Ешархойн тоба

Description
Advertising
We recommend to visit

Bizning kanalda: Futbol ⚽️ yangiliklari hamda tekin Expresslar beriladi❗️

1. Hech narsa sotilmaydi✖
2. Hamma stavkalar bepul✅

Kanalga qo'shilish bepul ?

https://1wlzbi.win/#cc6r

Last updated 6 months, 3 weeks ago

Last updated 1 month, 2 weeks ago

Абу Сахий Центр 2-этаж Б-07 +998992292228 ASAL instagram profil?? https://instagram.com/Asal_Bohramovna

Telegram lich @ksas_asal

razmer??38/44 ?42/48 ?54/60 ko'ylaklarimiz bor ?

Last updated 1 year ago

3 weeks, 2 days ago

Къонаха- къоман серлон нур ду. Къонах шена къома дола деш хьанал ly ву. Къонахаш дин дик наха дуьйцу, цара ца дуьйцу. Къонахий соьма элий бу, уьш эца, бохка лур бац. Церан дош дуй ца биъча лам санна чloгla ду. Къонахий орца доьхучохь хьалха бу, накъост оьшчохь уллехь бу. Къонахий шена дохучу гlaнт тle ца хуъ, дехарш дичи бен халла. Цунна хаъ Даллаъ, нахана халхьа ше жоп дал дезий. Къонахоша гlийлчарна гlo дийр ду, буо бераш дузор ду. Бакъо, харцо тасъеллачохь уоза безам ца беш бакъонна верасаш хир бу, харцонна мостагlий хир бу. Халкъа коьртехь къонахий хилахь махке дика догlyр ду. Къонахоша деан дика нахаца доькъар ду.

3 weeks, 5 days ago

"Адам кхолларан бахьана – АллахIана цо Iибадат дар ду, АллахIан дин лаьтта тIехь латтор а, цунна гIо дар а ду, АллахIан латта (дуьне) да́харца дендар а ду. Иштта билгалдина и бахьанаш лекха хинволчу АллахIа тайп-тайпана айаташкахь, хIора бахьана шен-шен оьшучу меттехь хьахорца. Цу айатех ду лекха хинволчу АллахIа аьлла долу дешнаш: «Ас кхоьллина дац жинаш а, адамаш а цаьрга Сайна Iибадат дайта бен». «Бакъдолуш, лаьтта тIехь Сайн дин латтор долу (адам) кхуллур ду Ас». «Лаьтта тIехь (Шен дин латтош хир болу) верасаш бийр ма бу (АллахIа) церах». «АллахIана девзар долуш, Шен динна а, Шен элчанашна а къайлах гIо динарг мила ву». «ХIай (АллахIах) тешна дерш! АллахIан динна гIоьнчий хуьлийла шу». «Дуьнена тIехь аш дахар латтор дезна Цунна»".

4 weeks ago

"Со къинхетаман пайхамар ву" аьлла цо, шен цIерш, шен сийлахь куцош дуьйцучу цхьана хьадисехь. (Муслима дийцина иза)

Къинхетаман пайхамар хилла ву иза (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна), хIунда аьлча Дала иза массо Iаламашна къинхетам бина ваийтина хилла ву, цуьнан дахар дерриге къинхетам хилла ду, цуьнан лелар а къинхетам хилла ду. Делан некъахь гIазот дечу хенахь бен цкъаъа цхьанна а тоьхна яц цо, йа цкъаъа цхьанна а тIечевхина а вац иза.

Адамашка вовшашца къинхетаме хила бохуш кхайкхам беш веана ву иза, вовшашца къинхетамца весет деш хила бохучу кхайкхамца веана ву иза.

Къинхетамах лаьцна а, къинхетаман дозаллех лаьцна а, къинхетаме хила везарх лаьцна а цо дийцина долу хьадисаш дешначунна, царна тIехь ойла йинчунна, цуьнан шен дахарехь и къинхетам мел боккха хилла девзинчунна билггал хуур ду Дала иза Iаламашна къинхетам бина ваийтина ву бохучуьнан маьIна, цо ша къинхетам бу аьлла долчу дешнийн маьIна.

