Infinite Entertainment, Zero Cost: Get Your Free Books, Music, and Videos Today!

MOMSAR

Description
«Ткъа ийман диллинчарна АллахӀ чӀогӀо веза.»
[ал-БакъарахӀ: 165].
___
@MOMSAR_BOT
Advertising
We recommend to visit

Last updated 1 month, 3 weeks ago

📲Вайца зӀе: @Khetasho_bot

📲Youtube: https://youtube.com/@khetasho

Last updated 4 weeks ago

🧸-ʍуɜыᴋᴀ дᴧя ϶диᴛᴏʙ-🧸
💸-ᴨᴩᴏᴇᴋᴛы, ᴨᴀᴋи-💎
🩸-ᴏᴩиᴦи дᴧя ϶диᴛᴏʙ -🩸
🎃-ᴄᴏхᴩы-🎃
🪐-ᴨᴏ ʙᴏᴨᴩᴏᴄᴀʍ: @KGBEROV

Last updated 2 months, 2 weeks ago

1 week, 5 days ago

«Ӏумар ибн аль-ХаттӀаб халиф волчу хенахь бусулба нахе кхаьчна йолу мацалло Риман, Персин импери йохор йолу чкъор кхиийра. Ткъа Андалусехь, Багӏдадехь бусулба нахе кхаьчна долу паргӀат дахаро и бусулба нехан мехкаш дайъитира цаьрга. Хала зама тӀееъча холча ма хӀотталахь, къонахий кхиор бу хьуна цо.»

© Ибн Халдýн | «давратуль - хьадáрáт»

1 week, 5 days ago

ХӀора бӀогӀам тӀе дӀа тоха йиш елар хӀара йоза. Мел дегаза ду иза, ВаллахӀи!
ХӀара эрчо шай аз хозуьйтуш дийца ма буьйла белла цхьаберш. И хӀунда лелош ду, шу мил Ӏехо дохку? Шаьш хьаг делла долу жӀалеш санна дуй гайта лаьа шуна массарна? Кхи эхь ца хеташ АллахӀан цӀераш йохуш и къамел дола а деш. Йа Роббана!
АллахӀах кхера!
АллахӀах кхера!
Диканиг де, вониг ма де алар кхин сов хила йиш йоцуш цӀена, оьзда динан фард ду! Ма даккха иза эрча! АллахӀах кхера! Шайна лартӏахь дӀа кхачо ца хаахь Ӏад Ӏе, ма елла и боьха неӀ схьа!
Шаьш шайн ниятех шек делахь Ӏад Ӏе, АллахӀана тӀе болх биллий Ӏад дита и! Ма гӀатта де и питана! ВаллахӀи АллахӀ Ӏехор ма вац аша, шайна тӀе мел хьехамчийн духарш дохахь а! Цуна хаьа дегнаш хьулдийриг! АллахӀах кхера!

1 week, 6 days ago

«Бакъдерг чоьвнан тӀедиллича и чов а тойийра яр цо.»

© Ахьмад ибн Хьанбал

2 months, 2 weeks ago

Уьш хӀун берзалой ю кхеташ вац со...

Кхо де хьалха мелла а генахь Ӏаш хиларна наггахь бен гуш боцчу накъосташца цхьана кхетар нисделлера.
КафЭхь хилира тхан вовшах кхетар, маьркӀажа хан хила йисина хан цхьа сахьт иттех минот бен ца хиларна, ламаз цу чохь дан дезаш хилира. Ламаз карла доккхуш сахьт куьйга тӀера схьа а даьккхина цу чохь бедарш тӀе ухкучунна тӀе дӀа оьллира аса, делахь а цу чура ара волуш диц делира иза схьа эца. Цул тӀаьхьа ламаз а дина, кхин ши сахьт гергга хан йаьлчул тӀаьхьа "ванах дикка хан ма ю кху чохь долу, дала мас даьлла те?" - аьлла, сахьт тӀе хьажа дагадеъча куьг цхьа тамашийна деса хийти. Даггахь дерг матта тӀехь гуч доккхуш киртиг яр иза, хӀунда аьлча, суна делла а дар иза, мах кхин башха коьрта бацахь а деза сахьт а дар иза... Цул совнаха иштта сахьт хӀинца ара хоьцуш а дац.

- ХӀииии! Сан сахьт...!

(Кхаанна цӀераш айса техкина ю, уьш реза болуш, реза-м хӀунда ца хуьлура оццул хаза цӀераш шайна техкича?) Сиражди:
- ХӀун хилла? Ма ала диц дина!
- Дицдина .

Нурди:
- Муха? Мичахь?

- Ламаз эца вахча дицдина.

