١٩٩٦

Description
📠Зlе: https://sprosi.link/sn1996
Advertising
We recommend to visit

قناة احمد علي على تيليجرام ( شروحات تقنية ، تطبيقات ، ‏أفلام ومسلسلات ، خلفيات ، و المزيد )

Last updated 2 months, 3 weeks ago

يرمز تيليجرام إلى الحريّة والخصوصيّة ويحوي العديد من المزايا سهلة الاستخدام.

Last updated 2 months, 3 weeks ago

- بوت الإعلانات: 🔚 @FEFBOT -

- هناك طرق يجب ان تسلكها بمفردك لا اصدقاء، لا عائلة، ولا حتى شريك، فقط انت.

My Tragedy Lies With Those Things That Happen in One Second And Remain

- @NNEEN // 🔚: للأعلانات المدفوعة -

Last updated 1 week, 1 day ago

2 months, 3 weeks ago

🔘Посланник Аллахlа ﷺ сказал:

«Поистине, в раю есть покои, внешний вид которых можно увидеть изнутри, а внутреннее (убранство) — снаружи».

Один человек подошёл к нему и спросил:

«А для кого они предназначены, о Посланник Аллахlа?»

Он ответил:

«Они для тех, чья речь была приятной, кормил бедняков, продолжительно постился и молился Аллахlу по ночам, когда люди спят».

2 months, 3 weeks ago

🟤تَتَجَافَىٰ جُنُوبُهُمۡ عَنِ ٱلۡمَضَاجِعِ يَدۡعُونَ رَبَّهُمۡ خَوۡفًا وَطَمَعًا وَمِمَّا رَزَقۡنَٰهُمۡ يُنفِقُونَ

Они отрывают свои бока от постелей, взывая к своему Господу со страхом и надеждой, и расходуют из того, чем Мы их наделили.

🟤فَلَا تَعۡلَمُ نَفۡسٌ مَّآ أُخۡفِىَ لَهُم مِّن قُرَّةِ أَعۡيُنٍ جَزَآءًۢ بِمَا كَانُواْ يَعۡمَلُونَНи один человек не знает, какие услады для глаз сокрыты для них в воздаяние за то, что они совершали.سورة السجدة/ ١٦-١٧

2 months, 3 weeks ago

Его обычаем был тахlаджуд, он не пропускал ни одной ночи. Однажды проснувшись на фаджр раньше, чем обычно, я услышал плач взахлеб. И такие дуlа, находясь в суджуде:

«Аллахlумма, прости меня.. Аллахlумма, мне негде укрыться от этого стыда пред Тобой! Аллахlумма, прости, прости, меня, Господи! Укутай же меня своим прощением!

О Прощающий, кто, если не Ты? Прости меня!
О Милующий, кто, если не Ты? Помилуй меня!

И негде мне укрыться от гнева Твоего, если он обрушится на меня, так не наказывай же меня за мои грехи! Господи, прости мне! О Аллахl, сколько же лишних слов было сказано мною, о Аллахl, сколько раз я был недоволен судьбой? Сколько же раз я вызвал гнев родителей? О Аллахl, сколько раз я высказывался плохо о мусульманине? Сколь много я ошибался! Сколько раз я забывал, что расчет моих деяний дышит мне в затылок?

Аллахlумма, будь со мной, будь со мной, не покидай меня. Йа Аль-Вадуд, помилуй меня из-за моей любви к Тебе, ведь для меня нет ничего любимее Тебя!»

3 months ago
3 months ago

💡100 дуlа из Къуръана и Сунны.

✍️Автор: Солихь ал-Мунаджид

3 months ago

И проси, будучи убежденным, что Аллахl ответит тебе!

3 months, 1 week ago

Оцу нохчаллех тур а дина лелаш ма бу дуккха. Нохчалла ма йийцийша. Цулла а, шайна дезарг ду алийша иза!

3 months, 1 week ago

Салам далар, и даржор нийса дац, нохчийн маттахь хила деза дерриге, и арабизаци йу вайна йукъа йеъна!

бохуш берш бу шуна хlокху динан мостагlий! Баьl, эзарнашкахь хьадисашкахь хьехийна ду салам далар, Ша Аллахlа, Шен Сийлахь долчу Къуръан чохь ма боху

سلام عليكم بما صبرتم

Салямун lаляйкум ма боху! Маликаш йалсаманийн охlлане бохур ду "Салямун lаляйкум!" ма боху!

«Нохчаллех дац lарбо маттахь салам далар». Хlун арабизаци йуьйцу аша? Русификаци хlунда ца йуьйцу-те иштта? Хlунда ца буьйцу-те вай боьхалла чохь некадеш болу вай кегий нах, и боьха гlаскхи гlиллакхаш, церан амалш схьаэцна болу?

