Infinite Entertainment, Zero Cost: Get Your Free Books, Music, and Videos Today!

IИСА - ХЬЕХАМАШ

Description
Хьайн lалашо – Аллахlан дин толор хилийта. Иза йу-кх и, дахаран lалашо, бан безаш болу болх.

Шайх Мухьаммад Хьусайн Яlкъу́б
Advertising
We recommend to visit

Админ - @Gals1

Last updated 1 month, 1 week ago

Last updated 2 months ago

Админы
@DmitrySed @Adm_ps @Alexa9613

Last updated 7 months, 3 weeks ago

1 week, 4 days ago
2 weeks, 3 days ago

«Шена лерам беш воцучунна хьалха охьатеlаш верг шен дегlана доккха зулам деш ву.»

Имам Шафиlий

https://t.me/isa_hehamash

4 weeks, 1 day ago

ПIерасканан де:

Элчано (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) аьлла: ПIерасканан дийнахь шена салаваташ дахкар дукха делаш, пIерасканан дийнахь шена цхьаммо а салават дуьллур ма дац цо диллана салават шена схьакхочуш бен.

Элчано (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) аьлла: "Суна цхьа салават диллинчунна Дала итт салават дуьллур ду, цунна тIера итт гIалат а дIадоккхур ду, итт даржехь иза сов а воккхур ву".

---Бусалба ялсамане вохуьйтуш долу бахьана:

- Парз ламазаш а, Рузбан ламаз а лардар:

Церан гIайгIа яр Иза, уьш дуьззина дарца хир ду, АллахIа омра ма-дарра, церан хенашкахь а, сибаташкахь а, куцошкахь а.

АллахIан элчано (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) аьлла: «Пхи ламаз а, рузбанна тIекхаччалц долу рузба а, Рамаданна тIекхаччалц болу Рамадан а шайна юкъахь эгна къинош дIадохуш ду, даккхийчу къиношха ларвелча хьана».

АллахIан элчано (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) аьлла: «Лерина дика ламаз а эцна, цул тIаьхьа рузбана а вахана, цо (хутIбанга) вист а ца хуьлуш ладоьгIча, цунна гечдийр ду, цунний, тIедогIучу рузбанний юкъахь долчунна, кхин а кхо де сов а доккхуш...

ХутIба дечу хенахь дIасахьежар, муьлхха хIума ловзор, шен ши куьйг саца ца дар, къамелаш дар, рузбанан йолах воккхуш ду.

---Стаг жоьжагIате вохуьйтуш долу бахьана:

- Рузбанан ламаз дитар:

Дуккха а нехан шайн динан гIуллакхашкахь тидаме цахилар, ледарлонаш яр, кIадонаш яр сел генадаьлла, маьждигехь рузбанан ламазаш дар а дуьтуш. Рузбанан ламазан метта шайн цIахь диъ ракаӀат
делкъа-ламазаш до цара. Цара и даран бахьана - маьждигехь рузбанан ламаз даран ял а, и дитаран къа а ца довзарна ду.

Абу ХIурайрас а, ибн Iумара а (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, АллахIан элчано (саллаллахIу IалайхIи ва саллам), ша дечиган минбар тIехь (лаьтташ волуш), олуш хезна шайна аьлла: «Аса дуй буу: нах я рузбанан ламазаш дитарах юхабевр бу, я АллахIа, церан дегнаш дIа а къевлина, тIе мухӀар тухур ду, ткъа цул тIаьхьа, билггал, гIайгIа-бала боцучеран могIарехь хир бу уьш»
[Муслим: 865]

Пайхамара (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) аьлла: «Цхьа а бехказло а йоцуш, кхо рузба дитина верг - мунепикъийн могIарехь дIаязво».

Пайхамара (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) аьлла: «КIадо а йина, кхо рузба дитина волучуьнан дагна тIе АллахIа мухӀар туху».

Сан лераме ваша! Ойла ехьа, ткъа, рузбанан ламаз а ца деш, и дитина волучуьнгахь АллахIа кхо Iазап муха гулдо:

Цхьаъ: гIайгIа-бала боцучеран могIаре хIутту иза.
Шиъ: мунепикъийн могIарехь дIаязво иза.
Кхоъ: АллахIа дагна тIе мухӀар туху цунна.

https://t.me/isa_hehamash

2 months, 1 week ago

Бусалба стаг, йалсамане вохуьйтуш болу некъ.

Iиса (Дала Iалашвойла иза)

https://t.me/isa_hehamash
@isa_hehamash

Марша догIийла шу вайн инстаграман а, телеграман а агIонашка.

◾️Хьайн доттагlашна дlайахьийта хlара, хьох бахьана а хlоьттина, цхьамма пайда эца ма тарло.

2 months, 2 weeks ago

Пайхамара (саллаллахӏу ӀалайхӀи ва саллам) аьлла:

Стага бусалба дин хаза лелош хиларна билгалонех ду – шен бала боцург цо Ӏаддитар.

Сахьихь: Тирмизий: 2317

Iиса (Дала Iалашвойла иза)

https://t.me/isa_hehamash
@isa_hehamash

Марша догIийла шу вайн инстаграман а, телеграман а агIонашка.

◾️Хьайн доттагlашна дlайахьийта хlара, хьох бахьана а хlоьттина, цхьамма пайда эца ма тарло.

2 months, 2 weeks ago

https://youtu.be/bxx_buoi3gM?feature=shared

YouTube

1иса - Ламаз Iибадатан нана ю

2 months, 2 weeks ago

https://youtu.be/umfbLfDmiQY?feature=shared

YouTube

1иса - Ламаз бусалба динан корта бу

2 months, 2 weeks ago
IИСА - ХЬЕХАМАШ
2 months, 2 weeks ago

https://youtu.be/98Ni3jtu5Uo?feature=shared

YouTube

1иса Ламаз бусалба динехь шахIадатал тIаьхьа уггаре сийлахь бух бу

2 months, 3 weeks ago

https://youtu.be/Gfj2fc8ebQU?feature=shared

YouTube

1иса - Ламаз бусалба стеган Iамалийн куьзга ду

We recommend to visit

Админ - @Gals1

Last updated 1 month, 1 week ago

Last updated 2 months ago

Админы
@DmitrySed @Adm_ps @Alexa9613

Last updated 7 months, 3 weeks ago