! Могуш-маьрша волуш хан ях е Ахьа цунна,
Я АллахӀ! Массо зенах-зуламах ларве Ахьа иза,
Я Аллахӏ! Ӏалашве Ахьа иза,
Я Аллахӏ! Сий де Ахьа цуьна,
Я АллахӀ! Ислам умматан беркате ве Ахьа иза,
Я Аллахӏ! ХӀара дуьне мел лаьтта, цуьнах даьлла беркат ма хадийта Ахьа,
Я Аллахӏ! И Кхелхинчул тӀехьа а цуьнан диканаш ма хадийта ахь,
Я АллахӀ! Къинойх цӀанве Ахьа иза,
Я АллахӀ! Алсамдаккха Ахьа цуьнан диканаш, эша а ма де Ахьа уьш,
Я АллахӀ! ДаӀват дара аттаде Ахьа цунна,
Я АллахӀ! Бала ма ло Ахьа цунна, и лан цуьнан ницкъ кхочур боцу,
Я АллахӀ! Собар ло Ахьа цунна,
Я АллахӀ! Дин даржо некъаш маьрша даха Ахьа цуьна,
Я Аллахӏ! Хьо реза хилла хьан лайнех ве Ахьа иза,
Я АллахӀ! Хьо хьехочарех ве Ахьа иза,
Я Аллахӏ! Хьайна шукар дечарех ве Ахьа иза,
Я АллахӀ! Хьайна муьтIахь болучарех ве Ахьа иза,
Я Аллахӏ! Уггаре лекхара даржаш ло Ахьа цунна, дуьненахь а, эхартахь а,
Я АллахI! Хьекъалан дайх ве Ахьа иза,
Я АллахӀ! Декъал хиллачу муъма нахах ве Ахьа иза,
Я АллахӀ! Фирдавс ялсаман охӀланех ве Ахьа иза,
Я Аллахӏ! Ялсаманехь хьо ган йиш хира йолчарех ве Ахьа иза,
Я Аллахӏ! Айхьа деллачу ниӀматех ма ваккха Ахьа иза,
Я АллахӀ! Хьайн оьгӀазлонех ларве Ахьа иза,
Я Аллахӏ! Хьо резаван гӀерташ дахар-кхалхар ло ахь цунна,
Я АллахӀ! Хьо реза волуш дахар де Ахьа цуьнан,
Я АллахӀ! Хьо реза волуш кхалхар ло Ахьа цунна!
Я АллахӀ! Хьай динан пайде беркате ве Ахьа иза,
Я Аллахӏ! Хьай динан гӀоьнчех ве Ахьа иза,
Я АллахӀ! Хьуна дукхабезачу, хьо резахиллачу Хьан лайнех ве Ахьа иза,
Я АллахӀ! Цуьнан дена-нанна, цӀийн охӀланна гечде Ахьа, декъалбе Ахьа уьш,
Я АллахӀ! Ахьа тхуна нийса некъ билгала бинакх тхан Шайхех бахьана дина, нийсонна тӀехь дахар-кхалхар де Ахьа тхан,
Я Аллахӏ! Эхартахь Сийдолу Элчанна (саллаллахӀу lалайхӀи васаллам) уллехь цхьанатоха Ахьа тхо!

1 month ago

Я АллахӀ, Ахь нохчийн къомана деллачу кху доккхачу ниӀматна бан ма-безза кху къомо хам ца барна, хастам ца барна тхуна гечде Ахь! Тхоьгара дӀа а ма эца Ахь и доккха ниӀмат!

1 month ago

Хьоме Шайх Ӏадлан дик вац бах (Аллахӏа Ӏалашвойла иза, гӀоли а йойла цунна) дехар дара шай доӀан юкх лаца

1 month, 2 weeks ago

Хаттар: Реза дуй вай, вайн д|адаханачу Рамаданан 10 даьнна? (|амалш йарехь)
Кхаа декъах, цхьа дакъа ду-кх иза.
Нагахь жоп, "дац" далахь, вайн кхин а ткъа де ду-кх.

1 month, 2 weeks ago

Рамадан беттан кхаа декъах цхьа дакъа хlинцале дlадели..

1 month, 2 weeks ago

Рамадан беттан кхаа декъах цхьа дакъа хlинцале дlадели..

1 month, 3 weeks ago

Пайхамара ﷺ аьлла: «Дика хIума гайтинчунна и диначунна санна ял хир ю.
Муслим 1893

We recommend to visit

Всем Карамба! Тут вас ждут мемы, юмор и приколы

По рекламе: @newbrandmediabot

Last updated 3 weeks, 3 days ago

хэлп от taehyung хелп

Last updated 7 months, 3 weeks ago

Last updated 1 month, 1 week ago