Dive into the Ultimate Free Library: Your One-Stop Hub for Entertainment!

Къуръанан охlла

Description
Валлахlи, дегнаш чохь сецна долу Къуръан деза ма ду!
Advertising
We recommend to visit

Провалы брендов, истории с маркетплейсов и (не)много любви к Райану Гослингу.

Высокоранговый канал про диджитал.

Предложка: @ryanrunbot

Реклама: @NeuroDenis

Last updated 2 days, 12 hours ago

Last updated 1 month, 1 week ago

Рецепты на огне 🔥

По рекламе ➡️ @nastyakrivova

Last updated 10 months, 1 week ago

1 month, 3 weeks ago

Къахьоьгучарна а, мало ечарна а цхьатерра ах бутт дlабели-кх..

Ткъа Аллахlана гергахь йолу церан меттигаш ма цхьатерра яц-кх!

1 month, 3 weeks ago

Шуlба Абу бакр ибн lаййаш - один из передатчиков нашего къираата, который мы читаем от lасыма.

Передается, что он на протяжении 40 лет прочитывал полностью Коран каждый день.

Когда Абубакр ибн lаййаш был при смерти, его сестра плакала возле него. Он сказал ей: "Почему ты плачешь? Взгляни на тот угол. Твой брат там прочитал полностью Коран от начала до конца 18 тысячи раз!"

1 month, 3 weeks ago
3 months, 3 weeks ago

Нагахь санна Пайхамаран (Аллахlера салам-маршалла а хуьлда цунна) салават диллар лайн гlайгlа а, сингаттам а дlабаккхаран бахьан хилча, ткъа муха хира дара-те иза гар а, цуьнца охьахаар а?

اللهم صل على محمد وعلى آل محمد كما صليت على إبراهيم وعلى آل إبراهيم إنك حميد مجيد وبارك على محمد وعلى آل محمد كما باركت على إبراهيم وعلى آل إبراهيم إنك حميد مجيد

https://t.me/tadabbar_alquran

3 months, 3 weeks ago

Дегайовхо — надежда

3 months, 3 weeks ago

хlара оьшур ю шуна

4 months ago

**Аллахlах кхоьручунна муьлххачу а халачу киртигера кlелхьараволийла ло Цо..

(Къуръан 65:2)**

Ибну-ль-Жавзийса боху:

Цхьа хала хьал хlоьттанера соьга, даима гlайгlане, сингаттаме латтош вара цо со. Дукха ойла йинера аса, и гlайгlанаш сингаттамаш хlун дича дlа бевра бара техь бохуш, цхьа а некъ карош бацара суна. Эххарен а хlокху аятан тlе нисвелира со - «Аллахах кхоьручунна мулххачу
а халонах келхьараволийла ло Цо»
, - аьлла долу. Таккха суна хиира, Делах кхерар - иза мулхха а сингаттамах къелхьаравоккхуш бахьана дуй. Тlаккха и Делах кхерар кхочушдан сан lалашо кхолла ма еллана кхелхьарволийла (выход) карира суна.

(Сойдуль-Xlотыр, 204)

https://t.me/tadabbar_alquran

4 months ago
4 months ago

السلام عليكم ورحمة الله وبركاته

Хlоранга, хlокха агlон тlе базбелчарга, шайга дlакхачахь бисанчарга даггар ала лаьара, аша Къуръан lама дойла.

Валлахlий Къуръан Аллахlа хьан-хьанна луш дац шуна, муьлх - муьлха дегнаш хьакъ дац шуна и Къуръан шайн чохь латто..
хьо Аллахlа хаьржича бен хьуна дага тосуш ма дац и Къуръан lамо.
Валлахlий цул хаз хlума ма дац, Валлахlий цулла хьун беркате волш накъост ма вац, дуьненахь а , эхартахь а иншаАллахl..

Ойла йайша, Къуръан lамо дlавоьдаш йал хул хьуна, дин дийнахь цу Къуръанац болх бешша йал хуьла хьуна, де чаккхенг дахан хьо цlа воьдаш беш болчу некъана йал хуьла хуна, гуо беееееккккхийн
беркатш догla хьуна Валлааахlий доха... хьа дахар хийца ма хуйца Къуръано..

Къуръан lамош берш, Къуръанан охlла - иза ше охlла ду боху Аллахlа, кхин хlун оьша вайна? ваьш Аллахlан охlлунах хиларал дез хlун хир ду вайна?
Аллахlу акбар.
Валлахlий ойла ечунна ойл йал хlума ма ду иза..

https://t.me/tadabbar_alquran

4 months, 1 week ago

**Аллахӏа боху: «Ша кхоьллина ма дац жинаш а, адамаш а, Шена ӏибадат дайтархьама бен».

(Къуръан 51:56)**
Аллахӏа дегӏ делла хӏоранна а, леладе аьлла. Вайна ца делла, вай дайша долуш - м, амма вайга леладайта делла, юхалург елла хӏума санна. «Хӏан, схьаэца хӏара дегӏ, леладе хӏара хан тӏекхаччалц», - аьлла. И хан тӏе ма кхечнехь, вайгара и дегӏ дӏадоккхур долуш. Дӏа муха доккхур ду? Вай и дегӏ леладаре хьаьжжина ду - кх, цуьнан дола даре хьаьжжина доккхур ду - кх. Дика лелийнехь, схьало аьлла хаза дӏаоьцур ду, вон лелийнехь, нуьцкъала дӏадоккхур ду. Дика лелийна дӏаделла дегӏана - дика а, хаза а, дукха чӏогӏа реза волуш ялсаманица бекхам хир болуш. Вон лелийнехь - вочуьнга хьаьжжина бекхам хир болуш. Цундела ялсамани чохь ша йина йолчу ӏамале хьаьжжина дарж хир ду. Аллахӏан нийсо ю и Шен лешна юккъехь еш йолу.

https://t.me/tadabbar_alquran

We recommend to visit

Провалы брендов, истории с маркетплейсов и (не)много любви к Райану Гослингу.

Высокоранговый канал про диджитал.

Предложка: @ryanrunbot

Реклама: @NeuroDenis

Last updated 2 days, 12 hours ago

Last updated 1 month, 1 week ago

Рецепты на огне 🔥

По рекламе ➡️ @nastyakrivova

Last updated 10 months, 1 week ago