Хьадисаш

Description
📜 Нохчийн маттахь хьадисаш
We recommend to visit

UYmigrant – Россияда мигрант ишчилар уй-жой охтариши учун хизмат.

Эълон учун: @UyMigrat_bot

Last updated 7 months, 3 weeks ago

Акъидат, хьехамаш, ладаме хаттаршана жоьпаш.

Хаттар кху тIе даийта ⬇️ @hattarjop1445_bot

Резерв (декъа хаттарш): @HattarJop

Вайн Instagram агIо:
https://www.instagram.com/xexamash

Last updated 11 months, 1 week ago

Last updated 6 months, 1 week ago

hace 7 meses, 2 semanas

РибIийн кIанта Абу Къатада ал-Хьариса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан Элчано (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна) элира аьлла:

«Боккъал а, дехха иза дан а лууш, ламазе ма хIутту со, амма беран делхар хезча – сайн ламаз дацдо ас, цуьнан нанна хало йан ца лууш».

(Бухари: 707)

https://t.me/hadiisash

hace 7 meses, 2 semanas

IабдуллахIан кIанта Жарира (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан Элчано (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна) элира аьлла:

«АллахIа къинхетам бийр болуш бац - нахаца къинхетаме воцучух».

(Бухари: 7376, Муслим: 2319)

https://t.me/hadiisash

hace 9 meses, 1 semana

Пайхамара (АллахIера салават а, салам а хуьйла цунна) аьлла:

«Ненайиша - ненан метта ю».

[Тирмизи: 1904]

https://t.me/hadiisash

hace 10 meses, 2 semanas

Сайна дика хеташ йолу, ас йоьшуш а, пайда оьцуш а йолу каналаш йовзийтий шуна ?

https://t.me/addlist/w5d7fN9Gcv8xMzBi

?хlара тlетаlийча массарна цхьаьна тlеяздалалур ду шу

hace 11 meses

АллахIа пайде дойла хlара жайнин кепехь вовшахтоьхна йоза, АллахI реза хуьйла кху тlера гlалат вайна билгалдиначунна а, иштта даржош дакъа мел лаьцначунна а

hace 1 año, 2 meses

Пайхамарца (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) зIе хоттар!

?Ӏашураъ дийнах лаьцна хьадис ду, цу Ӏашураъ дийнахь бен ца дуьйцуш, и хьадис дуьйцур ду вай тахана, Дала мукъ лахь, цIера хенаца 14:00.

?Эфир кху чохь? https://t.me/Darsash_Live хир ю. Цу эфирехь ла мел доьгIначунна Пайхамарца (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) зIе хотталуш ижазат а хир ю. ЛадогӀа бакъо ю, воккхачуьнан, жимачуьнан, стеган, зудчуьнан, массеран а, ворхIара мел ваьллачунна ижазат а хир ю.

hace 1 año, 2 meses

Аллахlан Элчано (саллаллахlу lалайхlи ва саллам) аьлла:

«Аллахl воцчуьнца дуй биъначо керстаналла дина я ширк дина».

[Тирмизий: 1535]

https://t.me/hadiisash

hace 1 año, 2 meses

Аллахlан Элчано (саллаллахlу lалайхlи ва саллам) аьлла:

«Наний, цуьнан берий вовшахкъастийнарг Аллахlа къемат-дийнахь шена безначех воккхур ву».

[Тирмизий: 1283]

https://t.me/hadiisash

hace 1 año, 2 meses

Аллахlан Элчано (саллаллахlу lалайхlи ва саллам) аьлла:

«Муьлхха а зуда маре йодахь, шен валигара пурба а доцуш, и мах хилла бац, и мах хилла бац, и мах хилла бац!».

[Тирмизий: 1102]

https://t.me/hadiisash

hace 1 año, 2 meses

Абу Хlурайратна (Аллахl реза хуьйла цунна) ши стаг гира, цушиннах цхьаьнга элира цо: «Хьоьца верг мила ву хьан?». Цо жоп делира: «Сан да ву», - аьлла. Тlаккха (Абу Хlурайрата) элира:

«Цуьнан цlе а ма яккха, цунна хьалха валий а ма гlо, цул хьалха охьа а ма хаа».

[Ал-адаб ал-муфрад: 44]

https://t.me/hadiisash

We recommend to visit

UYmigrant – Россияда мигрант ишчилар уй-жой охтариши учун хизмат.

Эълон учун: @UyMigrat_bot

Last updated 7 months, 3 weeks ago

Акъидат, хьехамаш, ладаме хаттаршана жоьпаш.

Хаттар кху тIе даийта ⬇️ @hattarjop1445_bot

Резерв (декъа хаттарш): @HattarJop

Вайн Instagram агIо:
https://www.instagram.com/xexamash

Last updated 11 months, 1 week ago

Last updated 6 months, 1 week ago