Dive into the Ultimate Free Library: Your One-Stop Hub for Entertainment!

Такфиран бакъонаш

Description
Жайни цIе: Такфиран бехкамаш а, дуьхьлонаш а.

Яздинарг: Шайх Абу Суфьян Ас-Суламий.

Гочдийриг: Асланан кIант Iумар.
Advertising
We recommend to visit

Last updated 1 month, 3 weeks ago

📲Вайца зӀе: @Khetasho_bot

📲Youtube: https://youtube.com/@khetasho

Last updated 4 weeks ago

🧸-ʍуɜыᴋᴀ дᴧя ϶диᴛᴏʙ-🧸
💸-ᴨᴩᴏᴇᴋᴛы, ᴨᴀᴋи-💎
🩸-ᴏᴩиᴦи дᴧя ϶диᴛᴏʙ -🩸
🎃-ᴄᴏхᴩы-🎃
🪐-ᴨᴏ ʙᴏᴨᴩᴏᴄᴀʍ: @KGBEROV

Last updated 2 months, 2 weeks ago

4 months, 1 week ago

ХIара Ибну Таймиййас хьуджат хоттина бен цхьанне такфир деш дац бохучарна жоп дара. Ткъа цулла коьрта хаъдезарг - Ибну Таймиййа а, Мухьаммад бин Iабдул-ВаххIаб а, йа кхиболу Iелимнах а цу хаттарехь бух бац. Бух - Къуръан, Суннат бу. Ибну Таймиййас хIун бах хьажале хьалха, Къуръано хIун бах, Суннато хIун бах хьажавезаш ву нийсо лоьхург. ХIунда аьлча, Ибну Таймиййа а, кхиверг а галвалан тарлуш ву, ткъа Къуръан чохь а, Суннатехь а гIалат хуьлуш дац. ХIара аларан бахьан - тахан держина ду, Къуръан тIера а, Суннат тIера а бIаьргаш цхьац Iелимнахан тIехьовза бар. Ибну Таймиййан некъ къуьсуш хуьлу, цун кхетам бух болуш санна цу хаттарехь. Къуръан, Суннат дуьцуш цахуьлу. Иза доккха гIалат ду.

Цундера тIедогIу къамел, Къуръано а, Суннато а, доккха ширк диначунна цахаарц бехказло луш ю йа яц дуьцуш, цу хьокъехь салафша аьлларг хьахош хир ду Даламукълахь!

4 months, 1 week ago

Нагахьсанна цхьама алахь "И АллахIа вонца йина чIагIо хьуджат шена дIакхачича, и тIе цалецначун хьокъехь ю, джахIил (цахууш верг) а, галвеллаг а, цхьана тIехьвеззаг а цу аяташна юкъавогIуш вац" и дешнаш аьллаг АллахIана а, цуьнан Элчана а (АллахIера салават а, маршо а хуьлда цунна) дуьхьулвелла, бусулба неха новкъах дIа а тилла и. Iелимнаха шайн жайнешчохь "муртадан хьукма дуьцу дакъа" хьахадо, хьуджат дIахIоттинчул тIахьа дуьхьулвеллаг оли схьа а ца къастош. [аддурару-ссаниййа]

Шайх IабдуллатIиф бин Iабдуррохьман бин Хьасана (АллахIа къинхетам бойла цух) аьлла:

"Ибну Таймиййан хьокъехь, цунна "массо а галвелчунна ца хаарца бехказло ю" аьлла кхетам бу аьлла хетар ма дац жимма а Iилманах хьакхвеллачун. Баккъалла а, Ибну Таймиййа дешнаш къеггина и кхетам бохош ду (цара дуьцчуна бIостнехьа ду)." [минхIажу-ттаъсис ва-ттакъдис]

Шайх IабдуллатIиф бин Iабдуррохьман бин Хьасана (АллахIа къинхетам бойла цух) билгалдо, Iиракъийн хьал, ша олуш волу "хаварижашна цахаарца бехказло яц, амма ширк динчун бехказло ю", Шайхо бах:

