Дага догӀу суна!

Description
Хилларг-лялларг.

И также другие уроки

t.me/Yahya_Hattar_jop2 - Хаттар | Жоп

t.me/Yahyadarsash - ШарI лелар

t.me/sharhmutun - АллахI цхьаъвар

t.me/alsharhvalibana - Нийса кхетам
Advertising
We recommend to visit

@pyanyasha arts
@pyanyasha2 doodles

Last updated 2 months, 1 week ago

Хентай игры на андроид

Last updated 1 month ago

قهرمآإن. @IIMIIW
امرأةٌ مثلكِ يقع بها المرء بكامل انتِباهه

Last updated 2 months, 1 week ago

1 day ago

Дага догӏу суна.
Майралла. Вежралла. Собар.
22. Дакъа.

1 day ago

Дага догӀу суна:
ТӀом дӀа бола белира кхин чӀогӀа.
МостагӀ тӀе вола велира.
МостагӀчуьнан гӀагӀ диллина ворданаш тӀе йоьла елира.
Вежарий кича бара уьш тӀе лаца, таспихь деш.

Дага догӀу суна:
Цхьа гӀагӀ диллина ворда гучу ялча, цхьама тӀамхочо элира:" Хьажалахь, аса цу " Вилспетан" хӀу до" вела а велла, иза цхьа пайда боцу хӀума хоьтуьйтуш. Важа ма ю, гӀагӀ диллина и нана йоккха ворда, яккхира зайнаш тӀехь дӀа-схьа лелаш, и шен боккхачу тховн тӀехь, и шен йоккха цӀоьма, и йоккха биргӀа дӀа-схьа хьийзош, раз-пурх дӀа чу детташ и шен хӀоанаш, схьа йогӀуш.
ВаллахӀи, цо цуьнах "вилспят" аьлча вела ма велира со.
Аса элира цуьнга:" Я АллахӀ, ма доккха хӀума ду иза, цу йоккха чу Ӏалшонах, цу уггаре йоккха чу хӀуманах, мостагӀчуьнан эскарна юкъахь герзанах йолу, муха эра ду " вилспят? " ".

Дага догӀу суна:
Цунна, иза баккъалла а " Вилспят " хеташ а хиллера.
Иза, цхьа хӀума йоцуш санна, ша вочура сангалан чура хьала а иккхина, цу ворда шен биргӀа дӀа ерзиначулла тӀаьхьа, шен бялш тӀе, шегахь йолу и йоккха топп дӀа чу тоьхна, цуьнан тхов, оццул боккха болу, ша буйнахь кхоьссина болу тӀулг санна, кхоьссина дӀа бахийтира.

Дага догӀу суна:
Юха, шолгӀа шен топ юлира цо, цунна гӀо деш, кхин тӀамхой бара, цунна тӀе ца тохийта, тидам мостагӀчуьнан шайна тӀе байта.
Амма шолгӀа цуьнан ца кхитира, схьа тоьхна чу хӀоьано иза гал ваьккира, иза къора веш.

Дага догӀу суна:
Иза тянк ваьлли кхитира тӀамхой.
Цундела, цхьама тӀе текхна иза схьа озийна, схьа такхийна, сангал чу ваьккира.
Амма иза дӀа кхелхира, юха чу тоьхначу, хӀоанах кхаьттачу гиргах бахьан хӀоьттина.
Дага вогӀу суна иза.
Дага догӀу суна цуьнан юхь сипат.
Дага йогӀу суна цуьнан хан.
Дага йогӀу суна юрт.
Еха юхьмарш яра. Лилха маж. Ткъе цхьа шо. Расул. Лекхачу дегӀахь. Устрада-ГӀалара.
АллахӀа декъал бойла уьш.
АллахӀа декъал войла иза.

1 day ago

Дага догӀу суна.
Шуьйтан лахахь дара иза.
Вежарий бара доза лардеш.
Иза дара шиэзаргӀолгӀа шо, нажи-баттахь.
Вежарий бара кечбелла Ӏаш, ша юлина шовкле санна.
Цаьргахь яра ялх ги туху йоккха топп.
Ялх " ХазкӀан".
Цигахь вара бӀай сов тӀамхо. ХӀора дийнахь хийца а луш.