Хьала иккхина сиха хьажа воьду. Иштта сагаттош соьца Абу МуӀаз вогӀу. Ламаз оьцу чоь чӏаьгӏна ю... Хьоьжуш Ӏа... дог сих деттадала долало...сагаттадала долало...дог этӀа...
Абу МуӀаза цхьаъ хоьтту соьга, суна кхин башха хезаш вац иза. (Къин тӀера волийла-кх иза, ца валахь хала хир ду цуна)
И кхин схьа а ца йоьллий, тхайн чоь чу дӀа воьду со, Абу МуӀаз ара волу, тхайн чоь чу дӀа кхаьчча гинагр уггар хазаниг дар, Сираждигахь а дар и санна долу сахьт. Шена тӀера иза схьа а даьккхина, со хиъна Ӏаш хиллаче стол тӀе охьа а диллина Ӏаш ву.

- Хьенех! Хьуна и хьайн сахьт схьа ца карадой, хӀара БисмиллахӀ хьан ду-кх.

Цо и гӀиллакх лаьцна мел хаза хийтира яздан хала ду. Цуьнан гергарчу цхьан барзо дийцира соьга, мел лахара 10 шо хьалха, ахча ахча долчу хенахь, дикка мах белла (300 $ гергга) эцна дар цо иза аьлла, цул тӀаьхьа чӀогӀа дезаш лелош а дар аьлла. Соьгахь и сахьт долу а дар 7-8 шо мел лахара. Сахьтан мах, цуьнах делла соьмаш коьрта дац, уггар хазаниг вежаралла ду.
Цул тӀаьхьа Нурди ваха сан сахьт лаха, кара а дина, иза шен кисана диллина, жимма со хьийзо дагахь гуча ца доккхуш Ӏа ойла хиллера цу берзан, делахь а, дагана кӀеда ву-кх са малхе даларг.

- Хьа эца! Хьо дог этӀаш хиларна схьа ло аса, вуьштта хьийзор вар ас хьо..- олуш схьа кховдий.

Нурди ву тхо делла дӀа довллалца хьийза дар а шена цхьаммо бехке дуьллур доцуш, Ӏовдала забарш еш оха иза хьийза варна бекхамаш кхин а ехха заманахь хир долуш ду тхуна, иза тхуна даггара къин тӀера ца валахь. "Ваьлла-м" олу цо. Хуур ду-кх...

13 ШаӀбан 1445 хӀ.ш.
23.02.2024 ш.

2 months, 2 weeks ago

«Дика накъост АллахӀа хилийтина хьоьца хадийна долчу гергарлонан меттана.»

© аль-Къóсим ибн Мухьаммад

2 months, 2 weeks ago
2 months, 3 weeks ago

«Суна хезира Ахьмад ибн Хьанбала олуш: «Ялх стаг ву аса сужудехь шайна доӀа деш, царах цхьаъ имам ШафиӀий ву.»

© Майму́ний

2 months, 3 weeks ago

«Дино а, къонахалло а, хьекъало а, сино а магош дац шел тӀаьхьа лазам болу марзонна тӀаьхьа валар а, шена тӀаьхьа дохко валар долу дегӀан лаам кхочуш бар а.»

© Ас-Саффáри́ний

2 months, 3 weeks ago

Мацалийца, шелонца, тlемца хlокху сохьта зуьш болу Рафехь вайн бусулба вежаршна, йижаршна доlнаш деш хилалаш алсам!

Аллахlан хьикмат Шен белхашкахь цхьа а шеко йоцуш, дазо доцуш дукха доккха ду! Сийлахь волу АллахI цхьа а шеко йоцуш зуламхойшкара чlир ца оьцуш lийра волуш вац!

Вайн декхар цу беркате латтана генахь долу, шортта доlнаш дар царна, вайн lесалла lад йитар ду.

Хьекъалле диллича оццул чолхе хьолехь болуш, герзанца, терахьца оццул кlезиг болуш, тlоьхула тlе инзаре маццалехь болуш оццул доьхьало йойла дацар цара, делахь АллахIера дуьххьал дlа царна гlо хиларна, югlа цул тlаьхьа бусулба нахера доlнаш бахьан долуш иштта дуьхьал лаьтташ ду Палестинера и къонах, бусулба къам АллахIан мостагlашна дуьхьал.

2 months, 4 weeks ago

«АллахӀана Шен лайна дика дан лиъча цуьнан маттана аттадо Цо Элчанна ﷺ салаваташ дахкар.»

© Ибнуль-Джавзий

We recommend to visit

Last updated 1 month, 3 weeks ago

📲Вайца зӀе: @Khetasho_bot

📲Youtube: https://youtube.com/@khetasho

Last updated 4 weeks ago

🧸-ʍуɜыᴋᴀ дᴧя ϶диᴛᴏʙ-🧸
💸-ᴨᴩᴏᴇᴋᴛы, ᴨᴀᴋи-💎
🩸-ᴏᴩиᴦи дᴧя ϶диᴛᴏʙ -🩸
🎃-ᴄᴏхᴩы-🎃
🪐-ᴨᴏ ʙᴏᴨᴩᴏᴄᴀʍ: @KGBEROV

Last updated 2 months, 2 weeks ago