Infinite Entertainment, Zero Cost: Get Your Free Books, Music, and Videos Today!

Суннатан ОхIла

Description
Хаттаран агIо: @hattaranago


Къуръанан маьIна:
https://t.me/kuran_nohchiyn_mattah

Абу IабдуллахI:
http://t.me/umarabdulkhaliym1444
We recommend to visit

Подкасты про мотивацию, психологию, саморазвитие и бизнес

Реклама, предложения: @vl_pipe

Новостной канал Диллерона

Last updated 3 weeks, 1 day ago

Last updated 1 week, 2 days ago

3 weeks, 3 days ago

МАРХИЙН САХЬНАШ (закатул-фитIр)

Мархийн сахьа далар - аьтто болчу, шена а, шен доьзулна а Iийдан буьйсанна а, дийнахь а юъчух а, молчух а кхачо йолчу бусулба адманна тIехь ду, воккхачунна а, жимачунна а, стаганна а, зудчунна а, маьршачунна а, лайна а.

IабдуллахI ибну Iумарах (Аллахl реза хуьлда цунна) дуьйцу, цуо элира аьлла: «Пайхамара (АллахIера салават а, маршо а хуьлда цунна) нахана фард дира мархийн сахьа даккхар, хурманах сахьа, муькхах сахьа, хIора маьршачунна а, лайна а, боршачунна а, стечунна а бусулба нахах». [ал-муваттIаъ]

Ибну Къудамас (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Ибнул-Мунзирс аьлла: «Тхуна мел бевзучу Iелимнехан барт хилла, мархийн сахьа фард хиларна тIехь»». [ал-мугIний]

Мархийн сахьан барам - кегий а, даккхий а доцуш, гIехь долчу куьгийн йиъ кана хьайн махкахь наха юучу яъхIумнах кхача бу. Иза кхо кийла ца кхоччуш нисло. Делахь а эвхьуза дерг, кхо кийла ниссор ду, совделларг сагIа хир ду. Масала: дуга, кишмиш, кIалд йа нехча. Коьртаниг, хьан махкахь наха кхача лоручу яъхIумнах хилар ду. Иштта, оцу яъхIуманна мехехь сахьийн ахча дала а мегар ду. Иза мегаш хилар вай #Хаттар48 жоьпехь дийцира. Ткъа сахьанна бух а, гIолехь дерг а яъхIума ялар ду.

Мархийн сахьа хIорамма шена а, ша напха латточарна а тIера лур ду. Шена, шен хIусамнанна, иштта, шен доьзулна, шен дена-нанна а тIера, шен аьтто балахь. Нагахьсан доьзул хьола дай балахь, церан шай дехни далахь, дена тIехь дац царна тIера сахьа далар. Амма нагахьсан доьзул кхиъна-бевла балахь, дас шен доьзулна тIера сахьа ша лур ду бахахь, бакъо ю цуьнан, нагахьсан доьзул реза балахь. Ткъа кийрахь долчу беранна тIера сахь далар суннат ду, амма важиб дац.

Мархийн сахьан хан - мархийн бутт чекх болучу суьйрина маьркIижа хан хилча йолалуш ю. Иштта, Iийда ламаз далле дIа делча дика а, деза а ду. Амма Iийда хилале ши-кхо де хьалха дала а мегар ду, Iийда ламазалла тIехьа дала а мегар ду. Цхьаболчу Iелимнаха Iийдалла цхьа-ши де тIехьа дала а мегар ду аьлла.

Ибну Iумарс (Аллахl реза хуьлда цунна) аьлла: «Пайхамара (АллахIера салават а, маршо а хуьлда цунна) тхоьга омур дира, нах ламазе ара бовлале мархийн сахь дIало аьлла». [Абу Давудс дийцна иза] Иза гуттар дика а, гIолехь а, деза а дерг ду.

Имам Маликс НафиIах дуьйцу (АллахIа къинхетам бойла цушиннех), цуо элира аьлла: «Ибну Iумарс (Аллахl реза хуьлда цунна) мархийн сахь шегахь схьагулдеш волчунга дIадахьийтара, Iийда хилале ши-кхо де хьалха». [ал-муваттIаъ]

Ибну Журайжас дуьйцу, ша IатIоэга (АллахIа къинхетам бойла цушиннех) хеттира аьлла: «Сахьнаш Iийда ламазалла тIехьа делча во хIумма дуй?», IатIоас элира: «ХIумма дац!».

Иштта, ЗухIайрас Абу Исхьакъах дийцна Абу Майрасас Iийда ламаз динчул тIехьа лора сахьанаш аьлла. Мухьаммад Ибн Сиринах а деъна, Iийдалла тIехьа сахьанаш дала мегаш хилар. МаIмарас Имам ЗухIрех дийцна, сахьанаш Iийдалла цхьа ши де хьалха а, йа цхьа ши де тIехьа а дала мегар ду аьлла (АллахIа къинхетам бойла царах).

