Админы
@DmitrySed @Adm_ps @Alexa9613
Last updated 1 year, 6 months ago
اللهم أرينا الحق حقا
Йа Аллахl Тхуна бакъ дерг бакъ долш гайта ахь.
وارزقنا اتباعه
Оц бакъон тlехь дlа дах пурба ло Ахь.
وأرناالبا طل باطلا
Тхуна харц дерг харц гайта Ахь .
وارزقنا اجتنابه
Тхо оц харцонах генаъ даха Ахь .
Last updated 2 months ago
Dottaġçünga veset.
Dog jovƶoş yaġaẋ san joƶalla kesta,
Çurt suna keçdelaẋ, dottaġ, aẋ ayẋa,
Ẋayn küga dakqalaẋ, dottaġ, san laẋta,
Vay dezaş xilar aẋ diycalaẋ merza.
Ẋuldelaẋ san daq̇a, ṫetassiy verta,
Genarçu novq̇a so vakqalaẋ özda,
Tillalaẋ noxçiyn kuy q̇öƶaçu körta,
Baram san, ca vuxuş, lacalaẋ onda.
Ṫäxẋara bjärg toxa, ayəalaẋ verta,
Laẋtiçu villalaẋ, bart bokquş özda,
Dagaẋ ẋay q̇urdaş deş, tasalaẋ latta,
Çurt nisdeş, küg ẋaqiy, ċan delaẋ yoza.
Ollalaẋ çurt dovza qelina şälta,
Koşan barz tobelaẋ, küg ẋaqiy äxna,
Verzalaẋ yürta ẋo, dottaġa, ṫäxẋara,
Kaş dövziy ẋaƶalaẋ gennara ẋayna.
Doş aliy ẋastalaẋ ġiyla san dada,
Dog öcuş xilalaẋ miskaçu nena,
Zamanan yoxalla vic ca van ẋaƶalaẋ,
So sanna ṫakqa ẋo xetar vu carna.
ДоттагӀчуьнга весет.
Дог Iовжош йагIахь сан Iожалла кеста,
Чурт суна кечделахь, доттагI, ахь айхьа,
Хьайн куьга даккхалахь, доттагI, сан лахьта,
Вай дезаш хилар ахь дийцалахь мерза.
Хьулделахь сан дакъа, тIетассий верта,
Генарчу новкъа со ваккхалахь оьзда,
Тиллалахь нохчийн куй къоьжачу коьрта,
Барам сан, ца вухуш, лацалахь онда.
ТIаьххьара бIаьрг тоха, айъалахь верта,
Лахьтичу виллалахь, барт боккхуш оьзда,
Дагахь хьай къурдаш деш, тасалахь латта,
Чурт нисдеш, куьг хьакхий, цIан делахь йоза.
Оллалахь чурт довза кхелина шаьлта,
Кошан барз тобелахь, куьг хьакхий аьхна,
Верзалахь йуьрта хьо, доттагIа, тIаьххьара,
Каш доьвзий хьажалахь геннара хьайна.
Дош алий хьасталахь гIийла сан дада,
Дог оьцуш хилалахь мискачу нена,
Заманан йохалла виц ца ван хьажалахь,
Со санна тIаккха хьо хетар ву царна.
Beqame qoyquş du bjeşariyn mönaş,
Merzaçu nabaran saüyzu aẋ,
Töur du jazapeẋ dägna san ġenaş,
Ma ẋeşa, merzaçu nabaran tar.
Бекхаме кхойкхуш ду бӀешарийн моьнаш,
Мерзачу набаран сауьйзу ахь,
Тоьур ду Ӏазапехь даьгна сан гӀенаш,
Ма хьеша, мерзачу набаран тар.
So noxço xilarna vu bexke, ẋuna,
Ẋaġ yocçu kiyraẋ san "qexkarna" marşo.
Ya välla vaxça a, irs xir dac suna,
Dünenaẋ, velça a, ẋo du san "março".
Со нохчо хиларна ву бехке, хьуна,
ХьагӀ йоцчу кийрахь сан "кхехкарна" маршо.
Йа ваьлла вахча а, ирс хир дац суна,
Дуьненахь, велча а, хьо ду сан "марчо".
Marşo ca lexxal
Märşa vu so,
Oylaneẋ ġayġane
Stenna vu so?
Yiysareẋ vexaş,
Tutmaq vac so.
Sa dac-qa märşa.
Hun löxu co?
Маршо ца леххал
Маьрша ву со,
Ойланехь гӀайгӀане
Стенна ву со?
Йийсарехь вехаш,
Тутмакх вац со.
Са дац-кха маьрша.
ХӀун лоьху цо?
Ӏуьйра ламазан хан, тийна чоь, ойланаш; цӀеххьана дагатосу кху хьостана чохь хьалха хилла йолу байташ:
– Ẋo busulba vuy?
– Haə. Amma i xattar hunda qolladella? Ẋayga dina omra qoçuşde.
Salima elira:
– Jüyra lamaz diniy aẋ?
– As hincale a elira höga, so busulba vu älla. Tq̇a hinca aẋ höttu, as jüyra lamaz diniy! Ya lamaz ca deş busulba nax xül möttu ẋuna?
– Хьо бусулба вуй?
– ХӀаъ. Амма и хаттар хӀунда кхолладелла? Хьайга дина омра кхочушде.
Салима элира:
– Ӏуьйра ламаз диний ахь?
– Ас хӀинцале а элира хьоьга, со бусулба ву аьлла. Ткъа хӀинца ахь соьга хоьтту, ас Ӏуьйра ламаз диний! Йа ламаз ца деш бусулба нах хуьл моьтту хьуна?
?صور من حياة التبعين
Dändarg çeqyälla degnaş, ċarca du lämnaşkaẋ lepaş.
Даьндарг чекхйаьлла дегнаш, цӀарца ду лаьмнашках лепаш.
Админы
@DmitrySed @Adm_ps @Alexa9613
Last updated 1 year, 6 months ago
اللهم أرينا الحق حقا
Йа Аллахl Тхуна бакъ дерг бакъ долш гайта ахь.
وارزقنا اتباعه
Оц бакъон тlехь дlа дах пурба ло Ахь.
وأرناالبا طل باطلا
Тхуна харц дерг харц гайта Ахь .
وارزقنا اجتنابه
Тхо оц харцонах генаъ даха Ахь .
Last updated 2 months ago