Why Pay for Entertainment? Access Thousands of Free Downloads Now!

Iумар Абу IабдуллахI

Description
- Къуръанан маьIна:
https://t.me/kuran_nohchiyn_mattah

- Хеттаршна жоьпаш:
https://t.me/sunnatanokhla1441
Advertising
We recommend to visit

❤️‍🔥 Eng sara yangi trend qoʻshiqlarni siz uchun taqdim etamiz 🎶

❤️‍🔥 Barcha qoʻshiqlar original va pechatsiz holatda 🎶

Reklama uchun: @T1MoTel_23

Last updated 1 month ago

🔞 КАТТАЛАР УЧУН❗️
Ходиса расмий канали ✅️

🌐 Жаҳондаги муҳим воқеалар, тезкор ва махфий ходисалар!

⚡️Воқеа ёки ҳодисанинг гувоҳи бўлдингизми?
Унда бизга юборинг:

📩 Taklif uchun: @Reklama715

Last updated 1 month, 2 weeks ago

1 month ago

🌲 АллахIа чIагIо йина бусулба божаршна, зударшна а ялсаманин бошмаш, шайн бухахула лелаш татолаш долуш‚ цу чохь уьш даиман бехар бу‚ ялсаманин бошмашкахь цIена гIишлош а. АллахI резахилар доккха ду – иза сийлахь-боккха толам а бу-кх! [сурат ат-тавба, 72-гIа аят]

1 month ago

📌 Шайх IабдуллатIиф бин Iабдуррохьман бин Хьасана (АллахIа къинхетам бойла цух) аьлла:

«Ибну Таймиййан хьокъехь, цунна "массо а галвелчунна ца хаарца бехказло ю" аьлла кхетам бу аьлла хетар ма дац жимма а Iилманах хьакхвеллачун. Баккъалла а, Ибну Таймиййа дешнаш къеггина и кхетам бохош ду (цара дуьцчуна бIостнехьа ду).» [минхIажу-ттаъсис ва-ттакъдис]

Шайх IабдуллатIиф бин Iабдуррохьман бин Хьасана (АллахIа къинхетам бойла цух) билгалдо, Iиракъийн хьал, ша олуш волу "хаварижашна цахаарца бехказло яц, амма ширк динчун бехказло ю", Шайхо бах:

«Цу Iирокъис хаварижашна цахаарца бехказло цаяларна, кешнашна Iибадаташ (ширк) дешболчарна бехказло яларна (вайн билгал долу) и шен дегIа лаъман тIехьавозуш хилар.» [фатава ал-аимма ан-наждиййа]

Ма дукха бу вайн тахана Iиракъхой. Шелла боьха, шелла доккха, шелла ирча кхин хIумма а доцуш долу, уггаре доккха къа долу, динчура аравоккхуш долу ширк диначун, АллахIац накъоста виначун бехказло ло цара, ткъа шегар керстналла йа ширк делла воцуш, цхьан хIуманехь гIалатвеллачу бусулба стаган бехказло цало цара. Делац накъоста вечу нахаца чIогIо кIеда бу уьш, Дела цхьаъ вечу нахацчулла. Шайх IабдуллатIифа (АллахIа къинхетам бойла цунах) ма-аллара, малх санна къегина билгало ю иза, и нах шайн дегIалаъман тIехьабозуш хиларна! 💾

1 month ago

Ахьмада а, Ибн Хьибба‌на а дийцина Абу СаIид ал-Худрийгара схьа (Дела реза хуьлда цунна) иштта маьIна долу хьадис: «Цхьана жаIун жа юкъара цхьа уьстагI лаьцна хиллера цхьана барзо. ЖаIуно цунна тIаьхьа а кхиъна, цуьнгара и уьстагI схьабаьккхина хилла. ТIаккха барзо шен цIогана тIе охьа а хиъна, аьлла хилла цуьнга: «АллахIах ца кхоьру хьо?! АллахIа суна тIедалийна долу рицкъа соьгара схьадоккхуш ву-кх хьо!». ЖаIуно аьлла тIаккха (цецваьлла): «Ма тамашийна хIума ду-кх хIара! ЦIогана тIе охьа а хиъна, соьга адамийн (маттахь) къамел деш ю-кх борз». Барзо аьлла тIаккха: «Цул тамашийна дерг дийца ас хьуна? Мухьаммад, АллахIан Элча (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) ву хьуна Йасрибехь (Мединатехь), хьалха хилла долчух лаьцна дийцарш дуьйцуш нахана». ТIаккха шен жа далош Мединате веана и жаIу. ГIаланан цхьана йистехь шен жа саца а дина, АллахIан Элча (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) волчу веана иза. Барзо аьлларг дийцина цо цигахь. ТIаккха АллахIан Элчано аьлла цуьнга: «Дийца хьайга барзо аьлларг». Нахе дийцина цо тIаккха, барзо шега аьлларг. Пайхамара (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) аьлла тIаккха: «Бакълуьш ву хIара жаIу. Къемат дийнан сахьт (герга гIоьртина хиларан) билгалонех ду шуна, акхарой адамашка йистхирг хилар...🤎