И дерриге цIена бух болуш, ибну иби Шайбатас а, и воцучо а дийцна ду. Уьш берриге уммато къобул бина, умматана коьрта Iелимнах бу.

ГIолехь дерг мархийн бетта тIехьарчу суьйринна маьркIижа хан хилча, Iийда ламаз далле дIадалар далахь а, ткъа цулла хьалха делларг а, иштта, цулла тIехьа делларг а къобул хир ду Даламукълахь.

Мархийн сахьа шех кхечунна дIакхачо тешаме бусулба стаг векил ван а мегаш ду.

IабдуллахIас (АллахIа къинхетам бойла цунах) ша шен дега, Имам Ахьмаде хаттира аьлла: «ХIун аьлла хета хьуна, шена сахьа далар важиб долчо ша дIалур ду и, йа кхечунга дIало аьлла дIакховдор ду цуо и?», тIаккха сан дас (Имам Ахьмада) элира: «Нагахьсан векил вийриг тешаме валахь, цунга дIадаларх (цамегаш) хIумма дац». [масаил IабдуллахI]

4 weeks, 1 day ago

Ламаз дисинчу ханчохь зудчунна и ламаз доцург, дисина муьлха а шен чура Iибадат дан йиш ю. Къуръан дешан а, Дела хьехаван а, дуIанаш дан а, сагIа далан а, иштта кхидолу муьлха а шен чохь деш долу Iибадат дан йиш ю цунна. Цуо шен чохь дечу гIулкханна а, кеччочу яъхIуманна а, и берашка хьажар а даккхичу Iибадаташха ду цунна.

4 weeks, 1 day ago

ЛАЙЛАТУЛ-КЪАДР БУЬЙСА

Лайлатул-къадр буьйса шена чохь Къуръан доссийна беркате буьйса ю. Эзар батталла а гIоле йолуш. Иштта, шена чохь маликаш а, жабраил малик а дуьненчу охьа дуьссу буьйса а ю иза. Хууш ма хиллара, маликаш дуьссучу хенахь, беркат дохьуш дуьссуш.

АллахIа бах: «Оха и (Къуръан) доссийса лайлатул-къадр буьйсан. Хьуна хьам йовзийтна лайлатул-къадр? Лайлатул-къадр буьйса дика ю эзар батталла а. Цучохь охьа дуьссу маликаш а, са (жабраил) а, шеш Кхобуш-Кхиочунна пурбанца, массо гIуллакханна. Маршо ю и (лайлатул-къадр) Iуьйре схьахиллалца». [сурат ал-къадр]

БагIавис (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Муфассираш (тафсиран Iелимнаха) аьлла: «Лайлатул-къадр буьйса дика ю эзар батталла а» бохучу АллахIан дешах луург - Лайлатул-къадр буьйсанна йина дика Iамал, шена чохь лайлатул-къадр буьйса йоцучу эзар баттахь йиначу Iамалелла а еза ю бохург ду» [тафсир ал-багIавий]

Кхиъ дика кхетош аьлча: лайлатул-къадр буьйсанна йина Iамал - дезткъе кхаъ шарахь, биъ баттахь (83 шо, 4 бутт) йиначу Iамалелла еза ю. [тафсир ибну касийр чохь ма-хиллара]

Лайлатул-къадр буьйса билгалла мац ю хууш дац. Цуьнах хууш дерг - иза мархийн бетта тIехьара итт буьйсанах цхьаъ хилар ду. Кхин а герга дерг, шалза (нечетный) буьйсанашха хилар ду.

Iубадат ибну Сомитас (Аллахl реза хуьлда цунна) аьлла: «Пайхамар (АллахIера салават а, маршо а хуьлда цунна) аравеллера тхуна лайлатул-къадр буьйса мац ю дийца лууш. Бусулба ши стаг вара вовший мохь хьоькхуш (къийсалуш). ТIаккха Пайхамара (АллахIера салават а, маршо а хуьлда цунна) элира: «Со шуьга лайлатул-къадр буьйса мац ю дийца аравеллера. Хьенех а, минех а вовший мохь хьекха волавелира. ТIаккха (суна и лайлатул-къадр буьйса мац ю хаар) дIаийцира (АллахIа диц дира суна и мац ю). (И хаар дIаэцар) шуна дика хила тарло. Аш лахалаш и буьйса ткъе уьссолгIа, ткъе ворхIолгIа, ткъе пхоьалгIа а деношкахь» [Бухарис дийцна иза]

Iаишатах (Аллахl реза хуьлда цунна) дийцинчу хьадисехь Пайхамара (АллахIера салават а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Лайлатул-къадр буьйса лахалаш, мархийн бетта тIехьарчу итт буьйсанах шалза буьйсанашкахь» [Бухарис а, Муслима а дийцна иза]

Иштта, дукхах болчу Iелимнаха лайлатул-къадр буьйса хIора шарахь мархийн бетта тIехьарчу итт буьйсанашна юкъахь хийцалуш ю аьлла. Иза ШафиIийн а, Ахьмадан а, Маликийн а мазхIабехь дуккха Iелимнехан дош ду.

