Админ - @Gals1
Last updated hace 10 meses, 3 semanas
Админы
@DmitrySed @Adm_ps @Alexa9613
Last updated hace 1 año, 5 meses
اللهم أرينا الحق حقا
Йа Аллахl Тхуна бакъ дерг бакъ долш гайта ахь.
وارزقنا اتباعه
Оц бакъон тlехь дlа дах пурба ло Ахь.
وأرناالبا طل باطلا
Тхуна харц дерг харц гайта Ахь .
وارزقنا اجتنابه
Тхо оц харцонах генаъ даха Ахь .
Last updated hace 1 mes
Даймахке безам
Шен селхане йицйинчунна - кхане хир йац!
Хьан уггар воккхачу мостагlчо хьуна уггар (чlогlа) доккха цо дийр дерг - Аллахlан лиънарг хьуна тlехь чакхдоккхур ду-кх цо, цундела, Шен лаам бен цалелачунна тlе болх билла ахь - са паргlат вехар ву хьо!
Йа Аллахl, сан Дела, баккъаллаъ ма собре Ву хьо!
Бусалба нехан Халиф волчу, бусалба нехан дерриге мехкашна куьйгалла деш волчу lумар Хаттlоба деш долчу весете хьажа хьо Саlд ибн Абу-Ваккъосе, цо йаздина долчу кехате, ойла йехьа, ойла йе ахь иттазза ойла йе ахь, ас йина цунна ойла, со кхетта цунах алий ца дуьтуш, иттазза йехьа цунна ойла ахь, lумар Хаттlоба муха дуьйцу, толам цо хьанах бузу, эшам цо хьанах хутту, хьажахь хьо lумар Хаттlоба муха боху:
"أُوصِيكَ وَمَنْ مَعَكَ مِنَ الْأَجْنَاد، أَنِ اتَّقُوا الله
Ас весет до хьоьга а, хьоьца долчу бусалба нехан эскаре а - Делах кхоьрийла шу,
فَإِنَّ التَّقْوَى أَفْضَلُ الْعُدَّة عَلَى عَدُوِّكُمْ
И Делах кхерар муха ду хаий шуна, цу керстан дуьхьал ахь беш болчу кечамах уггаре чlогlа болу кечам бу хьуна иза,
وَأَقْوَى الْمَكِيدَةِ فِي الْحَرْب
Тlамехь уггаре доккха долу хlилла дуй, иза а и Делах кхерар ду хьуна, и Делах кхерар хьоьгахь хилчхьана - уггаре ас со бохуш долу хlилла лелор а Аллахlа схьалур ду хьуна, цу мостагlчунна дуьхьал уггар чlогlа болу кечам а хьоьгахь бу хьуна тlаккха, Делах кхерар шуьгахь нагахь делахь боху lумара, кхидlа боху lумар Хlаттlоба: ша лардо шу, ларлолаш, кхералаш чlогlа боху
أَشَدَّ احْتِرَاصًا
Чlогlа ларлолаш боху
عَلَى الْمَعَاصِي
Iеса хlуманах чlогlа ларлолаш, lасаллах чlогlа ларлолаш, цу lасалло деш дерг -
فَإِنَّ نَصْرَكُمْ عَلَى عَدُوِّكُمْ مِنْ مَعْصِيَةِ الله
Шуна Аллахlа луш болу толам муха бу хаий шуна, керста стаг Аллахlан lеса хилар бахьана долуш, Аллахlа и толам шуна луш бу шуна,
وَإِنِ اسْتَوَيْتُمْ مَعَهُ فِي الْمَعْصِيَةِ
Нагахь и lассалица шу а, и керста а цхьатерра хуьлий, цу керста наха лелош йолу lасалла лелош шу а хуьлий -
كَانَ الْفَضْلُ لَهُمْ عَلَيْكُمْ بِالْقُوَّة".
Тlаккха нуьцкъаллица уьш шуна тlехь тоьлу шуна".
Уьш ницкъаца сов ма-бевллина цхьа мискъала зарратал а, цхьа топ кхосса а стаг церан сов ма-веллинехь уьш шуна тlехь тlаккха тоьлу шуна, шуна толам бохьуш дерг - шу Делах кхерар ду шуна, и Делах кхерар аш дlахоттийнчул тlехь, толам а, тlамехь лело деза хlилла а, и дерриге Аллахlа схьалуш ду шуна, lумар Хаттlоб, мужахlидо деш долу къамел ду хьуна хlара!
Цхьанна а бусалба стага шега бала кхечча хlара доlа дийр ма дац - Дала цунна цулла а диканиг делла а бен:
"Инна Лиллахlи ва инна илайхlи ражиlун, Аллахlуммаъжурний фий мусыйбатий ва ахлиф лий хайран минхlа".
– Сан кхалхар муха хир ду те?
– Хьан кхалхар - ахь сагаттадаре терра хир ду-кх, ахь сагаттадаре терра хьайн кечам бийр бу, цу хьан кечамах терра хьан валар а хир ду-кх!
©️Каимов А.
- Иза вина де даздеш, цуьнан суннат а, маж а, коч а, зударийн никъаб а ца езаш.
-Мухьаммад (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) дин леладар лоьху хьоьгара, ша дуьненчу валар даздар ца лоьху..!
"Кхераме" никъаб.
Никъабах кхоьраш бац , амма, бусалба зуьдчан оьздангаллах кхоьраш бу!
Никъаб бахьан бен дац , гIаттайнарг Исламан доьхьала тIом бу!
Админ - @Gals1
Last updated hace 10 meses, 3 semanas
Админы
@DmitrySed @Adm_ps @Alexa9613
Last updated hace 1 año, 5 meses
اللهم أرينا الحق حقا
Йа Аллахl Тхуна бакъ дерг бакъ долш гайта ахь.
وارزقنا اتباعه
Оц бакъон тlехь дlа дах пурба ло Ахь.
وأرناالبا طل باطلا
Тхуна харц дерг харц гайта Ахь .
وارزقنا اجتنابه
Тхо оц харцонах генаъ даха Ахь .
Last updated hace 1 mes