И салам бен кхин хlумма дац вайн нисдан дезаш?

И салам санна кхин долу даккхий къинош а дийца! Хийра зуда а, стаг а шаьшиъ дисар дийца! Хьо веза, хьо йеза, хьо сан, со хьан, ва къехь де бахар дийца! Цlаьрмат духар лелош болу зударий бийца, уьш боьрша нехан цlа чуьра ара бовлуш хилар а дийца!

Уьш дуй тlаккха нохчаллийца догlуш хlуманаш? Муьлха нохчалла йу аша лелош йерг? Тхан нохчаллехь дац иштта хlуманаш! Тхан нохчаллехь оьзда хилар а, гlиллакхе хилар, Аллахlан дозанаш а, Аллахlа хlоттийна низам а лардар ду!

3 months, 3 weeks ago

Аллахl мичахь ву?-Аллахl мичахь ву хаа дезий бусалба стагана?
-Аллахl мичахь ву аьлла хатта мегий?-Йа ас цунах хlумма а ца олу, lадlийр ву со баха мегий бусалба стага?
-Аллахlа а, Цуьнан Пайхамара ‎ﷺ а дийциний-те Аллахl мичахь ву?

Оцу массо а хаттаран жоьпаш ду Къуръан чохь а, Пайхамаран ‎ﷺ хьадисашкахь а, хьалха заманахь хилла саляф нехан къамелашкахь а.

Дуьххьара: lарш¹

Аллахlа Къуръан чохь 31-за хьахийна lарш. Ткъа Къуръан Аллахlан къамел ду.

Аллахlа боху Шен сийлахь долу Къуръан чохь:

🟤وَهُوَ رَبُّ ٱلۡعَرۡشِ ٱلۡعَظِيمِ

Иза Сийлахьчу lаршан Дела ву

Сурат ат-Тавба, 129-гlа аят

🟤ٱللَّهُ لَآ إِلَٰهَ إِلَّا هُوَ رَبُّ ٱلۡعَرۡشِ ٱلۡعَظِيمِ۩

Йоккхачу lаьршан Дела Ша волу Аллахl воцург, кхин Дела вац

Сурат ан-Намль, 26-гlа аят

🟤ذُو ٱلۡعَرۡشِ ٱلۡمَجِيدُ

И lаьршан да ву, Сийлахь волу

Сурат ал-Бурудж, 15-гlа аят

•Аллахlа шадолу хlумма кхоьллина ду, ткъа дуьххьара кхоьллинарг lарш йу
•Уггаре йоккха, шуьйра, йеза кхоьллинарг йу
•Стигал а, латта а кхоллале кхоьллина йу
•Хин тlехь кхоьллина йу
•Дукха тlех доккха 8 малико латтош йу
•lаршан lиндагl ду
•lаршан гонаш туьйсуш маликаш ду, Аллахl хьехош
•lарш массо а хlуманна тlехула йу, шена бухлахь Фирдавс Йалсамане йолуш

🪶Пайхамара ‎ﷺ аьлла:

«Аллахl хилла, И воцург цхьа а хlума ца хилла. Цуьнан lарш хин тlехь хилла. Аллахlа шадерг дlайаздина лавхьуль-махьфуз чохь. Стигланаш а, латта а кхоьллина Аллахlа».

Аллахlа, Шен сийлахь долу Къуръан чохь дийцина вайга Ша мичахь ву.
Аллахlа Ша lарша тlехь дlанисвелла бохуш долу, ишттачу дешнашца долу аят ворхlаза хьахийна Къуръан чохь, йух-йуха хьахош.

🟤إِنَّ رَبَّكُمُ ٱللَّهُ ٱلَّذِى خَلَقَ ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَٱلۡأَرۡضَ فِى سِتَّةِ أَيَّامٍ ثُمَّ ٱسۡتَوَىٰ عَلَى ٱلۡعَرۡشِ

Боккъалла а, шун Дела - Аллахl ву, йалх дийнахь стигланаш а, латта а кхоьллина волу, цул тlаьхьа Иза lарша тlехь дlанисвелла.

Сурат ал-Аlраф, 54-гlа аят

🟤إِنَّ رَبَّكُمُ ٱللَّهُ ٱلَّذِى خَلَقَ ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَٱلۡأَرۡضَ فِى سِتَّةِ أَيَّامٍ ثُمَّ ٱسۡتَوَىٰ عَلَى ٱلۡعَرۡشِۖ

Боккъалла а, шун Дела - Аллахl ву, йалх дийнахь стигланаш а, латта а кхоьллина, цул тlаьхьа lарша тlехь дlанисвелла волу.