Дага догӀу суна:
Амма цхьаъ цомгаш хилча, я цхьа гӀуллакх я хьашт хилча амира, шегара пурба дехча пурба лора, амма цхьа чӀогӀа хьашт ца хилча, вежарий ца болхара юрта са даӀа.
Ло дара, шила яра, денош хала хилара, къаьстина буьйсанаш.
Сих-сиха хийцалуш вежарий Ӏара гӀаролехь.
Амма хилаза ваша хилара, шен вешега са алсама даӀийтар хьама, цуьнан меттана гӀаролехь Ӏаш, буьйсана сама ца воккхуш иза.

Дага догӀу суна:
Вежарий, хӀорачу тӀадмехь гӀаролехь шиш хилара буьйсанна, наб ца кхеттитар хьама а, иштта тидам дика хилийтар хьама а.
ТӀамхоша олура къаьсттина гӀаролехь Ӏачу хенахь шаьш:" Вайга хьоьжуш лакхара чу хьур-мяхкарий ма бу, буй? ". олуш, боьйлуш.
Иштта олура цара:" Дала мукълахь, и бусулба пачхьалкх кхуллура ю вай". гуш дара, чӀогӀа езара царна бусулба пачхьалкх.

Дага догӀу суна:
Мац лой, вежарий цӀацӀ дӀа боьйлалора дийца юухӀуманах лаьцна. " Ма дика хир дара, хӀара яра хьара, ма дика хир дара, кхи ялхьара ". бохуш.
Кхинарг хир вара нена хьокхам дага биана воллуш, ша олуш:" Ма чӀогӀа дика хир бара хӀинца бовха ненан хьокхам ". иштта кхин дӀа а.
ТӀакха дукха гена боьвлча и йоцу юухӀуманаш йийца, цхьаволчо олара:" ДӀа довлийша, шайна йоцу  хӀумнаш а ца юцуш, дог ца этӀош Ӏад Ӏайш".
Иза нийса хилара. ХӀунда аьлча, юухӀума дукха йицича, хьегар бенна кхин хӀума а цхьа пайда ца хилара.

Дага догӀу суна:
Цулла хьалха, тхуна дохьуш долу бепик сецира, мостагӀчо некъ дӀа а къоьвлина. Цигахь амира, соьга элира, сан цӀе а яккхина:" Ахьа пебка дан деза".
Цо аьллачунна-м со муьтӀахь хилира:" ХӀаъ". аьлла, амма бод цкъа хьакхина бацара.
Юха аса, сайна дага доуьйтуш нанас хьакхабар, бод хьакхийра.
Юха цигахь вежарша элира соьга:"  Тхуна-м и хьан хьокхум мегар бара". шай мац а белла.

Дага догӀу суна:
Буьйсина пхиа черм чохь йовха чорпа а,иштта хьокхамаш а схьа диара.
Амира, вежаршка йовха йолчуьра яа олуш, массара йиара.
Вежарша, вовше кховда а еш, цхьана чорпа дӀа йиара.

Дага догӀу суна:
Латина коьллашна юкъахь цӀе яра, цунна гондхьа охьа ехкина туьппалгш яра, тӀамхоша царна гондхьа охьа а ховши хаза къамелаш дора, хилларг а, лелларг а, шай ярташкахь а, шай юртахь а, иштта дукха хьолехь дин дийцара.
Цхьана вашас, соьга хьейхам бе аьлла, аса хьейхам бира, масалан цхьана сахьтехь.
Юха, со и хьехам бина ваьлча, цхьана вашас элира соьга, ша хӀиццехь тӀе виана волу гӀаролехь хилла волу цхьана сахьтехь:" Сан ваша, хьейхам бой ахьа, хьейхам бе". дехарца, вела а къежна. Цунна ца хаара, аса хӀиццехь цхьана сахьтехь бини хьейхам.
Вежарий бела белира. ХӀунда аьлча, аса цхьана сахьтехь бини дера хьейхам, со кӀад велли хууш шайна.
Амма аса:" Дика ду ". аьлла, кхин дӀа хьейхам бира.
Дага вогӀу суна и ваша.
ЧӀогӀа товш ваша вара.
Цуьнан цӀе а дага йогӀу суна.
Юха кхо шо даьлча дӀа кхелхира иза.
АллахӀа декъал войла иза.

