Unlock a World of Free Content: Books, Music, Videos & More Await!

hazayoza

Description
We recommend to visit

Canal oficial de la Dra Olaya Sánchez Crespo

Last updated 1 month ago

- 𝙲𝚘𝚗𝚗𝚎𝚌𝚝𝚒𝚗𝚐
@OFCREDHAXOR FACILITY

Last updated 1 year, 8 months ago

Last updated 1 month, 2 weeks ago

1 month, 1 week ago

Дешнаш : Абдулаев Салахь

1 month, 2 weeks ago

Ассаламу lалайкум!
Дала къобалдойла массеран а марханаш, lамал-lибадат!

Хаийта бах ас, жимма садоlур ду вай кху безачу Баттахь. Цул тlаьхьа кхидlа байташ а, дийцарш а доьшуш къахьоьгур ду, Дала мукъ лахь!

Дlаса ма довла😊 вовше марханаш къобалдийр ду вай

1 month, 4 weeks ago

Дакаев С-Б

Кху кертахь цхьа а вац
Меттахъхьовш, дийна.
ХIораннан хIусам йу
Тапъаьлла, тийна.
Гаттий ду урамаш,
ТIедоьлху некъаш.
Цхьа а вац дахарна
Велалуш, текъаш...
Дозанаш билгалдеш
Керташ йац гонах,
Махьмара ваьлларг вац,
Ву бохуш къонах.
Базаран басарш дац,
Бац къера дуйнаш.
Дарбелла, вовшашна
Лестабац буйнаш.
ГIишлошна пенаш дац
Бухахь, тIехь дуттуш,
Лулахой ца хьуьйсу
ХьогIан бIаьрг хIуьттуш
ХIусамехь партала
Ага дац техкаш.
Пеша тIехь Iа гIуьттуш
Йай а бац кхехкаш.
Даьхний дац, жаш а дац
Цанашлахь дежаш.
Цхьаьннан а бахам бац,
Воккхавеш хьежа.
Цхьаъ бу хIорш берриге
Тайпанан, цIийнан,
Харц йа бакъ дуьненан
Куланехь Iийна...

3 months, 1 week ago
3 months, 1 week ago

Дала вайна делла ни1маташ
«Шун дог1машкахь ду/ Аллах1 хиларан тоьшаллаш / шуна и ца го?!»

