Dive into the Ultimate Free Library: Your One-Stop Hub for Entertainment!

Вайн гӀиллакх

Description
Вайн ютуб: youtube.com/@vayn_glillakh
Вконтакте: vk.com/vayn_glillakh
Advertising
We recommend to visit

Last updated 1 month, 3 weeks ago

📲Вайца зӀе: @Khetasho_bot

📲Youtube: https://youtube.com/@khetasho

Last updated 4 weeks ago

🧸-ʍуɜыᴋᴀ дᴧя ϶диᴛᴏʙ-🧸
💸-ᴨᴩᴏᴇᴋᴛы, ᴨᴀᴋи-💎
🩸-ᴏᴩиᴦи дᴧя ϶диᴛᴏʙ -🩸
🎃-ᴄᴏхᴩы-🎃
🪐-ᴨᴏ ʙᴏᴨᴩᴏᴄᴀʍ: @KGBEROV

Last updated 2 months, 2 weeks ago

3 weeks, 6 days ago

Ткъа нагахь санна хьуна бевзаш боцучу нахаца хьан юкъаметтиг ян езаш хилахь, цаьрца ахь лело деза гIиллакхаш хIорш ду хьуна:

1) цара деш долчу къамелана юкъа ца гIертар;
2) церан эрна къамелашка ла ца дегIар;
3) цаьргара дуьйлуш долу вон дешнаш тергал ца дар;
4) цаьрца дукха веттаваларх а, хьайн цаьргара хьашт хилийтарх а ларвалар;
5) нагахь санна цара къобалдийр ду аьлла хетахь, кIедачу хьехамца цаьргара дуьйлуш долчу вочу хIуманашна церан тидам тIебахийтар.

"Нисваларан юьхь",
Имам ГIазалий (Дала къинхетам бойла цунах)
https://t.me/vayn_glillakh

1 month ago

Нохчийн маттахь нийса муха дагардо?

1 - цхьаъ
2 - шиъ
3 - кхоъ
4 - диъ
5 - пхиъ
6 - ялх
7 - ворхl
8 - бархl
9 - исс
10 - итт
11 - цхьайтта
12 - шийтта
13 - кхойтта
14 - дейтта
15 - пхийтта
16 - ялхитта
17 - вуьрхlитта
18 - берхlитта
19 - ткъайоьсна
20 - ткъа
21 - ткъе цхьаъ
22 - ткъе шиъ
30 - ткъе итт
31 - ткъе цхьайтта
40 - шовзткъа
50 - шовзткъе итт
60 - кхузткъа
70 - кхузткъе итт
80 - дезткъа
90 - дезткъе итт
100 - бlе
120 - бlе ткъа
121 - бlе ткъе цхьаъ
200 - ши бlе
1000 - эзар
2000 - ши эзар

https://t.me/vayn_glillakh

1 month ago

Баккхий нехан лерам бар а, уьш ларар а, церан сий дар а элчанийн суннатех цхьа суннат ду, дикчу нехан некъ а бу. Къена нахаца дика хир вац Дала шен дагчу къинхетам биллинарг бен.

Цундела, воккхачуьнан лерам беш хуьлу, цуьнан сий деш хуьлу, иза сийсаз веш ца хуьлу; иза вазвеш хуьлу, иза айвеш хуьлу, цуьнан сий лахдеш ца хуьлу; иза цхьа нах гулбеллачу метте веъча цунна уггар дика меттиг дIалуш хуьлу, хIунда аьлча «АллахI вазварх а, Цуьнгахьа лерам хиларх а ду воккха стеган лерам бар»(хьадис).

Иза вистхилча ладугIу вай, дист а ца хуьлу вай; цо вайна цхьа хьехар дича, иза тIелоцу вай, бакъдолуш уьш хIума зеделларш бу, хIума хуурш бу. Олуш ду вайна юкъахь, ханна баккхий берш уггаре хьекъале нах бу, олий, хIунда аьлча уьш дуккха хIуманах чекхбевлла дела, царна дуккха хIума гина дела.

Цундела, нагахь санна хьайна хетарг хьайн дена хетачунна, йа девешийна хетачунна, йа воккхачунна хетачунна доьхьал догIуш а нисделла, тIаккха иза хьоьца мелла а шога хилахь, хаийла хьуна иза цхьаъа бахьана доцуш доций, мелхо а шена дуккха а хIума зеделла дела олуш ду хьуна цо иза иштта.

Воккхачу АллахIе доьху вай, Iаршан Деле доьху вай, хаза гIиллакхаш даларца Цо вай сийлахь дар, вон гIиллакхаш Цо вайгара дIадерзор.

