Infinite Entertainment, Zero Cost: Get Your Free Books, Music, and Videos Today!

_zam_zam_1414_

Description
АллахӀа диканца бекхам бойла, дашца дина а, бусалба дин Ӏалашдиначух!
We recommend to visit

Community for English Learning, IELTS & PTE Preparation.

✍️ Practice English daily here

📕Grammar lessons
📃Vocabulary
📽Useful Lesson

All are in our channel📌📌📌

Buy Ads: https://telega.io/c/learn_en_grammar

Last updated 1 month ago

Last updated 2 days, 23 hours ago

𝖶𝖾𝗅𝖼𝗈𝗆𝗐 ♡.
𝖫𝖾𝖺𝖽𝖾𝗋 : @k_12p
𝖮𝗋𝗀𝖺𝗇𝗂𝗓𝖾𝗋 : @n0ix2
𝖬𝖠𝖭𝖦𝖤𝖱 :@MNGN0i

Last updated 5 months, 3 weeks ago

4 weeks, 1 day ago

Бусалба стага шен ницкъ ма-кхоччу къахьега деза лайлатул-къадр буьйса денъяр тIехь. Хьадисашкахь бух болуш деана долу доIанаш дойла цо дуккха а, (масала, хIара санна): «АллóхIумма иннака Iафуввун тухьиббул-Iафва фаIфу Iаннú».

أَللَّهُمَّ إِنَّكَ عَفُوٌّ تُحِبُّ الْعَفْوَ فَاعْفُ عَنِّي.

Шайх Iабдул-Карийм аль-Худайр

4 weeks, 1 day ago

Цхьаболу нах, лайлатул-къадр буьйса цхьана схьатехь я буьйсан кхозалгӏа декъахь ю олий кхета, ткъа иза гӏалат ду, нийса дац.

Лайлатуль-къадр буьйса малх чубуьзча дуьйна ӏуьйра хан хиллалца ю. Сийлахьчу Аллахӏа аьлла: «И маршо лаьтта садаржалца».

Сурат аль-Къадр, аят 5.

1 month ago

Сийлахь-Везачу АллахӀа боху: 

«ТаЛлахӏи, шайга хаттанза дуьтур ма дац шу, аш кхуллуш хилла йолчу харцонех..» 16:56

Ахьа хьайна ца хуъушехь динехь мел аьлларг, иштта хьайна динехь нийса доций хуъушехь ахьа мел аьлларг а. Ма жоп дала дезар ду хьан!

1 month ago

lилма нахана Аллахl вовзийта laмаделахь, хьой вовзийта ца laмош!

1 month ago

Шайх Ӏабдуссалам аш-ШувайӀира (АллахӀа ӏалашвойла и) аьлла:

«Кху дуьненахь уггар мерза дерг –
ламаз а, Ӏилма а Ӏамадар ду».

1 month, 1 week ago

Ибнул-Жавзийс (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Вайн Делора, каш чохь болчаьрга хаьттича: Муьлхачу хlумане сатуьйсу аша? Цара эра ма дара: Рамадан беттан цхьана дийне сатуьйсу оха (цу дийнахь марха а кхобуш, терхь а деш, иштта кхин йолу lамал а еш Iархьама)».

Ат-Табсирахl, агӀо 2/78

3 months, 1 week ago

Фудайл ибн Iийада (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«ГIийбат гучдаьлча, АллахIан дуьхьа лелош долу вежралла дIадолу».

Хьилйат аль-авлияъ: 8/96

3 months, 1 week ago

Ибн Таймиййата (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«ХIокху Ражаб батт чохь АллахIа а, Цуьнан Элчано (ﷺ) а билгалдина доцу Iибадаташ юкъадаьхна наха».

3 months, 1 week ago

ибн Къаййима (АллахIа къинхетам бойла цуьнах) аьлла:

«Цамгарна уггаре а чIогIачу дарбанех ду - (нахана) дика дар а, пайда бар а, Дела хьахор а, доIа дар а, Далла хьастадалар а, доггах АллахIе дехар а, тоба дар а. Оцу дагардинчу бахьанаша сел Iаткъам бо цамгарш дIаяхарца а, дарба дарца а молханашачул а чIогIа. Делахь а, и кхочуш хилар доьзна ду (адаман) са мел кийча ду хьаьжна а, цо и мел барамехь къобалдина хьаьжна а, (адаман) оцу балхах а, цуьнан пайде хиларх а дог мел тешна ду хьаьжна а»

Задул-маIад, агӀо 643

We recommend to visit

Community for English Learning, IELTS & PTE Preparation.

✍️ Practice English daily here

📕Grammar lessons
📃Vocabulary
📽Useful Lesson

All are in our channel📌📌📌

Buy Ads: https://telega.io/c/learn_en_grammar

Last updated 1 month ago

Last updated 2 days, 23 hours ago

𝖶𝖾𝗅𝖼𝗈𝗆𝗐 ♡.
𝖫𝖾𝖺𝖽𝖾𝗋 : @k_12p
𝖮𝗋𝗀𝖺𝗇𝗂𝗓𝖾𝗋 : @n0ix2
𝖬𝖠𝖭𝖦𝖤𝖱 :@MNGN0i

Last updated 5 months, 3 weeks ago