Unlock a World of Free Content: Books, Music, Videos & More Await!

Жовхlаршна

Description
Хьуна - хlай лераме ерг!
Advertising
We recommend to visit

ККК ( Карманный калькулятор каллорий)



Менеджер канала : @nikadormanager

Last updated 1 month, 1 week ago

Реклама бериш учун 👇🏻

@Massaj_Reklama_Admini

Last updated 2 months, 4 weeks ago

Реклама бериш учун 👇🏻

@Massaj_Reklama_Admini

Last updated 2 months, 4 weeks ago

1 month, 2 weeks ago
Самая глупая женщина - это та, …

Самая глупая женщина - это та, которая мерит свою красоту со взорам мужчин на нее. Каждый раз, когда мужчина поворачивает свой взор в ее сторону, ей кажется, что он восхищается ею. Однако она забыла, что когда товар дешевеет, вокруг него начинается столпотворение людей.
https://t.me/jovharshna

1 month, 2 weeks ago

Зуда машен чохь юххе хаор

@jovharshna

1 month, 2 weeks ago

Неlалт хилла зударий

Хаттар: Хьижаб ца лелочу зудчунна неlалт кхайкхош дуй? Далил даладе.

Жоп: Тlехь духар доцуш, берзина зударий хир бу бохуш дуьйцучу хьадисехь аьлла-кх Пайхамара (саллаллахlу lалайхlи ва саллам): «Неlалт ала царна, уьш шайна неlалт хилла бу шуна». [Сахьихь Ибн Хьиббан: 5753]
Амма цунах зен дер ду я дац хьаьжжина олуш ду иза: тlехь духар доцучунна неlалт аьлча, иза дуьхьал йист а хилла, цунах питана хир делахь эр дац, ткъа хир дацахь ала йиш ю.
https://tlgg.ru/Vragi_iblisa

3 months, 2 weeks ago

​​Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум.
Зудчунна Ӏилма Ӏамор ду гӀоли я маре яхар ду, маре яхача цуьнга доьшуьйтур долуш ца хилча? ХӀусамден бакъо юй иза чуьра ара ца ялийта, цуьнга дин ца Ӏамадайта?

Жоп: Ваlалайкумуссаламу варахьматуллахlи ва баракатухl!
Ӏилма долчуьнга маре яхана, шена чохь Ӏамадайтар ду гӀоли. Ткъа хӀусамден бакъо ю иза деша йоьду бохуш ца лелийта.

Жоп делларг: Враги Иблиса
https://t.me/jovharshna

[​​](https://cdn30.notepost.ru/3z50htqTbUVfuKhN-1695494088087.jpeg)**Хаттар:** Ассаламу Ӏалайкум.
3 months, 2 weeks ago
Жовхlаршна
3 months, 2 weeks ago

Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум.
Масала: шен хӀусамдас шена тоьхча, оцу зудчо шен дега дӀадийцина, тӀаккха стундас невце кхин шен йоӀана тохахь ша могуьйтур дац, нагахь санна ахь бохург иза деш яцахь, шега ала, ша дойтур ду алар нийса я гӀиллакхехь дуй?

Жоп: ВаӀалайкумуссаламу варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Иза зудчунна лела цахаар ду, зудчуьнгахь кхин хила йиш йоцуш долу доккха а, ирча а гӀалат ду шен чуьра анпалш юьйцуш цуьнан кху дуьнен тӀехь адам хилар! Зудчо иштта адам шен хилийта дезаш а дац кху дуьнен тӀехь, мел чӀогӀа шен уллера доттагӀ ю аьлла, шен нана елахь, шен йиша елахь - башхалла яц шен хӀусамера анпал юьйцуш адам зудчуьнан хила дезаш а дац, стаг уггар чӀогӀа гена вала везаш зуда ю цу тайпа зуда! Чохь дов ца долуш, вовше цхьа цакхетам ца хуьлуш хӀусам дуьнен тӀехь хуьлуш а яц, цкъа а хилла а яц! Амма шен чуьра анпалш нахе юьйцуш йолчу зудчо шен хӀусамден мах хадабо, шех а, шен хӀусамах а нах белабо цо, кхунна хьалха мел чӀогӀа ша холчахӀоьттина, халахетта кхуьнга ладоьгӀучо моттийтахь а, хьан анпалх нехан я самукъадолу, я кула йолу, цундела шен анпалш шегахь сацо еза я уьш нисъян хьажа еза, нисдан хьаьжчхьана нис ца далуш хӀума дан дац, делахь цу зудчуьнан лаамах доьзна ду иза. Амма цо шен хӀусамера анпалш, мел жима хӀума бен дацахь а, шен цӀерачаьрга юьйцуш хилча, юха а шен хӀусам эвхьаза йоккху цо, шен чуьрачеран оцу стагах дог доккху цо, хӀара шиъ-м кханнехь берта ма доьдий, амма цо и шен анпал йийцина йолу кхуьнан нанна, йишина, дена, вешина диц ца ло иза, царна дагахь лаьтта иза, цу тӀехула цу стагах дог дала долало церан, иштта шен цӀерачарний, шен хӀусамдений юккъе гамо тосу хьекъал доцчу, лела ца хуучу зудчо! Шена етташ елахь я ша цу стагаца Ӏалуш яцахь шен цӀа яхчхьана яьлла-кх иза, шен хӀусам нахала ца йоккхуш я шен хӀусамах нах бела а ца беш, нахана шен хӀусамах кхарда агӀо а ца буьтуш! Хийла меттигаш хезна-кх суна, ша цу марера цӀа еъча а ша цӀа яран бахьана шен чуьрачаьрга ца дуьйцуш я нахе ца дуьйцуш - иштта хила езаш ю кхетам болу зуда, иштта стага а лардан дезаш хӀуманаш ду уьш, делахь а, кху тайпа дерг зударшкара эга вайна юккъехь, стегаршкара зуда дӀаяхийтича эгахь а нийса дац цу тайпа хӀуманаш, лардан дезаш хӀуманаш ду. Салафех цхьаммо шен хӀусамнана дӀаяхийтича, кхечо хаьттина-кх цуьнга, дӀа хӀунда яхийтина ахь, хӀун хиллера шуьшинна аьлла, вукхо жоп делла, ша муха дуьйцур ду хьоьга тхайна юккъехь хилларг, ас дохко а ваьлла, иза юхаялаяхь, шен хӀусамнана хьоьга юьйцуш верг хир ву ша, ша иза юха ца ялаяхь нехан зуда юьйцуш верг хир ву ша хьоьга аьлла, иштта хила езаш ю зудчуьнан агӀо а, стеган агӀо а.