Шайх Мухьаммад ал-Мухтар аш-ШинкъитIий.
https://t.me/vayn_glillakh

2 months, 3 weeks ago

ГIиллакхашка хьаьжжина, стеган мах хадорехь «къиза» а, дуьххьал дIа а хилла вайнах. И деш, цара тидаме оьцуш ца хилла цуьнан хьалхалера дика гIуллакхаш, цуьнан цIе, говзалла. И дерриге а дайдеш, дагош хилла цхьана осалчу хIумано. Махкахь а дIаяхна цIе, махкана а гуш, южуш хилла. Иза боккха бохам а, юьхьIаьржо а хилла, оцу стагана шена хилла ца Iаш, цуьнан гергарчарна а, тайпанна а, юьртана а, цуьнан ворхI тIаьхьенна а.
И хууш, стаг Iаламат чIогIа ларлуш хилла шегара цхьа ледарло яларх. Оьздангаллин бехкамаша, гIодаюкъ къовлуш дихкинчу доьхкано санна, стаг гуттар чIагIвина латтош хилла, дикачу гIуллакхашна, нийсонна орцахвала кийчча. Цундела цхьаволчу къонахчо шен гIодаюкъ буьйсанна вуьжуш а йостуш ца хилла, гуттар а оьшучу дIахахка кийчча дин а латтош хилла.
Ша воьжча, шен цIе йоьжча, дегIана там лехна цхьа ледарло ша ялийтича, шех къинхетам бан, ша хьалаайа цхьа а воцийла хааро латтош хилла стаг гуттар а сема.
https://t.me/vayn_glillakh

2 months, 3 weeks ago
2 months, 3 weeks ago

Стеган оьздангалла цо ша-шеца лелочу гIиллакхашна тIера дIайолало. Иза уггар хьалха шен дог-ойла, тIаккха цуьнга хьаьжжина шен юьхь-сибат а, дегI а цIена латтор ду. Кхузахь стеган чулацаман а, куьцан а цхьаалла хила еза. Нагахь стаг коьрта шен дог-ойла, шен гIуллакхаш ду, ткъа шен духар, сурт-сибат мухха хилча а мегар ду аьлла лелахь, цуьнан оьздангалла кхочуш ца хуьлу, цуьнан чулацам куьцаца шалхаболу. Стеган оьзда массо хIума а хила деза – ойла а, духар а, гIиллакхаш а. Мел хаза духар дуьйхина и велахь а, гIуллакхаш цхьана а хоршахь доцуш, шена луъург лелориг а оьздангаллина юххе ца вахна. Кхузахь а го куьцан а, чулацаман а цхьаьна ца дар. Стага уггар хьалха шен дегI цIена лело деза.
https://t.me/vayn_glillakh

3 months ago

Аллахӏера къинхетам а, маршо а хуьйла шуна.

Хьоме тобанан декъашхой, шуьга цхьа дехар ду, вайн цӏахь цхьа а нохчийн маттахь киншка йоцуш хуьлийла а дац, хила йиш а яц! Аша йоьшуш, шуна царна юккъера пайде хетта йолу кийсак яийтийша.

@Vayn_glillakh_bot

3 months ago

НОХЧАЛЛА - СУННАТАХ ЛАЬТТАШ Ю!

Нохчалла национализм а ю, национализм динехь мегаш а яц, бохуш, нохчийн хIуманаш сийсаздеш, уьш дайдеш, цхьа адамаш даьржина вайна юккъехь, буьйцуш нохчийн мотт болуш. ХIинцалц арахьара мостагIа гIиртинера вайн къам синоьздангаллах дохо. ХIинца чуьра мостагIий бийла буьйлабелла вайна. Уггар кхераме мостагIий уьш бу! Дукхахберш тилийна лелош а бу царех, царна шайна а шаьш буйла а ца хууш. Йоккха кIело ю цигахь. Къаьсттина хIинца тIекхуьуш болчу вайн кегийрхойн кхетам галбаккха, церан хьекъалшна тIехьажийна ондда болх вайн мостагIийн, кхане цаьргахь, оцу кегийрхошкахь юйла а хууш. ХIинца вайн къоман мостагIашна кхин некъ карийна вайна дуьхьала. Динца дин дIадаккхар, суннатца суннат дIадаккхар. Цара дуьйцург баккъал нийса дин ду моьттуш, дин дезаш волу жиманиг Iехало. Иза шен дена а дуьхьала волу, нанна а дуьхьала волу. Царна дуьхьала ваьлларг махкана а, халкъана а дуьхьалаваьлча бан тамаш а бац!