Хьайн кхолларан юьхье хьо хьаьжча, хьуна караво-кх хьайн Дела, хьо т1ех хазачу суьртехь вина, сов хазачу куьцехь корта бина.
Б1аьрг а, лерг а, мара а кхоьллина.
Сов хазачу суьртаца юьхь куьце йина.
Цу юьхьа т1е юьйхина хазалла а, кхачамалла а.
Цул т1аьхьа сагар диллина б1аьрга, хазар – лерге, хьожа яр – мере.
Батт кхоьллина Цо, и хазйина балдашца.
Мотт кхоьллина, цунна т1ехь чам хаабалар дина.
Цо и шена эскарх эскар дина, дагадеанчух талмажалла деш, 1илманах а, довзарх а.
Корта лелош ворта йина Цо сов исбаьхьчу кепехь.
Цу вортан чохь ши харш дина, даар а, малар а кийра кхачош.
Кийрахь цо кхоьллина йоьхьаш а,1онжар а, до1ах а, дог а, уьш доцурш а, Дела воцчунна, шайх ма-дарра дерг ца хууш долу.
Куьйгаш кхоьллина Цо, царна т1ехь кераюкъ а, п1елгаш а кхоьллина, царна хуттургаш йина. Ма исбаьхьа ю уьш!
Иштта когаш кхоьллина.
Даь1ахкаш кхоьллина, цу т1е дилха дуьйхина, цул т1аьхьа хьуна чу са далийна – Делан къайленех тамашийна къайле ю са!
Т1аккха хьо меттаххьайна хьайн ненан кийрахь.
Хьоьца к1еда-мерза волчуьра д1аваьлла вац Иза, хьо ларвина цо готтачу кийрахь, х1умма а ца хуучу хьуна кхача а хуьлуьйтуш.
Хьан кхоллар кхочушхилча, хьо дуьненчу ваьккхина Цо.
Ма к1еда-мерза хилла Иза хьоьца а, хьан ненаца а.
Дуьххьара хьо дуьненчу воссарца хьан даг чу тесна Цо, хьайн ненан кхача баар, цунна шура елла Цо.
Хьан нанна даг чу къинхетам а, безам биллина Цо.
Хастам Лекхаволчу Аллах1ана бар-кха!
Х1ума юу хан хьан гергаяхча, хьуна цергаш а, кхелаш а кхоьллина Цо.
Уьш нисйина цо исбаьхьчу кепехь, шайца цхьаьна юьззина хазалла хиларца.
Хьо воккха хуьлу хан гергаеача, и цергаш малъяла юьйлаелча, уьш охьа а эгийтина, церан метта онда ерш елла хьуна.
Т1аккха ахь кхача бууш, хьуна багахь туйнан шовда далийтина, шен схьадалар д1а ца хедаш, хьо юуш мел ву, хьан багара кхача т1унбеш, и 1овша хьуна атта деш. Даима а схьадуьйлуш доцуш, я д1ахаьдда а доцуш, я дег1ана новкъарло ца еш… Хьажахьа, цу тамашийначу хьикмате, хьо шега сов хьаштволчу, хьан ницкъ ма бацара и даккха!
И кхача хьан кийра д1акхаьчча, шена луъ-луучу хьовзабо Цо, цхьаберг дилха кхиош, цхьаберг даь1ахкашна пайде, важа – ц1ийна пайденна, х1ума юуучу хенахь кхоччуш болу чам хьуна схьа а хоуьйтуш.
Доцца аьлча, И Дела д1аваьлла вац (Ц1ена ву Иза) хьоьца къинхетаме волчуьра, хьуна ни1мат лучуьра, массо а ханна хьо хьайн дег1ах г1опал хилла 1ачу хенахь а.
Хьайн саде1аре хьажа, хьо дийна хилар шена т1ехь лаьтташ долчу.
Йоккха йолчу тергонах ду хьан хьекъал. И ду шеца къастош, урхалла деш, 1илманашна т1екхуьуш, зен-пайде дерг девзаш.
Дала боху: «Аша дагардича Делан ни1маташ, шуьга чот ялур яцара».
Делора, алахьа соьга, Далла 1еса хилар там болуш дуй, Цо де аьллачу а, дита аьллачу а х1уманехь?!

Гочдинарг: Денилханов Сулиман.

3 months, 1 week ago

ХАТТАР: "АстагIфируЛлохI" бохург хIун ду?

ЖОП: Цуьнан маьIна "Аса АллахIе сайна гечдар доьху" бохург ду.

Хаттар: "АстагIфируЛлохI" баьхча аьтто бен хуьлий?

Жоп: "АстагIфируЛлохI" баьхча Дала цунна дуккха пайданаш хуьлуьйту, уьш бу:

➀ ШайтIа гена доккху.
➁ Дела реза хуьлу.
➂ ГIайгIа а, сингаттам а дIабоккху.
➃ Самукъа доккху.
➄ Юьхь нуьре хуьлу.
——————————————————
➅ Ницкъ сов болу.
➆ Могашалла тало.
➇ Дела везаволуьйту.
➈ Далла везаволуьйту.
➉ Далла герга хуьлуьйту.
——————————————————
⑪ Дела хьехош верг хуьлу.
⑫ Дог денло.
⑬ Делаца йолу юкъаметтиг тало.
⑭ Къинош дIадоху.
⑮ Халонехь гIо хуьлу.
——————————————————
⑯ Синпаргӏато хуьлу.
⑰ Къинхетам хуьлу.
⑱ Малийкаша го бо цунна.
⑲ Дела виц ца валар хуьлу.
⑳ Нифакъах (лицемерие) гена воккху.
㉑ Дог паргӏатдолу.
㉒ Хьашт кхочушхуьлу.
㉓ Эхарт дагадогIу.
㉔ Дуьне генадолу.
㉕ Далла шукур дар (баркалла алар) хуьлу.
㉖ Уггаре сийдериг (сийлахьниг) хуьлу Далла гергахь.
㉗ Дог чIагIдалар дIадолу.
㉘ Дала и олуш берш хьахабо малийкашга.
㉙ Халонаш атта хуьлу.
㉚ ГIуллакхаш тIехь аьтто хуьлу.
㉛ Рицкъанах беркат хуьлу.
㉜ Машар хуьлу.
㉝ Кхерам дIаболу.
㉞ Толам хуьлу.
㉟ ДоIанна жоп ло.

