Серлонан тоба

Description
@Serlonan_toba_bot
Advertising
We recommend to visit

hammamizga insof bersin.
reklama: @qor_bot

#Iqror #OtalarSozi #Taqdirlar #UmrSoqmoqlari #BuniHayotDeydilar #HayotDavomEtar #Intizor #Alhazar

Last updated 1 month, 2 weeks ago

реклама - @praiadr1n
манаг - @godem0n / @FS01R

Last updated 4 months, 2 weeks ago

@pyanyasha

Last updated 2 months ago

1 month, 1 week ago

Шайх Iусайминс боху:

ХIай АллахIан лаьш! Боккъалаъ, Рамадан бутт - хIонсан а, санийн а, пайданийн а бутт бу.

Пайда эца цуьнах - лолла дарца а, алссам ламазаш дарца а, КъурIан дешарца а, Дела хьех варца а, нахана гечдарца а, къинтIера довларца а, дика дарца а.

ДIаяха шайна юккъера мостагIалла а, оьгIазло а, хьагI а, хIуьттаренаш а, гамонаш а.

Боккъалаъ бакъ долуш, шун Iамалш Сийлахь-Везачу АллахIана хьалха хьуш ю шуна хIора оршотан дийнахь а, хIора еарин дийнахь а.

Нагахь Шега гечдар доьхуш верг хилахь – гечдо Цо цунна. Нагахь тоба дина Шегара и къобалдар доьхуш верг хилахь – цуьнан тоба къобалдо Цо. Амма шайна юккъехь хьаьгIнаш а, оьгIазлонаш а йолучу нехан Iамалш къобал янза юха а тухий, уьш царна юха охьайохкуьйту Цо - цара тоба а дина, шайна юккъехь барт а бина машаре уьш дIахIитталц.

Хьехам: Марша богIийла хьо, беркате Рамадан бутт.

1 month, 1 week ago
1 month, 1 week ago

«Некоторые люди только и делают, что осуждают других, забывая о добрых делах представителей различных групп и национальностей и упоминая об их недостатках. Такой человек подобен мухе, которая покидает здоровое место и садится на рану, а причина этого кроется в порочности душ и дурном нраве».

Ибн Таймиййа

1 month, 2 weeks ago
1 month, 2 weeks ago

Рамадан баттахь пайде ерзае хьайн хан. Цхьа кIеззиг денош дIалилхича вайх къаьстар бу хӀара сийлахь бутт.

ЧIогIа ирс долуш ву-кх, кху деношха пайда эцнарг.
АллахIа къобул йойла вайгара дика Iамалш.

1 month, 2 weeks ago

РАМАДАН.

Рамадан бутт - шена чохь доlанашна жоп луш болу бутт бу.

Ма хийлаза доIанна жоп делла-кх (АллахIа) Рамадан баттахь.

Ма хийлаза сатийсам кхочуш хилла-кх Рамадан баттахь доlанаш дарца.

Ма хийлаза боккха бала тIера дlаайбина-кх Рамадан баттахь доlанаш дарца.

Ма хийлаза доьхучарна шайн хьашташ кхочуш хилла-кх Рамадан баттахь доlанаш дарца.

Шайх СултIáн ал-Iумайрий.

3 months, 2 weeks ago
Ма сийлахь го-кх муьлххачу хьолехь а, …

Ма сийлахь го-кх муьлххачу хьолехь а, нийсонна тӀехь лаьтташ болу нах!
Цхьанна а хьолано ца хуьйцу церан бакъоне йирзина йолу ойла. Нийсачу некъа тӀера юха а ца бoвлуш, шайн сий ца дохка шайн са дӀа а лур долуш къонахий кхиийна латта ду-кх хьо!