Дага догӀу суна:
МостагӀчуьнан эскар тӀе татта делира.
Шаьш, шай Ӏадатхь ма дарра, дуьххьара цара тӀамхошна тӀе, шай мял йолу йаккхий тоьпаш тӀе йиттира.
ХӀоьанаш, муьршаш, иштта яккхи тоьпан хӀоьанаш, иштта болх бора церан исшархоша а.

Дага догӀу суна:
Схьа чу тоьххачу мостагӀчо тоьпийн хӀоьан гериг кхаьтта бӀаьрг баьккхира суна уллехь волчуьнан, цунна дехьаверг таьнк велира, цхьа масехь минот ялча иза метти виара.
Аса, дукха сихха дӀа бихкира цуьнан бӀаьрг, маха а тухуш.

Дага догӀу суна:
Цу вашас, шен бӀаьргана тӀе куьг диллар доцург кхин хӀума олуш вацара иза, мохь хьоькхуш а вацара иза.
Дуьххьара цунна ца хаара, шен цхьаъ я шиъе бӀаьрг баьккхина я ца баьккхина. Амма схьа хетарехь, юха тӀехь хиира иза, цунна моьттуш хиллера, шен шиъе бӀаьрг баьккхина, хӀунда аьлча бӀаьр са дайнера цуьнан шадеригге.
Юха шена хиача, шен цхьа бӀаьрг меттахь буйла, цо элира:" Цхьаъ тоьар бу, АллахӀан хастам бу ".

1 week, 1 day ago

Дага догӏу суна.
Вежралла.Собар.Доьналла.Къинхетам.Ваша Таджик.
17. Дакъа.

1 week, 1 day ago

Дага догӀу суна:
Вежарша цигахь герза тоха долийра царна.
Майра а, доьналлехь а. Уьш, цу дукъ чура чу кхиссира тӀамхоша. Иза, царна кхин башха хала ца хилира. Шай Ӏадатехь ма хиллара, схьа гучу соьртахь, уьш кхиина бацара я мехи тоха а, я кеп ян а.
ХӀунда аьлча, уьш лаьхкина йолчу меттиган тӀе кхаьчча, кхечинхьа санна дацара диттина охьа кхисстна мехи а, я къаьркъа милина кегий шишнаш а.
Ша жижиг дохдина аьчка гӀуткхаш доцурш.

Дага догӀу суна:
ТӀамхошах цхьаъ лазийра кӀедаче кхаьтта, цунна кхин кхераме хӀума ца хилира. Валарна кхераме хӀума дацара иза.
Цуьна чов цхьана шина кӀирнаха дӀа йирзира, кӀорге ца хилар бахьан долуш, иштта я даьӀка каггина а.
Амма мостагӀчух мял вийна а, я мял лазийна а тӀамхошна ца хиира, цаьргара меттиг схьа яккхара доцург.
Воьшта кхин дӀа царна таьхьа ида аьтто бацара.
Амма юха беркеманаш даьхкира, амма тӀамхой болчура кхин генахь, хир тарлора уьш даьхкина, цу тӀамхоша лаьхкинарш дӀа бига.
ТӀамхошна, цаьргара цхьац хӀонс йисира.

Дага догӀу суна:
ТӀамхоша дукха сихха, шаьш доьвлча лаьхкина муьжгий, барам бира и лазийна ваша-таджик, и майра тӀамхо дӀа вига.
Сихха, шай хьаьнтӀахь долу доьхкашна тӀе тесна долу арсаш, схьа а даьхна, гондхьа йолу дечка яккхира цара, барам бан цу вешина.
Цара барам бира цунна.
Вежарий каде бара, къинхете бара, са гатталуш бара.
БӀаьгах хи а долура, вовшах къа хети, амма иза лачкъа дан а гӀерташ.
Вовше хаза дешнаш олуш, дог ойуш.

