по поводу рекламы: @mmnxx77
ваши идеи: @hadostlar_bot
Last updated 2 months ago
𝕿 𝖆𝖒 𝖆 𝖍𝖚𝖒𝖆𝖓, 𝖓𝖔𝖙𝖍𝖎𝖓𝖌 𝖒𝖔𝖗𝖊 𝖙𝖍𝖆𝖓 𝖍𝖚𝖒𝖆𝖓.
По рекламе @venre
Last updated 2 weeks ago
Владелец @tg_ml @Frogiitt
Полное медиа каналов @steshin_media
Last updated 6 months ago
«Пайдечу lилманах деса долчу дегнаша массо а хlума къобал до, доьхна мел долу хlума царах таса а ло, Аллахlа шех къинхетам бина воцург».
Ибн Бáз, мажмýlул фатáвá.
Хьайн рицкъа мичахь ду хьо хууш вацахь, кхера ма кхера, хlунда аьлча рицкъана хаьа хьуна хьо мичахь ву. Хьо цунна тlе ца кхачахь а, цхьа а шеко йоцуш, и хьуна тlекхочур ду хьуна.
Шайх Шаlравий
Iумара, Аллахl реза хуьлийла цунна, аьлла:
"Суна ца деза стаг мокъа гар: йа дуьненан болх беш воцуш (шена хьашт болу, пайде болу), йа Эхартан болх беш воцуш (lибадат деш воцуш).
Иштта ибн Масlуда а аьлла, Аллахl реза хуьлийла цунна, шена и тайпа стаг ца веза аьл.
Цаьршингар и дешнаш далийна Саховийчо "Аль-макъосидуль-хьасанахl" жайний чохь, аз-Зайлаlийчо "Тахрижуль-ахьадиси валь-асар" жайний чохь, иштта кхиболчара а.
Сама ваьлча деш долу доIа: «Альхьамду лиЛля́хlиллези́ ахьйа́на́ баlда ма́ ама́тана́ ва илайхlиннушу́р»
ДIавуьжуш деш долу доIа: "Аллох1умма бисмика амуту ва ахьйа"
Абу ХӀурайрата (АллахӀ реза хуьйла цунна) дийцина, АллахӀан Элчано (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) элира аьлла:
«Муьлхха а садолчу хӀуманна йеллачух йал хуьлуш ю».
-Муьлхха а садолчу хӀуманна ахь белларг кӀен буьртиг бен бацахь иза АллахӀа хьан сагӀа лоруш ду-кх, иштта кӀеззигчу хӀуманах цхьаьна вайна йал луш, оццул чӀогӀа къинхетам ву АллахӀ вайца.
Хьуна хаълахь, Iесалла – хьо сийсазваран бахьана ду хьуна. дуьххьара Далла хьалха хьо сийсазваран, цул тIаьхьа нахана хьалха хьо сийсазваран. Хьуна хаълахь, АллахIа ша сийсазвинарг цхьаммо цуьнан лерам бийр бац хьуна, уьш берриге цунна лерам бан гIоьртича а. Лекха-Сийлахь волчо аьлла-кх: «АллахIа сийсазвинчун лерам бан цхьа а вац».
[Сурат: Ал-Хьажж, айат: 18]
[Хьехам: А́са́руз-Зуну́би Вал-МаIа́си́]
Шайх Мухьаммад Хьасса́н
(АллахIа Iалашвойла иза)
«АллахIан дуьхьа цхьа хIума Iаддитча, цунна дуьхьала цулла а диканиг Цо шена лур дац аьлла хеташ волчо, АллахIах вон ойла йина хьуна».
"وَمَنْ ظَنَّ بِاللهِ أَنَّهُ إِذَا تَرَكَ لِأَجْلِهِ شَيْئًا لَمْ يُعَوِّضْهُ خَيْرًا مِنْهُ فَقَدْ ظَنَّ بِهِ ظَنَّ السُّوءِ".
Имам Ибнул-Къаййим - Зáдул-маIáд, 3/272.
Имам Ибнул Къаййим ал-Жавзийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Ислам дин дендархьама Iилма Iамийнарг сиддикъийншах (бакълуьйчарах) ву. Ткъа Iилма Iамочуьнан дарж пайхамарийн даржана тIаьххье догIуш ду».
Мифтáхьу дáрис-саIáдахI, 1/121.
по поводу рекламы: @mmnxx77
ваши идеи: @hadostlar_bot
Last updated 2 months ago
𝕿 𝖆𝖒 𝖆 𝖍𝖚𝖒𝖆𝖓, 𝖓𝖔𝖙𝖍𝖎𝖓𝖌 𝖒𝖔𝖗𝖊 𝖙𝖍𝖆𝖓 𝖍𝖚𝖒𝖆𝖓.
По рекламе @venre
Last updated 2 weeks ago
Владелец @tg_ml @Frogiitt
Полное медиа каналов @steshin_media
Last updated 6 months ago