3 months, 2 weeks ago
3 months, 2 weeks ago

ткъа баркалле дуй шу Аллахlа шайна деллачу ниlматна? нийса некъ бовза вайна Аллахlа ниссбина аьтто бу ма бу и академи, цуьнан куьйгалхо, вайн дегнаш цу некъана реза дар, вайн йовха чоьнаш чохь lашшехь цу дарсашкахь ладогlа аьтто нисс бар, «хьо, хьо, хьо а» аьлла къаста а вина Аллахlа харжа а хаьржина тlе ниссвира хьо цу ниlматна, ойла а йини ахь цкъа а цу хlуманна? муха дара хьан дахар хlара некъ бовзале хьалха? бевзуш бацхьаре а муха хира дара? цlацкъа хуьлу-кх цхьайолу дарсашкахь вайна дийцина хlуманаш доллу дуьненна дlадовзийта лууш, ара а ваьлла «кхунга ладогlийша хlай нах» бохуш мохь беттала дагах кхеташ.. сайна дукха мел везарг, вевзург- ца вевзург, шаверг а цу юккъахь хуьлуьйтура ма вара ас сайга хаьттича, арахь цхьана кафе схьайиллича цуьнан реклама еш ара дlа а хlутти цуьнан цlе тlехь йолуш кехаташ муха доькъу нахана и йовзуьйтуш? иштта яржа яллала диканаш ма ду цу дарсашкахь, а вай эфирехь дарсе чу девлла а ладогlа дог ца догlу, вайн дарсаш лушчунна хlунда ца кlорда до иза, цунна хlунда ца йогlу наб, йа луш мах боцуш, хаддаза кlел туьйсуш когаш, тlе кхуллуш тайп-тайпана цlерш, дlаяккхахь дlа а, кхара-м ца вуьту дика дерг шайн lама дан аьлла вай lад дита йиш йолуш ма вара иза а, ткъа цунна кху гlуллакхан мах бевзу, цо оьцуш дерг эхарт ду, амма хьо вац-кх кхеташ, жимма а хьайна хало йир йолуш, эфирехь ладогlарца хуьлийла иза, я нахана и академи йовзийтарца хуьлийла иза, я хьайна девзинарг дlадийцарца хуьлийла иза, кlад ца луш яржо езаш ма ю вай и хьост, хила тарло-кх ахь цкъа чу кхоьссича и ган гина цунах бахьна а даьккхина Аллахlа цхьаъ нийсонна тlе ниссван, тlаккха цо цу дарсашкахь оьцур болчу пайданах ял хьуна а хуьлуш.. академи дlавазвала къевлина хиларх, дарсаш дlадаьстина ма ду, тlех мел волучунна чу а ваьлла пайда эца йиш йолуш, суна сайна а бевзу дlа баз бала тlаьхьа бисина вайн чекх даьхна жайнин дарсаш ладоьгlуш тlе кхиош, царех даккхийде деш адамаш, шеш дешархой лоруш дац аьлла кlад ца луш, коьрта lалашо ижазат схьаэцар ма яц, хьуна дин довзар ма ю, ткъа ижазат иза а ша кепар марзо йолуш хlума ю, шеко а яц..

Аллахlа кху ниlматах ма дохийла вай цкъа а! Аллахlа беркат дойла вайн академи куьйгалхочух, цуьнан дех-ненех, цуьнан доьзалех, Аллахlа хаддаза диканаш тlе дуьттийла царна, Аллахlа lилмангахь кхин а сов воккхийла иза lеламнехан дарже кхачош, вайна ду моьттушчулла а эзарнашкахь дика хуьлитийла Аллахlа цуьнан шен хьалхара хьал, Аллахlа гlо дойла цунна муьлхачу а хьолехь, муьлхха а хьал атта а дойла цунна.. иштта вайх а дойла Аллахlа беркат, нийсачу некъа тlехь долуш бен кхалхар а ма лойла вайна .. Аллахlа шен цкъа а дlаерйоцчу, я цхьана а бlаьргана гина а йоцучу, уггаре лекхачу ялсманан бошмашкахь, элчанна а , lеламнахана а лулахь хlусамаш югlийла вайна а, вайн академи куьйгалхочунна а, цуьнан ден-ненна а, йиш-вешина а, цуьнан доьзална а..

3 months, 3 weeks ago

2 бутт бен хан ца йисна сийлахь беркате бутт тӀекхача...

Вайх муьлхарг кхочура ву те цу батте?
Даханчу шарахь вайца марханаш кхаьбначарна юкъара ма дукха букх кху шара уьш кхин кхобура доцуш, кхин цкъа мархийн беттан марзо хаалура йоцуш, кхин цкъа марха кхобура доцуш, терхье гӀура воцуш, буьйсанаш ден йийра йоцуш, къуръан доьшура доцуш, Дела хьехор воцуш...

Йа АллахӀ! Рамадан батте кхача де Ахь тхо!
Рамадан бетта хьакъ дӀаделлачерах де Ахь тхо!
Хьо реза волуш дахар-кхалхар нисде Ахь тхан!

We recommend to visit

hammamizga insof bersin.
reklama: @qor_bot

#Iqror #OtalarSozi #Taqdirlar #UmrSoqmoqlari #BuniHayotDeydilar #HayotDavomEtar #Intizor #Alhazar

Last updated 1 month, 2 weeks ago

реклама - @praiadr1n
манаг - @godem0n / @FS01R

Last updated 4 months, 2 weeks ago

@pyanyasha

Last updated 2 months ago