❌ Чорний Лист заходу України ⚠️
(Львівщина, Волинь, Тернопільщина, Рівненщина, Франківська та Хмельницька області! Закарпаття та Чернівецька)
Надіслати новину/Реклама 🏴☠️ @send_me_smth
Last updated 13 hours ago
Last updated 1 week, 4 days ago
Зв'язок: @amanogawa_sup
На вступ: https://forms.gle/uJsKK2DqDjM65Kcf8
Бот: @amanogawa_ua_bot
Релізи: @amanogawa_release_re
Чатик: @amanogawa_talks
Наш сайт: https://amanogawa.space/
У коментах лише українська
https://base.monobank.ua/CyXpFgHdz8XH7u
Last updated 2 days, 6 hours ago
ХIара Дуьне а, цу чохь мел дерг а кхоьллина АллахIа, Иза цхьаъ ву, Цуьнан накъостий бац. Цуьнгахь ду Ша мел кхоьллинчу хIуманна тIехь олалла, Цуьнан лаам кхочушбеш ду дуьненчохь – лаьттахь а, стиглахь а – мел дерг. Иза массо хIума хууш а, массо хIума гуш а, массо хIуманна ницкъ кхочуш а ву.
Мадхалиташ
Ибн Таймиййата (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:
«Башхалла ю хьуна (масала: кху кепара долу) дош алар я (масала: кху кепара долу) хIума дар бидIат ду аларна а, и (бидIат долу) дош я и (бидIат долу) хIума деш волчунна бидIатхо ву аларна а юккъехь, шегара бидIат мел даьлларг вац хьуна бидIатхо».
-Кхунах вайна билгалдолу-кх мадхалиташ лелош болу некъ салафийн некъ я нийса некъ цахилар, цхьаъ гIалатволушшехь цунна бидIатхо олий цIе туьллуш болу.
Тарих йийцаран а, дийцарш дийцаран а дуккха а пайданаш ду. Хьалхара пайда: Дийцарш дийцаро муъмин-нехан дегнаш чӀагӀдеш хилар ду. Сийлахь-везачу АллахӀа вайн Элчане (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) аьлла: «Элчанийн дийцарех массо дийцар дуьйцу Оха хьуна, цу дийцаршца хьан дог чӀагӀдеш».
Цхьаболчу салафаша аьлла:
«Дийцарш - Сийлахь-везачу АллахӀан эскарех цхьа эскар ду, АллахӀа цу дийцаршца Шена муьтӀахь болчу нехан дегнаш чӀагӀдо».
ШолгӀа пайда: Дийцарш дийцаро дика нах бовзуьйту вайна, цу дикачу нехан некъ билгалбо вайна. Сийлахь-везачу АллахӀа Къуръан чохь дуккха а пайхамарш Ша хьахийначул тӀаьхьа аьлла: «Уьш бу хьуна АллахӀа нисбинарш, уьш бу хьуна АллахӀа нийсонна тӀе хӀиттийнарш, церан нийсонна тӀаьхьаваза хьо, церан некъана тӀаьхьаваза хьо».
КхоалгӀа пайда: Дийцарш дийцар вайл хьалха хилла болчаьргара масал эцарна а, хьехар эцарна а тӀебоьду некъ бу. Сийлахь-везачу АллахӀа боху:
«Боккъалла а, церан дийцаршкахь хьехам ма бу, масал ма ду хьекъалийн дайшна».
Цу дийцаршкахь хӀинца вай хьахийна доцурш а дуккха а пайданаш ду, дагардина ца валлал. Цундела и пайданаш цу дийцаршкахь долу дела, цу дийцаршкахь дуккха а вайна хьехамаш болу дела хӀоразза а шегахь вайна пайда болу, шегахь вайна хьехам, масал долу доцца дийцар хьахор ду вай.
