Dive into the Ultimate Free Library: Your One-Stop Hub for Entertainment!

ИСЛАМАНСЕРЛО

Description
🔶 ХIокху чуьра шайна луург схьаэца, аша уьш яржа мел йо а хаза хета вайна.

Дикадерг даржаде, ял хир ю хьуна инша́ АллахI

islamanserlo.org
Advertising
We recommend to visit

𝙲𝚘𝚗𝚝𝚊𝚌𝚝 𝚠𝚒𝚝𝚑 𝚊𝚍𝚖𝚒𝚗 ➵ https://telegram.me/BChatBot?start=sc-1152322-UA9ntzE

➖➖➖➖➖➖➖➖➖
Привет @durov
Этот канал не нарушает закон.
И в нем нет порнографических и грубых постов. пожалуйста, обратите
➖➖➖➖➖➖➖➖➖

Last updated 2 weeks, 5 days ago

🔶 ХIокху чуьра шайна луург схьаэца, аша уьш яржа мел йо а хаза хета вайна.

Дикадерг даржаде, ял хир ю хьуна инша́ АллахI

islamanserlo.org

Last updated 1 week, 6 days ago

Гачелайфер

Last updated 5 months, 1 week ago

2 weeks ago

قال عمر بن الخطاب رضي الله عنه
أعقل الناس أعذرهم للناس.

ХаттIабан кIанта Iумара (Аллах1 реза хуьлда цунна) аьлла: «Нахалахь уггаре хьекъал долуш верг, нахана бехказло луш верг ву».

https://t.me/paydnash

2 weeks, 1 day ago

«ПIераскан дийнахь уггаре еза Iамал - Пайхамарна (ﷺ) салаваташ дахкар ю. ХIунда аьлча, пIераскан де - уггаре дика де долун дела а, Мухьаммад Пайхамар - уггаре веза пайхамар волун дела а».

Шайх ат-ТIарийфий

•┈┈┈••✵☁️✵••┈┈┈•
АллóхIумма солли ва саллим Iалá набиййинá Мухьаммад.

2 weeks, 6 days ago

«Хьайн кIантана ахь Мухьаммад цIе тиллар коьрта Iалашо яц хьуна, коьрта дерг - ахь иза Мухьаммадан гIиллакхаш тIехь кхетош-кхиор ду хьуна (ﷺ)».

Шайх Ахьмад Iиса ал-МаIсаравий

3 weeks, 1 day ago
Куц-кепана ца вешаш Iиттарш яр

Куц-кепана ца вешаш Iиттарш яр

3 weeks, 1 day ago

Дикачу вешин дика канал

https://t.me/muta1elaman_lar

Telegram

Мутаlеламан лар

Бусулба Нохчийчоь

Дикачу вешин дика канал
3 weeks, 5 days ago

Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:

" أَلَآ إِنَّ لِلَّهِ مَا فِي ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَٱلۡأَرۡضِۖ قَدۡ يَعۡلَمُ مَآ أَنتُمۡ عَلَيۡهِ وَيَوۡمَ يُرۡجَعُونَ إِلَيۡهِ فَيُنَبِّئُهُم بِمَا عَمِلُواْۗ وَٱللَّهُ بِكُلِّ شَيۡءٍ عَلِيمُۢ ".

«Боккъал а, АллахIан ду стигланашкахь а, лаьттахь а мел дерг. Цунна шун хьелаш а хууш ду. Ткъа уьш Цуьнга дIаберзийначу дийнахь, Цо царна дуьйцур ду цара лелийнарг. АллахI массо а хIума хууш ву».

Сурат ан-Нур, 64 аят.

4 weeks ago

Рамадан бутт дIа ма-баьлла кхаьбча дика долу суннат марханаш ялх ду. Рамаданал тIаьхьа богIучу шаввал баттахь кхобуш ду уьш.

Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Рамадан баттахь а, шаввал беттан ялх дийнахь а марха кхаьбначо цхьана шарахь марха кхаьбна». Ибн Хьиббан

Кхин а аьлла Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –: «Рамадан баттахь марханаш а кхаьбна, тIаккха цул тIаьхьа шаввал беттан ялх дийнахь марха кхабар - дерриге дахарехь марханаш кхабар санна ду». Муслим.

Кхин а аьлла Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –: «Рамадан баттахь а, шаввал беттан ялх дийнахь а марха кхаьбначо цхьана шарахь марха кхаьбна. Цхьа дика хIума динчунна иза совдоккхур ду итт дика дича санна». Ибн Ма́джахI

И ялх де шаввал бутт болабелча а, юккъе баьлча а, чекхбалале а, муьлхха деношкахь кхаба мегаш ду, делахь а марханаш даьстинчул тIаьхьа дукха хан юкъа а ца йолуьйтуш кхаьбча дика ду.

Кхин а, и ялх де тIаьхьий-хьалхий кхаьбча мелехь а ду, дика а ду, ткъа шена иштта кхаба ца луучо юккъе денош а долуьйтуш кхаба а мегаш ду, масала цхьана дийнахь марха кхобуш, тIаккха масех дийнахь ца кхобуш, тIаккха юха а кхобуш, иштта кхидIа а.

1 month ago

Лараме бусалба вежарий, йижарий!
Даггара декъалдо шу хIокху дезачу Iийдан денца! АллахIа къобулдойла шун марханаш, кхин йолу дика Iамалаш.

تقبل الله منا ومنكم صالح الأعمال.

1 month ago

Йа Аллах1! Тхо кху баттахь жоьжахатах хьалха битинчу Хьайн лешха де Ахь тхо. Тха дайшна-наношна гечде Ахь, Фирдовса ялсаманахь цхьана а тоха Ахь тхо. Г1аззехь болу тхан бусалба вежаршна толам ло Ахь, Хьайн а, бусалбанин а мостаг1и болу жуьгти а, церан г1оьнчи а х1аллак бе Ахь, бусалба нехан б1аьрг белош шайна чу дерза де Ахь церан зулам.

1 month ago

Маликаш шена доIа дечарах а, гечдар, къинхетам боьхучарах а ву:

  1. Нахана диканиг Iамориг а.
  2. Хьалхарчу могIанехь ламаз дийриг а.
  3. Цомгуш волчунна тIехIотта воьдург а.
  4. Марха лаца Iуьйкъе йийриг а.
We recommend to visit

𝙲𝚘𝚗𝚝𝚊𝚌𝚝 𝚠𝚒𝚝𝚑 𝚊𝚍𝚖𝚒𝚗 ➵ https://telegram.me/BChatBot?start=sc-1152322-UA9ntzE

➖➖➖➖➖➖➖➖➖
Привет @durov
Этот канал не нарушает закон.
И в нем нет порнографических и грубых постов. пожалуйста, обратите
➖➖➖➖➖➖➖➖➖

Last updated 2 weeks, 5 days ago

🔶 ХIокху чуьра шайна луург схьаэца, аша уьш яржа мел йо а хаза хета вайна.

Дикадерг даржаде, ял хир ю хьуна инша́ АллахI

islamanserlo.org

Last updated 1 week, 6 days ago

Гачелайфер

Last updated 5 months, 1 week ago