1 year ago
1 year, 1 month ago
1 year, 1 month ago

Ислам дин адамийн кхолламца догIуш дин хилар а, и дин адам дуьненахь а, эхартахь а ирсе деш, юкъарча хилар а. Нахана кхерамазаллехь а, ирсехь а дахар тардалац Ислам доцчу динан IиндагIана бухахь.

Нуьцкъала олаллина кlел сецор а, зуламаш а, лечкъораш а, байъарш а, цул сов доьзалш вовшахбахар а, синIаткъаман лазарш садийлар а - и дерриге а де мел дели совдуьйлуш лаьтта уггаре алсам кхиамаш а, хийцамаш а айбеллачу шахьарашкахь.

Бахьана хIун ду цуьнан?

Цуьнан бахьана цхьаъ ду: церан доьхна а, хийцина а долчу динаша церан дегнаш ирсе ца до эхартах уьш дIахIиттарца.

Масала, lамерика схьаэцча. 1997-чу шарахь тайп-тайпанара зуламаш дар шайн кара дирзиначеран дукхалла 8 миллион 43 эзар стаг вара. Царех 74 процент - шайгара уггаре даккхийра зуламаш дийлинарш бара. Къола дечарех хIора 1000 стагана юкъахь 199 стаг бен вац!
Юкъарчу барамехь айделлачу зуламийн шеран чот йича, и хилла 25 миллион 14 эзар зулам! Ягар йинчу исправкашца зударий битаран барам 60 процент хьалабаьлла! ХIора дийнахь 1900 йоI ядайо, царех 20 процент шайн дайшна-наношна хьалхара!

(ХIара хаамаш схьаэцна lамерикан дукхаллин учотан юкъара).

ТIаккха, муха, хlун хета шуна: иштта lар-дахаро юкъаралла, аьтто а, толам а луш, латтор ю моьтту шуна? Ма бакъ дац и
АллахIа, Лекха ву Иза, боху:
«Ткъа уьш хlалакбан Тхоьгара сихо ма леха, баккъалла, Тхо церан (денош, буьйсанаш, садеIарш) чот еш дагар деш ду (царна Iазап хин долчу хене кхаччалц тlаьхьатоттуш)»

(«Марьям»: 84).

1 year, 1 month ago

ШариIат лелоро вай 1000 шо хьалха хиллачу дахаре кхачор ду боху!

Пайхмара (саллалоху lалайхlи ва салам) замане, я асхьабийн замане кхачор дари-те вай?

Я Iумара Перси а, Рим а буйнахь латтиначу замане кхачор дари-те вай?

Я Умавийн замане, шаьш Шамехь а болуш, шайн эскарш Андалус дега юккъехь хилла болу?

Я Iаббасийн замане, кериста махкаш шайна гор хиттина Iина болу?

Я Iабдуррахьман ад-дахил замане, Франци а, Итали а кхерамехь латтина волу?

Я КъутIуза замане, доллу
адам монголех къелхьара даьккхина волу?

Я Зинки, я Аййуби замане, жаIарийн эскарш дегош хилла болу?

Далар вай 1000 шо юха доьлхуш, вайн дайна долу сий юха доьрзура дара вайна!

We recommend to visit

Bizning kanalda: Futbol ⚽️ yangiliklari hamda tekin Expresslar beriladi❗️

1. Hech narsa sotilmaydi✖
2. Hamma stavkalar bepul✅

Kanalga qo'shilish bepul ?

https://1wlzbi.win/#cc6r

Last updated 6 months, 3 weeks ago

Last updated 1 month, 2 weeks ago

Абу Сахий Центр 2-этаж Б-07 +998992292228 ASAL instagram profil?? https://instagram.com/Asal_Bohramovna

Telegram lich @ksas_asal

razmer??38/44 ?42/48 ?54/60 ko'ylaklarimiz bor ?

Last updated 1 year ago