Расмий уй-жой савдо канали.
Эълон жойлаш ПУЛЛИК !
Админ: @Erkin_Jurayev
Тел: +998977247151
Иш вақти 8:00 дан 20:00 гача
Last updated 1 month, 2 weeks ago
Владелец @ES_SOLIEV
? GARANT @ES_FARIK
Last updated 1 year, 2 months ago
Чат: @dianabessonchat
Бот: @Thesimshelperbot
TT: www.tiktok.com/@dianabesson
YouTube: http://www.youtube.com/c/DianaBesson
Last updated 1 month, 2 weeks ago
Мостаг1ийн мостаг1алла ца хиллера халаниг, вежарша орцанна жоп доцуш витара хиллера халаниг…
Йа АллахI-Дела, Iуьйкъанна, бода букъбеллачу хенахь, тахIаджуд ламазехь тхо Хьуна хьалха ца хIуьтту къинойх цIена долуш йа тхан дегнашкахь ГIаззехь болчу бусалба нахе болу къинхетам Хьуна ца бевза, и тхоьгара тхайггара бу бохуш. Тхан дегнашка къинхетам биллинчу, ша къинхетам а кхоьллинчу Хьоьгахь бу-кх тIех сов къинхетам. Оха хастам бо Хьуна, тхан дегнаш дакъаделла, къинхетам дIабаьлла, Ахь цахилийтарна! Бакъ а долуш, тахана хIокху дуьнен тIехь ша лелош долчух кханалерчу къематдийнахь Хьуна хьалха жоп дала дезаш ву хIор а. Ахьа хьайн къинхетам хадийна ма бац и тхан вежарий, оха дIатасахь а, дерриге дуьнено дIатасахь а, Хьайн орца доцуш Ахь буьтур а ма бац уьш. Амма тхо кхойкху Хьоьга, тхан дегнаша мохь-орца олу Хьоьга, кханалерачу къематдийнахь, ахь хIун дуьхьало йира оцу тайпа къизалла хьайн бусалба вежаршна лелочу хенахь аьлча, тхайн Хьуна хьалха бехказло хилийта, сел дезачу гIазотехь болчу церан декъахь хила, тхайн ницкъ кхочучул орцане хила. Йа АллахI-Дела, дIаайбехьа церан бала! Толаман байракхца Хьайн малийкийн эскар даийтахьа хIокху лаьтта! ХIара дуьне а, латта а дегош, керста нах Iадош, хIаллакбехьа и Хьайн мостагIий! Бусалба уммат дендехьа, йа АллахI Дела, Айхьа и уммат деллачу Мухьаммадан (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) дуьхьа! Хьо воцург деха а вац тхан, йа дехча дала а вац. Тхайн дегнийн хIор а цуьргаца, хIор а деттадаларца Хьуна тIе болх биллина, Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) ду ала хьакъ долу уммат дехьа тхох! Тахана ГIаззехь хIоттийна долу Iазап Хьайн дин толоран йуьхь йехьа, Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) уммат дендаларан йуьхь йехьа, тхан барт цхьаъ хиларан бахьана дехьа! Йа АллахI-Дела, дан гIо а доцуш, дегнаш доьлхуш, Хьуна хьесталучу бусалбанийн дегнаш делорца, дIаайбехьа царна тIера и беза бала!
АллохIумма солли Iала МухьаммадивваIала али Мухьаммадиввасаллим!
Везин Дела, Г1аззера ох1лам бехказ дера дара, къемат дийнахь!
Шайн динан уггаре а сийлахьчу кхаъ хьарамеха кхозлог1чунна маьршонна, г1оьнна аша динарг х1ун дара аьлча, оха х1ун эра ду-те?!
Масане сатийсинера аса денош чекхдовларе, со вицвелла хиллакх, уьш сан оьмар хилар…
2-✨✨✨
Йамани к1антах Хьузайфатах дийцина (Дела реза хуьлда цунна) цо элира: Суна хезира Делан элчано (Делера салават, салам хуьлда цунна) олуш: «Йалсамане г1ура ма вац, эладит лелорг»/📗 Муслим/
1-✨✨✨
1умаран к1антах 1аблуллах1ах дийцина (Дела реза хуьлда цу шинна) цо элира:
Суна хезира Делан элчано (Делера салават, салам хуьлда цунна) олуш: «Шух цхьа а (кхоччуш) ийман диллина ма вац, шен вешийна деззалц, шен дег1ана дезарг»/📗Бухарий, 📗Муслим/
Ма декъалалла юкха!
Ша гича исламан дин хазалла, бусулба динан г1оьнчи болуш хилар нахана дагатосуш волчу къонахчунна.
Ма дакъазалла юкха!
Ша гича дин г1еллуш хилар, динца бала берш к1еззиг хилар нахан дага тосуш волчу къонахчунна…
Вайн меттан нийсайаздаран бакъонашца х1оттийна йолу т1аьххьарлера дошам
Расмий уй-жой савдо канали.
Эълон жойлаш ПУЛЛИК !
Админ: @Erkin_Jurayev
Тел: +998977247151
Иш вақти 8:00 дан 20:00 гача
Last updated 1 month, 2 weeks ago
Владелец @ES_SOLIEV
? GARANT @ES_FARIK
Last updated 1 year, 2 months ago
Чат: @dianabessonchat
Бот: @Thesimshelperbot
TT: www.tiktok.com/@dianabesson
YouTube: http://www.youtube.com/c/DianaBesson
Last updated 1 month, 2 weeks ago