Дага догӀу суна:
ТӀамхоша, и ваша барам тӀе а виллина миллиша дӀа ваьхьара шаьш долчу.
Цу лазийна вашас узарш ца дора, шена хала долчехь.
Иштта амира маха а тоьхнера цунна, цуьнах маьлла а лазар дай а деллера цуьнан.
Гучу суьртехь, иза дахкоха ваьлла вацара, ша цхьаъ цу муьжгашна тӀе вахара.
Цо алара, ша тӀе вахале а царна:" КӀордина суна кху Ӏин чохь Ӏан, хӀара тӀом дӀа бола беллачу дуьйна. Цхьаа муьжгий ца гина-кх суна, эхь ма ду изам".
Цо и хӀунда элира аьлча, тӀом дӀа бола беллачу дуьйна, хьалхе и меттиг оьшур ю аьлла, лакхарчу амира Рамзана Ӏайтина вара иза цигехь.
Шеца кхин накъостий а болуш.

Дага догӀу суна:
Цо таспехь даккхара, шелахь Къуран доьшуш кара вора хьуна иза.
Амма иза дукха цӀий дӀа ихна вара, воьшта цу Ӏин чохь цунна кхин дан гӀо дацара.
Иза, шолгӀачу дийнахь кхетамчура велира, кхин кхетамчу ца вогӀуш, чӀогӀа хьацар тоьхна а волуш сархьо дӀа кхелхира.

Дага догӀу суна:
Дага догӀу суна цуьнан юхь-сипат, цуьнан горга юхь. Цуьнан Ӏаьржа амат, цӀейн беснеш, хьийзина месаш.
АллахӀа декъала войла иза.
Ламазан хьалха воккхара иза, цунна Къуран хууш хилара совнаха, хаза доьшу дера.
Соьга алара вежарша, сан цӀе а йоккхи:" Хьенехь, новкъа ца догӀуш, иза валийта хьалха, ахьа хаза ца дуьйшу, цо санна ". бела а лой.
Аса олура:" Дера ца догӀу новкъа, суна хаа, айса хаза ца доьйший ".
Вежарийн са гатталора цунна.
Со, иза дӀа кхелхича а ца валара хьалха, цхьа тамашийна хеташ, сой бехке волуш санна.
Аса, кхинарг хьалха таттара.
Аса, иза дӀа воьллира.
Яхья.

1 week, 1 day ago

Дага догӀу суна:
Тхо Шуьтахь долчу цхьана дукъ тӀехь дара.
Доза лардеш. Цхьа бутт дӀа а баьлла шолгӀа чу батте а доьвла, чиллан-баттахь.
Цигехь хабар диара тхуна,  дехьа кхаа беркемо шай салти охь кхиссина аьлла.
И хабар схьа кхачале, вайна хезна яра цу беракеман гӀовгӀанаш.
Амма хӀу Ӏалашо йолуш уьш бахкина хилла хууш дацара вайна.

Дага догӀу суна:
Цигехь вайца цхьа таджик вара. ВутӀкъо лекха волуш.
Горга юьхь йолуш.
Хан ткъаясса шо долуш.
Къуран хаара цунна, хьафиз вара.
Хабар шен чӀогӀа-чогӀа кӀеззиг долуш.

Дага догӀу суна:
Иза, цу меттиган бухахь хилла вара, тхо тӀе дахкале, и меттиг лар еш Ӏалаш еш, тоеш а, дола деш а.
Цунна хууш хиллера йоьвзуш а хиллера и гондхьа йолу меттигаш.
Цунна цхьа жимма вай нохчийн мотт хаара.
ЦӀацӀ кхетара иза тӀамхоша-нохчаша хабарш дуьйцуш.
Цундела, тӀамхоша дуьйцучух ша жима кхитча, цо кхин тӀе хаьттира оьрсийн маттахь:" ХӀу бах цо". аьлла.
Цуьнга цхьама элира :" Иштта эццахь оьрсийн салти охьа кхиссина чу тера ду бах. Цундела даьхкина хилла бах бехкеманаш, оьш охьа кхисса".
Цо тӀакх ла а доьгӀна элира цуьнга:" ХӀара меттиг, сай цӀахь йолу керт санна йовзара суна". аьлла, жимма хан ялча цхьаьнге хӀума а ца олуш, иза вахан цу меттиган тӀе, муьжгийн салтий охьа кхисстна йолу.