Цара мегар яц, национализм ю бохуш йолу нохчалла хIун ю, цо хIун чулоцу билгалдаккха деза цкъа уггар хьалха.

Нохчалло шен мохк базар чулоцу.
Вайн Пайхамарна ша вина, ша кхиина шен мохк безаш хилла хилар - вайна хууш долу бакъдерг ду. Делера салам-маршалла хуьйла цунна!

Нохчалло гIиллакх чулоцу.
Къематдийнахь шена шух уггар гергахь хинверг - шух гIиллакх хазадерг ву, аьлла Элчано.
Делера салам-маршалла хуьйла цунна!

Нохчалло эхь чулоцу.
«Эхь - иманах цхьа дакъа ду» - аьлла Элчано. Делера салам-маршалла хуьйла цунна!

Нохчалло воккханиг ларар а, жимачуьнга къинхетам хилар а чулоцу.
Вайх вац шуна, аьлла Элчано, жимачуьнца къинхетаме воцург а, баккхийчеран сийлалла ца хуушверг а. Делера салам-маршалла хуьйла цунна!

Нохчалло хьаша-да ларар чулоцу.
ЦIенна дуьххьала хьешана шенна деш «оти» олуш цIа хилла нохчийн, и хьаша паргIат хилийта. Хьаша вагIахь а, бохуш, хьешана дIабиллина латтош кхача а хилла.
«Делах а, къематдийнах а тешаш волчо хьаша-да лоьрийла», - аьлла Элчано. Делера салам-маршалла хуьйла цунна!

Нохчалло тешаме хилар чулоцу.
Вайн Пайхамарал тешаме а волуш къонах ца ваьхна лаьттан букъа тIехь! Цуьнан шен мостагIаша а тоьшалла деш хилла цунна, тешамеверг ву хьо, бохуш. Делера салам-маршалла хуьйла цунна!

Стагехь уггар кIезга хIума ду аьлла вайн Пайхамара: кхераррий, писаллий. Делера салам-маршалла хуьйла цунна!

Цхьаммо а къовсур доцуш, дуьненна а хууш, дуьненахь майраллица девзина къам ду нохчийн къам. И амал а оцу вай далийначу Элчанан къамелца йогIуш карйо вайна. Делера салам-маршалла хуьйла цунна!

Нохчий комаьрша нах хилла. Ша ваьлла, керла хIусам а, доьзал а кхолла, охьахиина волчу гIийла воллучу стаге, цхьа хан билгал а йоккхий, хIоккхул йолчу хенан юкъана, олий, воттана даьхни луш ламаст хилла нохчийн, цуьнга шен даьхни доладайта. Вукхо, и хан дIаяьлча, шега схьаделла долу даьхни юхалуш хилла, оцу юкъана дебна, совдоьвлла долу даьхни цунна шенна а дуьсуш, даьхни долчо тIера ял а ца оьцуш. «Воттана даьхни далар» - олуш хилла цунах нохчаша. Цундела даим беркат лаьттина Нохчийчохь. Комаьршо йолччохь беркат а хуьлу. Нохчий даим хилла камаьрша а, вовшка хьовсуш а, де доьхна веанчунна дан гIо долуш а.

Пайхамара, Делера салам-маршалла хуьйла цунна, стагехь уггар кIезга хIума ду, аьлла, билгалдаьккхина долу кхераррий, писаллий нохчаллица йоцуш карий вайна.

Иштта охьадагардан кхин а дуккха а ду уьш. Вай масаллина дахкийнарш коьртанаш бен дацара. Вайна билгалдолу-кх - нохчалла суннатах лаьтташ хилар, нохчалла – хаза гIиллакх хилар.

Цунах олу и кIело. КIело иштта хуьлуш ю. Суннат а хьехош, суннатах долчу хIуманех, хазачу гIиллакхех нах бухабахар. ТIаккха Делан а, динан а, къоман а мостагIий ца аьлла, кхин хIун ала деза оцу декъазчу догIмех! ХIун бен ду и, нохчийн гIиллакх хилча а, гуьржийн гIиллакх хилча а, муьлххачу а къоман гIиллакх хилча а, хьаъа лелийча а, цуьнан цIе мухха яьккхича а. Хаза гIиллакх хаза ду-кх. Хьеннан делахь а. Дуьххьара куьг лоцуш салам дала буьйлабелла болу яманхой богIу шуна, аьлла-кх Пайхамара, церан къоман гIиллакх билгал а доккхуш, и гIиллакх цаьрга а дуьллуш. Делера салам-маршалла хуьйла цунна!
https://t.me/vayn_glillakh

