UYmigrant – Россияда мигрант ишчилар уй-жой охтариши учун хизмат.
Эълон учун: @UyMigrat_bot
Last updated 9 months ago
Акъидат, хьехамаш, ладаме хаттаршана жоьпаш. 
Хаттар кху тIе даийта ⬇️ @hattarjop1445_bot
Резерв (декъа хаттарш): @HattarJop
Вайн Instagram агIо: 
https://www.instagram.com/xexamash
Last updated 1 year ago
Last updated 7 months, 3 weeks ago
Вайн бот : @Yijariyn_bot 🕶
Зударийна тоба (аманат).
Ассаламу lалайкум.
❔2927-гla Хаттар: Дас шен берана ахчанах дакъа (алименты) далар хьарам дуй?  
Ваlалайкум ассалам варахьматуллахlи ва баракатухl!
✔Жоп: Хlусамнана йитича хlусамдена тlерадолуш дац доьзална оьшург латтор шен ницкъ кхочучу кепара. Делахь а, хlусамда керста lедале вала мегар дац, цуьнан ницкъ кхачахь а, ца кхачахь а цунна гlуда тlедожош.  
Ассаламу ӏалайкум.
?2827-гla Хаттар: Деле деха лууш, оьшуш цхьа хӏума хилча, шена луучу хенахь дӏа а хӏоьттина суннат-ламаз дан йиш юй?  
ВаӀалайкум ассалам варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
✔Жоп: Муьлхха а хенахь деха АллахӀе. Ткъа бахьана доцуш деш долу ламаз муьлхха а хенахь дан мегаш ду, ши меттиг боцург:   
➖малх хьалаболуш цхьа 15-20 минот яллалц;
➖иштта малх чубузуш 15-20 минот яллалц;  
Иштта Ӏуьйра-ламаз дича малх хьалабаллац, малхбуза-ламаз дича маьркӀажа хан хиллалц бахьана а доцуш суннат-ламаз дийр дац, цхьана бахьанина деш делахь мегар ду, масала: ламаз эцча деш делахь я истихарат-ламаз делахь. Ткъа деккъа доӀа дан аьлла ламаз деш елахь, цу шина ханчохь дийр дац.
Ассаламу ӏалайкум.
?2826-гla Хаттар: Дуьйцуш хезнера суна, хӏусамда молуш велахь, цо и шена дотта аьлча, зудчо дотта дезаш ду бохуш, масала: цигаьрка елахь, цо уьш эца аьлча, эцчхьана йолу и зуда, цунах зудчунна къа хуьлуш дац, цо аьлларг дичхьана яьлла.   
ВаӀалайкум ассалам варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
✔Жоп: Элчано (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) аьлла: «Ӏесаллина тӀехь муьтӀахь хир вац, баккъалла а, муьтӀахь хилар дикачу хӏуманна тӀехь ду».
[Бухарий: 7257]   
➖Кхечу хьадисехь а аьлла Элчано (саллаллахIу IалайхIи ва саллам): «Цара шуьга омра дахь АллахӀана Ӏеса хила аьлла, цара бохург ма де».
[Ибн МажахӀ: 2330]  
➖Кхин а аьлла Элчано (саллаллахIу IалайхIи ва саллам): «АллахӀа кхоьллиначунна муьтӀахь хилар дац, кхуллуш волу АллахӀана Ӏеса а хуьлуш».
[Сахьихь: ЖамиӀ: 7520]   
➖Кхечу хьадисехь а боху Элчано (саллаллахIу IалайхIи ва саллам): «Ӏеса хила аьлла омра дахь, цунна муьтӀахь хир вац».
[Муслим: 1839]  
ХӀусамдас бахахь а, хьамма бахахь а хьарам хӀума дийр дац, цу тӀехь муьтӀахь хир яц!
Ассаламу Ӏалайкум.
?2809-гla Хаттар: Цхьаьнца захало дан лууш хилча, иза пайде делахь тхо цхьаьнатоха Ахь, аьлла, доӏа дан мегар дуй?  
ВаӀалайкум ассалам варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
✔Жоп: Иштта дича нийса хир ду, пайде делахь рицкъанаш цхьаьнатоха Ахь аьлла.  
Ассаламу Ӏалайкум.
?2808-гla Хаттар: Доьзалхочун корта дуьххьара нанас баша мегий-те?  
ВаӀалайкум ассалам варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
✔Жоп: Мегаш ду.  
Вайн бот : @Yijariyn_bot ?
Зударийна тоба (аманат).
UYmigrant – Россияда мигрант ишчилар уй-жой охтариши учун хизмат.
Эълон учун: @UyMigrat_bot
Last updated 9 months ago
Акъидат, хьехамаш, ладаме хаттаршана жоьпаш. 
Хаттар кху тIе даийта ⬇️ @hattarjop1445_bot
Резерв (декъа хаттарш): @HattarJop
Вайн Instagram агIо: 
https://www.instagram.com/xexamash
Last updated 1 year ago
Last updated 7 months, 3 weeks ago