Dive into the Ultimate Free Library: Your One-Stop Hub for Entertainment!

Безамах байташ

Description
Advertising
We recommend to visit

🖤 ️ Eng ѕo'ngι хιт мυѕιclar olaмιga хυѕн ĸelιвѕιz 🥀

Xaммaѕι oldιnda 😅 ѕaвr...❤️

𖤓 хιт мυѕιc 2022+
𖤓 мooмвaн мυѕιc
𖤓 rυѕѕιan мυѕιc
𖤓 вaѕѕ мυѕιc
𖤓 reмιх мυѕιc
𖤓 clυв мυѕιc

💰 Reklama @zayfka_bor

— Аллах Великий!

Last updated 2 months ago

2 weeks, 4 days ago

6️⃣7️⃣

Мичахь йу хьо, мичахь йу хьо хӀинца,
Сох цецйийлла мацахлера йоӀ?
Мичахь кхачи сан сийлаллин рицкъа,
Мичахь тий сан деган йилбазмохь?

БӀаьргаш дуьйхи, жовхӀарш даха Іана.
Со схьагулван хьо ма ца тоьи!...
Сох цецйийла хьо йицйелчахьана,
Со дуьне цецдаха вицвели...

Абдулаев Леча 1981 шо

1 month ago

6️⃣6️⃣

«Бутт» — иза, ахь «кlант ву» элира,
суна и беламе делира,
«хьажахьа ван а ву» элира,
жигара къовсаме йелира,
«батт, мара, бlаьргаш бу» элира,
цунна берг тlуьска а лерира,
йуха.., «и вайх воьлу» аьлла,
сихха хьо къайла а йелира.

Дацара ахь бохург — бакъдина бохуш,
йара и кочалла, сатlома доху:
цу батте тидамаш лоьцучу суна
томе дерг доладан хаьара хьуна.

Матагов И.

3 months, 1 week ago

6️⃣5️⃣

Сан деган безам хьо, сан ирсан гlала,
Ма дукха дисина хьоьга сан ала...
Стиглара и седарчий ца лиепа кхин,
Боданехь хьул а делла къайладевли...

Сан деган безам хьо, ойланийн эла,
Тахана вели хьо суна сел гена ...
И хlора ховха дош сан дагчохь дитна,
Дахаран йохаллехь со цхьалха йитна...

Сан деган безам хьо, куц-хаза амат,
Аса хьо ца лору дахаран гlалат...
Вайшимма безамца йаьккхина зама
Йицйина, хьо воцуш lемар йу йаха...

Румиса Мамакаева

3 months, 1 week ago

6️⃣4️⃣

Сан безам, ас тахна хьоьха дог дилли,
Хьан хазчу озан лар сан лерехь йиси,
Ахь соьга дийцина безамах дешнаш,
Кхечунна хезар ду, йеш суна чевнаш.

Сан безам, со хьуна къинтlера йели,
Зезагийн и аре кхечунна кхели,
Сан дахар хьо воцуш дисна ма дели,
Стиглара цхьа седа ирс дайна беги.

Сан безам, ойланаш ас паргӀат йоху,
Хьо воцуш сан гуьйре догlанца йогlу,
Дакъделла гlа санна безам дlахоьцу,
Безаман къизалла аса тlеоьцу.

Румиса Мамакаева

3 months, 1 week ago

6️⃣3️⃣

ЦХЬАЬНА ЙОlЕ

Дайн дегочу гlашна йуккъехь
Цкъацкъа стиглара седа го,
Нах ма-lарра вайша lашшехь,
Хьо цхьа экам къийлало.

Иэхь ма хета: хазчу бешахь
Iийча хlун ду вайша цхьа?
Иштта оьзда хиъна lечохь
Даго дерриг дуьйцу схьа.

Ахь, са санна веза боху,
Суна доггах йеза хьо.
Вайша ирсан новкъа догlу,
Воккхаве кху бешах со.

Къона хан, хьан бlаьргаш, зама,
Седарчий, хи, беттаса,
Йелар хьо, дог дуьйлуш тlома, —
Цlарца уьш чам кхетта сан!

Мамакаев lарби 1939 шо

3 months, 2 weeks ago

6️⃣2️⃣

ХААЛАХЬ

Хаалахь, ловр ду ас:
Цамгаро вожаварх лаьтта,
Йогучу цlергахь суо ваттарх,
Лекхачу бердах чу таттарх.

Хаалахь, ловр ду ас:
Висарх а цхьа воцуш байлахь,
Шелоно гlораварх лайлахь,
Къен хиларх бахам а байна.

Хаалахь, ловр ду ас:
Бехк боцуш харцо тlекхолларх,
Муш тесна тангlалкхах олларх,
Бодане ор чу суо волларх.