Дага догӀу суна:
Вай цигехь, цу Ӏин чохь хьалхе диана дама а, шекар а, даьтта а дара.
Вай хӀу дора, догӀучу хица, я хи дацахь ло даша а дой, цуьнца бод хьакха бора шекар а тухуш, юха царах локъмаш йора, чӀогӀа мерза хилара.
Иштта цу дийнахь а, мокъаберш, нанас хьокхам боттучу хенахь бераш пешан гондхьа довлуш ма хиллара, тхо а дара латийначу цӀаран гондхьа а доьвла экъан чохь и бод а боттуш, локъмаш керча а еш, " ХӀара харца еза" олуш цхьама. Ткъа кхечу:" ХӀахӀа, хӀинца а хьалхе ду, жимма йита еза, ятйолутуш" олуш.
Иштта тхо Ӏаш а долуш:" ХӀинца ахьа яъа " олуш, кхечо:" ХӀахӀа, аса йиъна, мухле ахьа яъа " олуш Ӏаш а долуш, хезира тхуна чуч детта герза.

Дага догӀу суна:
Амир тоьвжина вара, тоьлийн чохь.
Цо даиман олура:" Муьлхачу хенахь, цхьаъ тусалахь, хаиталаш, сама вакехалаш, кхоа ма велаш".
Иштта и чуч деттачу герзан гӀовгӀа хазарца, вежарша элира, иза лаа дац, хаита деза амирана.
Цхьама сих маса ведда сама ваьккхира амир, цо цуьнга элира детта герза.
Амир сих ара иккхира, шен герза дӀа эцна. Ара ваьлчам цунна а дара хезаш и детта герза.
Амирехь, шегахь даиман лелош маса топп хилара, шена кӀела хӀоттариг а йолуш.
Амма цхьа хӀуман ара волуш, цо даиман, цу шегахь долчу герзана тӀе " Хаз-КӀант" схьа эцара.
Цу дийнахь а цо схьа ийцира иза.

Дага догӀу суна:
Иза дӀа товжа тоьлийн чу воьдучу хенахь, цо элира:" Вежарий, шаеригге дӀа ма яалаш, суна а йитлаш цхьа ши-кхоъ". вела а къежна.
Цхьама элира:" Хьайна локъмаш езахь, тхоьца уьш лареш Ӏей хьо, охьа а хаи тхо санна еттинарг дӀа кхалла, хӀокхахь берзалой ю хьуна, цу локъмашна годхьа йоьвла, цхьа а локъам эрна ца ягӀийта ". вела а къежна.
тӀакх амира элира :" ТӀакх омар ду шуга, суна ши локъам йита".
Иза, и аьлла чу ваханера тоьлийн.
Цундела иза ара ваьлча, герза деттаче ваха, цхьама вашас элира:" Локъам кхолли ахь? ".
Амира элира:" ДӀа вала, локъмаш юучохь дац хьал".
Цо локъам ца йиира.
Юха цо элира:" Хьо, хьо воцург, кхиндӀаберш шаберигге схьа дуьйла соьца".
Цо ма аллара, цо аьлларг висира, беснаш цуьнца дӀа бахара герза деттаче.

