Dive into the Ultimate Free Library: Your One-Stop Hub for Entertainment!

I𝚜l𝚊𝚖𝚊𝚗_𝚑𝚊𝚣𝚗𝚊

Description
Хьо дуьненна т1ехьа ваьлла лелахь, Аллах1а дуьненна вуьтар ву хьо
Advertising
We recommend to visit

hammamizga insof bersin.
reklama: @qor_bot

#Iqror #OtalarSozi #Taqdirlar #UmrSoqmoqlari #BuniHayotDeydilar #HayotDavomEtar #Intizor #Alhazar

Last updated 1 month, 2 weeks ago

реклама - @praiadr1n
манаг - @godem0n / @FS01R

Last updated 4 months, 2 weeks ago

@pyanyasha

Last updated 2 months ago

1 month ago
1 month ago
1 month ago

Хьуна лаьи хьо Аллахlа хьаха войла?

Тlаккха ахьа хьаха ве Аллахl.

[فَاذْكُرُونِي أَذْكُرْكُمْ وَاشْكُرُوا لِي وَلَا تَكْفُرُونِ] 

[Хьахаве́ Со, [тӏаккха] Аса шу́ а хьахор ду. Баркалла а́ла Су́на, керста ма хила Су́на.]
(Сура аль-Бакъара, аят 152)

1 month, 1 week ago

ВаЛлахIи, дога а ма лозу, бIаьргаш а ма тIунделла. Цкъа а гина а, воьвзуш а хилла ма вац Iабдус-Салам, амма сайн уллера ваша дIаваьлча санна синхаам бу.
Вайн ваша, вайн синхо, хIокху тилларш совдоьвла заманчохь нийса некъ хаьржина, цу тIехь къахьегна, из баржо гIиртина, дика стаг волуш, шорта дика тоьшаллаш дитина, цхьа кIеззиг бен боцу вайн доьзалан йуккъер дIаваьлла-кх Iабдус-Салам.
Вайца цхьана хIара некъ дIакхоьхьуш цхьа кIеззиг нах бен бац, дуьхьал мел деш долу белхаш доьвзуш ду. Оцу жима тобанах вара вайн ваша, тIаккха вайн тIехь дац Iабдус-Саламан Эхартан сагатдан а, дуккха а доIанаш дар а?

1 month, 1 week ago
1 month, 1 week ago

И1тикафе баха кеч белла бара х1орш , делахь шена багахь марха а долуш ламаз карахь долуш Аллах1ан доьхьал ваха х1ара, иншааАллах1 цигахь достура ду цо и марха,иштта зуд ялош йиллина хан а яра кхуьнан Т1е кхочуш, иншааАллах1 ялсманехь ялор ахь иза.
Цхьана адмо дийн юрта ялхора ма яц бокъалла а и иштта дика адам хилчи бен , х1оранна а шен шен диканаш дукх цунах лаьцна дийца .
Вай чуьрачуьн уллера накъоста ву х1ара, иштта къайлах ахч вовшех тухуш Хиллакх сахиллалц болх а беш х1ара ше накъостан машен эца , и дукх и Аллах1 доьхь долу вежаралла .

1 month, 2 weeks ago

Хlара буьйса чекх ялале дерриге Къуръан дешча санна ял яккха лаьи хьуна?

Тlаккха ахьа доьшийла аль-Ихлас сурат (Къулха) кхузза.

Абу ХІурайрас (АллахІ реза хулда цунна) дийцина:

«(ХІокху) «Ала: «И - АллахІ - Цхьаъ ву» (бохучу) дешнех лаьцна АллахІан элчано (АллахІера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира:

«Боккъалла а, (шайн дозаллехь) Къуръанан кхоалгІачу декъаца нислуш ду уьш»

(Муслим: 812).

1 month, 2 weeks ago

Цхьа доцца дийцар дуьйцур дара аса, шех эца масал долуш..

Цхьа йоккха зуда ю, дарбан цӀахь, шен кӀент йоӀиц чу йижина яра и, цхьана палатан чохь дара тхо. Дарбан цӀахь йолуш, вай академин юккъехь дарсаш дара дӀа доьдуш, бидӀатех, ширкех лаьцна дуьйцуш дара вай. Цу йоккха зудчо хаьттира соьга, "тайпан мила ю хьо? ЦӀера мичара ю хьо? Мовлид доьши шучара?" Цо делла хаттаршан аса жоп делча, цо боху "цу тайпан ю со а, иштта докх оха а" тӀаккха цу мовлид дешарех къамел хьаха делча, вай дарсехь дийцинарг дага а деъна, "даӀват даран бакъонаш" Хаттарш дан йола елира со цунга, иза йоккха хиларна, тӀе ца лацарна кхоьруш, аса гӀиллакх ца лаьц, соьх, йа динах чам баларна кхоьруш, чӀогӀа лерина, ойла а еш, Ӏадлано ма бохха къамел дира цу зудчунга. Ткъа аса хӀун хаьттира, йа цо делла жоп коьрта дац кхузахь, со ала гӀертаг, аса делла хаттаршан ша жоп делча, ша цу нийсоне еира иза, ша тӀе лецира цо, ткъа уггаре суна хаза делларг цу къамелехь хӀун дара аьлча, и массо хӀума аса дийцича, мовлид дешаран хьокъехь дерг, цо боху "шуна хьоьхург мила ву? Муха ю цуьнан цӀе?" аса цу хаттаршан жоп делча юху а хаьттира цо "мичахь деш ву и? Ӏеламнах боьвзий цуна?" цу хаттаршан аса жоп делча боху "тӀаккха бакъ луш ву и, ладогӀа мегара ду цунга".
ХӀинца ойла ешчунна, ойла йан хӀума ду, йоккха зуда ю и, делахь а, ша цхьана тӀехьа хуттуш ялахь, цхьама бохург деш ялахь, цо хьанца деша, иза мила ву, хьажа дези хиира цуна, ткъа вай кӏегийчарна-м ца хаъ и, и ца хаара, доккха зен дина вайна..))

1 month, 2 weeks ago

Халонаш массарна а хир ю, Дала Шена дукхавезарг зуьш ву, и мел собаре хуьлу хьожуш. Цундела дуьненан халонех муьлхха а хало хьайна тIееъча, собаре хила, Дала зуьш вуй хууш. Цул а лакхара дарж ду: АллахIа диначунна реза хилар, собаре хилла а ца Iаш.

© Рамзан Гендаргно

1 month, 3 weeks ago

Ассаламу Ӏалайкум варахьматуллахӀи ва баракатухӀу.
Кху чохь, Дала мукъ лахь, дай-наношна гӀо дан хьовсур ду вай ницкъ кхочучу барамехь. Динехь бераш кхетош-кхиорехь гӀо хиларе догдоху кху хьостанах пайда а баьлла. Кху чохь цу хьокъехь пайде дерг хир ду, ин ша АллахӀ. АллахӀа ша реза волуш, дика, йуьхькӀоме, пайде, беркате тӀаьхье кхуьийтийла вайн.

https://t.me/sadik_at_tarbiyah

We recommend to visit

hammamizga insof bersin.
reklama: @qor_bot

#Iqror #OtalarSozi #Taqdirlar #UmrSoqmoqlari #BuniHayotDeydilar #HayotDavomEtar #Intizor #Alhazar

Last updated 1 month, 2 weeks ago

реклама - @praiadr1n
манаг - @godem0n / @FS01R

Last updated 4 months, 2 weeks ago

@pyanyasha

Last updated 2 months ago