Шайх Iусаймин

Description
?Шайх Ӏусайминан цlарах нохчийн маттахь агlо.

Шолгlа агlо: https://t.me/Shayh_Usaymin_2
Advertising
We recommend to visit

Акъидат, хьехамаш, ладаме хаттаршана жоьпаш.

Хаттар кху тIе даийта ⬇️ @hattarjop1445_bot

Резерв (декъа хаттарш): @HattarJop

Вайн Instagram агIо:
https://www.instagram.com/xexamash

Last updated 2 months, 1 week ago

📲Вайца зӀе: @Khetasho_bot

📲Youtube: https://youtube.com/@khetasho

Last updated 2 weeks, 5 days ago

10 Monate her
10 Monate, 1 Woche her

Буьйсанан чаккхенехь дина ламаз

Шайх Iусайми‌на (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

Хьадисо билгалдина, Ӏуьйра-ламаз хан хилале гӀоттур ву ша аьлла хетачунна (витр ламаз) цу хенахь дан дитар дезох ду, хӀунда аьлча буьйсанан чаккхенехь дина ламаз деза долу дела, маликаш а теш хуьлуш долу дела цу хенахь. Нагахь ша цу хенахь гӀоттур вац аьлла хетачо, ша дӀавижале дийр ду.

[Шархьул-мумтиI, агӀо: 4/13]
https://t.me/Shayh_Usaymin

10 Monate, 1 Woche her

Витран хан

Шайх Iусайми‌на (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«(Витр ламазан хан) пхьуьйра-ламазна а, Ӏуьйра-ламазна а юккъехь ерг ю, башхалла яц пхьуьйра-ламаз цо шен хенна динехь а я (новкъахо волуш) хьалхатеттина маьркӀажа-ламазца динехь а витр ламазан хан цо пхьуьйра-ламаз ма-динна дӀайолалуш ю».

[Шархьул-мумтиI, агӀо: 4/12]
https://t.me/Shayh_Usaymin

10 Monate, 2 Wochen her
***?*** Тахана уггаре вайна юккъехь лазаме …

? Тахана уггаре вайна юккъехь лазаме долчух хьалхара дерг ду - такфир хьокъехь дерг. ХӀунда аьлча цу тӀехула шина вешех ши мостагӀ хуьлу, гергарлонаш духу, нах боькъу, вовше сий тӀе кхидар, цӀий тӀе кхийдар, даьхни тӀе кхийдар тӀе долу

Ткъа хӀун ду цу дерригенан хьокъехь нийса дерг? Хьенехара, минехара дуьйцурш дуккха а хезна вайна, Ӏилма долчуьнан а, доцчуьнан а бу цу хьокъехь шен хьежам, цундела и дерриг дитина, хӀинца цкъа Ӏилманга диллина, Ӏилмано цу хьокъехь хӀун боху хьовсий вай?! ХӀара агӀо я важа агӀо нийса ю аьлла цхьа агӀо лаца сиха ца луш, дегӀан лаамаш, хезнарш, элира-бахарш, моьттурш, и дерриге Ӏадда а дитина, Ӏилманга ла а дугӀуш хьовсий вай нийса дерг муьлхург ду?! Нагахь бакъо езаш вай делахь, шена ца дезарг, я шен хьежамца, я дегӀан лаамца ца догӀург нис ма-делла букъ тоха сиха ца луш, Ӏилманан цхьа жайна? юкъадиллина, цхьа жайна чекхдаллалц хьовсий вай Ӏилмано хӀун боху?! Цхьана жайне ладоьгӀнера аьлла галдовллал бен хьекъал доцуш ма дац вай! Нийса дерг, далилаца дерг схьаоьцур ду вай, ткъа и далилаца доцург Ӏаддадуьтур ду-кх вай, оццул вайна юккъера лазаме долчу такфирах дерг Ӏилманга диллина, цхьа жайна деша хан а,? собар а лахий вай?!?

Цу хьокъехь дарсаш кху ? https://t.me/Takfirrr ? чохь хир ду. КхидӀа дерг цу чохь билгалдийр ду.

1 Jahr her

Хали‌л

Шайх Iусайми‌на (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Цундела Пайхамар АллахIана дукхавезарг ву аьллачо Пайхамаран мах лахара хадийна! Хали‌л - дукхавезарг бохучул доккха а, лакхара а ду, АллахIана дукхабезаш-м берриге муъмин нах а бу, делахь а, Элчанан (IалайхIис-салам) меттиг кхин а лакхара бу, иза – хали‌л хилар ду, АллахIа доттагI лаьцна Пайхамар, Ибра‌хIи‌м а халил ма-варра, цундела вай олу: Мухьаммад АллахIан Элча а (IалайхIис-салам), АллахIан хали‌л а ву»».

[Мажму‌Iул-фата‌ва‌, агIо: 1/319]
https://t.me/Shayh_Usaymin

1 Jahr, 5 Monate her

Уллехь ламаз деш верг пхоьалгlа ракаlате хьалагlоттуш гича, цуьнга само яйтар тlехь дуй?

Шайх Iусайми‌на (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Шен имам а воцуш, шена уллехь ламаз деш верг пхоьалгIа ракаIате хьалагIоттуш гича, цуьнга само яйтар («субхьа‌наллахI» аьлла я тIе куьг тоьхна) тIехь дуй, иза шен имам ца хилча а?

Жоп: Соьга хаьттича, нийсох дерг само яйтар важиб хилар ду. Нажас долчу хица цхьаъ ламаз эца воллуш хьайна гича, цуьнга само яйтар важиб ма-хиллара».

[Шархьул-мумтиI, агIо: 3/349]
https://t.me/Shayh_Usaymin

1 Jahr, 5 Monate her
Шайх Iусаймин
1 Jahr, 5 Monate her

Ламазехь тlаьхьахlоьттинчунна имам вицвелла совнах хьалагlоттуш хилча, цуьнга само яйтар тlехь дуй?

Хаттар: Ламазехь тIаьхьахIоьттинчунна важиб дуй, имам (вицвелла) совнаха хьалагIоттуш хилча, (субхьа‌наллахI аьлла) цуьнга само яйтар?

Жоп: Важиб ду цуьнга само яйтар.

Шайх Iусайми‌на (АллахIа къинхетам бойла цунах)

[Шархьул-мумтиI, агIо: 3/349]
https://t.me/Shayh_Usaymin

1 Jahr, 5 Monate her

Хан хилла моьттуш хенал хьалха ламаз дар

Шайх Iусайми‌на (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Ламазан хан хилла моьттуш, цхьамма хенал хьалха ламаз дича, цуьнан хьукма хIун ду?

Жоп: Цунна фарз тIера дер дац, хан ма-хилла ламаз юха дар тIехь ду цунна».

[Шархьул-мумтиI, агIо: 3/328]
https://t.me/Shayh_Usaymin

1 Jahr, 6 Monate her

Ламаз дlадехкар

Шайх Iусайми́на (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

««АллахIу акбар» аьлча бен ламаз дIадехкалуш дац».

[Шархьул-мумтиI, агIо: 3/295]
https://t.me/Shayh_Usaymin

We recommend to visit

Акъидат, хьехамаш, ладаме хаттаршана жоьпаш.

Хаттар кху тIе даийта ⬇️ @hattarjop1445_bot

Резерв (декъа хаттарш): @HattarJop

Вайн Instagram агIо:
https://www.instagram.com/xexamash

Last updated 2 months, 1 week ago

📲Вайца зӀе: @Khetasho_bot

📲Youtube: https://youtube.com/@khetasho

Last updated 2 weeks, 5 days ago