Why Pay for Entertainment? Access Thousands of Free Downloads Now!

MISKIYN__

Description
Наханна юккъехь ахь хаза асар ца йитахь а, цунна бlостанехьа дерг мукъна а ма дита ахь...
Хьо хьеха ца вар дуккха а гlолехь ду хьуна, хьо вон хьахвечулла а...
Advertising
We recommend to visit

وظائف متنوعة

Last updated 1 month, 1 week ago

Last updated 1 month, 3 weeks ago

الدَّارُ الْآخِرَةُ

✅ Ayollar va bolalar uchun rasmiy kanal

❗️Erkaklar kirishi qat’iyyan ma’n qilinadi. Allohdan taqvo qiling.

@Tolibi_ilm_bezagimp3
@koz_quvonchi
@duolaroxirathovlisi
@oxirathovlisi_savollar

Last updated 1 month, 1 week ago

1 month, 1 week ago
АллахI марханаш къобал дойла ,

АллахI марханаш къобал дойла ,
лайна халонаш АллахI ше дуьхь йойла ,юхшар мархийн батте кхач дойла вай,

1 month, 1 week ago

Вайна дика хаа деза, хӀоразза а кхечуьнца вай зуьйш долу валар, цхьана дийнахь вайна тӀекхочур дуйла, вайца кхиниш зерхьама.

1 month, 1 week ago

Анас ибн Ма́лика (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла: АллахIан Элчано (ﷺ) хIара (доIа) алсам дора:

يَا مُقَلِّبَ الْقُلُوبِ ثَبِّتْ قَلْبِي عَلَى دِينِكَ.

Йá мукъоллибал-къулýби саббит къолби́ Iалá ди́ник.

«ХIай дегнаш хуьйцуш верг! Сан дог Хьайн дин тIехь чIагIде Ахь».

3 months ago
MISKIYN__
3 months, 1 week ago

🔉 Рузбан хьехам:
Дец а, Ненац а дик хилар - 2

3 months, 1 week ago

Набахтера кехат

Набахтехь воллу со кху хийрачу махкахь.
Набахтехь кху махкахь кхача а къаьхьа бу.
Iуьйранна гlаттаво хийрачу маттахь.
Хала ду, сан ваша, хала ду.

Хlора lуьйре а, даш санна йеза йу.
Набахтехь хlора де а, шарал деха ду.
Мел йогlу суьйренаш гlайгlане йу.
Ма хала ду, сан ваша, ма хала ду.

Буьйсанан бодано и де дlакъовлу,
Дахарах денош а сан дlакъаьсташ ду.
Вогlий, цу керстано неlарш тlекъовлу,
Хала ду-кх, сан ваша, ма хала ду.

Цхьа а вац-кх соьца ненан мотт бийца а,
Даим хезаш берг хийра мотт бу суна.
Вац-кх цхьа а сох кхета, сайн бала бийца.
Ма хала ду, сан ваша, хала ду.

Сох дериг хоттуш цхьа да а вац,
Нийсаршлахь духар а сан беркъа ду.
Лозучу чевнашна деш дарба а дац,
Хала ду, сан ваша, хала ду.

Сих-сиха коре сан, йогlий, дохк хlутту,
Цо соьга кхийдош дерг Даймехкан сурт дай,
Тlаккха, со, дог lовжий, цу коре хlутту,
Хала ма ду, сан ваша, хала ду.

Тахана-м со вицвина, со вевзачара.
Гергарнаш, безарш а сох къехкаш бу,
Хаац-кха, кхоьру-те, шайга цхьаъ дехарна?
Ма хала ду-кх, сан ваша, ма хала ду.

Шийла йу, сан ваша, набахтин хlусам,
Мацаллина «гlар-гlир» деш кийра а бу,
Сов йевлла-кх ойланаш, боцуш шайн барам.
Ма хала ду, сан ваша, ма хала ду.

Хала ду-кх набахтехь набарна товжар,
Нараш а шога, эгlазе йу.
Де-дийне чlагlлуш ду-кх сан чевнийн лазар,
Хала ду, сан ваша, хала ду.

Мостагlчо соьга шен харцо кхийдайо,
Цо боху соьга: со зуламхо ву.
Цо суна набахтехь йаккха хан кхайкхайо,
Ма хала ду-кх, сан ваша, ма хала ду.

Кхетахьа, сан ваша, хьо, ткъа тахна сох,
Хьо ца кхетахь, сох мила кхетар ву?
Амма дог диллинехь ахьа а сох,
Ма хала ду-кх суна, сан ваша, ма хала ду.

https://t.me/oramera_nohcho

3 months, 1 week ago

Ассаламу Ӏалайкум варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
АллахӀан пурбанца, чӀогӀа мехала а, беркате а, адаманна шен Делаца йолу зӀе чӀагӀйарехь гӀо а дийр долуш долу жайна ду вай деша леринарг. Ткъа, цу жайнин цӀе «Далла гергавуьгу некъаш йу». Мел синхьааме цӀе йу и, йуй? ХӀун хир ду хаза ленал а, Шен Далла герга хиларехь къахьоьгуш волчу?!
Цундела, хьомсара бусалба вежарий, йижарий! Кхайкха вайн агӀоне «t.me/busalba_nohchichoy» хьайна безарш а, бевзарш, АллахӀера хьайна йал хиларе са а туьйсуш. АллахӀ реза хуьлийла шуна! Дала пайдечу Ӏилмангахь совдохийла вай дерриг а. Цу Ӏилманах пайдаэца хьуьнар а лойла вайх хӀоранна а.

Ларамца, t.me/busalba_nohchichoy

3 months, 2 weeks ago

Шо1ип-Пенах 1уьрг даьккхина Къонах.

3 months, 2 weeks ago

Ахь дуьйцург тӀе ца лоцуш болу нах, ахь дуьйцучунна мостагӀий ма белахь.

3 months, 2 weeks ago
We recommend to visit

وظائف متنوعة

Last updated 1 month, 1 week ago

Last updated 1 month, 3 weeks ago

الدَّارُ الْآخِرَةُ

✅ Ayollar va bolalar uchun rasmiy kanal

❗️Erkaklar kirishi qat’iyyan ma’n qilinadi. Allohdan taqvo qiling.

@Tolibi_ilm_bezagimp3
@koz_quvonchi
@duolaroxirathovlisi
@oxirathovlisi_savollar

Last updated 1 month, 1 week ago