НУТРИЦИОЛОГ • HEALTH-КОУЧ • ПП • ЗОЖ • КРАСОТА • СПОРТ
Дипломированный нутрициолог,
специалист по немедикаментозному оздоровлению, член ассоциации нутрициологов
С-во @Oksana_Nutrit
M:@damayorova @krapivaboris @zumrud_368550
Last updated 3 days, 4 hours ago
С техникой и электроникой всегда на «ты» ?
Расскажем о самых горячих и актуальных новостях в мире технологий, рассмешим мемами и поделимся выгодными предложениями на электронику и бытовую технику.
Связаться: @TechnoXab ?
Last updated 2 months ago
*Чам бахар дош хетта вацахь,
йолае, гlайгlа ю хьуна.
догдахар диталуш вацахь,
буьйса, каш — хlун бен ду хьуна.
бlаьрзечу куьйгашна хlун хаьа,
шаьш мича кховда —
там бара цара дог lовда.
lовдалчу когашна хlун хаьа
нийса некъ боло.
там балахь царна хьан болар.
боллучу махкана, куьркаш еш, яггол,
аьрцнашкахь дохк йижна хьуна,
барт хаттарх кхийринарг lожаллех хьаггол,
дагна тlе дош дижна хьуна.
йолае, гlайгlа ю хьуна.*
Бисултанов Апти
*Сан ойла лелхаш ю, дог лелха сан,
аз кхуллуш ду и сан хьагделла са.
лазаман туьханах сан балдаш тlехь
луллуш ду дийцарна хьагделла эхь.
цкъачунна сан хlусам бен а яц, бен —
бух боцу тlома бlов я кошан бен.
синкlоргехь — гlа-патар, хоттаршкахь — мох,
доlане боьрзуш бу сан иллин мохь.
— Ассалам lалайкум! хьо хlунда ваьлла?
могуш дуй, мегаш дуй? маса сахьт даьлла. —
токхамах чухьаьди стигалан lарш,
сан докъах мах бийхи белар-кха аш.
саламна кховдийна куьг куьйго луьйш,
шеконе хьажарца бlаьрг бlаьрго зуьйш,
хан йоцуш хlоккхузахь вай вовшехкхетар —
тийналла кхаьрда–кх вайн вовшех ца кхетарх.
дош ду и дlадоьдург, чов хилла дош,
берриг а сан лазам шеца дlахьош,
и сацадейша цкъа, дика дан гlертахь,
дош а лой цул тlаьхьа новкъа ца гlерта.*
Бисултанов Апти
*Ша халла кхаьллина пхьид йоккха хиларна,
lуьрга ца тарлора лаьхьанан корта.
Пхьид дlа ца хоьцура сутара хиларна,
Корта ца хьуллора, мел чlогlа гlортарх.
Иштта са делира къизачу лаьхьанан,
Дегl — чоьхьа, ткъа корта — арахь,
Гина и сурт суна ца долу тlаьхьара.
Билггала бакъ долуш ала:
Зийначу инзаро тентак а ваьккхина,
Дохийра ас бабин хьехар.
Пхьид оцу лаьхьанан багара яьккхинехь
Суна мел богlурий техьа?*
Бисултанов Апти
*Синхаам тlекlел а баьлла,
Соцур бу ша боллучохь,
Цlеххьана меттах а даьлла,
Хьовзор ву хьо доллучо.
Дужур ду, тlемаш а дагош,
Кхетаман син олхазар.
Лаьтто а, стигланаш lадош,
Го боккхур бу борхlазза.
Кхойкхур ю хьоь вина нана:'
«Ма вала хьо дакъаза,
Ма лехахь ахь боцу бала,
Хьуо ирсах ма ваккхахьа!»
Цунах хьо кхетар ву дика:
Ненан дог, и иштта ду.
Амма хьайн некъан чам хиъна,
Декъаза хьо ирсе ву.
Юха хьоь кхойкхур ю зуда:
«Ахь яьккхи со дакъаза, .
Бала бац хьайн лаьттан уьрдан,
Ца хаьа сом даккха а».