"Цу Iирокъис хаварижашна цахаарца бехказло цаяларна, кешнашна Iибадаташ (ширк) дешболчарна бехказло яларна (вайн билгал долу) и шен дегIа лаъман тIехьавозуш хилар" [фатава ал-аимма аннаждиййа]

Ма дукха бу буй тахана цу тайпа Iиракъхой. Шел боьха, шел доккха, шел ирча кхин хIумма доцуш долу, уггаре доккха, динчура аравоккхуш долу ширк диначун, АллахIац накъоста виначун бехказло ло цара, ткъа шегар керстналла йа ширк делла воцуш, гIалатвеллачу бусулба стаган бехказло цало цара. Шайх IабдуллатIифа ма-аллар, къегина малх санна билгало ю иза, и нах шайн дегIалаъман тIехьабозуш хиларна.

Кху къамелехь вайн билгалдолу: Тахана Къуръан дIакхечначу меттехь, Элча ваийтинчу заманахь, тIакхиа йиш йолчу хьолехь, цахаарца, йа галвелла, йа цхьан тIехьахIоьттина доккха ширк диначунна бехказло цахилар.

https://t.me/takfiranbakonash

4 months, 1 week ago

Масала, АллахIа бах: "Церан дегнашна пардо дина Оха, уьш бакъдолчух цакхетийтарн дуьхьа‚ церан лергаш чохь къоралла а йина оха" [сурат ал-анIам, 25-гIа аят]. Ишта кхечу аятехь АллахIа бах: "Цара АллахI витина шайтIанаш шайн гергар лецна, царна моьттура шеш нийсон тIехь ду" [сурат ал-аIраф, 40-гIа аят].

Иштта, хьуджатах кхетар бехкам цахиларна тIенисвеш дуккха а ду аяташ. Вайн ма-хаар, керстаналлин ше дакъош ду, къобул цадеш дуьхьулаваларц дерг ду (куфр жухьуд олу цух), иштта, цахаарц дерг ду (куфр джахIл олу цух). Нагахьсан хьуджат дIахотдар, цу хьуджатах кхетар тайп-тайп ши хIума дацхьари, керстналла цхьаъ бен хир дацар, иза (куфр жухьуд) къобул цадеш дуьхьул валарц долу керстналла хир дара.

Сулайман бин Сахьмана (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: "Оцу аяташкахь АллахIа уьш хьуджатах кхеташ цахилар билгал дина вайн, уьш ца кхетар аьлла царна Iузр ца елла (бехказло ца елла), Къурано къеггина схьа гойту, и нах кериста хилар. ХIара хьуна билгалделча, хьуна хаълахь и Ибну Таймиййан дешнаш иэ дина, царгахь къастам цабеш уьш хедийна болу нах (мурджиитин ларах боьлхуш) бакъдерг харцонца иэ дина хьун цара." [фатава ал-аимма аннаждиййа]

1 - фатава ал-аимма аннаждиййа.
2 - аддурару-ссаниййа.
3 - мухтасару-ссаваIикъ.

Исхьакъ бин Iабдуррохьмана (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: "Ибну Таймиййан къамелехь лууш дерг "хьуджат дIахоьттин ду Элча ваитарца, Къуран досса дарца. Элча вуьцуш хезнарг милла валахь, цунга Къуран дIакхечнехь цунна тIехь хьуджат дIахоьттин ду." ХIара ду Ибну Таймиййан къамелах схьагуш дерг" [Iакъидатул муваххьидийн]. Иштта, кху тайпа дешнаш дийцна веравоцуш дукха ду Iелимнехан.

Кху къамелах болу пайда: цхьаболчу наха (къестина мурджииташ) олург "цхьа стаг ширк деш валахь, цунна мушрик ала мегар дац, цунна шеко дIаъйоккхуш, и кхетталц цунга воккха Iелимстага къамел даллалц" харц къамел хилар билгалделир вайн Iелимнехан къамелехь. Иштта, и къамел дечунна бух цахилар а билгалделир вайна Къуръан аяташца. Хьуджат хIоттадар цхьаъ ду, амма цу хьуджатах кхетар кхи ду. Иштта, цушинна башхо а билгал ели вайна.

