• дᴧя ᴧюбиᴛᴇᴧᴇй? | ᴄᴏхᴩᴀняᴛь?
• нᴀɯ ғʟᴏᴡ ?️ | ʙᴀɯ ʙᴋуᴄ?
• иʍᴇᴇʍ ᴄᴛиᴧь? | иʍᴇᴇʍ ʙᴄᴇх ?
Reklama | @ch1chen
📍Kanalımıza qoşularaq e-kitabları rahatlıqla yükləyə və oxuya bilərsiniz.
📲 Reklam: @admpdf
берлинехь ло догlу тховса,
ло догlу хир ду-кх вайн цlахь а.
лайлахь дlатийна цхьа тховса,
тергалйеш хир йу-кх ахь а...
сих, дегlах, цацанах санна,
чекхдуьйлуш лайн чимаш хьийза,
цкъа а кхин хир йоцуш санна,
гlелйелла сан ойла цlийза.
дазделла массо а xlума,
йиш йоцуш дийца йа кхета,
бен-башха мел доцу хlума
кху сарахь бен-башха хета...
кху сарахь бен-башха хета
Дала мел кхоьллина хилам,
йиш йоцуш дийца йа кхета,
йовхонах со хьегна хилар.
ас хьуна цlе туьллу — "малхаш",
вай цкъа а гур доцу дела,
лайлахь дlабайначу малхах
сайна хьо тарйелла дела.
апти бисултанов.
латийча сирнико дохк а йагаеш йуькъа йу гуьйренан буьйса со некъо куьг а лаьцна дlавуьгу цхьанхьа Нохчийчоь хьан сирлачу тийналлех дlаэ нана сан ага техкочохь тар тесна lа гуьйре ладугlу хан суна хаьа Нохчийчохь бlаьвнийн жlаьлийн десачу урдийн…
кlайчу лай тlе бужуш къийган lаьржа мохь
цагинаверг тахна кхетар вац-кха сох.
апти бисултанов.
«сийлахь ву-кх дахарехь некъ боьхна лелларг,
шен лазам хьулбина, дуьненна велларг,
ирсе ву-кх дахарехь доттагlех тешнарг,
халоно хьовзийча церан гlо эшнарг».
и илли сан дедас баьхна бах ломахь,
ткъа дас и дерзадар суна тlехь дитна,
ша воьдуш, дуьненан массо а къоман
маршонан дуьхьа шен мерза са дитна.
мехкан вон ден тезет санна а хеташ,
леллачу къонахийн амалш дlакхехьа
баьхкинчу кlенташца со новкъа волуш,
и илли ас тахна мохь тоьхна олу:
«сийлахь ву-кх дахарехь некъ боьхна лелларг,
шен лазам хьулбина, дуьненна велларг,
ирсе ву-кх дахарехь доттагlех тешнарг,
халоно хьовзийча церан гlо эшнарг».
апти бисултанов.
суна ца хууш дерг хуий,
зIок йетташ, сан дог а дуий,
сан мохь а къовлий шен мIарашна йуккъехь,
сан илли гIотту дIо херцаршна тIера,
ша тIамарх иес даккха кагбина букъ бен
сох хIума ца дуьтуш лаза йа кхера,
цуо овкъарш кегайо, тIемашца хlуо детташ,
цуо лаьмнаш дегадо, аьрзунан мохь бетташ:
– хьайбаха! хьайбаха! хьайбаха!
догуш ду адамаш, хьайбанаш,
догуш ду доIанаш, йесанаш,
догуш ду сан къоман деса каш
со гIатта тохало – деккъа цхьа пIендарш,
со вада тохало – йеккъа цхьа голаш,
вовшашна тIетеIий дIахIуьтту бердаш,
гуо лоций, дIахIуьтту гIалартийн кхоларш.
– шу хьенан, муьлаш ду ?– олу ас тIаккха,
ма гIерта олу ас со хьераваккха!..
дIахеца олу ас вита со ваха.
гIаларташ тардала дуьйлало нахах.
апти бисултанов.
• дᴧя ᴧюбиᴛᴇᴧᴇй? | ᴄᴏхᴩᴀняᴛь?
• нᴀɯ ғʟᴏᴡ ?️ | ʙᴀɯ ʙᴋуᴄ?
• иʍᴇᴇʍ ᴄᴛиᴧь? | иʍᴇᴇʍ ʙᴄᴇх ?
Reklama | @ch1chen
📍Kanalımıza qoşularaq e-kitabları rahatlıqla yükləyə və oxuya bilərsiniz.
📲 Reklam: @admpdf