Дага догӀу суна:
Цу дийнахь ло дара доккха, амма де чӀогӀа хаза сирла дара, къеггина малх болуш.
Амира гергга кхача дуьйла делча, кхаа декъе бекъа балийтира, дӀехьа сехьа, иштта дукъ тӏохлахь а.
Амма детта герза соцуш дацара. Дукха дацара, амма юкъара детташ.
ТӀамхой шаьш кхача безаче тӀе кхечира. Царна карийра и ваша таджик лазийна когах кхетта, даьӀка йохош, чӀогӀа гӀелвелла а волуш.
Амма воьхна а воцуш.
Хьалха ваьлла воьдург амир хиларха терра, иза дуьххьара тӀе кхечира цунна.
Цхьама элира цуьнга:" Амиран пурба а доцуш хӀунда вахна хьо? ".
Амира элица цуьнга:" Ӏад Ӏей, ма хӀийза вей, гуш дац хьуна цуьнан хьал?!! ". дов а деш.
Амма вукхо а иза, ша алар хьама аьлла дара, Ӏиттарш яра хьама а доцуш.
Яхья.

1 week, 2 days ago

Дага догӏу суна:
Дуӏ схьа даккхар. Дукъ дӏа ца дакехийтар мостагӏчуьга. Собар.
16. Дакъа.

1 week, 2 days ago

Дага догӏу суна:
Вай тӏамхоша Шуьтан лакхахь лардеш дукъ дара.
Иза,ша деха дара, цхьа шовзткъе итт чаккхарма уггаре кӏеззин.
Ӏа дара.
Дечкан бутт бара.
И дуӏ лардеш дара тӏамхоша,шена тӀе гӏаскхийн салти тӀе ца биссийта.
И лардеш хуьлура вай тӏамхой, цхьа ткъе пхииттанна тӏера цхьа шовзткъе иттан тӀе кхаччалца масалан.

Дага догӀу суна:
ТӀамхой хица белла цхьа ши сахьт даьлла далале, даьхкира диъ беркема, шай лерина къаьстина ницкъ бохьуш, и дукъ тӀамхошкара дӀа даккхара хьама.

Дага догӀу суна:
ТӀамхошна и дукъ дезаш дара дӀа-схьа боьду некъ дӀа ца къовлийтархьама.
Ткъа мостагӀчунна дезаш дара и дукъ, и некъ дӀа къовлархьама.
Цундела тӀамхоша а чӀогӀа лардора и дукъ, цундера мостагӀ а вара и дукъ дӀа даккха гӀерташ тӀамхошкара.

Дага догӀу суна:
Цул хьалха а хьоьвсинера мостагӀи и дукъ дӀа даккха тӀамхошкара шозза.
Иштта шозза дӀа а ца даккха делира цаьрга и дукъ.
И дукъ, дуьххьара цаьргахь хилла дара, амма тӀамхоша дӀа даьккхина хьала а оьдуш цу дукъанна.
Иза хилира цулла ши кӀира хьалха.

Дага догӀу суна:
Дага догӀу суна. Цу лайлахь, шийлачу Ӏуьйранна, Ӏуьйран ламаз а дина, миллиша жим-жим ког а боккхуш, ишаршкахь бенна, кхин биста а ца хуьлуш, гучу ца довлар хьама, къайлаха тӀе бахна тӀамхой.

Дага догӀу суна:
Дукъ тӀехь бара мостагӀий, шайн гондхьа туьппаргш охьа а ехкина, царна тӀехь хоьвшина Ӏаш, цӀеран тӀехь шай даьстина жижиган гӀуткхаш дох а деш, шай когаш бох а беш, паргӀат шай къамелаш а деш Ӏаш болуш.
Уьш, гӀаскхийн къаьсттина сийлахь эскар лоруш дара церан.
Амма тӀамхоша, и шай цӀахь деш долу сий, вай махкахь мял мехала ду хаийтира.

Дага догӀу суна:
Цу шовзткъа тӀамхочо такбийрш а далош, даша тоха долийра царна.
Шаьш юууш йолу юухӀума охьа а кхуьссуш маьӀ-маьӀне дӀа боьвдира уьш.
ТӀамхой тӀехьа идира.
Воьриг воьш, воьсург воьсуш меттиг дукъ схьа даьккхира. Цу дийнахь цхьаа дӀа ца кхелхира.
ТӀамхошна кара йиара цигехь дуккха а хӀонс. Герзанах, маса тоьпаш, хӀоънаш а, иштта юухӀума а.
Дага догӀу суна, амира дӀа делира пхиулгӀа дакъа къумс хӀонсана тӀера.