Ткъа дика хуург АллахI ву.

Хьо дешна ваьлча дIасадахьийта хIара пайде кехат!
Дика хIума даржийначунна, и дика хӏума наха мосазза до, цунах йáл хуьлу цуьнан.

5 months ago

Мекха зIенаш – мекхано йиъна, тишъелла аьчкан хIазарех йина зIе.
Огаран буц – хи йисте йолуш йолу сеналла.
ГIота – даьхнин керт, цхьацца долчу иллештIехь чохь Iен цIа.
ГIундалгIеш – адамал лекха йолу, басар доккху яраш (черная бузина).
Ботт – тур, шаьлта, урс чудуьллу ботт (ножны).
ГIалмакхойн аре – гIамаран аре, (калмыцкая степь).
Нуьйран бухка – нуьйр динан букъа тIехь чIагIен бахтар (седельная подпруга).
Акха эмалк – караIамоза, акха говр.
ГIап – патармаш чудохку гIап, (патронташ), мостагIашна дуьхьал чIагIйиначу меттигах а олу гIап, (крепость).
ГIура – тоьпан молха чудухкург (пороховница).
ГIап – тIеман чIагIо.
Истанг – батийначу тIергIан, машин куз (войлочный ковер)
Черт – эрзах йина кIелтосу хIума (рогожа, циновка).
МазлагIа – накхарш лело меттиг.
ГIели диллина ботт – гIелин (олово) кIурбиллина ботт (луженные оловом ножны).
ГIала – стен сай.
Докхан дечиг – береза.
Кера мекхаш – хьийзина мекхаш. «Болатан бурош ва санна, чIабийна ва даьIна, хьан кера и мекхаш», аьлла ду илли тIехь.
Базаран бамба – базарахь духку кIади.
Оьрсийн мокха – саттийна шена чудуьллуш масех дитт долу мокха (урс). Кхечу кепара цунах олуш хилла «Завалун мокха» и Завъялов цIе йолчу оьрсийн совдегархочо духкуш хилла дела.
Йохаран гIала – лийрдолу адам санна, юхур йолу гIала боху маьIна ду оцу дешнийн. Изза чулацам болуш далийна ду илли тIехь: «Йохаран паччахьан набахти» боху дешнаш.
Сетта пошта – говраш южуш йолу хьалдолчу нехан кIеда пайтон (ворда, фаэтон).
БIарз – говрах, вирах хилла тIаьхье.
ГIирмийн мохк – Iаьржачу хIордана йисттехь гIирмин (Крым) гIезалой (татараш) беха мохк.
КIайн ловзар – кхузахь бакъ ловзар бохучу маьIнехь лела.
Иштта иллеш тIехь нисдала тарло кIайн йийсар.
Хьоьхан гирда буьззина цIен деши – липа олучу дечигах йина 12 кийла хIума чухоьа пхьегIа.
ДоьгIначу гIокхана мажар кхеттачу кIантана... – дIахIоттийначу Iалашонна (мишень) нийсалла топ тохар.
Дерматан жуларш – дабагI динчу цIоканан дуьрстанаш.
Дермат, дабагI дар – цIока шех пайдаэца кечъяр.
Эрмалойн турмал – эрмалоша (армянаша) юхкуш хилла бинокль, (подзорная труба).
Анда – болат.
Арц – хьун яьлла лам.
Алаша – южуш лелош йолу говр.
Акъари – ломахь шера меттиг (плато, плоскогорье),
Яйдакх говр - нуьйр тиллаза говр.
Курпал – йоккха топ, (мортира).
Йохаран курпал – оьккхуш болу йоккха тоьпан хIоъ.
Кху материала тIехь билгалдахаза дисина кхин а дуккха а кхета хала долу дешнаш хир ду иллеш тIехь.

