🎧 Подкасты из мира бизнеса
Реклама: @Danil_Podcast
Регистрация в Роскомнадзоре
https://qupe.pw/podkasty24
Last updated 5 months, 2 weeks ago
📋 Имам Ибну абий Заманийн Iакъийдат (тIеххьара дакъа)
📚 Имам Ибну абий Заманийн Iакъийдат (шологIа дакъа)
🔘муржиитийн а, хаварижийн а кхетам!
📓 Имам Ибну абий Заманийн Iакъийдат (хьалхара дакъа)
Ассаламу Iалайкум Ваша. Сой цхьанхьа воьдш новкъ валле ламаз схьа тIеозийн да йиш юй са? Делкъан новкъ волш хилч, малхбух ламаз делкъчун тIеозийн дар масала.
•
ваIалайкумуссаламу варахьматуллахIи вабаракатухI
Мегар ду. Амма дацдина дан мегар дац некъавелла воцуш. Ламаз дацдар некъац хила дезаш ду, ткъа ламаз тIеоьзна дар, некъахь цахилча а, хьаштлонехь мегаш ду.
Ткъа дика хууш верг АллахI ву.
https://t.me/sunnatanokhla1441
Ассаламу Iалайкум. ТIай тIоьхул волуш салават дил дези?
•
ваIалайкумуссаламу варахьматуллахIи вабаракатухI
Цадеза. ТIай тIоьхула волуш салават дилла деза аьлла бух болуш деъна хIумма дац.
Ткъа дика хууш верг АллахI ву.
https://t.me/sunnatanokhla1441
Ассаламу Iалайкум. Бел нах хезш буй? Масала со кош тIе яхан, ас цу чохь волчунг дуьцуг, цун хезш дуй?
•
ваIалайкумуссаламу варахьматуллахIи вабаракатухI
Беллачу нахан хезаш хиларна а, хезаш цахиларна а тIенисвеш аяташ а, хьадийсаш а ду. Масалан Дала Къуръан чохь веллачун хьоьг хазийтлур дац аьллачу аяте терра, иштта бадру гIазотехь Пайхамара (АллахIера салават а, маршо а хуьлда цунна) шу царал дика хезаш ма дац аьллачу хьадийсе терра.
И дерриг аяташ а, хьадийсаш а гулдича, нийсон гергадерг; беллачарна хьадийсашкахь а, аяташкахь а царна хезаш ду аьлла хьахийнарг хезаш ду, масала кешнаш керта велча луш долу салам царна дIакхачош, хозуьтуш хиларе терра. Ткъа аяташкахь а, хьадийсашкахь а царна хезаш ду аьлла хьахийна доцург царна хезаш дац. Масала ахь кош тIехоьттина мел дуьцург, цу чохь волчун хезаш дац.
Ткъа дика хууш верг АллахI ву.
https://t.me/sunnatanokhla1441
Гулдина жоьпаш:
121 - Зудчун тоха езачехь тохаран барам муха хила безаш бу?
123 - ХIусамнанна керстнеха борш нах безабалар хаъделча, и йитар хьал муха ду?
124 - Ламаз оьцуш ши лерг дилар бехкам буй?
125 - ШахIадат далинаг бусулба хуьлуш вуй, кхидIа цуо хIуа леладахь а?
126 - Да-нана АллахI воцчунг кхойкхуш далахь, ишиъ мушрик хуьли? цушинца муха хила веза?
127 - Кхаъ хIусамнан хIора баттахь мел рицкъ охь дилла деза динехь?
129 - Ламазехь волуш, дас йа нанас мохь тоьхча, ламазан юкъар вала вези?
ассаламу 1алайкум варахьматуллах1 вабарокатух1у. кхеч къоме йо1 маре ях мегш дуй? шафи1и муьлах жейн чохь цхьа х1ум ду баха кафат олш, кхеч къоме маре ях мегш цахилар цу чохь ду бах, 1илм 1аминчун хуур ду бах, и худу ала Аллах1 рез хуьлда хьун.
•
ваIалайкумуссаламу варахьматуллахIи вабаракатухI
Кафаъат - стега а, зудчуна а хьал вовши таро еш хилар ду. Цух лууш дерг - къеркъа муьлуш волчунга, йа хIум лачкъош волчунга, йа зинаш дечунга, дика ийман долуш йолу йоI ягIийта цамагар ду. ХIунда аьлча, и сан волчу Iесачун, и сан йолу ийман долу йоI хьакъ яц. Кафаъат бохучух лууш дерг и ду. Иза гIолехь дерг а, берриг бохург санна Iелимнаха толийнарг а ду.