Цунах а кхетар ду дог хьан:
Зуда а и зуда га-кх.
Амма хьан декхар ду доккха,
Комаьрша хьо сутар ву.
Тlаккха хьоь кхойкхур ю хlусам,
Хьо вина, кхиийнаерг:
«Верзахьа, верзахьа юха,
Са кхачо хьо кхиале!»
Цунах а хала дац кхета;
Цо юьйцург шен йовхо ю.
Юха а, юха а леташ,
Хийламма хьо човхор ву.
Хийла хьо ворур ву, амма
Са кхачо ницкъ кхочур бац:
И синан кlезгалла хилла
Яьккхина ахь кочара.
Накъост а воцуш, хьайн букъ тlехь
Ахь лайча и делан lад,
Хьан деган lаьршашна юккъехь
Кхетар ду цхьа стелаlад.
Цкьа мацах, цкъа мацах хьалха
Кхетамза ахь къастийна
Илланчийн къийсаме дахар
Bopхl басахь цо къагийна.
Кхин цхьаъ а еза гlулч яккха
Гlаттор ву хьо къийсамо!
Кхин цхьаъ а лекха гу баккха
Ойур ву хьо сийлзлло!*
Бисултанов Апти
*Дlаоьху, дlаоьху гунаш
Хаддаза дlо анайисте.
Къинтlера бер буй те суна
Ас хьоьшу кlотаран синтем?
Дlаоьху, дlаоьху гунаш,
Со шайна тlаьхьа дlавоьхуш.
Къинтlера бер буй те суна
Ас дитча, ойлано лоьхург?
Цу шина хаттаро тховса
Со хlунда гlаттийна техьа,
Бlаьргана ца гундерг довза,
Сица лан ницкъ боцург леха?
Верриг а суо хилларг ву со,
Делахь а цхьажимма вайна.
Кху лаьттах екхачу буса
Цундела язлой те гlайгlа?
Верриг а суо хилларг ву со,
Делахь а цхьажимма кхетта.
Кху баттал лекхачу буса
Цундела гlуьттий-те хеттарш?
Цу шина лаамо тховса
Со хlунда гlаттийна техьа,
Цкъа а ца девза дегl довза,
Цкъа а ца лехна дерг леха?*
Бисултанов Апти
*Дистхилийша шу мукъане а тховса,
Жlаьлеш дац шу, эхь а ма ду и-м.
Бакъо яц сан хlокху буса тхьовса,
Накъост вац сан и дlадийца кхин.—
Суна гина, къина кийра карччал,
Жимчу йоьlан бlаьргех даьлла хи.
Xlapa буьйса хили lаьржа марчо,
Накъост вац сан и дlадийца кхин.
Суна хезна кlайчу говран терсар.
Ломан басах йоьжна юьгуш и. —
Xlapa буьйса юьйхи, бутт ца керччал,
Накъост вац сан и дlадийца кхин.
Дистхилийша шу мукъане а тховса,
Дистхилийша шу мукъане а цкъа.
Бакъо яц сан хlокху буса тхьовса,
Бакъо яц сан мерза гlенаш ган.*
Бисултанов Апти
*Хаац суна-м маца мичхьа байна
Бераллера и туьйранийн мохк?
Цкъа а суна бlаьрга ша ца яйна,
Хийла езна, Чингlаз боху йоl.
Чатакхийна тача хилла техьа
Стиглахь яйна оцу йоьlан лар?
Хийла вийлла со вopxl ломал дехьа
Амма цкъа а хилла дац и гар.
Хийла гlенах лоьхуш цуьнан гlала,
Лоьхуш цо шен кlудал юзу хи,
Дуй ас биъна: ца даа, ца мала,
Цlа ца верза бlаьрга ца гуш и.
Иштта хено шерийн йоза яздеш,
Воьдуш дийзи хийла хийца некъ,
Ойлаярца, Чингlаз хилла яц-те,
Маца йоьллур ас сайн ирсан неl?
Амма карий туьйранера гlала,
Генахь доцуш и хьо еха цlа.