Хатуев Iабдулхьамид, яздархо

5 months ago

Гила борз – тІахъаьлла турпал борз. Цуьнан сийнна туьллуш ю берана Гила боху цIе.
Нана борз – уггар дера шен бен, кIезий лардеш, леташ ерг ю ширчу нохчийн кхетамехь.
Царал сов била борз хила тарло иллеш тIехь. И бIаьстенан юьххьехь йина, кхиъна ялаза борз ю.
Гила – дин бохург ду.
Iовла Iахар – Iай биначу Іахарх олу.
Деций – уьстагІий ду
Пхьаьрчий – толлу жIаьлеш ду. Ширчу заманчохь, тІехуу дин санна, чIогIа хьоме лелош хилла уьш нохчаша.
Биэр – дань, налог, ясакх.
Базанан дечиг – тис ягодный
ДаIам – ондатра ю. ДаIам санна ву олу дилхалахь, могаш, онда волчу стагах.
ЧагIалкх – нохчаша вирца цхьаьна уггар оьзда йоцучу дийнатех лору акхаро ю.
Туодакх – къора котам (дудак).
ЦIокъ – ша болчу ломан баххьашкахь ехаш йолу дера акхаро, (барс).
Борзанан ков – босболчу эчигах (борза) дина ков, (бронзовые ворота).
Мимпес – амнистия, манифест, паччахьан омрийца лаьцначуьра паргІатваккхар.
Гуьмалг- даьтта чохь лело кхийра кхаба.
ГІарбаш – рабыня
Бурчам – стихия
ГІарол – часовой
ГІера – тIемалойн тоба, (военная дружина)
Кано – конвой
Чалтач – палач
Меташка – оьрсийн зуда, (матушка).
МухІажар – цаваьлла махкара дІавахана стаг.
Сахь – бархI кана ялтийн барам.
Йитаб – дIасабуьгучу тутмакхийн тоба, (каторжный этап).
ЦIоькъа – акха, караІамоза бохург ду.
ЦIоькъа айгIар – акха, тІехаа Іамоза говр ю.
Эсаран мох – Iуьйренан йис тІера хьоькху шийла мох бу.
ХІордан мох – Таркхойн хІорд болчу агІорара хьоькху догІанна хьалхара мох бу.
Туш – адам деха меттиг, стоянка, городище
Йора кIайн кехат – мохехь, карахь саца ца луш, йорт етта кехат.
ЦIен цIет – бекхаман билгалонна йоккхуш хилла дегIан меже (цIeт) цIийх юзий хилла, цундела цунах цIен аьлла.
Букара тоьла – корта охьатаIийна бен чоьхьа ца валалуш йолу, лаьттах яьккхина къайле.
ЦIоькъа рема – караIамозачу, акхачу говрийн рема.
ДорхI – гуьйренан малхо дохдинчу лаьттах хьалайолу сийна буц.
Екъа йорт – говрахь воьдучу беречунна лан хала долу говран болар, иноходь.
Дерматан дуьрстанаш – стоммачу цIоканах йина дуьрста.
Докхан нуьйр – дакх олучу дечигах (березех) йина нуьйр.
Нуьйран гIонжукъа – говрана тIехууш атта хилийта, куьйга схьалоцу нуьйран дечигах йина меже.
Децийн дилха – уьстагIийн жижиг.
Гуьржин цIен чагIар – гуьржаша кемсех доккхучу мустдинчу муттан цхьа тайпа.
Муьшан дечиган текх – карагач.
Къохка дечиган кад – клен.
Акха борц – арахь дIабеза болуш болу борц ( дикое просо).
Куьйган кохьар – куьйга хьийзаеш дама, ахьар, цу боккхуш йолу коьчал (ручной жернов).
Оьзиган шед – дика дабагI динчу цIоканах йина шед.
Совран ботт – стоммачу цIоканах йина туьран, шаьлтанан ботт, (кожанные ножны).
Iаьржа гIалмакхо – черный калмык.
Iаьржа иэр – толлу жIаьлийн цхьа тайпа.
Машин чоьш – гезго маша буцу хьесий. Илли тIехь кху кепара далийна ду: оьхучу цIийнна машийн чоьш дагийна, аьлла. Гезган маша багийча оьхучуьра цIий соцуш хилла.
Дехаран кехат – цхьа гIоли, нийсо, бакъдерг лоьхуш паччахан хьаькамашка яздеш хилла кехат (прощение).
Тхьамда – тобанна хьалхаваьлла стаг.
Сало – токхо (изобилие)
Сет – хIост (отметина)
Сур – эскар, бIо (войско)
ЦІетта – вийначу мостагIчунна чIир екхна хилар тоьшалла деш даьккхина лерг, куьг, корта я кхин йолу дегIан меже.
ЦІура - евнух
Сардал – паччахьан векал, наместник царя
ГIера – дуккха а цхьанагулъеллачу акхаройх арданг, гIера олу, цунах схьадаьлла ду мостагIийн гIера бохург.
Аьрта лоьраш – шайн корматалла кхоччуш караерзийна боцу лоьраш.
КIайн истанг – кIайчу машех беш болу нохчийн куз.
Мокхазар бердаш – мокхазан тIулган бердаш.
Сухара леча – аренца бен беш долу леча.
Къорза эпсар – бес-бесара духар дуьйхинчу паччахьан эпсарех (драгунех, уланех) олуш хилла.
Ханнийн божла – тIеттIа стоммий дечигаш (ханнаш) йохкуш диначу божлех олу.
Тесина некъ – уьшала йолчохь, я охьтаьIна меттиг йолчохь латта тосуш бинчу некъах олу.
Берцан сискал – берцах (просо) сискал, худар, локъмаш еш хилла хьалха.