Ткъа ШафиIийн мазхIабехь цхьаболчу Iелимнаха, и кафаъатал Iилмангахь а, хьолехь а лерина. Масалан Iилма долу йоI, Iилма доцчунга ягIар цамагар, йа хьалдолчу нехан йоI къечунга цаягIар. И кхетам нийса цахилар билгал дина дуккха Iелимнаха, масалан Ибнул Къаййимс (АллахIа къинхетам бойла цунах) шен "задул-маIад" цIейолчу жайнахь кафаъатал динехь лоруш ду, дин цхьатер хиларехь лоруш ду, ткъа и доцчунгахь лоруш дац аьлла цуо.
Пайхамара (АллахIера салават а, маршо а хуьлда цунна) дукха никахьаш дина асхьабашна, къемниш, тайпа-тукхамш къеста цадеш. АллахIа а цакъестина къемнаш, тайпа-дукхамаш. АллахIа аьлла: «ХIай нах! Оха кхоьллин шу стагах а, зудчух а, къемнаш а, тайпанаш а дина, шу вовшашна довзийтархьам. Шух АллахIан гергахь уггар гIолехь верг - Цух чIогIо кхоьрург ву.» [сурат ал-хьужурат, 13-гIа аят]
Ткъа дика хууш верг АллахI ву.
https://t.me/sunnatanokhla1441
Ассаламу Iалайкум, вокхниг чу велч хьал гIаттар динехь мегш дуй? Элчано IалайхIиссалам цамагина бохуг бух болш дуй? БаракаллохIу фийкум.
•
ваIалайкумуссаламу варахьматуллахIи вабаракатухI
Воккханиг чу велча цунна дуьхьула волуш, лераман, мараэккха, салам дала йа салам схьа эца а цунна хьалагIаттар хазачу гIиллакхашха ду.
ФатIимат (Аллахl реза хуьлда цунна) шен да Пайхамар (АллахIера салават а, маршо а хуьлда цунна) чу велча хьалагIоттуш хилла, иштта Пайхамар а гIоттуш хилла ФатIиматан и чу елча.
СаIд ибну МуIаз (Аллахl реза хуьлда цунна) бану Къурайзан кхел ян вогIучу хенахь, Пайхамара (АллахIера салават а, маршо а хуьлда цунна) асхьабашка аьлла: «ХьалгIовта шайн элан».
АллахIа КаIбан (Аллахl реза хуьлда цунна) тоба къобул диначу хенахь, КаIба междиг чу велча, ТIалхьат (Аллахl реза хуьлда цунна) КаIбан хьалгIеттина, цунна дуьхьал волуш, цунга салам луш, цунна тоба къобул хиларца и декъал веш.
Иштта кхин а дуккха ду лераман, гIиллакхан, дуьхьул волуш, мараэккхаш, салам луш, охь хоуьтуш адам чу делча хьалгIаттар хазачу гIиллакхашха хиларан тIенисвеш тоьшаллаш.
Ткъа хьадийсашкахь хьалгIаттар цамагдар, адам даздеш, цунна хьалгIеттина Iар ду. Цу хенахь нах шайн паччахьашна лелош хилла иза, и ларван дуьхьа доцуш (тIаккхам мегар дар иза), и вазвеш хьалгIовтти, дIахIуьтти летташ хилла уьш, Пайхамара (АллахIера салават а, маршо а хуьлда цунна) иза цамагина!
Ткъа дика хууш верг АллахI ву.
https://t.me/sunnatanokhla1441
«Мушрик боху цIе рисалатал (хьуджатал) хьалха а йолуш ю. Ткъа Iазап далар дац (хьуджатал тIехьа бен)».
Ибну Таймиййас къегина боху, хьуджат хIоттийна дацахь а ширк динчух мушрик олуш ду, амма Iазап луш дац цуна хьуджат хIоттийначул тIехьа бен.
