Синтем

Description
Ма декъаллала юкх - х|окху заманан мах хиин,шен жимал йитин,шен дахар Аллах| рез варе дерзинчунна.
Ма ирсе хили-кх ишттаниг…

вай лахь хlокху хьостанан чура ара ма довлалаш, йаржа йелаш хlара, кху чохь шайна гинчу дика хlуманашца lамал йелаш, дуккха а дик
We recommend to visit

Находим необычные и полезные вещи для мужиков, по низким ценам.

По вопросам - @Pavel_kekw

№ 4888195328

Last updated hace 4 meses, 2 semanas

Сранчик Бот 👉 @sranchikbot

Реклама – @father_smm

Last updated hace 5 meses, 2 semanas

Реклама @Reklama_vezde_bot

Last updated hace 1 mes, 2 semanas

4 weeks, 1 day ago
4 weeks, 1 day ago
1 month ago
1 month ago
1 month, 1 week ago
1 month, 1 week ago

Аш ма ала Аллахlан новкъахь кхелханчунна: « Уьш белла»
Мелхо а , дийна бу уьш, делахь а шуна хаа ца ло и

1 month, 1 week ago

**Хӏусамах къаьстинарг кхетар ву цӏийнах,
Ша дийна виссарх и кхеттачу дийнахь...
Даймахках къаьстинарг воьрзур ву цӏехьа, –
Нохчочун кхоллам бу Дегӏаста эхарт...

Рицкъанах хаьддаверг рицкъанах ӏабош,
Дех-ненах къаьстинарг ирс леха ӏамош,
Къизалло ӏадийна дегнаш дӏатедеш,
Хан-зама йогӏур ю, дерриг а иэдеш...

Амма вайн гӏазотехь эгначийн яххьаш,
Йиц ца еш лаьттар ду ламанийн баххьаш...
----------------
11.12.1994**

1 month, 1 week ago
1 month, 1 week ago

ВОЧУ ХӀУМАН ИНКАРЛО ЦА ЙАР, АЛЛАХӀАХ ЭХЬ ХЕТА ДЕЗА ВАЙНА...

Вайн дахарехь, вайна дуккха тӀе ниссалуш хуьлу, АллахӀан омр гал доккхаче кхочуш вай, делахь а, цу вочу белхашна букътоха ийман ца тоьу вайна, йа майралла, доьналла ца тоьу вайна.
Наха вайгара бехка баккхарех кхоьру вай, нахана доьхьал дерза, нахана доьхьал довла кхоьру вай, ийзало вай, йа эхь хета вайна.
АллахӀах тӀех сов эхь хета дезачу меттехь, нахах эхь хетар сов доле, цу нахана тӀетоьвжа вай, цаьрах дӀа ца къаьста вай, цара лелочу, вочу балхан букъ ца туху вай.

Элчан (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) хьадис и санначу меттигашкахь дукха диц ло вайна...
Элчано (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) аьлла: «Шуна цхьана, цхьа вон болх гахь, шен куьгац хуьцийла цо иза, нагахь санна шен куьгац хийца ницкъа бацахь шен маттац хуьцийла цо иза, ткъа нагахь санна маттац хийца а ницкъа бацахь шен дагац хуьцийла цо иза. Иза уггаре гӀийла ийман ду хьуна»
Шен дагац цуна и ца дезар, новкъа дар - иза уггаре гӀийла ийман ду!
Иза доцуш хила йиш ма яц муъмин стаг!
Муьлхха а вон болха шайна гича, муъмин стаг иза хийца хьажа везаш ву, ткъа нагахь санна хийцалуш бацахь цуна букътоха беза цо!
Нахах эхь хетна, наха шайгар бехка боккхар бу аьлла, и вон болх бечу нахан тӀетовжа мегар дац, цу нахана хала хетар ду бохуш, цу нахарга виста ца хуьлуш, цара дечун инкарло ца еш Ӏа мегар дац иза!