Цундера, лайлатул-къадр буьйса хIора шарахь мархийн бетта тIехьарчу буьйсанашкахь хийцалуш хиларе терра, хIора цунна хан билгал йиначунна (асхьабашха а, царалла тIехьабехкинчу Iелимнахах а) церан шай тIетовжам бу. Цхьаболчара ткъе цхьаолгIа ю аьлла, цхьаболчара ткъе кхоалгIа ю аьлла, иштта, кхидIа а.

Оцунца вайна билгал долу, лайлатул-къадр буьйса мац ю билгалла хууш доций а, иштта, иза мархийн бетта тIехьарчу итт буьйсанах цхьаъ хилар а.

Лайлатул-къадр буьйсана билгалло - цу Iуьйранна малх цIена зIенарш йоцуш схьакхетар ю.

Убай ибну КаIбас (Аллахl реза хуьлда цунна) дуьйцу: «АллахIан Элчано (АллахIера салават а, маршо а хуьлда цунна) тхоьга дийцна, и (малх) оцу дийнахь зIенарш йоцуш схьа кхетар бу аьлла». [Муслимс дийцна иза]

Лайлатул-къадр буьйса маьркIажа хан хиллачултIехьа йолалуш ю, Iуьйра ламазан хан хилча чекхйолуш а ю.

АллахIа бах: «Маршо ю и (лайлатул-къадр буьйса) Iуьйре схьахиллалца» [сурат ал-къадр, 5-гIа аят]

Лайлатул-къадр буьйсанна йича гIолехь а, дика а йолчу Iамалех ю - буьйса ден яр, суннат ламазаш дарца, Къуръан дешарца, АллахI хьехаварца, дуIанаш дарца.

Абу ХIурайратах (Аллахl реза хуьлда цунна) дийцинчу хьадийсехь Пайхамара (АллахIера салават а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Лайлатул-къадр буьйса, тешаш волуш, АллахIера йоле сатуьйсуш волуш ден йиначунна - дIадаханчу къиношна гечдийр ду» [Бухарис а, Муслима а дийцна иза]

Амма лайлатул-къадр буьйса бIаьрга негIар тоххал йолчу ханчохь бен летташ яц бохург а, иштта, оцу буьйсана дитташ дIадуьшу, хIара хуьлу, иза хуьлу бохуш наха шайгара дуьцу хIуманаш цхьаа бух болуш дац.

1 month ago

🌑 Мархийн беттан тIехьарчу итт ден-буьйсен хьокъехь аьллачух гуттаре хаза-дика аьлларг: «Дукхох долу дакъа дIаделла, дезох долу дакъа дисина!» сийлахьчу беттан кхаъдекъех ши дакъа дIаделла, ткъа дисина цхьа дакъа ду, цу шина декъал деза. Къа хьега, телеграм, ватсап, инстаграм, тик-ток, кхиерг Iад йита, хьан дахарехь мархийн беттан тIеххьара итт буьйса хила мега хIара итт буьйса!

1 month, 2 weeks ago

6-гIа, тIеххьара дарс 📚

ВорхIолгIа дакъа: иIтикафан (маьждиг чохь Iабадатан Iеран) ахькамаш!

1 month, 3 weeks ago

5-гIа дарс 📚

ДоьалгIа декъа чуьра шологIа дакъа: марха долчунна кархIат дерг а (дича къа доцуш, ткъа цадар дика дерг), мубахь дерг а (дича а, цадича а башхо йоцуш, мегаш дерг)!

ПхоьалгIа дакъа: кхабар суннат долу а, кархIат долу а, хьарам долу а марханаш!

ЯлхолгIа дакъа: марха доькхуш кхабарах хIитделла ахькамаш!

4 months, 2 weeks ago

Так как некоторые плохо понимают чеченский язык и в надежде на извлечение пользы другими народами, мы решили вести данный канал «Суннатан ОхIла» и на русском языке.

Просим Всевышнего Аллаха, чтобы Он сделал эту работу принятой с благодарностью и приносящей пользу для всех нас. Воистину, Он способен на всякую вещь.

💙 https://t.me/sunnatanokhla1445

5 months ago

Ткъа аш къестин цу лазаршца балахьоьгуш берш кху чу схьа кхайкха, ас болийн болх чекх боккхучу юкъан.

ХIара ссылк яхьита царна:

https://t.me/sunnatanokhla1441

We recommend to visit

Подкасты про мотивацию, психологию, саморазвитие и бизнес

Реклама, предложения: @vl_pipe

Новостной канал Диллерона

Last updated 3 weeks, 1 day ago

Last updated 1 week, 2 days ago