5 months ago

Дицдан йиш йоцу дешнаш

(нохчийн турпалаллин иллешна тIехь нислуш долчу ширачу дешнех кхетор)

Нохчийн турпалаллин иллеш тIехь, уьш даьхна дуккха зама хилар бахьана долуш, таханлерчу дешархочунна кхета хала дустарш, ца евза хIумнаш, ца хуу дешнаш нисдала тарло. Масала, терсмаймал тур, салойн элий, Боьлкъазар гIала, пиренг тапча, цIокъболат, хьенапан шаьлта ишта кхин дIа. Уьш дукхахдерш ширделла, кхузаманахьлерачу нохчийн маттахь наггахь бен цалелаш долу дешнаш ду, амма оцу архаизмех ца кхетча, хала хуьлу дерриг иллин чулацамах кхета, цуьнан историн маьIна дан.
Барзакъ боху дош тахана духар бохучу маьIнехь лела. Амма илли кхуллучу заманчохь цуьнан чулацам тIемалочун духар аьлла хилла. Цу юкъадогIуш хилла гIагI – аьчкан хIазарех юьйцина коч, турс олуш йолу мостагIчун шаьлтанах ларвеш йолу дуьхьало. Дукха хьолахь уьш еш, пайдаоьцуш хилла булан (зубр) цIоканах. ТIемалочун духар хьахийначуьра билгалдаха деза кхин цхьа могIа ца кхеташ долу дешнаш. Масала, бІоржамаш (кхакханах, бIегIагах, тIаьрсигах эеш йина мачаш), гІовтал (тIехула духу духар - бешмет) , чилхьесан бухкар (чилланан хьесах йина аса), пезагаш (мачашна чухула юху тIаьрсиган еха юткъа пазатийн тайпа), кисин тІам (коьрта туьллучу шипонан тІам), еза дари (Езда гІалахь дина дари), гуьлмаьнда (цІен-къорза дарин йовлакх), вендиг, пиренг тапча, осмалойн тапча, мажар топ, бархIсонара топ, кIожам буьллу топ. И ериг цIераш Кавказан тIом болчу хенахь тIемалоша пайдаоьцуш хиллачу герзийн цIераш ю.
Вендиг – венецианский пистолет
Пиренг тапча – франкский пистолет бохучу дешнех схьадаьлла ду. Цунах терра туркойн ( осмалойн импери) тапчанах схьаяьлла ю осмалойн тапча боху цIе. Мисар топ – Египтера топ. Мажар топ – мадьярийн, венгрийн топ бохург ду.
Терсмаймал тур – цхьаболчу Iилманчаша Гоьрдас динчу таррийн тайпа лору (оьрсийн «ревущая обязьяна»).
БархIсонара мажар топ – (восьмигранное мадьярское ружье) хьалха заманчохь австрийхойн, венгрийн тоьпаш сенаш болу биргIанаш йолуш хилла. Ширачу заманчохь тIемлоша лелош хилла герз дийцича, хьахо деза секха Iад. Саттийна болчу цIулла серах бахтарца цуьнан ши юьхьиг вовшашна тІе а озайой деш хилла и. Кхузахь а пайдаоьцуш хилла булан цІоканах. МостагIчунна тIе чIунаш (пхерчий) кхуьйсуш хилла цуьнца.
Массо илли тIехь бохург санна, тасадаларш дуьйцуш, хьахош ю хьенапан шаьлта. Цхьаццадолчу хьостанашкахь турпалхочуьнгахь гоьрдин шаьлта хуьлу.
