REMASTERED
@ic3bergsms - по вопросам.
https://t.me/+2wkz9pXLeHA4ZDky - чат
Last updated 7 months, 1 week ago
РибIийн кIанта Абу Къатада ал-Хьариса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан Элчано (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна) элира аьлла:
«Боккъал а, дехха иза дан а лууш, ламазе ма хIутту со, амма беран делхар хезча – сайн ламаз дацдо ас, цуьнан нанна хало йан ца лууш».
(Бухари: 707)
Имам Хьажар lаскъаланис (АллахIа къинхетам бойла цунах) боху:
«Ражаб беттан хьокъехь даьхкина хьадисаш шина декъе декъалуш ду: цхьадерш даlиф (бух боцу) хьадисаш ду, вуьш мавдуl (Пайхамарна ♥️ тlекхоьллина) хьадисаш ду».
1549-гӀа Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум.
Ӏуьйра-ламаз ца хууш наб кхетта тӀаьхьадисича къа-м дац-те?
Жоп: ВаӀалайкумуссаламу варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Ца хууш наггахь нисделча къа дац, амма хӀора дийнахь дуьсуш делахь къа ду даккхийчех.
343-гӀа Хаттар: Ассалам Ӏалайкум.
Ламаз оьцуш «бисмилахӀ» алар ду нийса я «бисмиллахIир рахьманир рахьийм» алар ду?
Жоп: Ваlалайкумуссаламу варахьматуллахlи ва баракатухl!
Нийса дерг, суннатехь дерг, Пайхамара (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) олуш хилларг а «бисмиллахӀ» алар ду, кхин сов и ца ваьлла, соввалар дика хиллехь, деза хиллехь, меле хиллехь совваьлла хир вара, вайга совдовла аьлла а хир дара.
Сайна дика хеташ йолу, ас йоьшуш а, пайда оьцуш а йолу каналаш йовзийтий шуна ?
https://t.me/addlist/w5d7fN9Gcv8xMzBi
?хlара тlетаlийча массарна цхьаьна тlеяздалалур ду шу
1367-гӀа Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум.
Эмкал жижиг деъча ламаз духу, юхаэца деза аьлла хьадис ду боху, бух болуш дуй и?
Жоп: ВаӀалайкумуссаламу варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Ламаз духу аьлла дац, амма ламаз эца аьлла ду, керара долу-кх.
1417-гӀа Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум.
Суннат-ламазан сужудехь Деле деха мега олуш хезнера суна, бакъ дуй и?
Жоп: ВаӀалайкумуссаламу варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Суннат деш мега, фарз деш мега, башхалла яц, хьайн маттахь бага меттахйоккхуш деха а мега.
REMASTERED
@ic3bergsms - по вопросам.
https://t.me/+2wkz9pXLeHA4ZDky - чат
Last updated 7 months, 1 week ago