Last updated 1 month, 1 week ago
????
? Дуьххьара чу йиллана пост тӀийра дӀа еша!
**Йа́ АллахӀ аса къа дечу хенахь, Хьуна со гой ма хаьа суна..
Хьоьх эхь ца хеташ ма вац со
Я Хьоьх ца кхоьруш сай майралла гайта гӀерташ ма вац со
Я Хьоьх ца вешаш ма вац со
Я Хьо ца везаш ма вац со.
Со ледар хиларна
Со гӀийла хиларна
Со сийсаз хӀум хиларна дужу-кх соьгар и юха а тӀаккха а.
Ма чӀогӀа лаьара суна цкъа́ а Хьуна Ӏе́са ца хуьлуш дика лай хила
Ма чӀогӀа лаьара суна Ахьа соьх дозалла дан,
Хьо соьх воккха ве́-ван
Ахь хьай Малайкаш хьалха со хеста ван
"Хьовсuйша Сан лайга! Ма дукха веза-кх суна хӀара сан лай" бохуш Ахь Джабарил (ӀалайхӀиссалам) тӀе кхайкхан Ахьа со вийца..
Ахьа сан цӀе яккха ма чӀогӀа лаьара суна.
Делахь а со гӀийла хиларо
Со сакхте-гӀалате хиларо
Со ледар хӀум хиларо Ӏехавой
Хьа къинхетам чаккхе до́за доцуш хиларо, ойхьаз воккхи, майра воккхи, хьекъал дӀахьой дужа-кх соьгара.
ВаллахӀи! Аса дина цхьан къан дохко валаз ма вац хьуна со
Я аса динчух воккха веш ма вац хьуна со
Йа́ АллахӀ Хьуна гуш бен цхьа къа дин дац аса.
Сан къинош, сан эрчонаш Дени Нанни дӀагайтач
сан Йишан Вежаршна дӀагайтач
са доьзална дӀагайтач
са накъосташна дӀагайтач
-Соьга Салам лур дацар цара..
Соьга бист хира бацара уьш
Со тергал вийр вацар цара
Уггар тӀаьххьара шен доьзалхо дӀатосуш йолу Нанас цхьана, дӀатаса герга вара-кха со
Хьуна гуш бен цхьа къа дин дац аса ‼️
Хьо соьга хьоьжи хуушехь эгна соьгара уьш, доьвла соьгара уьш
ХӀетте а.. Цкъа а дӀатесна вац-кх Ахь со йа АллахӀ.((
Сан доӀан жоп ца луш ца витна-кх Ахь со
Хьай къинхетам суна тӀе Ӏеночур сацин бац-кх Ахь
Хьо Вовзале, дин довзале, къинош чу воьлла со лелачу хенахь ма ца витна Ахьа со
Ма къинхетаме ву Хьо
Ма комаьрша ву-кха Хьо
Хьан къинхетаман чакхе ба́рам до́за дац-кх, хӀай Къинхетаме верг.
Сай дол къиношца́ни
Сай эрчонашца́ни
Сай ледарлонашца́ни
сай сакхташца́ни
Хьуна схьавеакх со юха а.
Хьа къинхетаме наьӀре хьахоьттина-кх со
Ахьа юхатохахь кхи цхьа а ма вац со цуьнга ваьрзо
Хьо воцург оьшуш ма вац суна
Хьо воцург хьашт ма вац суна
Хьо цхьаъ Реза хилчахьан, хӀара дуьне тӀекӀал да́ларха бе хеташ ма вац со.
Хьай къинхетаме хьажарца, хьажахь соьга..
Гечдехьа суна..
ВаллахӀи аса хьоьга кхи цкъа а къа дийр дац ала ма ца ваьхьа со
Со тӀех чӀогӀа ледар хӀума ю-кха.
Делахь а, сайгара хӀуа дожахь, Хьуна схьамвохура ву со
И чӀагӀо-м ялур ю соьга йа́ АллахӀ, хьо воцчунна гӀур вац аьлла..
Хьо воцчуьнга со хьашт вац аьлла.
Хьай къинхетамца гечдехьа суна..
Хьай комаьршалла тӀе Ӏа́на е́хьа суна
Хьай къинхетам тӀе боттахь суна йа́ АллахӀ
Йа́ АллахӀ хьуна кхи цкъа́ а Ӏе́са ца хила товфикъ ло́хьа су́на
Ницкъ ло́хьа су́на
Хьайна ца дезарг ца деза дехьа су́на
Хьайна дезарг деза дехьа су́на
Хьо баккъалла а хьакъ мадду, Хьо веза а везаш, Хьоьх кхера хьакъ мадду кхера а кхоьруш
Хьуна муьтӀахь хила хьакъ мадду, Хьуна муьтӀахь дик лай ве́хьа соьх.
Хьо Цхьаъ бен ма Вац и ницкъ болуш.
БӀаьрга негӀар туха сахьтана, сай Ӏесачу гӀийлачу дегӀа карахь ма витахь со
Со хӀумма ма яц Хьо воцуш.
Амин Амин Амин**
Ассаламу lалайкум ва рохьматуллахӀи ва барокатухӀ
Лераме Вежарий Йижарий, хӀара вайн агӀо шай ницкъ маббу мутаӀеламашна дӀа йовзийта, шу бахьана долуш цáра Элчанна ﷺ дáхар Ӏама дахь, цунах масал эцахь, царна хуьлуш йолу йал хир йу шунá а ин шáа АллахӀ.
ХӀунда аьлча Пайхамара ﷺ аьлла: "Цхьана дикачу хӀуманна тӀенисвинчунна, и дика хӀума дича санна йал хир йу аьлла".
Ассаламу Ӏалайкум! ХӀара вайн агӀо йовзита шай статусе хотта ярца, шаьш чохь долу группашчохь дӀаса яржа ярца.*?***
https://t.me/nohchinkic
?Хьайца даимна цхьа жайна хӀунда ца леладо ахь? Хьай аьтто баьллачохь доьшур долуш.
Мел дукха пайданаш хир бу хьуна.
✅Эрна хан яйар дӀадер ду
✅Хьарамчух бӀаьрг ларбар хир ду
✅Эрна, йа хьарам къамелдар хир дац
✅Пайде хӀума Ӏемар ду
✅Делера ял хир йу
?ХӀунда аьлча Дала вайга уггара хьалхара дина омра «Икъроъ» ду - «Йеша» аьлла.
?Йешарехь бу бусалба неха толам, цайешарехь - эшам.
Last updated 1 month, 1 week ago