Дага догӀу суна:
Кеманаш мостагӀ чуьнан схьа даьхкира цӀеххьана. Амма тӀамхоша цуьнах тамаш ца бира, хӀунда аьлча уьш даиман богӀура цӀеххьана, дӀа а боьлхура уьдуш.
ВаллахӀи, уьш охьа бисса ма ца кхиара тӀамхоша шаьш дойуьш.
Цхьа ваша вара, генахь " Хаз кӀант " олу маса топп йолуш, цо тӀе яссира цуьнна шегахь мял йолу, цунна чохь мял йолу шовкъле.
Церан цхьаъ беркема Ӏин чу дуьйжира.
ТӀамхой тӀе бахара.
Церна цхьаа дийна ца карийра, йисар ван мостагӀчух.
Ткъа важа кхо кема, шайна тӀе доссочу герзанах дӀа дахара, кхин шай эскархой охьа ца бахка белла.
Амма, царна и меттиг йисира, тӀамхоша Итумкхалий юха Шуьта Ӏад йуьтучу хенахь. ТӀаккха, тӀамхой дӀа бахча, уьш охьа хоьвшина цигахь аьлла хезира суна.

Дага догӀу суна:
Цигехь и беркеманаш схьа дахкарци, амира омар дира дӀа хаита коьртачу амирана, Рамзанан.
Цо, дукха сихха гӀо тӀе даийтира Мухьаммад Нурдин хьалха волуш.
Иза чӀогӀа майра а, кадета, масаланна а хьаьжира.

Дага догӀу суна:
Амма цу беркеманаш чу тоьхначу герзанах бахьан хилла кхоъ кхелхира, лаза а бира.
Уьш дӀа бигира.
Кхелхнаш аса дӀа боьхкира.

Дага догӀу суна:
Ша дегӀана мялла а лекха а волуш, хеназа дегӀ даьккхина, амма шен ялхӀитта шо бен доцуш цхьа жима стаг вара.
Иза а цигехь дӀа кхелхира, аса дӀа воьллира иза. Цуьнах лаьцна а, иштта кхечарах а дуьйцура ду вай, Дала мукълахь.
АллахӀа декъала бойла уьш.
Яхья.

1 week, 2 days ago

Дага догӏу суна.
Чу баьхкина хилла болу ӏелам нах. Церан кхалхар а.
15. Дакъа.

1 week, 2 days ago

Дага догӀу суна:
Вайна юкъахь иштта, дукха ца хиллехь а кхин къамнаш а дара тӀом беш, АллахӀан дуьхьа.
Нийса хир дац, нагахь вай уьш хьаха ца бахь.
ХӀунда аьлча, уьш бара шай дяхнашца а вай тӀамхошна юккъехь дӀа хӀиттина тӀом беш, вайна гӀо деш, пачхьалкх лареш, шарӀ дӀа хӀоттош, шай синош ца кхоош.

Дага догӀу суна:
Царах цхьаъ вара Шайх Абу Ӏумар Ас-Сайфий цӀе ерг.
Суна, иза воьвзина вара цхьа эзар ис бӀаьй дезткъе ялгӀолгӀачу шерахь.
Цо, шен ницкъ мял бу гӀо дира вай къомана. Яндарби Зелимханан омар кхочуш деш, иза дӀа вола волира кечбан къедой.

Дага догӀу суна:
Цо, цхьа бӀаьй ткъе ялх къеда кеч вира, кхелашкахь болх бан.
Цара къа а хьийгира, цо куьйгал а деш.

Дага догӀу суна:
Цуьнца иштта Алжилера Шайх Абу-Мусхьаб а вара.
Цо тхуна ишт Ӏамийра Усулул-ФикъхӀ а.
Кхин долу Ӏилма а.

Дага догӀу суна:
ТӀом дӀа бола белча, иза дӀа а ца воьдуш сецира вай махкахь, чу вогӀучу мостагӀах лата.
Иза, ша мостагӀах леташ вай доза лардеш Гуьмсан къошкахь дӀа кхелхира. АллахӀа декъала войла иза.

