лаьмнашка некъ

Description
Advertising
We recommend to visit

❌ Чорний Лист заходу України ⚠️
(Львівщина, Волинь, Тернопільщина, Рівненщина, Франківська та Хмельницька області! Закарпаття та Чернівецька)

Надіслати новину/Реклама 🏴‍☠️ @send_me_smth

Last updated 2 weeks, 5 days ago

Last updated 1 month, 1 week ago

Зв'язок: @amanogawa_sup
На вступ: https://forms.gle/uJsKK2DqDjM65Kcf8

Бот: @amanogawa_ua_bot
Релізи: @amanogawa_release_re
Чатик: @amanogawa_talks
Наш сайт: https://amanogawa.space/

У коментах лише українська

https://base.monobank.ua/CyXpFgHdz8XH7u

Last updated 1 month ago

3 weeks, 5 days ago

Хьан дада ма лаьтта, ӏасанах накъост а вина!
Хьан нана ма лаьтта, шен некъаш неӏсагӏехь сецна!
Хьан йиша ма еха, нехан цӏентӏе ирс лаха, яхна!
Хьан ваша ма веха, цӏийна дукъ шена а дисна…

Цкъамукъне а юхахьажахь нохчо!
Мохк а ма лаьтта хьан, бӏешарахь къийсинчух хаьдда!
Дайн бӏаьвнаш лаьтта хьан, мостагӏчо баххьаш а аьтта!
Ӏадаташ дуьсу хьан, дезначийн замане хаьжна!
Гӏиллакхаш дуьсу хьан, доцчарна белам а хила…

Цкъамукъне а юхахьажахь нохчо!
Кхиъна юрт юьсу хьан, замано ширйина, яьсса…
Лулахой буьсу хьан, мохь тоьхча ца хезчохь, кхайкха…
Хийра мохк, гена мохк хьуна ма гергара хетта…
Геннара ахь олу – хьайн ойла Нохчийчохь лаьтта…

16.01.2015 шо

Махмудов ӏ.

3 weeks, 6 days ago
Абу ӏабдуллахӏ аль-Баттӏале хаьттина хилла:

Абу ӏабдуллахӏ аль-Баттӏале хаьттина хилла:

«Майралла хӏун йу-те?», тӏаккха цо жоп делла:

«Халачу сохьтехь собаре хилар ду».

«Ас-Сабру ли-бни Аби ад-Дунья», 44.

3 weeks, 6 days ago
Хьафиз ибн Къудама аьлла:

Хьафиз ибн Къудама аьлла:

«Дика гӏиллакх дикачу адамашца гергарло лелоран некъаца карадо.

Баккъалла а, гӏиллакх – иза, къу ву, цо диканиг санна, иштта вуониг а лачкъадо».

مختصر منهاج القاصدين : ١٥٣

3 months, 2 weeks ago

Товбецан беттан 3-чу дийнахь нохчийн къомана а, меттаӀилманна а лазаме, йоьрзур йоцу йоккха чов а, боккха иэшам а хилла. И эшам хилла Нохчийчохь а, йерриг оьрсийн пачхьалкхехь а гӀараваьлла вевзаш хилла волу меттан Ӏилманча, филологин Ӏилманийн доктор а, профессор а, йаздархо а волу Халидов Идрисан Айса (Муса) кхалхарца.
Идрисан Айсас шен дахар Ӏилманна а, дешарна а дӀаделла, филологин Ӏилма кхиорехь а, тӀаьхьенаш кхетош-кхиорехь а маххадон йиш йоцу мехала, доккха дакъа а лоцуш.
Халидов Айса Ӏаламат башха, дика стаг вара. ЧӀогӀа хаза синъоьздангалла йолуш, шегахь уггар хаза гӀиллакхаш долу стаг вара иза, бакъо-нийсо чӀогӀа йезаш а, ша а и бакъдолу дош олуш а, нийсонехьа вара иза. Ша оццул воккха Ӏилманча воллушехь, цхьана а агӀора куралла йацара цуьнца, ша Ӏилманехь баккхий кхиамаш бохуш, йаккхий гӀулчаш йаьхна воллушехь, цкъа а ша даккхий гӀуллакхаш дина бохуш, уьш дийцаре а ца дора цо. ЧӀогӀа шен эсалалла ларйан хууш адам дара Айса. Цунна чӀогӀа ца дезара шен хьокъехь олуш долу цхьа а хастаме дош. Цо лелош долу цхьа а хӀума цӀархазамна дацара. Цунна ша шен къоман цхьа дакъа хетара, шена тӀехь дуккха а декхарш хетара цунна. Шен къоман хӀора а лазамаш шен дагца, сица лазара цуьнан, хийла уьш балха а бора цо. Цуьнан «Йуха а дéга» цӀе йолчу байтан йукъара могӀанаша а тӀечӀагӀдо иза иштта хилар:

