Тептар

Description
?
Advertising
We recommend to visit

Админ - @Gals1

Last updated 7 Monate, 1 Woche her

Байки, анекдоты, мемы

админ - @BellaTaste

Last updated 2 Monate, 3 Wochen her

Админы
@DmitrySed @Adm_ps @Alexa9613

Last updated 1 Jahr, 2 Monate her

5 months ago

АллахӀа Шен сийлахь долчу Къуръан чохь боху:
«Муса-пайхамаре элира: «Хьан доӀанна жоп делла хьуна, хӀай Муса!».

-Иштта цхьа де дан тарло-кх хьан доӀанна жоп луш. Цундела айхьа доьхуш дерг хӀоккхул хилча а кхачам бара суна алий а ца доьхуш, хьайн дог Ӏаббош деха ахь, хӀунда аьлча, ахь доьхуш волу АллахӀ муьлхха а хӀума хьуна дала ницкъ кхочуш, хьалдолуш, коьмаьрша а верг ву хьуна.

5 months ago

АллахӀа Шен сийлахь долчу Къуръан чохь боху:
«Боккъалла а, АллахӀана дукхабеза Шена тӀе болх буьллурш».

-Муьлхха а хьолехь АллахӀана тӀе болх биллича хьайна лууш долу, хьайна оьшуш йолу Ӏалашо хьан кхочуш ца хиллехь а, АллахӀана дукхабезачарех хьо хиларна кхачаме ду-кх хьуна.

Кхузара t.me/adlan_haracho/2906

5 months, 1 week ago

АллахӀан къинхетам хьуна тӀебоссарна юккъехь хьан цхьа дакъа хила цхьа де мукъане а ахь цундела даккха деза хьуна хьайн балхах, хьайн некъах, хьайн вахар-варах мукъа даьккхина, кху цхьана дийнахь АллахӀе доӀанца хьо воьрзур волуш, АллахӀе Ӏибадатца хьо воьрзур волуш и цхьа де мукъане а ахь доккхур долуш Делан хӀусамехь, кху цхьана дийнахь мукъане а Ӏеса хӀума хьайгахь хир доцуш, и цхьа де мукъане а хьан хир долуш, Ӏесачу хӀуманах хьан тептар тӀехь цхьа а хӀума хир доцуш, цӀенна кехат санна хьан и хир долуш АллахӀа хьалха дӀахӀоьттича.

5 months, 1 week ago

Ши куьг айбина шена тӀера оба охьайожжалц АллахӀе доьхуш, АллахӀе кхойкхуш, АллахӀе тевжина лаьттара хьуна Пайхамар (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам), и хьал шен долушшехь цу АллахӀе кхойкхуш, цу АллахӀе доӀанаш деш, цу АллахӀана хьалха вирзина. Иштта цхьа бахьана хила деза хьуна хьоьгара а.

5 months, 1 week ago

Хаалахь, АллахӀан и къинхетам тӏебуссучу хенахь цу декъехь хьо хила, и къинхетам хьуна тӀебосса хьоьгара цхьаъ хила дезаш ду хьуна, хьо цу Деле вирзина хила везаш ву хьуна цу цхьана дийнахь мукъане а, Далла дуьхьала вирзина, цу цхьана дийнахь мукъане а куьйгаш айбина АллахӀана хьалха охьахиина хила везаш ву хьуна.

Хаьий хьуна Пайхамар (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) шена дӀа мел даханчу къиношна гечдина долушшехь, тӀе мел догӀур долчу къиношна гечдина долушшехь, дерриге адамашлахь АллахӀа ша эла вина волушшехь, ялсаманица кхаъ баьккхина сийлахь Элча ша волушшехь, цу Ӏарафат дийнахь мел лаьттара хаьий хьуна Элча ши куьг айбина?

7 months, 2 weeks ago

Мархийн баттахь дина дӀатаса дезаш дац Ӏибадат. Мархийн баттахь хилла волу Дела ву кхечу беттанашкахь а.

t.me/teptar_du

7 months, 2 weeks ago

Марха а ша омра ма-дарра кхаба боху хьоьга. Седа гучубаллалц, молла кхайкхина валлалц марха ца достуш Ӏен ца боху хьоьга. Марха даста хан ма-хилла даста боху хьоьга.

t.me/teptar_du

7 months, 2 weeks ago

Ламаз хьайга омра ма-дарра де боху хьоьга, хьайна луучу агӀора де ца боху хьоьга, я сан дас иштта Ӏамийна, тхан ворхӀе дайшкахь иштта дора бохуш де а ца боху хьоьга, мелхо а, Пайхамара (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) ма-дарра де боху хьоьга.

t.me/teptar_du

7 months, 3 weeks ago

Неlалт хилла зударий

Хаттар: Хьижаб ца лелочу зудчунна неlалт кхайкхош дуй? Далил даладе.

Жоп: Тlехь духар доцуш, берзина зударий хир бу бохуш дуьйцучу хьадисехь аьлла-кх Пайхамара (саллаллахlу lалайхlи ва саллам): «Неlалт ала царна, уьш шайна неlалт хилла бу шуна». [Сахьихь Ибн Хьиббан: 5753]
Амма цунах зен дер ду я дац хьаьжжина олуш ду иза: тlехь духар доцучунна неlалт аьлча, иза дуьхьал йист а хилла, цунах питана хир делахь эр дац, ткъа хир дацахь ала йиш ю.
https://t.me/Vragi_iblisa

We recommend to visit

Админ - @Gals1

Last updated 7 Monate, 1 Woche her

Байки, анекдоты, мемы

админ - @BellaTaste

Last updated 2 Monate, 3 Wochen her

Админы
@DmitrySed @Adm_ps @Alexa9613

Last updated 1 Jahr, 2 Monate her