Why Pay for Entertainment? Access Thousands of Free Downloads Now!

Абу Идрис (Мои статусы)

Description
Хlочохь ас статусе мел хоттош йолу хlума хир ю! Массо а хlума схьаэца пурба ду массаьрна а!
Advertising
We recommend to visit

Last updated 2 days, 9 hours ago

Сайт: digital-universe.org
Адміністратор: @Universe_CRM

Last updated 10 months, 3 weeks ago

3 months, 3 weeks ago

🖱🖱🖱🖱

📖 Дуьххьара чу йиллана пост тӀийра дӀа еша!

4 months, 1 week ago

**Йа́ АллахӀ аса къа дечу хенахь, Хьуна со гой ма хаьа суна..

Хьоьх эхь ца хеташ ма вац со

Я Хьоьх ца кхоьруш сай майралла гайта гӀерташ ма вац со

Я Хьоьх ца вешаш ма вац со

Я Хьо ца везаш ма вац со.

Со ледар хиларна

Со гӀийла хиларна

Со сийсаз хӀум хиларна дужу-кх соьгар и юха а тӀаккха а.

Ма чӀогӀа лаьара суна цкъа́ а Хьуна Ӏе́са ца хуьлуш дика лай хила

Ма чӀогӀа лаьара суна Ахьа соьх дозалла дан,

Хьо соьх воккха ве́-ван

Ахь хьай Малайкаш хьалха со хеста ван

"Хьовсuйша Сан лайга! Ма дукха веза-кх суна хӀара сан лай" бохуш Ахь Джабарил (ӀалайхӀиссалам) тӀе кхайкхан Ахьа со вийца..

Ахьа сан цӀе яккха ма чӀогӀа лаьара суна.

Делахь а со гӀийла хиларо

Со сакхте-гӀалате хиларо

Со ледар хӀум хиларо Ӏехавой

Хьа къинхетам чаккхе до́за доцуш хиларо, ойхьаз воккхи, майра воккхи, хьекъал дӀахьой дужа-кх соьгара.

ВаллахӀи! Аса дина цхьан къан дохко валаз ма вац хьуна со

Я аса динчух воккха веш ма вац хьуна со

Йа́ АллахӀ Хьуна гуш бен цхьа къа дин дац аса.

Сан къинош, сан эрчонаш Дени Нанни дӀагайтач

сан Йишан Вежаршна дӀагайтач

са доьзална дӀагайтач

са накъосташна дӀагайтач

-Соьга Салам лур дацар цара..

Соьга бист хира бацара уьш

Со тергал вийр вацар цара

Уггар тӀаьххьара шен доьзалхо дӀатосуш йолу Нанас цхьана, дӀатаса герга вара-кха со

Хьуна гуш бен цхьа къа дин дац аса ‼️

Хьо соьга хьоьжи хуушехь эгна соьгара уьш, доьвла соьгара уьш

ХӀетте а.. Цкъа а дӀатесна вац-кх Ахь со йа АллахӀ.((

Сан доӀан жоп ца луш ца витна-кх Ахь со

Хьай къинхетам суна тӀе Ӏеночур сацин бац-кх Ахь

Хьо Вовзале, дин довзале, къинош чу воьлла со лелачу хенахь ма ца витна Ахьа со

Ма къинхетаме ву Хьо

Ма комаьрша ву-кха Хьо

Хьан къинхетаман чакхе ба́рам до́за дац-кх, хӀай Къинхетаме верг.

Сай дол къиношца́ни

Сай эрчонашца́ни

Сай ледарлонашца́ни

сай сакхташца́ни

Хьуна схьавеакх со юха а.

Хьа къинхетаме наьӀре хьахоьттина-кх со

Ахьа юхатохахь кхи цхьа а ма вац со цуьнга ваьрзо

Хьо воцург оьшуш ма вац суна

Хьо воцург хьашт ма вац суна

Хьо цхьаъ Реза хилчахьан, хӀара дуьне тӀекӀал да́ларха бе хеташ ма вац со.

Хьай къинхетаме хьажарца, хьажахь соьга..

Гечдехьа суна..

ВаллахӀи аса хьоьга кхи цкъа а къа дийр дац ала ма ца ваьхьа со

Со тӀех чӀогӀа ледар хӀума ю-кха.

Делахь а, сайгара хӀуа дожахь, Хьуна схьамвохура ву со

И чӀагӀо-м ялур ю соьга йа́ АллахӀ, хьо воцчунна гӀур вац аьлла..

Хьо воцчуьнга со хьашт вац аьлла.

Хьай къинхетамца гечдехьа суна..