Сурат Йунус, 3-гlа аят

🟤ٱللَّهُ ٱلَّذِى رَفَعَ ٱلسَّمَٰوَٰتِ بِغَيۡرِ عَمَدٍ تَرَوۡنَهَاۖ ثُمَّ ٱسۡتَوَىٰ عَلَى ٱلۡعَرۡشِۖ

Стигаланаш аййина Аллахlа, шуна гуш гlортораш² а йоцуш. Цул тlаьхьа lарша тlехь дlанисвелла.

Сурат ар-Раlд, 2-гlа аят

🟤ٱلرَّحۡمَٰنُ عَلَى ٱلۡعَرۡشِ ٱسۡتَوَىٰ

Къинхетамениг lарша тlехь дlанисвелла.

Сурат Тlо-хlа, 5-гlа аят

🟤ٱلَّذِى خَلَقَ ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَٱلۡأَرۡضَ وَمَا بَيۡنَهُمَا فِى سِتَّةِ أَيَّامٍ ثُمَّ ٱسۡتَوَىٰ عَلَى ٱلۡعَرۡشِ ۚ

Цо стигланаш а, латта а, цушинна йукъахь [мел] дерг а йалх дийнахь кхоьллина. Цул тlаьхьа И lарша тlехь дlанисвелла.

Сурат ал-Фуркъан, 59 аят

🟤 ٱللَّهُ ٱلَّذِى خَلَقَ ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَٱلۡأَرۡضَ وَمَا بَيۡنَهُمَا فِى سِتَّةِ أَيَّامٍ ثُمَّ ٱسۡتَوَىٰ عَلَى ٱلۡعَرۡشِۖ

Аллахl ву - стигланаш а, латта а, цушинна йукъахь дерг а йалх дийнахь кхоьллинарг, цул тlаьхьа lарша тlехь дlанисвелларг.

Сурат ас-Саджда, 4-гlа аят

🟤هُوَ ٱلَّذِى خَلَقَ ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَٱلۡأَرۡضَ فِى سِتَّةِ أَيَّامٍ ثُمَّ ٱسۡتَوَىٰ عَلَى ٱلۡعَرۡشِ ۚ

И ву - йалх дийнахь стигланаш а, латта а кхоьллина, цул тlаьхьа lарша тlехь дlанисвелларг.

Сурат ал-Хьадид, 4-гlа аят

Аллахlа Шен сийлахь долу Къуръан чохь, Шен къамелехь ворхlаза схьабоху Ша lаршан тlехула лакхаваьлла.

Аллахl стиглахь хилар гойтуш кхин а ду айаташ, царах цхьадерш:

🟤ءَأَمِنتُم مَّن فِى ٱلسَّمَآءِ

Стиглахь волчух [Аллахlах] тешна дуй шу?

Сурат ал-Мульк, 16-гlа аят

🟤يَخَافُونَ رَبَّهُم مِّن فَوۡقِهِمۡ وَيَفۡعَلُونَ مَا يُؤۡمَرُونَ۩

Шайна тlехула волчу шайн Делах кхоьру уьш. Шайга омар диннарг кхочуш а до цара.

Сурат ан-Нахьль, 50-гlа аят

🟤وَهُوَ ٱلۡعَلِىُّ ٱلۡعَظِيمُ

Оцу айатан маьlан дина Багlавийс шен тафсирехь:

«Массо а хlуманал лакхахь Верг ву Иза» аьлла.

Сурат ал-Бакъара, 255-гlа аят

¹ lарш - Трон

² Гlортораш - Опоры

5 months, 2 weeks ago

Селхана цхьа чlогlа хаза гlан гинера суна. lусман Хомис тхайга хьошалгlа веъна, цо тхоьгахь дарсаш хьоьхуш. Аллахlа lалаш войла иза. Хазахетар дагчохь ца тарлора)

We recommend to visit

قناة احمد علي على تيليجرام ( شروحات تقنية ، تطبيقات ، ‏أفلام ومسلسلات ، خلفيات ، و المزيد )

Last updated 2 months, 3 weeks ago

يرمز تيليجرام إلى الحريّة والخصوصيّة ويحوي العديد من المزايا سهلة الاستخدام.

Last updated 2 months, 3 weeks ago

- بوت الإعلانات: 🔚 @FEFBOT -

- هناك طرق يجب ان تسلكها بمفردك لا اصدقاء، لا عائلة، ولا حتى شريك، فقط انت.

My Tragedy Lies With Those Things That Happen in One Second And Remain

- @NNEEN // 🔚: للأعلانات المدفوعة -

Last updated 1 week, 1 day ago