Дага догӀу суна:
Шуьтахь нажин баттахь Абу-Ӏумар Ас-Сайфий тхо цхьана дара.
Иза дӀа ца вагӀара чу мостагӀ виъча, мухле а сецира мостагӀчуха лата.
Бакъ ма ду, иза летира.
Шен доьзал цӀа дахьажина, ша дӀа ца вахара иза, шен Макка дӀа вахча хьана волчехь.

Дага вогӀу суна иза:
ДегӀана лекха вара. Даиман велакъежна вара. Цкъа дов ца дора.
ЧӀогӀа хаза милш лерина дора цо ламаз.
Кхабара цо марханаш а.
Даиман жайнаш доьшуш, уьш дуьйцуш хилара иза.

Дага догӀу суна:
Тхо  ара довлаш дара гӀароле дӀа даха, доза лардан.
И туса делира цунна, тхо ара довлар тхай доза лар дан.
" Шу стенга доьлхуш ду? РибатӀе доьлхуш дуй шу? " элира цо.
Тхоьца волчу цхьама жоп делира:" ХӀаъ" аьлла.
ТӀакх цо, шен жайна, ша доьшуш долу охьа а диллина, шег жима Мусхьаф кетран кисан а диллина, ша вогӀа аьлла тӀехьа хӀоьттира иза.
Шен ши мача тӀе а озина.

Дага догӀу суна:
ТӀамхой дӀа кхечира. Сангалш чу дӀа хӀиттира, ткъа бухахберш шай садаӀа бох бала дӀа бахара.
Абу-Ӏумар вацара шена цхьа ларамаш бе бохуш, я цхьа тӀехьа виса гӀерташ а. Мухле а иза хилара хьалха гӀерташ, гӀаролехь дӀа хӀуттуш. Ша мацвелча а, я шелвелча а ца хоуьйтора цо.

Дага догӀу суна:
Сангалш чохь дара, герза тӀе тоха дола делира.
Амма Абу-Ӏумар дукха чӀогӀа паргӀат вара, ша къора волуш санна.
Иза, ша чӀогӀа паргӀат стаг вара, болар лелар чӀогӀа милш долуш, атталгӀа я тӀамехь а, я герза тӀе тухуш а мостагӀчо сиха охьа ца таӀара иза.

Дага догӀу суна:
Майра чекх велира иза.
МостагӀ тӀе вола велча, майра мостагӀчунна дуьхьала шен мало топп йиттира цо.
Юха белш тӀе а йуьлли гӀагӀ диллиначу ворданна тӀе туьхира цо.
Дийцича тешар а воцуш, миллиша вела а къежаш.

Дага догӀу суна:
Шега дӀа гӀо аллац дӀа ца воьдуш Ӏад Ӏара иза, шена тхуначулла чӀогӀа шила йолушехь, хӀунда аьлча иза йовхачу меттера Маккара вара, аьлча а, цунна гондхьа йолчу шахьрана.

Дага догӀу суна:
Юха дуккха а охьа диссича а кхечинхьа йолчу меттигашкахь а цхьана хилира тхо, хьаннашкахь а, ярташкахь а.
Амма иза дӀа келхина тӀеххьара мостагӀчуха леташ, букъ тоьхна а воцуш.
И цхаъ вацара иштта вай махкахь чу вианачу кхечу къомаха кхелхина Ӏилманча.

Дага догӀ суна:
Цулла хьалха, Шайх Халид олуш цхьа Ӏелам стаг вара, вай Ӏамо виана вай махка, цхьа эзар ис бӀаьй дезткъе дейтолгӀчу шарахь, Мисрера.
Цуьнах лаьцна юха дуьйцур ду вай Дала мукълахь, иза дӀа кхалхарха а.
АллахӀа декъала бойла уьш.

We recommend to visit

@pyanyasha arts
@pyanyasha2 doodles

Last updated 2 months, 1 week ago

Хентай игры на андроид

Last updated 1 month ago

قهرمآإن. @IIMIIW
امرأةٌ مثلكِ يقع بها المرء بكامل انتِباهه

Last updated 2 months, 1 week ago