Infinite Entertainment, Zero Cost: Get Your Free Books, Music, and Videos Today!

𝕠𝕣𝕒𝕞𝕖𝕣𝕒 𝕟𝕠𝕙𝕔𝕙𝕠

Description
Весет ду-кха хьоьга: Делах кхерарца, бакъдош аларца, нийса хlума дарца, мухха а делахь хьуна тlехlоьттина долу хьал.

©Ненан весет

Вайца зIене вала луъчунна...
@Wolf_Legion_bot
Advertising
We recommend to visit

Last updated 1 month, 3 weeks ago

📲Вайца зӀе: @Khetasho_bot

📲Youtube: https://youtube.com/@khetasho

Last updated 4 weeks ago

🧸-ʍуɜыᴋᴀ дᴧя ϶диᴛᴏʙ-🧸
💸-ᴨᴩᴏᴇᴋᴛы, ᴨᴀᴋи-💎
🩸-ᴏᴩиᴦи дᴧя ϶диᴛᴏʙ -🩸
🎃-ᴄᴏхᴩы-🎃
🪐-ᴨᴏ ʙᴏᴨᴩᴏᴄᴀʍ: @KGBEROV

Last updated 2 months, 2 weeks ago

1 week, 5 days ago

Цхьамма аьлла шен накъосте: «Баккъал а, сан дог реза дац дlо хьенехана».

Вукхо жоп делла: «Сан дог а дац цунна реза! Амма вайн дегнаш дуй-те уьш делларш, цундела вайна дика нах ца безаш?!».

https://t.me/so_icharkho

1 week, 6 days ago
«Хьайна ӏилма ӏамадан Шайх ма лаха …

«Хьайна ӏилма ӏамадан Шайх ма лаха ахь, хьайна гӏиллакх ӏамадан Шайх лаха ахь», – алара Шайх Мухьаммад Хьассана сиха-сиха тхоьга дарсехь.

© Обарг

t.me/oramera_nohcho

2 weeks ago

5⃣ хӀумано дегӀ хӀаллакдо:

- Сингаттамо
- ГӀайгӀано
- Мацалло
- Буьйсанна наб ца йаро

Зáдул-мийӀáд - Ибнул-Къаййим, 4/378.

2 months, 2 weeks ago
Атеисташ гlиртира бусалба нохчийн къам шен …

Атеисташ гlиртира бусалба нохчийн къам шен сийлахьчу динах, махках, гlиллакхах, тlаьхьенах дохон. Амма, Сийлахь волчу АллахIа церан пачхьалкх йохийра, нохчийн къам шайн Даймахке йуха а дерзийра.

https://t.me/oramera_nohcho

2 months, 2 weeks ago

ГIаскхашна дезде дерг вайн тезет дара шуна!