Пайхамаран (АллахIера салават а, маршо а хуьлда цунна) доцца дахар дуьйцу жайна: https://t.me/umarabdulkhaliym1444/235

1 month, 1 week ago

🪶 Цхьам стага Iумар ибнул-ХаттIабан гергахь цхьа стаг хастича, Iумарс (Аллахl реза хуьлда цунна) цуьнга хеттина:

**«Хьан юххера лулахо вуй иза, цуьнан Iуьйре а, суьйре а хьуна евзуш волу?».

Цуо жоп делла: «Вац!» аьлла.

ТIаккха Iумарс хеттина: «Цуьнца ахча-бохча юкъахь лелиний ахь, шешшинца нах бевзуш долу?».

Цуо жоп делла: «Цалелина!» аьлла.

ТIаккха Iумарс хеттина: «Цунца новкъа велла некъахь хиллий хьо, шегахь нехан гIиллакхаш гучадовлуш болу?».

Цуо жоп делла: «Цахилла!» аьлла.

ТIаккха Iумарс аьлла: «ТIаккха хьуна и воьвзуш вац. Схьагарехь междигехь шортта ламазаш деш гина хир ву хьуна иза (ламазашца доьвзуш дац адам)».**

[Ибну Къутайбас "Iуйунул-ахбар" цIе йолчу жайнахь дийцна иза]

1 month, 3 weeks ago

Ибну Хьазма ал-Анлалусис (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Масне гина вайн, шен къамело ша хIаллак винарг. Ткъа вайн цкъаа цагина, виста цахуьлуш Iеро хIаллак винарг» 🌴

1 month, 3 weeks ago
***🌴*** Ибну Iаббасах (Аллахl реза хуьлда …

🌴 Ибну Iаббасах (Аллахl реза хуьлда цунна) дуьйцу, Пайхамара (АллахIера салават а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла:

«АстагIфируллахI (Аса АллахIе гечдар доьху) дукха бохучунна АллахIа массо гаттонах паргIато йийра ю, массо сингаттамах синтем бийра бу, иштта, цунга хьесап далурдоцуш рицкъа а лур ду!»

[Абу Давудас дийцна иза, ткъа Мунзирис дика хьадис ду а аьлла цунна хьокъехь]

3 months, 1 week ago

Тховса а, кхана а урокаш хир яц. Шу ваша некъац ву! 🎒

3 months, 1 week ago

КхойттолгIа дарс:

- Фатихьал тIехьа сурат дешар.

- Шина ракаIатехь цхьа сурат юх-юха дешар.

- Ламазехь сураташ дешар а, церан хьукманаш а.

- Сафарехь (некъахь) доца дешар.

- Шина ракаIатан юкъахь сурат декъар.

- Цхьана ракаIатехь цхьа аят юх-юха дешар.

- Цхьана ракаIатехь цхьа сурат юх-юха дешар.

- Еша, язъя цахууш, дагахь цалеттачун ламаз.

ЖАЙНА: Пайхамаран ﷺ ламазан куц.

ГОЧДИЙРИГ: Асланан кIант Iумар.

3 months, 1 week ago
5 months ago

https://t.me/takfiranbakonash

Telegram

Такфиран бакъонаш

Жайни цIе: Такфиран бехкамаш а, дуьхьлонаш а. Яздинарг: Шайх Абу Суфьян Ас-Суламий. Гочдийриг: Асланан кIант Iумар.

Iумар Абу IабдуллахI
We recommend to visit

❤️‍🔥 Eng sara yangi trend qoʻshiqlarni siz uchun taqdim etamiz 🎶

❤️‍🔥 Barcha qoʻshiqlar original va pechatsiz holatda 🎶

Reklama uchun: @T1MoTel_23

Last updated 1 month ago

🔞 КАТТАЛАР УЧУН❗️
Ходиса расмий канали ✅️

🌐 Жаҳондаги муҳим воқеалар, тезкор ва махфий ходисалар!

⚡️Воқеа ёки ҳодисанинг гувоҳи бўлдингизми?
Унда бизга юборинг:

📩 Taklif uchun: @Reklama715

Last updated 1 month, 2 weeks ago