... Ас кийрахь хуьйдина
Вайн махкахь мел хилла бохам,
И дерриг гулдина
Эхарта дӀакхачо сайца....

Нохчех хьакхалуш долу мискъал-зарратал долу хӀума а бендацаралле а дерзадой, ца дуьтура цо. Йахь бохуш долу хӀума чӀогӀа долуш вара иза.
Шел дуккха а кегий болчу студенташца а лаца эхь-бехк, гӀиллакх а дара цуьнгахь. Цаьрца къинхетаме, комаьрша а вара иза. Студенташна гӀиллакх хьоьхуш ца воллура иза цкъа а, цуьнан лелар, и дерриг а дара-кх цхьа гӀиллакх, масал. Майра амал йолуш вара Айса. Хьаькам велахь, даржехь кхин лекхара стаг велахь а бен дацара цунна, бакъдерг дӀаолуш, билгалдеш вара иза. Шен дош, шен къамел, шен амал йолуш вара иза хьанна а хьалха. ТӀехьаьжна йуьхь-сибат буьрса хеташ делахь а, амма, и вевзинчунна, цул догцӀена, догдика адам хетар а дацара кху лаьтта тӀехь. Оццул дог-сирла адам дара Айса.
Къахета, цуьнгара Ӏилма схьаэца ца кхиабеллачу студентех, и вовзар ца нисделлачу студентех.
Айсин куьйгаллехь масех кандидат а, доктор а кхиъна.
300 Ӏиламанан белхан автор ву Халидов Айса, иштта берхӀийтта книгин а. ДагадогӀу цо цхьана дарсехь аьлла хилла, зорбане йаьхна арахеца йезаш, кийчча лаьтташ кхин а йу шен бохуш...
Айсах лаьцна йуххула а йаздийр ду вай, Дала мукъ лахь.
АллахӀа гечдойла цунна. АллахӀа Шен къинхетам бойла цунах, мел динчу хӀуманна диканца бекхам а бойла. Йалсаманин уггар лаккхарчу дарже кхачавойла Цо иза! Баккъалла а, Ӏилмано шен воккха Къинхьегамхо вайъи-кх...

t.me/oramera_nohcho

3 months, 3 weeks ago

ДагадогӀу суна, дешар дӀадаьлла, тхо цӀехьа доьрзучу дийнахь, доттагӀчо соьга хаттар дира: «Хьенех, муьлхха а цхьана хьехархочуьнца дарс йан вайна тӀаьххьара а таро хилийтича, хьаьнца хир йолу дарс хоржур дара ахь?» – аьлла.
Ас жоп делира, ойланаш йеш а ца Ӏаш, Идрисан Айсица хуьлийла лаьара суна-м, цуьнца долу дарс хоржур дара ас, аьлла.

3 months, 3 weeks ago

— Айса, хьо таханлерачу дийнахь вайн Ӏилманехь а, дешарехь а баккхийчу кхиамашца къахьоьгуш ву. Дийцахь, муха кхоллабелира хьан нохчийн маттаца дахар дуоза сацам. Ларамза ма дацара и?

