Хьехархочун мотт

Description
@madina_medrese
We recommend to visit

Админ - @Gals1

Last updated hace 10 meses, 3 semanas

Админы
@DmitrySed @Adm_ps @Alexa9613

Last updated hace 1 año, 5 meses

‏اللهم أرينا الحق حقا
Йа Аллахl Тхуна бакъ дерг бакъ долш гайта ахь.
‏ ‏وارزقنا اتباعه
Оц бакъон тlехь дlа дах пурба ло Ахь.
‌‏ ‏وأرناالبا طل باطلا
Тхуна харц дерг харц гайта Ахь .
‏وارزقنا اجتنابه
Тхо оц харцонах генаъ даха Ахь .

Last updated hace 1 mes

1 month, 1 week ago

Даккха тхоьца дийнна шо!

Вай цхьа жима гlишло йинера, коре хаза бой а уллуш, «Къуръан lамор» цlе а йолуш. Деша лууш нах баьхкира неlаре, йуха  lама а дина, тхо кхано арадовлуш Яха цlе йолу зуда бухахь йиснера. Цуьнга, хьайн цlе санна йаха хуур долуш хилла хьо, дlайаха дагахь йац хьо элира забар йеш. Ткъа вуьштта-м хазахеттера, цхьа адам сайца тобанна чохь дисина. Аса гӏишло бохуш йуьйцуш йерг, иза, ватсап чохь кхоьллина тоба йара Къуръан lаморна лерина. Ткъа корехь йолу бой, аве хӏоттийна тажвид книжкин сурт дара. Дукха гlирс ца лелийнехь а, безам олу синхаамца йоьттина гlишло йара иза, уьш lамош. Схьахетарехь, Яхина хьоме хиллера и хlусам.
Сулейманов Ахьмадан йу-кх цхьа байт «Дог дохден цӏе»... Цу йукъара хlара дешнаш дагадаьхкина йолчу ас Яхе элира: «Кху тхан тишчу хlусмах дашахь,
Даккха тхоьца дийнна шо!»
Иштта шуьга а олу ас, хӏокху кхолламан баттахь (январехь) цхьа шо кхаьчна хlара агlо йолу, «кху тхан тишчу хlусмах дашахь, даккха  тхоьца дийнна шо!»

1 month, 1 week ago

Хlинца оьгlаз воьду хан йац, хlинца мелла а хlуманна сагатдо хан йу сан.

● Цхьана Жимачу Къонахчун къамелехь, сан даг чу дийшина дешнаш

1 month, 4 weeks ago

Эмир, ахьа дика йишира! Йуха гича, и хаза прическа бахьана долуш, хьо вевзар вацара-те суна аьлча, уллехь волчо шен куй дlа боккхуш гира суна, цуьнан а йара хаза месаш. Иза вевзар ву йуха гича, берашна шаьш довзийта а, дезийта а хаьа.

3 months, 1 week ago

Йа, Рабби, сан Дела!
Йуха а Хьан гlопе даьхкина-кх тхо.
Деха йуьхь йацахь а Хьо цхьаъ бен вац-кх тхан дехаршна жопдала. Гечдехьа тхуна. 
Лардехьа тхо кху дуьненан мекарлонах.
Хьой везар, Хьайн элча везар лохьа тхуна.
Дахаран, даларан маьlнех кхетар лохьа тхуна.
Йуьхьlаьржонах лардехьа тхо.
Тхан ламаз, сагlа Хьайн дуьхьа дехьа. Беркатах ма дахахь тхо.
Доьзал муьтlахь бехьа тхуна, тхо дерииге Хьайна муьтlахь дехьа.
Кхелхинчу тхан дайшна а, наношна а гечдехьа, вежаршна а, йижаршна а гечдехьа.
Гечдаза къа а, жопдалаза дехар ма дитахь тхан.  Амин йа, Раббал-lаламийн!

3 months, 2 weeks ago

«Орам» боху дош чулацам боккха болуш, массо пайде, дика,
тоьлла нийса дешнаш шена чохь гулдина дош ду.
Бакъдерг хьоьхучохь цlена бух,
орам онда хуьлу, кхин цхьа хазна йу,
Дала вайна беллачу маттахь lаморна. Гlоза lамадойла, дешархойн дахарехь беркате меттиг хуьлда.
Дела реза хуьлда!

3 months, 3 weeks ago

Гӏишлош йиттаран болх атта бацахь а, амма къахьегар хьанал, хаза ду цигахь.

Вайн хьалара цӏенойн сурт гина суна... Кибарчиг йу цхьа куьзга санна шера, нийса хаза йоьттина. Йоl йоллушехь цу белхан тидам хиллачу аса хотту, сурт ду иштта хаза даьлларг, олий? Тlаккха аса аьллачух жимма дуьхьала велаэшна а дина, цхьана хьенехан цlе а йаьккхина, цо йоьттина йай иза-м боху. «Мегар дара и-м» боху дешнаш цунна хаьа а ма ца хаьа!

Тlаккха кхийтира со, нахана мехах кибарчиг йуьллуш волу белхало хиллий хlокхарна ишттанехьа гlо дан веана. Цкъачунна йеш йолу цхьа чоь мухха а мегаш йара аьлча а, вукхо шен болх лерина хаза бина. Иштта лахар шина йуьртахь цунах лаьцна олуш хилла, «мегар йара и-м» боху дош девзаш а, хууш а вац и!

6 months, 3 weeks ago

Цхьа Хьенехо элира-кх:

«Самукъадолу хан мел доккха ниӏмат ду. Забар йан догдар, велакъажа догдар – ниӏмат ду».

6 months, 4 weeks ago

Таджвид жайнин шархь дечу дарсашкахь. Свет Ислама.

Цкъа дуьххьара дешархочунна муха йеша йеза lамаде, тlаккха дуьйцар ду вай иштта хlунда йоьшуш йара. Цкъа хьалха муха боху хаттар дlадоккху аша, тlаккха хlунда боху хаттарна жоп ло аша.

Иштта керла схьабаьхкиначарна йуьхьаьнца муха йоьшу гойту аша, ткъа церан хlунда боху хаттарш lад дуьтар ду, хlунда аьлча, lамош, жимма гена довлуш, вай хlетте а дуьйцура долуш ду царна иза.

Муха йеша, муха йеша ца йеза, и хаахь, нийса йоьшуш дӀавахало, цунах кхачам бу, рогlера бакъонаш lамош хlунда бохучу хаьттарийн жоьпашна тlекхаччалц.

7 months ago

Массо дешархочунна, хьехархочунна, хӀора дог мел лезначу синна жоп хили-кх Аллахlера, хастам бу-кх Аллахlана.

We recommend to visit

Админ - @Gals1

Last updated hace 10 meses, 3 semanas

Админы
@DmitrySed @Adm_ps @Alexa9613

Last updated hace 1 año, 5 meses

‏اللهم أرينا الحق حقا
Йа Аллахl Тхуна бакъ дерг бакъ долш гайта ахь.
‏ ‏وارزقنا اتباعه
Оц бакъон тlехь дlа дах пурба ло Ахь.
‌‏ ‏وأرناالبا طل باطلا
Тхуна харц дерг харц гайта Ахь .
‏وارزقنا اجتنابه
Тхо оц харцонах генаъ даха Ахь .

Last updated hace 1 mes