Dive into the Ultimate Free Library: Your One-Stop Hub for Entertainment!

Некъахо

Description
Advertising
We recommend to visit

Головна Панда Країни⚡️🐼

Last updated 3 days, 7 hours ago

Владелец @Anteshka

Полное медиа каналов @steshin_media

Блог админа - https://t.me/+yAbXuRTqD2syNmUy

Last updated 1 week, 4 days ago

Комната вигукера с горячими артами ❤️‍🔥

Last updated 1 month, 2 weeks ago

6 days, 4 hours ago

Ибнуль Къаййима боху : «Цу жайнаш чухьаьжин, жайнешчура нахан жоп луш волу стаг, иза нах тиллош стаг ву.»

Ӏилма хьуна хаамаш бац, хьуна жайна Ӏарбой маттахь деша хаарах, хьуна дӀа деллачу хаттаран жоп дала хаарах, иза Ӏилма дац, цунах олу и хаамаш гул бара, иза муьлхачу стагехь хила йиш ю, иза кериста стагехь а хила йиш ю, иза Ӏилма дац. Ӏилма хӀун ду аьлча, и хьоьгахь болу хаамаш, и хаамин тӀоркъазчура муьлхуг схьаэца беза хууш, айхьа схьаэцнарг мича дил деза хууш, йа айхьа цу чура хӀумма схьаэца ца дези хууша, и тӀоркъаза схьа даста ца дези хууш, иза схьа маца даста деза хууш, схьадаьстнехь цу чура хӀун схьаэца деза хууш, схьаэцнарга хьаьнга кховдо деза хууш, иштта цунах дерг хьуна довзара, и ду и Ӏилма нийса лело хаар, хьоьгахь мел дукха бусулба динах хаамаш хиларха, и нийса хьуна лело ца хиича, цунах Ӏилма ца хуьлу, цуьнах нах тиллор хуьлу, хьуна хьой а нийса ву моьттуш, хьой гал ваьлла волуш, нах тиллор хуьлу цунах.

3 weeks, 3 days ago

«Стагера Аллахl цхьаъвар а, цlенна Цуьнан дуьхьа лелар а дайнехь, цуьнан еригге lамалш йоьхна, цхьана хlуманца цара пайда а бохьур бац цунна.»

Шайх ибн Бáз

3 weeks, 6 days ago

«Дика даржош волу цхьа стаг, АллахIана дукхох веза дика волчу эзар стагалла а. ХIунда аьлча, дика даржош волчунца АллахIа дерриг а уммат лардо, ткъа дика волчо ша цхьаъ ларварах тоам бо».

2 months, 1 week ago

Мархийн беттан программа

2 months, 1 week ago

Имам Ибнуль Джавзийс аьлла:

Шуна хоийла, шух цхьа а вац, Мухьаммадан ﷺ дуккха салаваташ дохкуш, АллахӀа цуьнан дог нуьре дийра долуш бен...

2 months, 2 weeks ago

Харцдерг дуьйцуш хилча наха ца лору хьо, сийсаза хуьлу хьо, тешам ца хуьлу хьоьгахь, нахана ледара хета хьо, ахь аьлла долу дош - дош ца хета, хьо къонах ца лору, цундела харцдерг дуьйцучух чӀогӀа ларвала везаш ву.

Мел хала делахь, хьайна мел чӀогӀа новкъарло хир елахь а бакъдерг алар.

Бакъдерг дийцинчуьнан юьхьиг хала елахь а, цуьнан чаккхе ирсе хуьлуш ю.

4 months, 1 week ago

Мутаlелам нахегара шена цхьа сане (выгода) сатуьйсуш хила везаш вац, мелхо а шегара нахана са хуьлуш хила везаш ву.

Уггаре чlогlа нахана тешаме хеташ адам ду мутаlелам, цундела и тешам лар бан беза цо, цунна хаа деза ша нахега вочу агlора цlе йаккхитичи кхин болу мутаlеламашна а ша деш зе дуйла, ша Аллахlана хьалха жоьпаллехь вуйла.

Нахана уггаре мехала долу хlума lамо араваьлла ма ву иза, цундела хьарам дерг-м вай дуьйцур дац, цхьадолу хьанал дерг а нах нийса кхетар боцучехь lаддуьтуш хила веза иза.

4 months, 2 weeks ago

«Аллахlа къинхетам бойла, шен жималлех, шен ницкъах пайда эцначух а, шен тептарш дlакъовлале хьалха тоба а дина, дохковала сихо йинчух а».

Шайх ас-Сиlдий

4 months, 2 weeks ago

Палестинехь болчу бусалба нахехь вайна тахана гуш долу собар, цара дилла ма-деззара АллахIе иман диллина хиларна ду царгахь.

Леид (АллахIа Iалашвойла иза)

We recommend to visit

Головна Панда Країни⚡️🐼

Last updated 3 days, 7 hours ago

Владелец @Anteshka

Полное медиа каналов @steshin_media

Блог админа - https://t.me/+yAbXuRTqD2syNmUy

Last updated 1 week, 4 days ago

Комната вигукера с горячими артами ❤️‍🔥

Last updated 1 month, 2 weeks ago