Unlock a World of Free Content: Books, Music, Videos & More Await!

ИСЛАМ ДИН

Description
Бусалба Нохчийчоь📚

​​Баккъал а, сатуьйсу ас, тlаьххьарчу сахьте кхаччалц, сайн дин лардеш лаьтташ а волуш суо кхалхаре.

Шайх Абу Исхьакъ ал-Хьувайний
(АллахIа Iалашвойла иза)
Advertising
We recommend to visit

Last updated 1 month, 3 weeks ago

📲Вайца зӀе: @Khetasho_bot

📲Youtube: https://youtube.com/@khetasho

Last updated 4 weeks ago

🧸-ʍуɜыᴋᴀ дᴧя ϶диᴛᴏʙ-🧸
💸-ᴨᴩᴏᴇᴋᴛы, ᴨᴀᴋи-💎
🩸-ᴏᴩиᴦи дᴧя ϶диᴛᴏʙ -🩸
🎃-ᴄᴏхᴩы-🎃
🪐-ᴨᴏ ʙᴏᴨᴩᴏᴄᴀʍ: @KGBEROV

Last updated 2 months, 2 weeks ago

4 months, 1 week ago

Хаза гlан гича лело дезаш долу гlиллакхаш:

1) АллахIан хастам бар Цо хьуна иза гайтарна.

2) Хьан эца хазачу гlенах самукъадалар.

3) И хаза гlан ахьа хьайна дукха везаш волчунга бен ца дийцар.

Шайх Ма́хlир ал-Фахьл.

https://t.me/busalba_nohchichoy

4 months, 3 weeks ago

ХАЗА ДИЙЦАР.

Бишр ал Хьафий олуш цхьа хьолада хилла, чlогlа сакъоьруш дуьненах самукъа долуш стаг хилла иза, чlогlа Дела динан гена ваьлла стаг хилла иза, цхьана дийнахь иза шен хlусамехь сакъоьруш волуш, цуьна хlусаман тlех волуш цхьа Дела гергарастаг Дела дика лай хилла цо чlогlа тамаш бинакха цуьна хlусамехь долчуьнах, чlогlа эхь ца хеташ, бе ца хеташ, хецца и стаг иштта сакъоьруш гина Аллахlан Динан гена ваьлла иза гича, тlаккха хlокхо ша оцу хьолах дукха чlогlа цец валарна цуьна наьlаре вахана наьl тоьхна, наьl тоьхча, оцу чохь и сакъоьруш волчуьна, хьадалча хилла йолу цуьна хlусамехь цуьна гlуллакхе хьожуш хилла йолу зуда (служанка) ара йаьллакх, хlокхо хаьттина цуьнга тlаккха, мила ву хlокха хlусам да аьлла, зудчо аьлла иштта иштта Бишр ал Хьафий ву аьлла, ше элана цlе йаьккхина зудчо, тlаккха оцу стага аьлла маьрша стаг ву иза? йа лай ву иза? аьлла, оцу зудчо аьлла тlаккха ша хьоьга ма боху ше Эла ву иза, маьрша стаг ву дера, тlаккха оцу тlе веанчо элира, бакъ ду хьуна иза, маьрша стаг ву хьуна иза, ша лай велахьара ше элнах ше паччахьах эхь хетара дара хьуна цунна аьлла,  дlавирзина дlа вахара иза, тlаккха ше сакъоьруш lаьш волчу Бишрана гира и зуда оцу наьlрехь цуьнна тlе йахана цуьнга йист хуьлуш и сурт ган а гина Бишрас тlе кхайкхина хаьттина оцу зудчуьнга мила вара иза аьлла, оцу зудчо элира тlаккха, цхьа стаг варакх иза цхьа тамашина веана аьлла, хlу бахара цо аьлла тlаккха оцу Элно (Бишрас) зудчо аьлла цо хаьттира мила ву хlокху хlусаман да маьрша стаг ву иза йа лай ву иза аьлла, ша маьрша стаг ву элира ше Эла ма ву иза маьрша стаг муха ца хуьла иза аьлла, тlаккха цо элира бакъ луьйхьуна хьо нагахь санна ша лай велахьара ше паччахьах ше эланах эхь хетара дара хьуна цунна аьлла, ткъа кхитира и Бишр цигахь вуьйцуш волу эла Аллахl вуй, кхитира и Бишр цигахь хоьттуш долу и лай хилар, Аллахlан лай хилар дуй, тlаккха когаш lуьйра ара иккхина ша lаьш волчу кlоштахь шахьрахь ведда лилира иза, мохь хьоькхуш, и важа стаг лоьхуш мохь хьоькхуш велха воьлхуш, мухле лай ву хьуна ша хlай ше Дела, лай ву хьуна ша хlай ше Эла лай ву хьуна ша, вац хьуна ша Эла бохуш мохь хьоькхуш вилхира и Бишр ал Хьафий, цултlаьхьа когашlуьйра лелаш хилла и Бишр ал Хьафий хьо хlунда лела когаш lуьйра аьлча, цо олуш хиллакх, Аллахlа ша нисвинчу дийнахь когаш lуьйра вара ша оле, цундела деза шена когаш lуьйра лелар оле олуш хилла бах цо. Ахьмад бин Хьанбал (Дала къинхетам бойла цуьнах) волчу заманчохь хилла стаг ву хlара, Багlдадехь lийнаъ ву иза, Ахьмадана уггаре дукха безаш болча нахах хилла ву иза, Ахьмадас хесточарех хилла ву иза, цо олуш хиллакх, уггаре чlогlа Делах кхоьруш муьлха хlусам ю Багlдадехь аьлла шега хаьттича, Бишр ал Хьафий хlусам ю оле олуш хилла цо, Аллахlан гергарчу нахах, Аллахlан Эвлияэх уггаре а бакккхийрачу Эвлияэх лоруш ву
Бишр ал Хьафий
(Дала къинхетам бойла цуьнах).