ЦултIехьа, гуттар коьрта, тидам бан безаш дерг; Гал велла, йа ца хаарца доккха ширк диначунна бехказло ца хилар ду:

Шайх Iабдуррохьман бин Хьасана (АллахIа къинхетам бойла цух) аьлла:

"Массо кериста а галвелла ву, хIора мушрикан а шен кхетам бу (хьо цунга цхьаъ дийца хIоттахь, хьуна дуьхьула дийца шен гергахь нийсо ю моьттуш къамел хуьлу цун), церан дегатешам бу эвлияашца шеш дешдолу ширк, уьш оццула базбар а шайна пайде ду моьтту царна. Цара шеш кIелхьара дохур ду а моьтту царна. Амма царна бехказло яц уьш галбовларехь, иштта, шайна шеш нийса ду моттарехь а". [аддурару-ссаниййа]

Шайх Абу БутIайна (АллахIа къинхетам бойла цух) аьлла:

"ХIора мазхIабан охIлунах болчу Iелимнаха чот ялурйоцуш дуккха а дийцна дешнаш а, белхаш а, дегтешамаш а шеш адмера девлича и адам кериста хуьлуш долу. Амма цара (Iелимнаха) дуьхьулвелларг схьа цакъастина (и бохуг - "ахьа хьуджат дIа а кхачича, и къобул ца динарг" аьлла схьа цакъестина цара и керстнал дарехь). Нагахьсан цхьам алахь "галвелла, йа нийсоне кхача хьежна тилвелла, йа цхьан тIехьавезна, йа шена цахаарц керстналла динчу стаган бехказло ю" и къамел дийриг цхьа а шеко йоцуш Къуранан а, Суннатан а, Iелимнехан барт хиллачу хIуман а дуьхьулвелла ву". [ал-интисор]

Ибну Таймиййас (АллахIа къинхетам бойла цух) ширк дарехь цахаарца йа галваларца бехказло луш цахилар билгалдеш Шайх Абу БутIайна (АллахIа къинхетам бойла цух) аьлла:

"Ибну Таймиййас хадам бина (къастам бина) дуккха меттигашкахьа ша хьахинчу ширкан дакъошха цхьа хIума динчо керстналла деш хилар, иштта, бусулба нехан цу тIехь барт хилар а хьахина цо. Амма джахIил (цахууш верг) а йа и саннаг а юкъар ца веккхина цо (цахаарц ширк динаг схьа цакъастина цо). АллахIа бах: "АллахIа гечдеш дац шеца накъост лецначунна (ширк диначунна), амма цул лахарчунна шена луучунна гечдо Цо" [сурат ан-нисаъ, 116-гIа аят]. Масийхьан хьокъехь АллахIа бах: "АллахIац накъост лецнариг милла валахь а (ширк динаг милла валахь а) АллахIа ялсамане хьарам йина цунна, цуьнан воьрзу меттиг жоьжагIати ю" [сурат ал-маида, 72-гIа аят].

4 months, 3 weeks ago

Такфиран бакъонаш /
ворхIолгIа, тIеххьара дакъа!

4 months, 3 weeks ago

Такфиран бакъонаш /
ялхолгIа дакъа!

4 months, 4 weeks ago

Такфиран бакъонаш /
пхоьалгIа дакъа!

5 months ago

Такфиран бакъонаш /
доьалгIа дакъа!

5 months ago

Такфиран бакъонаш /
кхологIа дакъа!

5 months ago

Такфиран бакъонаш /
шологIа дакъа!

5 months ago

Такфиран бакъонаш / хьалхара дакъа!

We recommend to visit

Last updated 1 month, 3 weeks ago

📲Вайца зӀе: @Khetasho_bot

📲Youtube: https://youtube.com/@khetasho

Last updated 4 weeks ago

🧸-ʍуɜыᴋᴀ дᴧя ϶диᴛᴏʙ-🧸
💸-ᴨᴩᴏᴇᴋᴛы, ᴨᴀᴋи-💎
🩸-ᴏᴩиᴦи дᴧя ϶диᴛᴏʙ -🩸
🎃-ᴄᴏхᴩы-🎃
🪐-ᴨᴏ ʙᴏᴨᴩᴏᴄᴀʍ: @KGBEROV

Last updated 2 months, 2 weeks ago