Ткъа олучо алахь: "и аяташ кериста нехан хьокъехь диссин ду, бусулба нехан хьокъехь диссин дац". Ахь ладугIучу, шайл хьалха шеш дуьцург цхьанне Iелимнаха дийцна боцчу наха бен аьлла хIума дац иза. Суннатан ОхIланах болчу умматан массо Iелимнехан барт хилла бакъо ю: «терго (Къуръанан) маьIнангахь ю, и доссаран бахьнан къестина яц». Цух луушдерг: Къуръан хьенна хьокъехь доьссина далахь а, цуьнан маьIна массарна тIехь лелаш ду. Керстналла диначун хьокъехь диссина аяташ, бухера керстанал динчунна а, бусулба хиллачул тIехьа керистнал динчунна а цхьатерра ду. Цул сов, Iелимнехан барт бу цу тIехь. Иштта и дацахь, стаг динчур аравелла хиларц хьукма муха до къедно, цо далош долу аяташ кериста нехан хьокъехь диссина хилча? Iилманах хьакхвеллачо алан тарлуш дац, сурат ан-нисаъ чура АллахIан дош: «АллахIа шец ширк дарна гечдеш дац» бохуш дерг, бухер дуьйна керстан ду, бусулба хилчул тIехьа ширк динчун дац. Иштта и далхьара, Нухьа пайхамаран (АллахIера маршалла хуьлда цунна) заманахь хиллачу нахах мушрик нах ала мегар дацар. ХIунда аьлча, латта букътIехь дуьххьур ширк динариш уьш бу. Бусулба хиллачул тIехьа дина цара ширк. Ткъа вайн ма-хаар, Нухьас царга хитIаб дечу хенахь "мушрикаш" аьлла хитIаб дина. Iелимнаха а уьш хьахош "мушрикаш" оли хьахабо. Иштта, вайн Пайхамаран (АллахIера салават а, маршо а хуьлда цунна) заманахь хилла къурайшийн мушрик нах схьа лецча, царга хьам дIакхачийнера, царах мушрик нах олуш?! Вайн ма-хаар, цу заманах Iелимнаха "жахIилиййат кубро" олу, и бохург "йоккха жахIлалла" бохург ду. Йоккхачу жахIлаллийн охIлунах а, царна хьуджат дIакхечна доцушехь "мушрик нах" олуш хилча, тахана элча веъна, Къуръан доьссинчу, цкъа хилла доцчу кепар хьадийсаш, дин держинчу заманахь ширк динчух бусулба алар йоккха жахIлалла ю.
Кху талламехь вайн билгалдолу: Тахана Къуръан дIакхечначу меттехь, Элча ваийтинчу заманахь, тIакхиан аьтто болчу хьолехь, цахаарца, йа цхьан тIехьахIоьттина галваларца доккха ширк диначунна бехказло цахилар. Йа Суннатан ОхIланах волчу цхьана Iелимстага а ца елла цу хьолехь цахаарца бехказло. Массо хьолехь а цахаарца бехказло ялхьара, дин кхайкхочу наха дийриг зулам хир дара. ХIунда аьлча, цахууш долчу шай хьолехь Iадбитчахь ялсамане гIур болу нах, царн дIа а кхачийна, цара и тIе цалацахь, уьш жоьжагIати багIаран бахьан хIуттур дара иза. Иштта, цу хьолехь бехказло хилча, цахаар гIолехь хир дар, хааралла. ХIунда аьлча, суна цахаар аьлчахь кIелхьар веравара лай.
Имам Аш-ШафиIис (Аллахl реза хуьлда цунна) аьлла: «Цахуучун цахаарц бехказло ялхьара, цахаар волехь хир дара хуучул а. ХIунда аьлча, лайн тIера жоьпал дIадера дара, цуьнан дог паргIат хир дара шегар бехка баккхарах. Лайн цхьаа бехказло яц хьукма цадовзарах шега и дIекхечначул тIехьа, йа тIекхиан аьтто хиллачул тIехьа!»
ХIара доцца хьахдар ду, доккха ширк диначун цахаарца бехказло хиларна йа цахиларна гонахьа. Ткъа тарлуш хилахь, АллахIан пурба лахь кхин а дика кхетош, кхин а сов тоьшаллашца дуьцур ду вай.
🎧 Подкасты из мира бизнеса
Реклама: @Danil_Podcast
Регистрация в Роскомнадзоре
https://qupe.pw/podkasty24
Last updated 5 months, 2 weeks ago