Виси мотт а сецна, доцуш ала
Дош а хьоьга, ахь дlаэцна са.
Чингlаз! Чингlаз! Xlай сан ирсан Аьзни!
Хьо хилла-кха хийла лехнарг ас.
Хьан хазалла суна муха кхаьчна,
Сатийсинарг шега хийла дас?
Хьан-м ца хилла олхазаран тlемаш,
Лаьттахь ехаш суна хьо ма гин.
Амма бакъди ахь сан ирсан гlенаш,
Хьан безам бу велларг денво хи.
Хьо ехийла кху дуьненахь гlоза,
Сайн туьйранех ахь тешийна со.
Xlуттур варий-техьа lаьржа-Хожа,
Ницкъах тешна, соьца къовса хьо!*
Бисултанов Апти «Чlингlаз»
*Хьан кор а догур ду, цу буса санна,
Шелдина лайн чимаш хьийзочу мохо.
Букъ юккъе тlехьашха урс тухуш санна,
Хlинца а хезаш берг цу коран мохь бу.
И цlа а лаьттар ду, ца девзаш санна,
Биц ца беш шена чохь цкъа баьгна безам.
Исс неlалт воьдучу соь кхайкхош санна,
Хlинца а го суна цу цlийнан хьежар.
Латта а хьийзар ду, ца хууш санна,
Адамо адаман lодика йиний.
Цхьаъ цхьаннах ца кхетча ницкъ эшча санна,
Седарчий оьгур ду, доьлхур ду илли.*
Бисултанов Апти
*«Сийлахь ву-кх дахарехь некъ боьхна лелларг,
Шен лазам хьулбина, дуьненна велларг.
Ирсе ву-кх дахарехь доттагlех тешнарг,
Халоно хьовзийча церан гlо эшнарг».
И илли сан дедас баьхна бах ломахь,
Ткъа дас и дерзадар суна тlехь дитна,
Ша воьдуш, дуьненан массо а къоман
Маршонан дуьхьа шен мерза са дитна.
Мехкан вон ден тезет санна а хеташ,
Леллачу къонахийн амалш дlакхехьа
Баьхкинчу кlенташца со новкъа волуш,
И илли ас тахна мохь тоьхна олу:
«Сийлахь ву-кх дахарехь некъ боьхна лелларг.
Шен лазам хьулбина, дуьненна велларг.
Ирсе ву-кх дахарехь доттагlех тешнарг,
Халоно хьовзийча, церан гlо эшнарг».*
Бисултанов Апти
*ахь куьйгийн пlелгашца
гочдо сан дагтlера йоза
xlopa аз сиз - матте доккхуш
массо а дош делла йисначу
къайленийн мотт хаьа хьуна
и аьзнаш доьшу ахь
бlаьрзечо тептар ма – дешшара
мацах ас мотт лен а валале
Нохчийчохь
ширачу бlавнаш тlехь яздина
зайл - йоза дешна ма – хиллара
хьан суьрташ гочдо са
xlopa сиз аз – матте боккхуш
хьан пlелгийн мотт хаьа суна
вай дlасакъасталца lамийна
вай дlасакъаьстича бицбан
йа карлабаккха
цкъа нохчийн хьаннашкахь
сайн дагна хьажийна
дlаьндарг схьакхоччучу юкъана
пlелга тlе хаийна
хьох тера йолучу
додаме
тlаьххьара бийца*
Бисултанов Апти
НУТРИЦИОЛОГ • HEALTH-КОУЧ • ПП • ЗОЖ • КРАСОТА • СПОРТ
Дипломированный нутрициолог,
специалист по немедикаментозному оздоровлению, член ассоциации нутрициологов
С-во @Oksana_Nutrit
M:@damayorova @krapivaboris @zumrud_368550
Last updated 3 days, 4 hours ago
С техникой и электроникой всегда на «ты» ?
Расскажем о самых горячих и актуальных новостях в мире технологий, рассмешим мемами и поделимся выгодными предложениями на электронику и бытовую технику.
Связаться: @TechnoXab ?
Last updated 2 months ago