3 months ago

Национализм

Шайх Сафиййур-Рахьма‌н Муба‌ракфу‌рис (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Пайхамарна дуьхьал керста нехан тобанаш (ахьзаб гIазотехь) гулйина волу, дуккха даьхница а, царна оьшучуьнца царна гIо дина волу, жуьгтийн коьртачех боьха стаг вара Салла‌м ибн Абу‌ Хьукъайкъ, АллахIан Элчанна (саллаллахIи IалайхIи ва саллам) новкъарло а йора цо. ТIаккха бусалба нах (жуьгтийн) къурайзат (тайпанах) дерг йистъяьккхина бевлча, хазраж (тайпано) пурба дийхира АллахIан Элчане (саллаллахIи IалайхIи ва саллам) и (Салла‌м ибн Абу‌ Хьукъайкъ) шайга вейта аьлла, КаIб ибн Ашраф авса (тайпанара) къонахаша вийнера (цул хьалха), тIаккха хазраж (тайпанна) лиънера-кх церан (авса тайпанан) санна дозалла шайн а хила, цундела шайга и вейта аьлла пурба деха сихо йира цара. ТIаккха АллахIан Элчано пурба делира иза вен, амма зударий а, бераш а дайар дихкира цо».

[Рахьи‌къул-махту‌м, агIо: 328]

-Амма Пайхамара ала-м ца аьлла цаьрга, тайпанаш ма дийца, иза национализм ю!
https://t.me/vayn_glillakh

3 months, 1 week ago

ХIусамнана шен цIийнда чуваьлча, хьалагIатта езий?

- Доьзалехь лерам хиларх терра марзо совъер ю церан. ЦIийнда лийрича, шайн сий лахло моьттуш болу зударий хьекъална эшна бу. Вайн зударшна хаа дезара, цIийнда лерича бен, шайн сий лакха дер даций. Дин дохош доцу вайн мехкан гIиллакхаш, амалш – уьш ерриге а динехь магийна ю, дин дохош деъна доцу хIума – и дин ду. ХIунда? Оцу динехь ду вовшашца ларам бар. ЦIийндена лерам беш хIусамнана хьалагIоттуш хилча, цо шен беш болчу лерамана хам бийр бу оцу цIийндас. Юкъаметтиг хазлур ю церан, Iер-дахар хаза хир ду церан. Иштта лерам хIусамнанас латтийча, доьзална хир бу шайн деца лерам, ненан сий лакха дер ду доьзална хьалха. Шен цIийндех эла веш и зуда елахь, оцу шен доьзалан эла хилла дIахIуттур ю иза. Шен цIийндех лай веш и зуда елахь, шен доьзало сий дойур ду цуьнан. Бусалба дино санна бакъонаш цхьана а дино ца елла. Болх бан декхар йоцуш, тIедуху хIума, яахIума – массо а хIуманца Iуналла а, дола а цIийндас дан дезаш ю зуда. Оццул йоккха паргIато елла дIахIоттийна дино хIусамнана. ЦIийнден сий дийр дац ша сийлахь йолчу зудчо бен. Шен хIусамда сийсазвеш зуда елахь, цо шен доьзална вон масал гойту. Кхано баккхий хилча, оцу доьзало шайн да тергал ма ца во, оцу нанас виннарг ма ву хIинца царна хьалха верг. ЦIа латтош ерг хIусамнана йолу дела, оцу хIусамненехь хьалха хила езаш ю оьздангалла, цуьнца шен хIусам серлайоккхур ю цо, беркат доуьйтур ду цо, иманехь доьзал кхиор бу цо. Кхечу къоман гIиллакхаш юккъе тийса гIерта ца деза, шен къоман хазачу гIиллакхех пайда эца беза.
https://t.me/vayn_glillakh

We recommend to visit

Last updated 1 month, 3 weeks ago

📲Вайца зӀе: @Khetasho_bot

📲Youtube: https://youtube.com/@khetasho

Last updated 4 weeks ago

🧸-ʍуɜыᴋᴀ дᴧя ϶диᴛᴏʙ-🧸
💸-ᴨᴩᴏᴇᴋᴛы, ᴨᴀᴋи-💎
🩸-ᴏᴩиᴦи дᴧя ϶диᴛᴏʙ -🩸
🎃-ᴄᴏхᴩы-🎃
🪐-ᴨᴏ ʙᴏᴨᴩᴏᴄᴀʍ: @KGBEROV

Last updated 2 months, 2 weeks ago