Гаражный движ 👩🔧
По вопросам рекламы и сотрудничества - [email protected]
Last updated 3 Wochen, 5 Tage her
«Бусалба берийн
г|иллакхаш»
Мах: 600р.
العربية للناشئين
Хьалхара дакъа
Мах:500
Вайца з|е:
Телеграм : @jaynashh
Ватсап : https://wa.me/message/L6VB4MMNMHCNB1
Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьйла цунна) д|акхелхича боьхна хьийзара асхьабаш, хьере хилла. И волчу чу а вахана, Абу Бакра элира: «Х1ай Аллах1ан Элча, дийна волуш а, кхелхича а ма хаза ву-кх хьо.»
Цул т1аьхьа маьждиг чу велира Абу Бакр. Асхьабаш боьлхуш бара. Баттара тур даьккхина мохь бетташ 1умар вара, ша Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьйла цунна) велла аьллачуьнан корта боккхур бу бохуш.
«Х1ай 1умар, охьахаа», -элира Абу Бакра цуьнга. 1умарна ца хезара и. Юха а элира цо: «Х1ай 1умар, охьахаа».
Т|аккха кхайкхам бира Абу Бакра: «Мухьаммадна 1ибадат деш хиллачарна хаийла, Мухьаммад д1акхелхина шуна! Ткъа Аллах1ана 1ибадат деш волчунна хаийла, Аллах1 дийна ву шуна, цкъа а лийр волуш а вац шуна!».
Цул т1аьхьа Къуръанан аят дийшира Абу Бакра: «Мухьаммад - элча бен ма вац. Цул хьалха а хилла элчанаш. Нагахь иза лахь я вехь, (керстналле) юхадерза дохку шу? Ткъа (Ислам-динах) юхаваьллачо Аллах1ана деш цуьрриг а зен дац. Аллах1а совг1ат дийр ду шукардечарна».
«Х1ай Абу Бакр, и яат Къуръан чуьра ду?», - хаттар дира шена дуьххьара хезча санна хеташ волчу 1умара. Абу Бакра ду аьлча, д|а а сецна, воьлхуш 1ара 1умар. Кхетам чуьра а ваьлла, 1умар охьавуьйжира аьлла а деъна.
(Жайна: «Берашна гулдина веа халифан дийцарш».
Аг|о: 26-27)
Гаражный движ 👩🔧
По вопросам рекламы и сотрудничества - [email protected]
Last updated 3 Wochen, 5 Tage her