https://t.me/Vragi_iblisa

3 months, 3 weeks ago
3 months, 3 weeks ago

3⃣1⃣ Салам нохчийн маттахь далар

#Суннаташ_lамадай_вай

@jovharshna

3 months, 3 weeks ago
4 months ago

Лараме хlусамда а, хlусамнана а!

Ислам динехь доцца ца хиъча цадолург ду хlара шуьшинна.

Хlусамден хьакъ хlун ду, хlусамненан хьакъ хlун ду lама а дина ца лелийча хlусам ирсе хуьлуш яц. Цундела вай билгалдоккхур ду шинне а декхарш.

Хlусамдас кхочушдан деза хьакъ:

  1. Уггар хьалха шен хlусамнанна а, доьзална а юучунна, молучунна, тlедухучунна сагатдеш хилар, оцу юккъадогlу урдона луш дерг.
  2. Хlусамненаца хаза вахар, вуьштта аьлча, вела а велла, векха а велла хилар, цуьнгара хуьлучу цатамна сатухуш а, ловш а, собаре а хилар, дагадийтар зуда стенах кхоьллина.
  3. Хlусамненан гергарчу нахаца ойхьаза ца вийлар, вуьштта аьлча лараме хилар
  4. Хlусамнанна динехь цахуург lамор, диканиг де олуш хилар, вониг lаддита олуш хилар, динехь мегарг магийтар, цуьнан ницкъ ца кхочург де бохуш хьийза ца яр.
  5. Хlусамехь гlо оьшучу хенахь накъост хилар.
  6. Хlусамненера цхьаъ даьлча доьзална а я кхечарна а хьалха сийсаза ца яр, оьзда доцчу къамелах ларвалар, къаьсттина юьхь ларъяр тохарх.
  7. Хlусамненаца йолчу юкъаметтигахь хьарам долчух ларвалар.
  8. Шен хlусамехь дерг ара ца даккхар.

Хlусамнанас кхочушдан дезарг:

  1. Хlусам чохь цlано латтор, иштта шен хlусамден гlуллакхе хьажар, доьзална lуьналла дар, доьзал кхетош-кхиорехь къахьегар.
  2. Хlусамда цlахь воцчу хенахь цунна ямарта ца хилар, вуьштта аьлча, бахам ларбар, шен а, шен хlусамден сий лардар.
  3. Хlусамда воьдуш-вогlуш цунна елаелла-екхаелла дуьхьала ялар.
  4. Хlусамдеца а, цуьнан гергарчу нахаца а лараме хилар.
  5. Цо шега шеца хьанал йолчу юкъаметтигна хьашташ кхочушдан кхайкхича сихха жоп далар, цхьа бахьана шен дацахь.
  6. Шен хlусамехь дерг ара ца даккхар.
  7. Хlусамдена муьтlахь хилар Аллахlна lеса доцчуьнгахь.
  8. Массо а хlума и реза волуш дар, вуьштта аьлча, цуьнан пурбанца бен харжаш ца яр, ара ца йийлар, цуьнан пурбанца бен цхьа а хlусаме ца валор.
    https://t.me/jovharshna
We recommend to visit

ККК ( Карманный калькулятор каллорий)



Менеджер канала : @nikadormanager

Last updated 1 month, 1 week ago

Реклама бериш учун 👇🏻

@Massaj_Reklama_Admini

Last updated 2 months, 4 weeks ago

Реклама бериш учун 👇🏻

@Massaj_Reklama_Admini

Last updated 2 months, 4 weeks ago