🖤 ️ Eng ѕo'ngι хιт мυѕιclar olaмιga хυѕн ĸelιвѕιz 🥀
Xaммaѕι oldιnda 😅 ѕaвr...❤️
𖤓 хιт мυѕιc 2022+
𖤓 мooмвaн мυѕιc
𖤓 rυѕѕιan мυѕιc
𖤓 вaѕѕ мυѕιc
𖤓 reмιх мυѕιc
🐺 @Odilovv_717 🇺🇿🩶
💰 Reklama @kakand_700
— Аллах Великий!
связь с админом - @byluhaidan_bot
➖➖➖➖➖ ➖➖➖➗1️⃣3️⃣
Коьртара я маж тlера чоьш lаьржа басар дан мегаш дац!
Пайхамара (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) аьлла: «Тlаьххьара заманахь цхьа нах хир бу, месаш lаьржа басар еш, кхокхин накхош санна, царна ялсаманин хьожа а кхетар яц». [Ахьмад: 1/273, Абу Давуд: 4212, Ан-Насаий: 8/138]
Иштта аьлла Пайхамара (саллаллахIу IалайхIи ва саллам): «Шайн (къежделла чоьш) басар де, lаьржачу басах гена а довла». [Муслим: 5476]
Шен lаьржа месаш я маж йолчунна лело мегаш ду уьш, амма lаьржа басар хьакхар хьарам ду зударшна а, божаршна а.
Аллахl реза хуьйла кху чохь дерг даржош дакъа мел лоцучунна, Дала Шен дуьхьа дойла шун къахьегар!
➖➖➖➖➖ ➖➖➖➗1️⃣2️⃣
Зударийн месашна тlе месаш тосуш, я маlаршна тlехула маlарш летош, я цlоцкъамаш дlадохуш, я божарийн мажош йошуш, лоргуш, я кхин муьлхха а хьарам болх бечу нахана аренде шен чоь яла мегаш дац! Цара луш долу ахча хьарам хир ду и чоь йолчунна. Иштта и болх бечунна а хьарам ду даьккхина ахча а, ша лелош дерг а!
➖➖➖➖➖ ➖➖➖➗1️⃣1️⃣
8-гlа март… рогlера керстанийн дезде, тlехьа лаьтташ церан боьха кхетам болуш…
Даздан мегий бусалба нахана? Хьарам ду.
Зударий божарий санна бу, церан бакъонаш цхьаъ ю аьлла, цу хlуман тlехь юкъадаьккхина, даздеш ду иза керста наха а!
Ткъа хьо, хlай совгlаташ дийриг, хьан чуьра зудчуьнан а, хьан а цхьа бакъонаш ю? Шуьша цхьатерра ду?!
Денна а кхехьийша цу зударшна и совгlаташ, керста наха ло аллалц хьоьжуш ца lаш!
➖➖➖➖➖ ➖➖➖➗1️⃣0️⃣
23-гlа февраль «День защитника отечества» ду гlаскхашна, керста нахана, ткъа вайн къомана - тезет ду иза! Мегар дац! Мегар дац! Мегар дац хlара де даздан! Божаршна совгlаташ дала а! Керста салтийн духарш доьхха бераш кечдан а! Яхь мукъане яц те шун?!
статусе хlоттийрий аша, сурт а даьккхина, лакхара йоза? ца хlоттийнехь, хlоттаделаш ✔️
вайн ницкъ кхочург дан деза вай, харцо корта айббина лелар ма ю, нийсо евзуш верг вист ца хуьлуш lийча
➖➖➖➖➖ ➖➖➖➗9️⃣
«Ненан де» ду бохуш, керста наха даздеш, схьакъастийна долу де даздан мегар дац. Керста наха базбе-кха шайн наной цхьа де а къастийна, ткъа бусалба наной денна а бу базбеш, декъалабеш лело безаш! Мегар дац керста нехан дезденош даздан а, цаьрца декъаладан а вовше. «Цхьана нахах тарвелларг - царах ву», - аьлла Пайхамара (саллаллахlу lалайхlи ва саллам).
➖➖➖➖➖ ➖➖➖➗8️⃣
lеламнахана муьлхха а халахеташ долу хlума ала мегар дац! Хlунда аьлча Аллахlа Шен гергарчу нахаца мостагlалла лелийначаьрга тlом кхайкхийна Ша боху. Делан гергара нах - иман а диллина (кху юккъе шаволу бусалба вогlу), Делах кхоьруш берш бу. Ткъа Делах кхоьруш бу аьлла цу Дала Ша Къуръанахь шайна тоьшалла дина бу-кх и lеламнах! Кхерийша цу Делах шу а lеламнехан хьокъехь!
➖➖➖➖➖ ➖➖➖➗7️⃣
Нардаш олучу ловзарх ловза мегар дац. Царах левзинарг Аллахlана а, Цуьнан Элчанна а lеса хилла аьлла Пайхамара (саллаллахlу lалайхlи ва саллам).
🖤 ️ Eng ѕo'ngι хιт мυѕιclar olaмιga хυѕн ĸelιвѕιz 🥀
Xaммaѕι oldιnda 😅 ѕaвr...❤️
𖤓 хιт мυѕιc 2022+
𖤓 мooмвaн мυѕιc
𖤓 rυѕѕιan мυѕιc
𖤓 вaѕѕ мυѕιc
𖤓 reмιх мυѕιc
🐺 @Odilovv_717 🇺🇿🩶
💰 Reklama @kakand_700
— Аллах Великий!
связь с админом - @byluhaidan_bot