Dive into the Ultimate Free Library: Your One-Stop Hub for Entertainment!

Деган синтем

Description
АЛЛАХ1А къинхетам бойла диканиг даржо чух.
Advertising
We recommend to visit

Last updated 1 month, 3 weeks ago

📲Вайца зӀе: @Khetasho_bot

📲Youtube: https://youtube.com/@khetasho

Last updated 4 weeks ago

🧸-ʍуɜыᴋᴀ дᴧя ϶диᴛᴏʙ-🧸
💸-ᴨᴩᴏᴇᴋᴛы, ᴨᴀᴋи-💎
🩸-ᴏᴩиᴦи дᴧя ϶диᴛᴏʙ -🩸
🎃-ᴄᴏхᴩы-🎃
🪐-ᴨᴏ ʙᴏᴨᴩᴏᴄᴀʍ: @KGBEROV

Last updated 2 months, 2 weeks ago

1 month, 1 week ago
1 month, 1 week ago
14-гIа хаттар: Шега цхьа Iамал е …

14-гIа хаттар: Шега цхьа Iамал е алий омра де аьлча, Пайхамара (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) омра динарг муьлха Iамал ю хаьий хьуна?

Жоп: Марханаш кхабар ю хьуна, цуьнан тоьшалла:
Абу Ума́мата (АллахI реза хуьйла цунна) дийцина, АллахIан Элчане (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) элира ша: «Цхьа Iамал е алий тIейиллахьа суна», - аьлла. Элчано элира: «Марханаш кхобуш хила, царах тера Iамал ян яц хьуна». Ша элира юха а: «ХIай АллахIан Элча, цхьа Iамал йиллахьа суна тIе». Элчано элира: «Марханаш кхобуш хила, царах тера Iамал ян яц хьуна».37
-Шена цхьа Iамал тIейилла аьлча, АллахIна гергара хьал уггар дика девзуш, Iамалех уггар гIоли ерг муьлхург хир ю хууш волчу Пайхамара (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) тIейиллина Iамал марханаш кхабар ю-кх, АллахIа фарз бина мархийн бутт муха кхобур бацара тIаккха?!

1 month, 2 weeks ago

12-гIа хаттар: Эхартахь хьайн самукъадала лаьий хьуна?
Жоп: Марханаш кхобучех хила, эхартахь АллахIна дуьхьалкхетча Цо хьайна кечбина бекхам гина самукъадер ду хьан, цуьнан тоьшалла:

Абу СаIи́ да (АллахI реза хуьйла цунна) дийцина, Пайхамара (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) элира аьлла: «Лекха а, Беркате а волчу АллахIа боху: «Марха Сан ду, цунах бекхам Ас бийр болуш бу, марха кхобуш волчунна шозза самукъадалар ду, ша марха даьстича самукъадолу цуьнан, ша АллахIна дуьхьалкхетта, Цо шена бекхам бича а самукъадер ду цуьнан»».34
Iеламнаха аьлла: «Шен Далла дуьхьалкхетча цуьнан дер долу самукъа, Цо шена бина бекхам гарца, Лекха волчу АллахIа шена делла ниIмат дагадарца хир ду, Цо марха кхаба шен аьтто барна. Ткъа марха даьстича цуьнан долуш долу самукъа, шен Iибадат кхочушхиларна, доха ца деш шега кхабадаларна хир ду, Цуьнан йоле ша сатуьйсуш волун дела».35
-АллахIна дуьхьалкхетча, Цо шена кечбина бекхам гина, долучу самукъанал доккха хIун хир ду?! Ткъа АллахIа фарз бина тIебиллина болу мархийн бутт кхобуш воцург кхача йиш яц-кх оцу самукъане!

1 month, 2 weeks ago

8-гIа хаттар: 3000 шарахь некъ балла юкъана жоьжахати хьайх генаяккха лаьий хьуна?

Жоп: Марханаш кхобучех хила, 3000 шарахь некъ балла юкъана АллахIа жоьжахати генайоккхур ю хьуна, цуьнан тоьшалла:
Iукъбат ибн Iа́мира (АллахI реза хуьйла цунна) дийцина, АллахIан Элчано (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) элира аьлла: «Сийлахь- Тоьлла волчу АллахIан новкъахь цхьа марха кхаьбначух АллахIа жоьжахати генайоккхур ю бIе шарахь некъ балла юкъана».26
-Цхьа марха кхаьбначунна бIе шарахь некъ балла юкъана жоьжахати генайоккхуш хилча, ахь мархийн бутт кхаьбча 3000 шарахь некъ балла юкъана жоьжахати генайоккхуш нисло-кх. ТIаккха ойла ехьа, хIора шарахь мархийн бутт бен ахь кхин марханаш ца кхаьбча а, жоьжахати хьох мел генайолу!

1 month, 2 weeks ago
Суьйранна доьшуш долу азкараш.

Суьйранна доьшуш долу азкараш.

1 month, 2 weeks ago
1уьйранна доьшуш долу азкараш.

1уьйранна доьшуш долу азкараш.

1 month, 2 weeks ago
7-гIа хаттар: 2100 шарахь некъ балла …

7-гIа хаттар: 2100 шарахь некъ балла юкъана жоьжахати хьайх генаяккха лаьий хьуна?

Жоп: Марханаш кхобучех хила, 2100 шарахь некъ балла юкъана АллахIа жоьжахати генайоккхур ю хьуна, цуьнан тоьшалла:
Абу СаIи́ да (АллахI реза хуьйла цунна) дийцина, Пайхамара (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) олуш хезира шена аьлла: «АллахIан новкъахь цхьа марха кхаьбначунна, АллахIа цуьнан юьхь жоьжахатих генайоккхур ю 70 шарна».25
22 Сахьи́ хь: Муслим: 1151
23 Сахьи́ хь Муслим би шархь Имам Нававий, агIо: 8/28
24 Сахьи́ хь: Муснад Ахьмад: 9138. Арнау́ тIа сахьи́ хь дина 25 Сахьи́ хь: Буха́ рий: 2840

-Цхьа марха кхаьбначунна 70 шарахь некъ балла юкъана жоьжахати генайоккхуш хилча, ахь мархийн бутт кхаьбча 2100 шарахь некъ балла юкъана жоьжахати генайоккхуш нисло-кх. ТIаккха ойла ехьа, хIора шарахь мархийн бутт бен ахь кхин марханаш ца кхаьбча а, жоьжахати хьох мел генайолу!

1 month, 2 weeks ago
Дела хьехорехь долу деза дешнаш

Дела хьехорехь долу деза дешнаш

We recommend to visit

Last updated 1 month, 3 weeks ago

📲Вайца зӀе: @Khetasho_bot

📲Youtube: https://youtube.com/@khetasho

Last updated 4 weeks ago

🧸-ʍуɜыᴋᴀ дᴧя ϶диᴛᴏʙ-🧸
💸-ᴨᴩᴏᴇᴋᴛы, ᴨᴀᴋи-💎
🩸-ᴏᴩиᴦи дᴧя ϶диᴛᴏʙ -🩸
🎃-ᴄᴏхᴩы-🎃
🪐-ᴨᴏ ʙᴏᴨᴩᴏᴄᴀʍ: @KGBEROV

Last updated 2 months, 2 weeks ago