Хьай комаьршалла тӀе Ӏа́на е́хьа суна

Хьай къинхетам тӀе боттахь суна йа́ АллахӀ

Йа́ АллахӀ хьуна кхи цкъа́ а Ӏе́са ца хила товфикъ ло́хьа су́на

Ницкъ ло́хьа су́на

Хьайна ца дезарг ца деза дехьа су́на

Хьайна дезарг деза дехьа су́на

Хьо баккъалла а хьакъ мадду, Хьо веза а везаш, Хьоьх кхера хьакъ мадду кхера а кхоьруш

Хьуна муьтӀахь хила хьакъ мадду, Хьуна муьтӀахь дик лай ве́хьа соьх.

Хьо Цхьаъ бен ма Вац и ницкъ болуш.

БӀаьрга негӀар туха сахьтана, сай Ӏесачу гӀийлачу дегӀа карахь ма витахь со

Со хӀумма ма яц Хьо воцуш.

Амин Амин Амин**

4 months, 2 weeks ago

Ассаламу lалайкум ва рохьматуллахӀи ва барокатухӀ

Лераме Вежарий Йижарий, хӀара вайн агӀо шай ницкъ маббу мутаӀеламашна дӀа йовзийта, шу бахьана долуш цáра Элчанна ﷺ дáхар Ӏама дахь, цунах масал эцахь, царна хуьлуш йолу йал хир йу шунá а ин шáа АллахӀ.

ХӀунда аьлча Пайхамара ﷺ аьлла: "Цхьана дикачу хӀуманна тӀенисвинчунна, и дика хӀума дича санна йал хир йу аьлла".

https://t.me/paihamaran_dahar

4 months, 3 weeks ago

Ассаламу Ӏалайкум! ХӀара вайн агӀо йовзита шай статусе хотта ярца, шаьш чохь долу группашчохь дӀаса яржа ярца.*🤝***
https://t.me/nohchinkic

4 months, 3 weeks ago

📖Хьайца даимна цхьа жайна хӀунда ца леладо ахь? Хьай аьтто баьллачохь доьшур долуш.

Мел дукха пайданаш хир бу хьуна.

Эрна хан яйар дӀадер ду
Хьарамчух бӀаьрг ларбар хир ду
Эрна, йа хьарам къамелдар хир дац
Пайде хӀума Ӏемар ду
Делера ял хир йу

🪶ХӀунда аьлча Дала вайга уггара хьалхара дина омра «Икъроъ» ду - «Йеша» аьлла.

💬Йешарехь бу бусалба неха толам, цайешарехь - эшам.

5 months ago
**Маккахь кхиар, Ше́ма вахар, Хади́жа ялор**

Маккахь кхиар, Ше́ма вахар, Хади́жа ялор

АллахIан элча (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) буобер долуш кхиъна. Цуьнан дедас Iабдул-муттIалиба доладеш хилла цуьнан, цул тIаьхьа цуьнан девешо Iабдул-муттIалибан кIанта Абу ТIа́либа дола деш хилла цуьнан.
Нуьцкъала а, сийлахь а волчу АллахIа цIанвина (ларвина) иза цIунашна Iибадат даран воллех а, массо сакхтах а. Дерриге хаза гIиллакхаш а, амалш а елла Цо цунна. Шен нахана юкъахь «Тешаме верг» аьлла бен вевзаш а ца хилла иза, цуьнан тешамалла а, цуьнан бакълер а, цуьнан цIеналла а царна гина хилар бахьана долуш.
Шен шийтта шо кхаьччи, шен девешийца Абу ТIалибца Ше́ма вахана иза. Бусро́ цIе йолчу метте[22] кхаччалц дIавахана иза цуьнца, цигахь Бахьи́ра́ цIе йолу мозгIарна гина иза, тIаккха цуьнан куьцаца вевзина цунна иза (пайхамар хир ву иза аьлла).
Цунна тIе а веана, цуьнан куьг схьа а лаьцна, аьлла цо: «ХIара Iаламийн эла ву! ХIара Iаламийн Делан элча ву! АллахIа Iаламашна къинхетам бина воуьйтур волуш ву хIара!».

5 months, 2 weeks ago

Тахана Нана декъал еш берш, тӀех хьакъ бара аьлла хета суна Палистинехь бойъаш болу бусулба нахана доӀа дан‼️*🔥***

5 months, 2 weeks ago
5 months, 3 weeks ago
5 months, 3 weeks ago
We recommend to visit

Last updated 2 days, 9 hours ago

Сайт: digital-universe.org
Адміністратор: @Universe_CRM

Last updated 10 months, 3 weeks ago