Амма цхьаъ ловр дац ас:
Йезачу хьоьха дlакъастар,
Суо воцчу кlанта хьо хьастар,
Кхечаьрга мотт кхабар, бастар.

Рашидов Шаид

4 months, 2 weeks ago

5️⃣7️⃣

Баганза йа баьгна дІабовш бу
ч|урам,
Т|аьххьара хьан |индаг| цуо куоре
дуьллу.
Ас дукха лардина хьан ц|а, хьан
урам...
Кху буса бодане к|оргенехь
|уьллу.

Цу мархийн бамбано беттаса
хьулдеш,
Датуо нур дуйлучохь цхьа къуьда
йогу.
Хьо дагалиэцамехь сайн ирс а
гулдеш,
Тиэшалахь хьан дуьхьа сан дог ма догу.

Со-м йуха вирзина хьо йуьтуш
йаха,
Тийначу набарца мерза зовкх
хьиэга.
Ахь самах бакъдиэлахь сатесна
дахар,
Г|енаха йайначух — г|абали
тиэга.

Сийсара баганза бисина
ч|урам,
Латийра сайн куорехь хьан амат
дилла.
Ас дукха лардийр ду хьан ц|а, хьан урам...
Геналле ца тоьттуш йог|у хан
йилла.

abuIbnadam

4 months, 2 weeks ago

5️⃣6️⃣

Дахаро дерриг а хийци

Дахаро дерриг а хийци,
Бевзича безаман чам.
Шен дог луш, сан дог дӏаийци,
Хӏинца со тешначо, сан.

Хьо оьшу, йеза а бохуш,
Хьайха ахь тешайо со.
Керланаш иллеш а дохуш,
Дагчохь ас лелош ву хьо.

Шерашца бустуш бац безам,
Мах белча иэца ца ло.
Безамна оьшуш бу тешам,
Ткъа безам ша кхоллало.

Руми Джабраилова

4 months, 2 weeks ago

5️⃣5️⃣

БЕЗАМО...

Безамо кийра сан буьзна,
Шераша дахар а дуьзна.
Меллаша вогlу со-м новкъа,
Дог а ду детталуш довха.

Тахана со ирсе хета,
Диканах, вонах а кхета.
Дуьненан къайленаш лоьху,
Амма со лаьтто дlавоьху.

Эхарта воьду хан кхаьчна,
Замано шен буйна лаьцна.
Къоналла бертаза йахна,
Дегlера гlора дlадахна.

Амма ду дог лаьтташ къона,
Дуьйлу и безамна тlома.
Сацалац, со сацо гlертарх,
Дагlац сан хьекъалца берта.

Безамо-м кийра сан буьзна,
Хено сов дахар а дуьзна.
Меллаша вогlу со-м текхаш,
Махкана дlа а луш декхарш.

Рашидов Шаид.

4 months, 2 weeks ago

5️⃣4️⃣

йа хьо суна гина-теша
бецан аренца,
йа бераллехь дуьхьалтесна
хазчу набаро?
йа гlургlезийн иллеш баха
ас дlахьажийра?
хьо, сан денош серладаха,
муха карийра?

гlургІезаша хьуна йелла
оьзда амалаш.
шовданаша, хьастаделла,
йели чlабанаш.
хьан бlаьргаш тІехь, тlемадаьлла,
кхерста чlегlардиг.
хlунда ас хьо, сайн йу, аьлла,
хаьржи, диканиг?

туьйра дуьтуш, хьо сан хене
муха кхечира?
йа хьо суна кхоьллинера
ненан эшаро?
лаьмнийн марахь тийна йаьхна,
хазчу зезагах,
бlаьсте санна, даг чу йаьржаш,
хьагви безамах.

дийцахь, муха назма аьлча,
хьо хир йара сан?
кхоьруш ву со, тlемайаьлла,
хьо дІайахарна.
дІагlур йу хьо, гІан а хилла,
сан де кхоладан.
ломахь кхиъна маьлхан илли,
муха ала хьо?

Сатуев Хьусайн

We recommend to visit

🖤 ️ Eng ѕo'ngι хιт мυѕιclar olaмιga хυѕн ĸelιвѕιz 🥀

Xaммaѕι oldιnda 😅 ѕaвr...❤️

𖤓 хιт мυѕιc 2022+
𖤓 мooмвaн мυѕιc
𖤓 rυѕѕιan мυѕιc
𖤓 вaѕѕ мυѕιc
𖤓 reмιх мυѕιc
𖤓 clυв мυѕιc

💰 Reklama @zayfka_bor

— Аллах Великий!

Last updated 2 months ago