Вай хӀора дийцар дуьйцучу хенахь и дийцар вайн дахарна тӀедоссо деза вай, цу дийцарна дикка ойла ян еза вай, нагахь цу дийцарехь цхьа дика болх гинехь, вешан дахарехь и дика болх лело хьовса деза вай, нагахь цу дийцарехь вайна цхьа вон болх гинехь, вешан дахарехь цу вочу белхах лардала хьовса деза вай, нагахь санна цу дийцаршка иштта хьовсуш вай хилахь, цу дийцарех вайна пайда бер бу, цу дийцаршкахь вайна масал а карор ду. Цу дийцаршка вай хьежар, и дийцарш цхьана хенахь хила а хилла, лела а лелла дӀадевлла белхаш ду аьлла хилийта мегар дац, цу дийцаршка вай хьажар Ӏумар ибн ХаттӀаба (АллахӀ реза хуьйла цунна) ма-аллара хила деза:
«И нах дӀабевлла, амма и нах бийцарца лиънарш вай бен дац».
Сийлахь-везачу АллахӀа Къуръан чохь Ша хӀаллакдина бохуш дийцина долчу къаьмнийн хьокъехь иштта дош аьлла цо.
Ассаламу Ӏалайкум.
Вайн цхьана вешина гӀо оьшуш хьал хӀоьттинера, авари йина цхьаьннан машен йохийна декхаре вахана иза, и машен а нахера юхалург декхар даьккхина эцна яра цара, шайна Ӏилма Ӏамоче дӀайсадаха эшарна, вайна ял хир яра, ткъа царна гӀо-накъосталла хир дара вайх хӀораммо а сом даларца дина а гӀо дича... ХӀокху лоьмар тӀе даийта шайна дакъа лаца луучо сом, 50 туьма 100 туьма бен дацахь а.
Б. Зубайраевна
2202206817827186
Аллахӏан Элчано (саллаллахIу ӏалайхӏи ва саллам) аьлла:
Лай шен бусалба вешина гӏо деш мел ву, Аллахӏ гӏо деш ву цунна...».
[Муслим: 2699]
❗️Ламазан 14 рукна ю:
Царех цхьаъ кхочуш ца хиллехь, ламаз нийса хир дац.
- Ниййат дар;
- Шен ницкъ кхочуш хилахь ламаз ирахь дар;
- Ламаз дIадоьхкуш долу такбир – АллахIу акбар – алар;
- Фатихьат (Бисмилла) дешар;
- РукуI дар;
- РукуIера хьалатаIар;
- ВорхI межена тIе сужуд дар; (Кхузахь лууш йолу ворхI меже хIорш ю: ши куьг, шина коган буьхьигаш, когийн ши гола, хьаж а).
- Шина сужуд юкъахь охьахаар;
- ТIаьххьара ташаххIуд – эттахьиг – дешар;
- ТашаххIуд – эттахьиг – доьшуш охьахаар;
- ТIаьххьарчу ташаххIудехь Пайхамарна – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – салават диллар;
- ХIара хIора рукн сих а ца луш, меллаша, паргIат дар;
- ХIара рукнаш тIаьхьий-хьалхий, шен-шен къепехь дар;
- Салам далар.
Закат даларца бусалба стага шен са цIандо къинойх, бIаьрмецигаллех…Цуьнца цхьаьна цо гIо до мискачу нахана, шен хьал-бахам, даьхни цIан а до, зенах-зуламах лар а до, Дала бохург деш муьтIахь хиларца, Цунна хастам барца, Цо кхоьллинчу адамашна дика болх барца.
ХӀара ю дӀаязлуш йолу ссылка?
https://forms.gle/o3MDVXqFsbjiLWxr6
Хетарехь, цхьаболчара хьалхалера ссылка яржийначух тера ду, цундела ссылка дӀакъевлина карайо нахана.
ТӀедазло, пайда а эца шайна кху чуьра
❌ Чорний Лист заходу України ⚠️
(Львівщина, Волинь, Тернопільщина, Рівненщина, Франківська та Хмельницька області! Закарпаття та Чернівецька)
Надіслати новину/Реклама 🏴☠️ @send_me_smth
Last updated 13 hours ago
Last updated 1 week, 4 days ago
Зв'язок: @amanogawa_sup
На вступ: https://forms.gle/uJsKK2DqDjM65Kcf8
Бот: @amanogawa_ua_bot
Релізи: @amanogawa_release_re
Чатик: @amanogawa_talks
Наш сайт: https://amanogawa.space/
У коментах лише українська
https://base.monobank.ua/CyXpFgHdz8XH7u
Last updated 2 days, 6 hours ago