Веза-Сийлахь волчу АллахӀа, Ша везаш, Шена безаш бу бохуш бийцина болу муъмин неха куцошех цхьа куц ду, «бехка боккхучеран бехкех уьш кхоьруш ца хилар»
Веза-Сийлахь волчу АллахӀа боху: «ХӀай ийман диллинарш, нагахь шу шай динах юха довлахь, АллахӀа цхьа кхин нах балора бу, АллахӀа цхьа кхин нах кхуллура бу, и нах муха хира бу аьлча, уьш АллахӀан безаш хира бу, цаьрна АллахӀ везар ву, муъмин нахаца кӀеда-мерза хира бу уьш, керста нахаца шога-буьрса хира бу уьш, АллахӀан новкъахь гӀазот деш хира бу уьш, бехка боккхучеран бехкех кхоьруш хира бац уьш»
Бехка боккхучеран бехкех хьо ца кхерара, АллахӀан безаш, АллахӀ везачера, муъмин неха куцошех цхьа куц ду!
АллахӀан омр дохош цхьа нах балахь, цаьрна доьхьал вала, цаьрна инкарло йан, цаьрна реза ца хила хьуна эхь ма хоьтийла!
Цара хьайгара боккхур болчу бехках хьо ма кхоьрийла,
АллахӀ реза варехь, цхьа а хьайна реза ца хиларна хьо ма кхоьрийлм!

Ахьа АллахӀ реза вича - кхин дӀа АллахӀа нах реза бийра бу хьуна,
Амма АллахӀ оьгӀаз вохуьйтуш, хьо мел чӀогӀа нах реза бан гӀертарах, хьуна нах реза хира бац, ца АллахӀ реза хира вац!

Шена эхь хета дезаш бераш, муххале АллахӀан омр гал доккхуш берш ма бу, АллахӀан дозанаш хедош берш ма бу!
АллахӀан дозанаш хедош болчарех эхь хета дезаш ма вац муъмин стаг, хӀунда аьлча и царелла веза ма ву, и царелла сийлахь ма ву, и царелла лакхара ма ву!

Веза-Сийлахь волчу АллахӀа боху: «Шу гӀел ма лойла, шу гӀайгӀане ма хуьлийла, шу ду шуна лакхарниш, шу ду шуна сийлахь дерш, нагахь санна, муъмин нах шу делахь»
Хьо муъмин стаг велахь, сийлахь верг хьо ву, хьо вац гӀайгӀане хила везаш, хьо вац гӀел вала везаш, хьо вац эхь хета дезаш, хьо вац воха везаш, йа цхьаммо а хьайгара бехка баккхаран кхера везаш, муххале уьш бу кхера безаш, муххале АллахӀан омр дохош верг ву шена эхь хета дезаш верг, муххале воха везаш верг иза ву, хӀунда аьлча иза сийсаз ву, иза лахара ву, АллахӀан омр дохош и мел ву!

Цундела муъмин стаг шайгахь йолу и сийлалла, и дозалла хаалуш хила веза!

Веза-Сийлахь волчу АллахӀа Шена безаш, Ша везаш, бехка боккхучеран бехкех ца кхоьручерах дойла вай!

©Ахьмад Абу Яхья
(АллахӀа Ӏалашвойла иза)
https://t.me/islamantariyh1

1 month, 2 weeks ago

Нийсонна тIехь сацар (истикъамахI) а, иман а.

Абу Iамр (я Абу Iамра) Суфъян бин IабдуллахIа
(АллахI реза хуьлда цунна) аьлла: «(Цкъа) хаьттира аса: ««ХIай, АллахIан элча! Исламах лаций дешнаш алахьа соьга, (цул тIаьхьа) кхечуьнга цхьаьнгге а аса цуьнах лаьцна хоттур а доцуш».

Цо элира: «Ала: «АллахIах теша со». Цул тIаьхьа нийсонна тIехь а саца» [(Муслим: 38)].**

We recommend to visit

Находим необычные и полезные вещи для мужиков, по низким ценам.

По вопросам - @Pavel_kekw

№ 4888195328

Last updated hace 4 meses, 2 semanas

Сранчик Бот 👉 @sranchikbot

Реклама – @father_smm

Last updated hace 5 meses, 2 semanas

Реклама @Reklama_vezde_bot

Last updated hace 1 mes, 2 semanas