https://t.me/busalba_nohchichoy

5 months ago

«Цхьадолу дас-нанас, бер пилёнкаш юкъахь долчу хенахь дуьйна дIа, и доьлхучура сацорхьама, "бlабу догlу!" - бохуш кхера а деш кхиадо. Делахь а, цушинна ца хаьа шаьшимма цунна дешдерг мел доккха зен ду! Бер жималлехь ша кlеда чlурам (свеча) санна ду, муьлхха а шена тlехь юьтуш йолу лар шеца юьсуш. Тlаккха и бер кхиина даьлча чlогlа кхоьруш хуьлу, жималлехь ша кхерош шена хьехийна долу сарташ сих-сиха дагаоьхуш. Шена уллехь хlумма ца хилча а, цхьаъ уллехь ю моьттуш, шена хlумма ца гича а, цхьаъ гина моьттуш. Дайн-нанойн гlалат бахьана долуш цу берийн дахар кхин дlа чlогlа кхоьруш хир ду».

["lизатун-на́шиийн", агlо 186.]

Шайх Мустlафа ал-Гlалайийний (Аллахlа къинхетам бойла цунах)

https://t.me/busalba_nohchichoy

5 months ago

Ламаз шен билгалйина йолчу хенах бехказло а йоцуш дlатилийтар, дакъазвоккхуш долчу дукха даккхийчу къиношха ду!

[Ирша́дул-lиба́д, Ал-Малийба́ри, агIо: 107]

https://t.me/busalba_nohchichoy

5 months, 2 weeks ago

Декхар далар хьарам хуьлу: нагахь санна цунна билгала даьллехь декхар доккхуш волчо иза хьарам новкъа хьажор долуш хилар, масала: къаьркъа эцарна!

[Ал-муIтамад, дáкъа: 3, агIо: 166]

https://t.me/busalba_nohchichoy

5 months, 2 weeks ago

Хlума юхкуш волчунна ша юхкуш йолу хlума сакхт долуш елахь иза йохка бакъо яц, цо иза оьцуш волчунна билгал диний бен!

[Ат-такърийра‌т ас-сади‌дахl, да‌къа: 2, агlо: 41]

https://t.me/busalba_nohchichoy

5 months, 3 weeks ago

(Буьрканах ловзархо) Мохьмад Салихьан белш лазийначу хенахь lарбийн уммат гlеттира (орцах даьлла, лазам хилла) хlорд тlера (lарбийн) гlайре тlе кхаччалц цхьаъ стаг санна хилла, масех минотехь.

Ткъа сектор Газы ю шена (жуьгташа) бlенашкахь бомбанаш етташ (хlаллакйеш): хlаваэхула, лаьттахула, хlордахула...

гlоттур дуй те и (lаьрбийн) уммат цунна гlоьнна (орцанна) йа цунна доlа деш уггар лахар бáрамехь?!

Хlара кlеззиг болу бустам бу вайн уммат шега кхаьчначу тиларан, эрна дáран..

Хьайн къинхетам бехьа хlай сан Дела!!!

https://t.me/busalba_nohchichoy

5 months, 3 weeks ago

КЪИНОША БАЛАНАШ ТIЕДОХЬУ.