بسم الله الرحمن الرحيم

ХIора къоман даздеш билгалдина дезденош хуьлуш ду, царех уггаре коьрта дерг - и къам шен мостагIчуьнан керарадаьлла, цу къомо маршо яьккхина де ду, хIунда аьлча маршонан мах лакхара бу, маьрша доцу къам иза шен лаамехь дац, кхечу къомо - цуьнан маршо дIаяьккхинчу къомо шен гIуллакхна дацош къам ду иза, ткъа ша санна долчу адаман лай хилар цхьанна а дезаш дац.
Масала, Миср пачхьалкхо даздо 18 -гlа июнь, цу дийнахь шен лаьттанаш тIера тIаьххьара ингалсхо араваьлла дела. Иштта Тунис пачхьалкхо даздо 15-гlа октябрь, цу дийнахь шен махкара тIаьххьара француз араваьлла дела. Сирийн пачхьалкхо даздо 17-гlа апрель, цу дийнахь шен махкара тIаьххьара француз араваьлла дела. Иардан пачхьалкхо даздо 25-гlа май, цу дийнахь ингалсхойх йозуш йоцу пачхьалкх хилла ша дIахIоьттина дела. Бахьрайн пачхьалкхо даздо 15-гlа август, цу дийнахь Ингалс пачхьалкхех ша дIакъаьстина дела. Пакистан пачхьалкхо даздо 14-гlа август, цу дийнахь ингалс пахьалкхех ша дIакъаьстина дела.
Цул сов, керста наха шаьш санна болчу керста нахах шаьш дIакъастаран денош а деза лору, хIунда аьлча шен къомах воцу керстанан куьйга кIелахь хиларо шайн маршо дIайоккху аьлла хета царна, цундела Бразили пачхьалкхо даздо 7-гlа сентябрь, цу дийнахь ша Партугалех дIакъаьстина дела.  Эстонис даздо 24-гlа февраль, цу дийнахь гIазкхех ша дIакъаьстина дела. Финляндис даздо 6-гlа декабрь, цу дийнахь гIазкхех шаьш дIакъаьстина дела. Америка пачхьалкхо даздо 4-гlа июнь, цу дийнахь ша Йоккхачу Британех дIакъаьстина дела. Иштта кхидIа а, массо пачхьалкх ша маьрша яьлла де даздеш ю кху дуьнен тIехь, амма шегара маршо дIаяьккхина долу де, шен ах къам я кхин а сов хIаллакдина де, шен къомера мохк схьабаьккхина де даздеш цхьа а пачхьалкх яц, мелхо а, муьлхха а къомана тIе цхьа бала беана де - цу къоман тезет ду, цу дийнахь уьш самукъане хир бац, я уьш, шайна и бала тIебеанчу нехан духарш тIе а доьхна, цу дийнахь хелхарш деш а хир бац.
Адамийн амал яц иза, я шен лаамца цхьана адамо лело йиш йолаш хIума а дац иза, нагахь шен лаамца шен къоман тезетахь самукъа даьлла, хелхар деш цхьаъ велахь вайна хоайла, иза цу къомах шен дагца дIахаьдда вуйла. Цу стаганна шен къоман тезет ловзар ду,ткъа цу къома мостагIчуьнан тезет, тезет ду цунна.
23-гIа чиллан бетта де (23 февраль) нохчийн къома тезет ду, цу дийнахь вайн къома доь дан герга хилла, делахь а, Делан къинхетамца вайн доь цадайна, и дайъа мостагIийн лаам чIогIа хиллехь а.
Вайн тезет долу де вайна и тезет даьккхиначеран дезде ду , и де вай даздар стага шен де тезетахь , шен да вийначунна той хIоттор санна ду, хьекъало къобал деш хIума дац иза! Я адамийн амалца догIаш а дац иза!
Динехь-м дийца оьшаш а доцаш керистан дезденойн хьукам билгала ду.

︎Ахьмад.

https://t.me/oramera_nohcho

2 months, 2 weeks ago
2 months, 3 weeks ago
𝕠𝕣𝕒𝕞𝕖𝕣𝕒 𝕟𝕠𝕙𝕔𝕙𝕠
2 months, 3 weeks ago

https://youtu.be/ikWUrNoNTJ0?feature=shared

YouTube

Дагалецамаш 17-г1а дакъа | Миллер Адольфан дийцар

2 months, 3 weeks ago

Воккха Дада

Дуьненан ширалле хьаьжжина Воккха.
Йеххачу замано Ӏамийна шортта.
Дика а, йамартло йевзина йоккха.
Доьналлехь тхан дахар ахь даьккхи Котта!

Доккха дукъ, хьайн белшаш хӀиттош, тӀелаьцна.
Вайн Далла хьалха хьо хатӀ хиларна кхоьруш.
Нийсонна Ӏу хилла, халкъана ваьцна.
ВогӀу хьо Йуьхь хилла, ва Воккха-Дада!

Де-дийне мел долу, хьекъалца кӀарглуш.
Шо-шаре мел дели, сибташца хазлуш.
Хан-зама мел йели, нахана везаш.
Хьо воцуш ца торруг, хилла ву, Дада!

Ахь мосазза гӀиттийна Маршонна кӀентий,
Суй болуш хьайн дашца, хӀай Нохчийн Дада?
Ахь мосазза дерзийна цӀий Ӏанон дов?
Машаран маслаӀат, хӀоттайеш бӀов!

Хьо даим лаьттина ву, тхан мехкан Да.
Инарла тойнехь ву, дика-вонна Да!
Хьан хазчу сибтаца ду къоман васт,
Хьан оьзда маттахь ду, бӀешерийн гӀаст!

Хьох гуттар тешна ду сан жима къам!
Хьо лардеш хилла ву, Цу Делан Къуръан!
Ткъа, ланза хӀун дисна ахь кху лаьтта тӀехь,
Турпал чекхвийлина, тхан Воккха-Дада?

Дажалан «Ӏедало» хьо мостагӀ кхайкхийра.
Дерриге халкъаца хьо махках ваьккхина.
Иттанах ворхӀ веро, хьо къар ма ца вира,
Ахь лардеш мел дерриг, хӀаллакдан лерира!

Дай баьхна ламанаш хьан дита дийзира.
Хьомсарчу ДегӀастах, лаамза ваьккхира.
Дай Ӏохку цу кешнех, хьо къиза хадийра.
Йоккхачех и киртиг, хьан Синуо лайра!