– Дуьххьара сан маттаца а, Ӏилманца а хилла уьйр нохчийн матте болчу безамо а, и кӀоргера бовза болчу лаамо а тесна йара. 1972-чу шарахь со университете деша хӀоьттира, нохчийн мотт а, литература а хьоьхучу отделене. ХӀинца-м дуьйцуш дукха деха хетадала а мега, хӀетте а билгалдаккха лаьа, вайна массарна а хууш ма-хиллара, оцу хенахь нохчашна а, гӀалгӀашна а башха маршо йацара Ӏилма Ӏаморехь. Оцу кхолладеллачу хьелан маьӀна а дина, йахье а ваьлла, со оьрсийн меттан аспирантуре вахара. Иза чекх а йаккхале кандидатски диссертаци кхиамца лар а йина, оьрсийн меттан а литературин а кафедрехь болх дӀаболийра ас. ХӀокху дийне кхаччалц кхузахь болх беш а ву.

Цу хенахь а, хӀинца а оьрсийн маттаца бан-м бо ас болх, хӀетте а сан коьрта Ӏалашо нохчийн мотт бовзар, кегийрхойшна иза Ӏамор йу. Ас хӀетахь жимчохь а ойла йинера, оьрсийн мотт талла а, Ӏамо а шортта нах бу, шаьш оьрсий а, оьрсий боцурш а, аьлла. Иза дӀатесна а буьтур бац. Нохчийн маттаца шовкъ йолуш кӀеззиг нах бара хӀетахь. Ткъа оцу болчарна тӀе со а кхетча, цхьа гӀуллакх хила мегар-кх кхуьнах аьлла, дӀаволавелира со. 80-чу шерашкахь дуьйна вайн нохчийн матта тӀехь къахьоьгуш схьавогӀуш ву со. Айса мехала гӀуллакхаш дина бохуш дийца башха товш а ца хета суна.

Халидов Айса

(Интрвьюра къамел)

6 months, 1 week ago

- Жайна яздинарг мила ву?

- Жайнахь дуьйцарг хIун ду?

- Жайнан цIе хIун маьIна долаш ю?

- Жайна хьанна лерана (совгIат) ду?

https://t.me/vaynmajlis

#Хьо_АллахI_волун_дела

6 months, 2 weeks ago

АллахIан Элчано (ﷺ) аьлла: «Уггаре дика доIа - Iарафат дийнахь дина доIа ду». ат-Тирмизий, 3585.

IатIáа (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Iарафат дийнахь малхбуз хан тIера маьркIижа хан тIе кхаччалц (Далла Iибадат деш) хьо цхьалха виса ницкъ кхачахь, цхьалха вислахь».

Хьилятул-авлияъ, 3/314.

6 months, 2 weeks ago

2024 шарахь, 15-гIа Июнехь, шоьта дийнахь нислуш ду Iарафат де.

https://t.me/leid_hehamash

8 months ago

«Ӏакъидатан меттиг – дог ду. Ткъа и дог ма ду куьйгалла деш дерг хьо Далла муьтӀахь хиларе вигарехь а, хьо Далла Ӏеса хиларе вигарехь а».

Ӏадлан Харачо

Ӏакъидатан Академи?

We recommend to visit

❌ Чорний Лист заходу України ⚠️
(Львівщина, Волинь, Тернопільщина, Рівненщина, Франківська та Хмельницька області! Закарпаття та Чернівецька)

Надіслати новину/Реклама 🏴‍☠️ @send_me_smth

Last updated 2 weeks, 5 days ago

Last updated 1 month, 1 week ago

Зв'язок: @amanogawa_sup
На вступ: https://forms.gle/uJsKK2DqDjM65Kcf8

Бот: @amanogawa_ua_bot
Релізи: @amanogawa_release_re
Чатик: @amanogawa_talks
Наш сайт: https://amanogawa.space/

У коментах лише українська

https://base.monobank.ua/CyXpFgHdz8XH7u

Last updated 1 month ago