Имам Такъиюддин ал-Хьиснис (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла:

«Баккъала а, къинош бахьана ду догIанаш оьхучура совцар а, шовданаш дакъадалар а, рицкъанах вай довлар а, АллахIан оьгIазло вайна тIейар а, вайна тIе баланаш диссар а, кхерам а, мацалла а, даьхний лахдалар а, дIайийна хIума хьалацайалар а, дитташ тIе стоьмаш кIезиг латадар а. Иштта и къинош бахьан ду-кха, оцу махкара нах хIаллакьхилар а».

[Кифаятул-ахя'р, агIо 241]

https://t.me/busalba_nohchichoy

6 months, 2 weeks ago

Сан Дела! Нухьа шен къоманна диначу доIанна жоп делла волу, ИбрахIимна шен мостагIашна дуьхьал гIо дина волу, Юсуп пайхамар Якъубана вухаверзийна волу, Аюб пайхамар лазарх хьалхаваьккхина волу, Закарин доIина жоп делла волу, Юнусан хастам къобалбина волу («Кхин дела вац, Хьо воцург. Керстано кхуллучу харцонех цIена ву Хьо. Боккъалаъ, зуламхойн могIарехь хили-кха со»). Оха доьху Хьоьга Юнуса диначу хIокху жоп луш долучу доIанан къайленашца - оха тхайн доIанехь Хьайга доьхург Ахьа къобалдар, оха дехнарг Ахьа тхуна далар.
Я АллахI! Айхьа хьайн муъма лаьшна йина ваIда кхочушйе Ахьа ГIаззин охIланна. Хьоьга бен догдохийла йоцуш, Хьоьга бен сатуьйсийла йоцуш биссина уьш. АллахI тоьаш ву дола дан! АллахI тоьаш ву гIо дан! АллахI тоьаш ву вайна, Шена болх тIебуьллу диканиг ву И.
Я АллахI! Жоп ло Ахьа тхуна. Амин!
Я АллахI! Жуьгташна а, уьш безаш цаьрца гергарло лелочарна а шозза сов Iазап ло Ахьа Хьайн ницкъаца. ХIай нуьцкъала верг, доккха неIалт ала Ахьа царна.
Я АллахI! Церан хIусамех кийсакаш йе Ахьа.
Я АллахI! Нажжаз жуьгтех паргIатдаккха Ахьа Акъса маьждиг.
Я АллахI! Бусалба нехан хIонс йе Ахьа жуьгтийн бахамаш.
Я АллахI! Ираман а, Iадан а къаьмнаш санна, хIаллакбе Ахьа уьш.
Я АллахI! Бусалба нехан карах балар де Ахьа церан.
Я АллахI! ЖаIарийн охIла кочатаса Ахьа жуьгташна. Жуьгтий кочатаса Ахьа жаIарийн охIланна. Зуламхойн карах зуламхой хIаллакбе Ахьа. Мухьаммадан уммат маьрша даккха Ахьа царна юккъера.
Я АллахI! Мухьаммадан умматан пачхьалкх дIах1оттае Ахьа бакъонан буха тIехь, дош цхьаъ де Ахьа церан Тавхьидан бух тIехь. ГIо де Ахьа царна! ГIо де Ахьа царна! ГIо де Ахьа царна!
Я АллахI! Жуьгтийн бераш байлахь дита Ахьа. Зударий жерой бита Ахьа церан. Беран цIа бер ца хуьлуш де Ахьа церан. Наб йайе Ахьа церан.
Я АллахI! Кхерам таса Ахьа церан дегнашка.
Я АллахI! Пхенаш чохь цIий дакъаде Ахьа жуьгтийн.
Я АллахI! Тхан доIанна жоп ло Ахьа. Амин!
Я АллахI! Хьайн къинхетам бе Ахьа Мухьаммадах, цуьнан охIланах, асхьабех, массо бусалбанех.

ДоIа кечдинарг: Турпалан кIант Фарукъ

https://t.me/islamannurofficial

We recommend to visit

Last updated 1 month, 3 weeks ago

📲Вайца зӀе: @Khetasho_bot

📲Youtube: https://youtube.com/@khetasho

Last updated 4 weeks ago

🧸-ʍуɜыᴋᴀ дᴧя ϶диᴛᴏʙ-🧸
💸-ᴨᴩᴏᴇᴋᴛы, ᴨᴀᴋи-💎
🩸-ᴏᴩиᴦи дᴧя ϶диᴛᴏʙ -🩸
🎃-ᴄᴏхᴩы-🎃
🪐-ᴨᴏ ʙᴏᴨᴩᴏᴄᴀʍ: @KGBEROV

Last updated 2 months, 2 weeks ago