И ший шаьлта доларчу цIерех схьаяьлла ю. Хьенап, Гоьрда бохуш ерриг Кавказехь гIараваьлла хилла нохчий ши пхьар. Цара йина шаьлтанаш чIогIа лоруш, сийдеш хилла тIемалоша. Гоьрдас йина шаьлта Лев Толстойн хенахь уггар мехала герз хилла Оьрсийчохь. Цара и йина долчу болатана цIе тиллина «гурда» аьлла. Цунах лаьцна яздина ду Лев Толстойн «Казаки» цIе йолчу повестан авторан дешхьалхенехь.
Иштта турпалаллин иллеш тIехь нисло тахана цхьаболчу дешархошна муьлш бу ца хуучу къаьмнийн цIераш.
Масала, ташхойн, таркхойн, салойн элий, желтой, мисархой, шемахой, гIезалой, осмалой, гIебартой, и. дI. кх.
Таркхой, салой, ташхой элий – гIумкин элий бу. Желтой – грекаш, мисархой – египтянаш, шемахой - сирийцаш, осмалой – туркой, гIезалой – татараш, гIебартой – кабардинцаш бу.
Иштта нисло турпалхой лелабаханчу меттигийн цIераш. Масала, Таркхойн хIорд – Каспийн хIорд, Боьлкъазар гIала – Кизляр, Ширванан аренаш – хIинцалерчу Азербайджанера Ширванан кIошт, пана аре, пана мохк – йистйоцу акха, адамо когбаккхаза латтанаш, гIулозан боьранаш – Черказийн раьгІнашца йолу хьаннаш евлла таьІна меттигаш. ГIоба - Кубань хи. Ийдал - Волга хи.
СалттIай – паччахьан заманчохь эскарш дехьа–сехьа дохуш хилла бурам.
Эндари – Дагестанера Андрей – аул. ХIинжа-гIала – кхузаманахьлера Махачкала ю.
Акхаройн цIераш хуьлу иллеш тIехь. Тахана нислуш ю цхьаццаболчу нехан Була цIе. Була – зубр бохург ду. Алмас – адамех тера, нахана дика дохьу, туьйранашкара васт ду. Иштта цIе а туьллу нохчаша шайн берашна.

5 months, 1 week ago

НАНА

Хьо ара ца йолуш йисичахьана
Хьан lаса санна со цхьалха ву нана
Хьо ламаз ца далуш йисичахьана
Хьан ойла санна со шийла ву нана

lуьйренан гlайгlа ю стигалан ами
Суьйренан гlайгlа ю хьан беса лами
Вахаран гlайгlа ю хьан къора уьйтlе
Нана цу гlайгlанах со къаьстар вуй те

Хьо ара ца йолуш йисина аьлла
Вайн кетlа мел богlу некъ акхабаьлла
Хьан сагlа юкъаха дисина аьлла
Пlераска вайн цlенна пен бетта даьлла

lуьйренан гlайгlа ю ков делла дезар
Суьйренан гlайгlа ю хьох дисна дезарш
Вахаран гlайгlа ю къаръелла зама
Хала ду Нана и гlайгlа лан lама...

Апти Бисултанов, 1987 шо

We recommend to visit

Canal oficial de la Dra Olaya Sánchez Crespo

Last updated 1 month ago

- 𝙲𝚘𝚗𝚗𝚎𝚌𝚝𝚒𝚗𝚐
@OFCREDHAXOR FACILITY

Last updated 1 year, 8 months ago

Last updated 1 month, 2 weeks ago