Цу сенчу Сибрехахь, Ӏай чиллин хенахь,
Шелоно, махкалло, байъинарш байра.
ГӀароле хӀоьттина, вайн къоман хьарамехь,
Массеран Ӏуналла деш, тхан Воккха-Дада!

ХӀоранне чу хӀуьттуш, хьаштонаш лоьруш.
ТӀаьххьарниг схьайохуш, берашна кхийдош.
Нахах ахь лечкъийра, хьайн деган бала.
Хьо лаьттира нур хилла, йахь дӀа ца луш!

Мацалло хьоькхуш берш, дӀабохка ца ларош.
Шелоно гӀуорош берш, бохбан а ка доцуш.
Дог-ховха хьан дашо, иркарахӀиттош,
Тхан миска Наношна ахь тешам белира!

Цу къизчу харцонах хьайн дог а чӀагӀдина.
Ӏожалла кхерсточух, дера хьайн катоьхна.
Же-яма кхайкхорах, Барзаха гӀаьттина.
Хьан Дола ма туьйлира, тхан Воккха-Дада.

ГӀорасиз висначун, ахь бала айбира.
Гамо йерг массо хьан шаьлтано лецира.
Хьо сацон кхул тӀаьхьа лаьттахь ницкъ бацара.
Хьо чӀогӀа хиларна вай махка дирзира. (АльхьамдулиллахӀ)

И дерриш, ахь лайнарш, дийцина вера вац.
Ма-дарра сурт дийца, вайн хьекъал тоьур дац.
Аллахӏан лаамца, хьо бахьна а хилла,
Цу балех вай девлира, ва Воккха-Дада!

ЦӀа боьрзурш дӀанисбеш, турпал йукъ йихкира.
Хьо тешнарг дӀахӀоттош са паргӀат делира.
«Къам даланза дели сан», – хьан даго элира.
Керла чкъор долалуш, хьо дендан велира.

И чкъор ахь ийцира хьайн довха куьйгаш тӀе .
Хьайн оьздачу нуьреха дӀахӀуттуш тхан зӀе.
Ахь чӀагӀо лецира, тхох тӀаьхье йеш кхане.
Ахь ниййат чӀагӀдира ца хьоьжуш халоне!

Ткъа, гӀазкхаша бихкина хьан лаам бара.
Хьох кхерам царна дукха боккха а бара.
Ма кӀезга тергал вира ахь коммунист.
Хьайн цӀенна некъ болийра йоцуш шен йист!

Ахь тхуна довзийтира вайн Делан Дош.
Ийманех, доьналлех зӀийдигаш йаржош.
ГӀиллакх коьртехь лаьттачу дахарна Ӏамош,
Марзонаш деборехь, тхан Воккха-Дада.

Тахана-м хьо гӀелвелла лайначу халонех.
Доккха дукъ текхийна, хьо кхерчахь висна.
Вай хьуна чӀагӀо йо керлачу жайлех.
Тхох боьгӀна хьан стоьмаш, деборехь сецна.

МостагӀийн буржалаш хедош ду Дала.
Мацалло уьш шаьш а лоьцуш бу бала.
Вайгахь йу маршонан дош олу зама.
Хьо паргӀат хилахьа, тхан Воккха-Дада.

Тхо дика кхеташ ду тхайн долчу декхарх.
ХӀинццалц ницкъ кхачазниг дӀахӀоттон дезарх.
Сийлалла йу хьуна, тхан Воккха-Дада.
Дела реза хуьлда хьуна, хьомсара Воккха-стаг!

Аьрсбийн Абу-Бакр

https://t.me/oramera_nohcho

2 months, 4 weeks ago
«Стаг набахти чохь валлахь а, шен …

«Стаг набахти чохь валлахь а, шен сица маьрша хир ву, иштта хила цуьнан иман а, хьекъал а тоахь. И шиъ дацахь, мел паргlатонехь вахахь а, стаг шен сица маьрша хир вац».

М. Ахмадов

https://t.me/oramera_nohcho

We recommend to visit

Last updated 1 month, 3 weeks ago

📲Вайца зӀе: @Khetasho_bot

📲Youtube: https://youtube.com/@khetasho

Last updated 4 weeks ago

🧸-ʍуɜыᴋᴀ дᴧя ϶диᴛᴏʙ-🧸
💸-ᴨᴩᴏᴇᴋᴛы, ᴨᴀᴋи-💎
🩸-ᴏᴩиᴦи дᴧя ϶диᴛᴏʙ -🩸
🎃-ᴄᴏхᴩы-🎃
🪐-ᴨᴏ ʙᴏᴨᴩᴏᴄᴀʍ: @KGBEROV

Last updated 2 months, 2 weeks ago