قناة احمد علي على تيليجرام ( شروحات تقنية ، تطبيقات ، أفلام ومسلسلات ، خلفيات ، و المزيد )
Last updated 1 year, 4 months ago
يرمز تيليجرام إلى الحريّة والخصوصيّة ويحوي العديد من المزايا سهلة الاستخدام.
Last updated 1 year, 5 months ago
- بوت الإعلانات: ? @FEFBOT -
- هناك طرق يجب ان تسلكها بمفردك لا اصدقاء، لا عائلة، ولا حتى شريك، فقط انت.
My Tragedy Lies With Those Things That Happen in One Second And Remain
- @NNEEN // ?: للأعلانات المدفوعة -
Last updated 1 year, 6 months ago
ӀАБДУЛ-МУТТӀАЛИБАН КӀАНТ ӀАБДУЛЛАХӀ
ӀабдуллахӀ Ӏабдул-МуттӀалибан кӀант ву. Цуьнан нана Ӏамрин йоӀ ФатӀимат йу.
Ӏабдул-МуттӀалибан доьзал:
1) Сафиййат (Сафиййат ислам тӀеэцна, Элчанна ﷺ байӀ а йина, Мадинате хӀижрат дина. ХаттӀабан кӀант Ӏумар халиф волчу хенахь дӀакхелхина, хӀижрин 20-чу шарахь, бакъиӀ олучу кешнашка дӀа а йоьллина).
2) Ӏаббас (Ӏаббас сахьабий ву, Абу-ТӀолиб дӀаваьллачул тӀаьхьа, уггара элчанехьар гӀо доккхуш хилла иза. Элчанна ﷺ чӀогӀа дукхавезаш а хилла. Элчано ﷺ шен къамелехь аьлла:
«ХӀай нах! ХӀокху сан девешина чам байъинчо суна чам байъи, деваша ден метта ву». Ӏаббас хьалха иман диллина ву аьлла, дийцина, амма и хьулдина, Элчанна ﷺ хаамаш беш, мушрикашна йуккъехь Ӏийна иза. Цхьаболчара дуьйцу: Макка схьайаккхале ислам тӀе а эцна, шен доьзалца Мадинате хӀижрат дина бохуш. Иза дӀакхелхина Мадинатехь, хӀижрин 32-чу шарахь, шен дезткъе йалх шо долуш, бакъиӀ олучу кешнашка дӀа воьллина).
3) Абу-ТӀолиб (Абу-ТӀолиб дуьнен чу ваьлла Элчанал ﷺ ткъе пхийтта шо хьалха. Ӏабдул-МуттӀалиб дӀакхелхича, Элчанна ﷺ тӀехӀоьттира иза, ша валлац и Ӏалаш а вира цо, и дӀакхелхира шен дезткъа шо гергга хан а йолуш, хӀижрат дале кхо шо хьалха, керста а волуш).
ЙаӀкъуб пайхамаран букъ букар бирзинера, дегӀан даьӀахкаш гӀелла йеллер, бӀаьргаш дукха чӀогӀа гӀайгӀа хиларна, дукха вилхина кӀай деллер, Юсуфах ваьллера, цуьнан вешех ваьллер, делахь а цуьнан дог хийца ца деллера, АллахӀаца хоьттина дара иза, шен И вовзаре терра...
ЙаӀкъубас аьлла:
قَالَ أَشْكُوا۟ بَثِّى وَحُزْنِىٓ إِلَى ٱللَّهِ وَأَعْلَمُ مِنَ ٱللَّهِ مَا لَا تَعْلَمُونَ
[Сурат Йусуф: 86]
«Боккъалла а, сайн сингаттам а, сайн гӀайгӀа а АллахӀе йалхайо-кх аса. Суна хаьа АллахӀера шуна цахуург.
Ткъа хаттар ду, хӀун ду цунна хууш дерг?
Ӏеламчаша боху иза АллахӀиц йолу цуьнан ойла дика хилар ду, массо хьолера ша хьалха ваккха АллахӀ бен воций хаар, цуьнца дика ойла хиларна, ша хьалха вера вуй цунна хаарна...
Ткъа цултӀаьхьа-м иза хьалха велира, доьзалах дӀакхийтира, бӀаьрса юха дирзира.
«АллахӀаца дика ойла йолуш хила хьо, тамашийна белхаш гура ду хьуна».
«Бакъдолу самукъа - АллахӀиц дерг ду, Цуьнца доцуриг - Ӏехавалар ду».
Дала бохург кхочуш деш а вацахь, суннатан хьо гена а валахь, хьарам долучух хьо юхакхеталуш а вацахь, кху умматан хьо пайдехьа а вацахь, кху умматан баланашха цхьа бала бу-кх хьо.
АллахӀ вовзарца хьо АллахӀе тойжуш хуьлу массо хьолехь, и вовзара бахьан долуш хьоьгара АллахӀо хьан бехказло къобал йо, хьоьгара цхьа ледарло йаьлча.
Ма хаза некъ бу-кх АллахӀ вовзар.
قناة احمد علي على تيليجرام ( شروحات تقنية ، تطبيقات ، أفلام ومسلسلات ، خلفيات ، و المزيد )
Last updated 1 year, 4 months ago
يرمز تيليجرام إلى الحريّة والخصوصيّة ويحوي العديد من المزايا سهلة الاستخدام.
Last updated 1 year, 5 months ago
- بوت الإعلانات: ? @FEFBOT -
- هناك طرق يجب ان تسلكها بمفردك لا اصدقاء، لا عائلة، ولا حتى شريك، فقط انت.
My Tragedy Lies With Those Things That Happen in One Second And Remain
- @NNEEN // ?: للأعلانات المدفوعة -
Last updated 1 year, 6 months ago